Таханлерчу дийнахь вайн махкахь башха сий-лараме а ца хета милцочун корматалла. Цхьадолчу декъана шуьйрачу хаамийн гIирсийн бехкенна а ду иза. Телевизорийн экранашкара, газетийн агIонашкара вайна хеза МВД-н белхахоша лелочу зуламех, коррупцех, оьзда доцчу гIуллакхех лаьцна. ТIаккха бахархойн харц ойла кхоллало дийнна милицин хьокъехь. Берриге а цхьаъ бара уьш-м олу.

Амма журналистийн семачу тидамера довлу дукха хьолахь милцоша дина дика гIуллакхаш, цара шайн атта доцу декхарш хьанал кхочушдар, балха тIехь хьуьнарш гайтар, эпсарша гойтуш долу бIаьхаллин масалш. Ткъа милицин могIаршкахь дукхах берш эпсарш ма бу. Цара беза мах ло вайна гуонаха машар, къепе хилийтарехьа, дахар синтеме хилийтарехьа.
Шех боккъал а масал эца хьакъ болчу эпсарех цхьаъ ву Россин МВД-н Къилбаседа Кавказехь ханна йолчу оперативни группировкин органийн а, подразделенийн а куьйгалхо, милицин инарла Симаков Николай. Шен лаккхара цIе, дарж делахь а, Къилбаседа Кавказан республикийн а, Россин МВД-н а куьйгалхошца цхьаьнакхетарш, къамелаш хуьлуш велахь а Симаков нахе шен цIе яккхийта лууш, гуччехь хила лууш стаг вац. Цунна ца деза интервьюш ялар а, шех лаьцна дийцар а. Цундела и къамеле ваккха гIерташ дукха къахьега деза. Ткъа инарлин дийца дуккха а хIума ду. Шен дахаран 50 шарахь дуккха а зеделларг IаIийна цо. Симаков Николай Николаевичан хьокъехь йолчу справки тIехь уггар коьрта-коьрта дерг а дукха къовзийна аьлла ду: дешна… гIуллакхдина… Къонахаллин, Сийлаллин орденш елла…
Цундела мелла а алсам довзийта лаьа цуьнан дахаран некъах дерг. Иза ван а вина, кхиа а кхиъна Къилбаседа ХIирийчохь. Доьзалехь уггаре жимаха, тIаьххьарлера бер хилла иза. Юккъерчу ишколехь итт класс чекхъяьккхинчул тIаьхьа (хIетахь цхьайтталгIа класс ца хуьлура) хIордан училище деша ваха хьожу Николай. Амма цунах гIуллакх ца хуьлу. ТIаккха, 1978-чу шарахь Советски эскарехь гIуллакх дан воьду. Германин Демократически Республикехь долчу эскаран группировкин ракетно-зенитни девизионехь гIуллакхдо цо. БIаьхаллин декхар кхочушдина цIавирзинчул тIаьхьа, лакхарчу сержанта эскархочун духар белхахочуьнца хуьйцу. Мазлакан аренашкахь цо караерзайо трактористан а, водителан а говзалла. Оцу корматаллашца болх бира цо 1982-гIа шо кхаччалц.
Цул тIаьхьа цуьнан кхоллам цIеххьана хийцабелира. Иза Ставропольски крайрчу Невиномысск гIала дIавахара. Кхузахь, воккхах волчу вешех масал а эцна, чоьхьарчу гIуллакхийн органашка балха а хIоьттина, белш тIехь пагонаш йолу барзакъ тIедуьйхира. «Инарла хила сатуьйсуш воцург ледара салти ву» – олуш кица ду-кх вайн. И кица бIостанехьа а дерзош ала мегар ду: салти хилла воцург ледара инарла ву. Хинволчу инарло цкъа хьалха шен ницкъаш, хьуьнар зийра ведомственни доцчу гIаролан милцочун а, куьпан инспекторан а, оперуполномоченнин а белхашкахь.
Цуьнца цхьана болх бинчара тоьшалла дарехь Симаков Николайс ша шен ца кхоош, кIадвалар доцуш къахьоьгура. Болх барца цхьаьна чекхъяьккхира Ростовера милицин леррина юккъера ишкол. Дешаро аьтто бора цуьнан белхан къайленаш караерзо, теоретически бух чIагIбан. Ткъа оцо зуламаш динарш Iорабахаран процент лакхара хиларе кхачавора. Амма, данне а атта дацара ишттачу кхиамашка кхача. Дукха къахьега дезара. Адамашца бийца мотт каро безара, шех тешам кхоллабалийта безара.
