©
Похожие материалы
Дийцаре дира Нохчийчоь кхиоран гIуллакхаш
13:40, 21 августа 2010г.
Просмотров: 3846
Нохчийчоьнан куьйгалхочо мехкан Президентана дийцира республика кхиорехь деш долу гIуллакхех лаьцна: «Оха коьрта лору социальни дакъа кхиор. Цу декъехь беш дуккха а белхаш бу. Герггарчу хенахь йина ер ю 600 дархочунна цхьана ханна дарбанаш лелон таро лун йолу республикан больница, 600 меттигна лерина «Серноводск» санатори. Кестта схьайоьллур ю 30 эзар хьажархочунна охьахха меттиг йолу стадион а, спортан комплекс а... Дешаран декъехь кху шарахь йина ер ю 9836 меттигна лерина дешаран заведенеш. Юьртан бахаман сурсатех гIуллакх даран консервийн шиъ а, шекаран цхьаъ а заводаш ю еш.
Соьлжа-ГIалахь кхеташо дIахьочу хенахь вай юкъадаьккхира минаш дIаяхаран гIуллакх. Таханлерчу дийнахь а билгалбаккха а бу оцу декъехь дIабахьа безачу белхашна финансировани яран барам... делахь а хьан тIедиллар тидамера ца даьлла», – бохура Р.Кадыровс.
Россин Президента Д.Медведевс билгалдаьккхира минаш дIаяхаран хьокъехь долу къамел а, гIуллакхаш а чекхдаха дезаш хилар, оборонан министерствона а, МЧС-на а, кхечу ведомствошна а ша кхин цкьа а хьокъала доллу тIедахкарш дийриг хилар.
Нохчийчоьнан куьйгалхочо минийн проблемех дуьйцучу хенахь хьахийра Соьлжа-ГIала цIанъеш, куьце ялош белхи дIахьочу хенахь снарядаш, минаш, лелхаш болу кхин гIирсаш карийна хилар а, ларамаза царна тIенисвелла ши стаг кхелхина хилар а. Оцо гойту ур-аттал Соьлжа-ГIала а минех цIанйина цахилар, кхийолу гIаланаш а, ярташ а хьехочохь а дац.
Шина президента юха а йийцира юьртан бахам кхиорехь йолу проблемаш. Кадыров Рамзана чIагIдарехь царах ю керла техника эца а, мелиораци ян а таронаш цахилар. «Хьалха 144 эзар гектар майданашка хи дара дуьллуш. Тахана иза дуьллуш дац. И гIуллакх меттахIотторна федеральни Iалашонан программица билгалдинарг 800 миллион сом бен дац. Ткъа иза оьшучуьнга хьаьжча вуно кIезиг ду. Хидиллар меттахIоттийча иттаннаш эзарнаш белхан меттигаш кхолла аьтто хир бара», – бохура республикан куьйгалхочо.
Цу тайпана вовшех дика кхеташ, вовшийн боккха сий-ларам беш дIадахара цхьаьнакхетар. Вай тешна ду цуьнан тIаьхье вайн халкъана а, Нохчийчоьнна а беркате хирг хиларх.
С.-Хь.ДАДАЕВ.
{mosloadposition user9}
При копировании материалов ссылка на