Хьанал ву, болх безаш ву, оьзда ву. Иштта цIе йоккхура Николайн хIетахь. Белхан накъосташа вовшашка олура: И стаг генна гIур ву. Шен балха тIехь чIогIа жоьпалле вара иза, зулам Iорадаккхарехь мел кIезиг дерг а мехала лорура.
Делахь а, уголовни розыскехь шен лаккхара мах хадош а, хама беш а хиллашехь цуьнан болх кхидIа кхечу гаьн тIе баьлла дIабахара. Иза цIерпоштнекъаца бозабелира. 1993 – 1996-чуй шерашкахь цо Къилбаседа-Кавказан транспортан УВД-хь чоьхьарчу гIуллакхийн отделан куьйгаллин даржашкахь болх бира Невинномысски станцехь.
Олуш ма-хиллара шен дахаран гIуллакхашна хан йиса а ца юьсу милцочун. Дийнахь а, буьйсанна а балхахь хила везаш хуьлура иза. Амма кхузахь а ирс хилира цуьнан. 1987-чу шарахь ша везаш а, шена езаш а йоI карийра цунна. Иза реза хилира кхуьнан балхаца йоьзна йолу халонаш лан. Цхьаьнакхеттачул тIаьхьа шо даьлча цу шиннан – Николай Николаевичан а, Элла Витальевнин а йоI хилира. Цунна Кристина аьлла цIе тиллира. ЦIийнден балхо шен хийцамаш бора доьзалан дахарна тIехь. Ткъа белшаш тIехь пагонаш лелош волу стаг шега омра дича мичча а метте дIаваха везаш хуьлуш ву. Цундела шен цIа а, кхерч а, ков-керт а, беш а нисдина охьахоийла ца нислора.
Къепе а, законаш а лардайтарехь хьуьнарш гайтарна 1996-чу шарахь Симаков Минераловодски транспортан УВД-хь йолчу криминальни милицин хьаькаман дарже хIоттаво. Минеральни Воды – иза транспортан йоккха зIе йолуш меттиг ю. Цундела боккха ницкъ, хьуьнар оьшура транспортан некъашкахь зуламаш ца хилийтарехьа къийса. Цхьаболчарна Минводы курорт хиллехь а Николай Николаевична тIетаьIIина болх бан безаш меттиг яра. Цигахь шина шарахь эха шарахь къахьийгира цо. Чомахь вижар а, гIаттар а доцуш.
Нохчийчохь хилла тIеман хьалхара компани гонахарчу ерриг а республикашкахь долчу хьола тIехь хаалуш яра. Минводехула довлучу некъашца Нохчийчу а, цигара юха а оьхура милцойн а, бIаьхойн а отрядаш. Делахь-хIета, мухха делахь а Кавказехь конституцин къепе хIотторехь дакъалоцуш нислора траспортан милицин берриге а векалш. «Кхераме меттиг» бохург Симаковна хетарехь, махкахь миччанхьа хила тарлуш ю. Иза цу шерашкахь Минводехь а хилира.
Эпсаран иэсехь дисина террористически акташ яр а, амалтхой дIалецар а, зуламхоша шаьш аэропорте дIадигар, шайна кема далар лехар а. Оцу кхерамечу хьелашкахь урхалла даран архаш ша схьалаца дезаш а, адамаш кIелхьара дахаран, террористаш кIелбитаран операцина куьйгалла дан дезаш а хуьлура иза.
Минводехь болх бинчул тIаьхьа Краснодарски крайрчу Кропоткин гIала балха хьажаво Н.Симаков. Кавказская станцехь чоьхьарчу гIуллакхан линейни отделан хьаькаман даржехь болх бо цо.
2001-чу шарахь церан доьзале керла декъашхо – кIант вогIу. Цунах боккха кхаъ хуьлу дений, нанний. Делахь а, оццу шарахь жимчу бераца кхечанхьа дIакхалха безаш хуьлу уьш. Николай Николаевична тIедиллира Азово-IаьржахIурдан транспортан УВД-хь йолчу Сочерчу линейни урхаллина куьйгалла дар.
Кхин хIун оьшу аьлла хетара: курортан гIалахь болх бу, цIа ду, доьзал бу. Ког хецна Iан йиш ю. Амма Симаков ша верг а, тахана Россин массо а маьIIерчу иттаннаш эзарнаш милцошна вевзаш верг а хир вацара и бегIийла, аьхна меттиг а йитина, 2006-чу шарахь шега динчу дехарца Нохчийн Республике болх бан ца веанехь.
Цу хенахь кIуркIамане баьлла дIабоьдуш бара хьаннашкахь а, лаьмнашкахь а къайлабевллачу, ярташкахь лечкъачу бандиташна а, террористашна а дуьхьал болу къийсам. Республикан чоьхьарчу гIуллакхийн министран хьалхарчу заместителан, криминальни милицин хьаькаман даржо синтемечу дахаре сатийса меттиг ца юьтура. И дерриге а хуъушехь цо шен харжам бинера.
Территорин а, кавказхойн водан а башхалло боккха ницкъ ца бора цунна, дукха къийла а ца волуьйтура иза. Къилбаседа ХIирийчохь вина а, кхиъна а, шен къоналла Ставрополехь дIаяхна а волчу Симаковна ша а кавказхо, Кавказера стаг хетара. Цунна девзара кху махкахь бехачеран гIиллакхаш а, Iадаташ а. Уьш шен сина гергара а хетара цунна, хIинцца а хета. Цунна шена тIехь хета оцу нехан кхолламах долу жоьпалла.
ХIетахь полковник хилла волу Симаков шатайпа тIеийцира Нохчийчоьно: нагахь санна кхул хьалха меттигерчу МВД-н криминальни милицин хьаькаман дарже вогIучуьнца цхьаьна шарна контракт деш хиллехь, хIара цу дарже веачхьана дуьйна, Россин чоьхьарчу гIуллакхийн министран сацамца нийса а догIуш, контракт шина шарна деш дара.
Кхузахь, нохчийн махкахь криминальни милицин керлачу хьаькамна болх бан гуьнахь долу, тIахъаьлла белхахой карийра. Проблема яра цхьадолчу гIуллакхашна хаарш царна тоьаш цахилар. Цундела зуламаш Iорадахар дIахьочу хенахь Симаковс, юкъара куьйгалла дарца цхьаьна, царна довзуьйтура шена балхахь зеделларг. Цо лакхадоккхура нохчийн милцойн корматаллин тIегIа. И мастер-классаш дIахьора академическичарна гена долчу, буьрсачу хьелашкахь. Цу хенахь бандподполье боккха кхерам болуш яра. Делахь-хIета оперативни гIуллакхашна Iамор дIадоьдура зуламаш хиллачу меттигашкахь, лаьмнашкахь, Iай а, аьхка а, буьйсанна а, дийнахь а. Россин кхечу меттигашкахь нислучу криминальни гучудийларх дукха чIогIа къаьсташ хуьлура Нохчийчохь деш долу зуламаш. Ма-дарра аьлча, кхузахь бакъонашларъярхой а, террористийн бандподполье а вовшашна дуьхь-дуьхьал лаьтташ яра. Дика кечамбина, кхачо йина бара террористаш. Цара кIелонаш йора, тIехьашха тухура, некъашца фугасаш йохкура, тIеман техникан къепашна тIелетарш дора. Оцу зуламийн тIаьхьенаш листар Симаковн структурина тIехь дара.
Оперативникан болх кхачаме лорийла дац, зулам Iорадаьккхина ца Iаш, и зулам юхатухуш хилчий бен. Оцу принципца болх бан гIиртира иза нохчийн криминальни милицин хьаькаман даржехь шина шарахь сов къахьоьгучу хенахь. Коьртачу декъана шен кабинета чохь а воцуш болх бора цо. Цунна дика хаьара шегарчу масалца шен куьйга кIелахь болчарна болх муха бан беза Iамо.
Симаков кхеташ ву шен корматалла кхерамца йоьзна хиларх. Кхераман зила тIехула хьекъалца дIавахарх бозуш бу милцочун кхиам. Стаг ша ма-варра гучуволу кхераме, цIехьаша дагахь доццург дуьхьал даьлча. Маьршачу стеган бакъо ю кхеравала, тIеман хьолехь сакIезиг хила. Амма куьйгалхочун и бакъо яц. Цундела хуьлура иза леррина операцеш дIахьочу, герзаш дуьйлучу, хIинц-хIинца теракт йинчу меттигашкахь.
2007-чу шеран декабрехь Россин Федерацин Президентан Указца цунна милицин инарла-майор цIе тиллира. Хеталора, ша кхача сатийсинчу лакхене кхаьчна, хIинца кIеззиг малвала а мегар ду, паргIат гIуллакхдан а мегар ду аьлла. Амма Симаков иштта ойла кхоллалучех вац. Цуьнан амалехь а, шена тIедиллина гIуллакх кхочушдарехь а хийцаделла цхьа а хIума дацара. Иза хьалха а санна хьалхарчу могIаршкахь, коьрттехь вара. Цигара дIавала ойла йолуш а вацара.
Кхеташ ду, Нохчийчоьнан «коьртачу операн» дарж шех хьега меттиг йолуш дац. ХIунда аьлча, иза ву криминальни хьолах жоп дала дезаш верг. Ткъа и хьал, наггахь, дайн аьлча, башха дика хуьлуш а дацара. Амма балха тIехь нислуш йолчу халонех дийцар дезаш вац хеназа къежвелла инарла.
Россин МВД-н Къилбаседа Кавказехь ханна йолчу оперативни группировкин органашна а, подразделенешна а куьйгалле хIоттар дехча, цу дехарна философски тIевахара иза. Даржехь лакхавалар, декхарш алсамдовлар дара, болх алсамбалар дара иза цунна. ХIинца Симаковн юрисдикцехь яра ерриг Нохчийчоь, Дагестанан а, ГIалгIайчоьнан а цхьа дакъа. Ткъа цуьнан куьйгалли кIелахь – 20 эзар сов стаг. Цу тайппана, 2009-чу шеран февралехь ханна йолчу оперативни группировкин исторехь керла агIонаш схьайиллира.
ЛадегIар а доцуш, хьалхарчу дийнахь дуьйна балхана юкъавуьйлира иза. Цо ша куьйгалла дора подразделенеш леррина операцеш дIаяхьарна. Талламаш бора ерриг а Къилбаседа Кавказехула дIасакхийсина йолчу (цу юккъехь лаьмнашкахь а) милицин отрядийн белхан. И хала декхарш дIакхехьа ша хьуьнаре хилар гайтира цо.
Группировка вовшахтоьхначул тIаьхьа дIадаьллачу итт шаро таро елла цунна урхалла даран билггал кепаш кечъян. Оцу шерашкахь группировкехь белхаш бина Россин ерриг а регионашкарчу 200 эзар гергга милицин белхахочо. Николай Николаевича ма-аллара, ВОГО и П куьйгалле хIоьттича цуьнга дIакховдийра дика дIанисйина йолу механизм. Оьшуш дерг дара цунах хаарца пайдаэцар, нийса урхалла дар. Иза кхул хьалха оцу даржехь хиллачу М.П.Шапиловн, О.В.Хотинан, кхечу эпсарийн кхиам бара.
Замано хийцамаш бар лоьхура. Уггар хьалхе милицин подразделенийн зIенаш, уьйраш чIагIъяр. Инарлин Симаковн а, Нохчийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министран Алханов Русланан а дIадолорца юкъара цхьа омра арадаьккхира. Цо меттигерчу а, командировке баьхкинчу а милцошна тIедуьллура белшах белш а тоьхна, вовшех дага а довлуш болх бар. Цу тайп-пана ерриг а нарядаш, отрядаш цхьаьна болх бан юьйлаелира. Цо таро елира зеделларг вовшашна довзийта а, Нохчийчоьнан бахархошца, къоман вад хьесапе а оьцуш, юкъаметтиг лело Iама а. И омра кхочушдан доладелча тоделира юкъарчу белхан жамIаш, чIагIъелира милцойн вовшашца йолу уьрй-марзо.
Билгалдаккха деза группировкехь гIуллакхдечарех 90 процент адамаш Кавказе командировке даьхкинарш хилар. Царна хIара меттигаш, кхузарчу къаьмнийн амалш, башхаллаш ца евза. Оцо болх мелла а чолхе боккху. Оццу хенахь, криминальни хьал гIеххьа синтеме делахь а, Къилбаседа Кавказан федеральни округерчу цхьамогIа республикашкара хьал гIоьртина ду. Кхуза схьабалош болу милицин белхохой, олуш ма-хиллара, машенара охьабуьссушехь экстремальни хьелашкахь болх бан буьйлабала безаш хуьлу, тIеман зеделларг а IаIош.
Нохчийчохь контртеррористически операцин раж дIаяьккхинехь а бандтобанийн декъашхошца тIеман тасадаларш нисло. Ишттачу тасадаларшкахь эшамаш хуьлуш меттиг йогIу. И саннарг нисделча Н.Симаков шен бехк лоьхуш хуьлу: дан ма-деззара хIун ца дира те ас бохучу ойланца. Муьлхха а эшам шен бехкенна лору цо.
Симаков цкъа а ца хилла кабинета чохь хиъна Iаш волу инарла. Милцошна юккъехь хIинца а кхераме лоруш йолчу Итум-Кхаьллан, Шаройхь, Веданахь, Бумтахь, кхечанхьа хуьлуш ву инарла. Ткъа шо хьалха а санна массо хIуманна а духе кхиа гIерта иза. Яккхий леррина операцеш дIаяхьаран планаш толлу, могIарерчу милцойн дахаран-Iеран хьелашка хьоьжу, уьш тодарехьа гIуллакхаш до.
Хууш ма-хиллара, тIеман гIала а, ханна йолчу оперативни группировкин урхалла а Соьлжа-ГIали йисттерчу Ханкалахь ду. Иза дика чIагIйина район хилла Iаш яц. Иза къаьсттина бохамлелоран система а ю, шена тIехь хIора дийнахь терго латтор оьшуш. Цу юккъе догIу группировкина юучуьнца, молучуьнца кхачояр, дахарна-Iерна оьшуш мел долчуьнца кхачояр, санитарни лехамаш кхочушбар, къепе латтор, и.дI.кх. «БIаьхаллин доцу» и декхарш денна кхочушдан дезаш хуьлу инарла. Цунна тIетоха шайна ерриг а Нохчийчохь долчу милицин дакъошна ягоригца, дечигца, кхачанан сурсаташца, кхечуьнца кхачо ян езаш хилар.
Н.Симаковгахь долчу даржан мехаллех дика кхета мехкан берриг а политически, пачхьалкхан гIуллакххой. Ларамаза дац Нохчийн Республикан Президент Кадыров Рамзан кест-кеста  Ханкала вогIуш хилар. Шарахь шозза-кхузза вогIу цига Россин чоьхьарчу гIуллакхийн министр, эскаран инарла Рашид Гумарович Нургалиев. Россин Президент Дмитрий Анатольевич Медведев Нохчийчу веача, шен статусца нийса а догIуш, Симаков Николай цунна улле дIахIуттуш ву.
Россин МВД-н ВОГО и П-о кху регионехь долчу оперативни хьолана боккха тIеIаткъам бо. Иза го бандиташ бакъонашларъяран органийн векалшна тIелатарна хьесап дича а. Нохчийчохь цу тайпана бакъдерш наггахь бен хуьлуш дац, луларчу Дагестанехь, ГIалгIайчохь, ГIебартойн-Балкхаройчохь хьал мелла а ледара делахь а.
Командировке бахкийтинчу милцоша а, Къилбаседа Кавказан субъектийн МВД-н белхахоша а цхьана бандиташна тохарш до цара зулам дан дIадололе хьалха. Оцо уьш ца буьту шайн гIуллакхаш жигардаха.
Эпсаран кхоллам чолхе бу, тIейогIучу хенахь иза атта хир бу олийла а дац. Делахь а, Симаков дозалла деш ву шен корматаллех дахарехь шен меттиг карийна хиларх  тешна а ву. Деккъа цхьаъ ду-кх цуьнан сагатдийриг: пхоьалгIа шо ду иза шен хIусамненаца а, берех а къаьстина Iаш волу. Аьтто бац уьш кхуза схьакхалхо. Делахь а иза а дIанислур ду. Николай Николаевич шех тешийначу даржехь хьанала болх беш ву. Ханна йолу оперативни группировка оьшуш ю хIинца Кавказана, синтеман а, кхерамзаллин а чIагIо санна.

ПАТРИН Владимир. 

           

 

{mosloadposition user9}


При копировании материалов ссылка на сайт обязательна

test 2Новости СМИ2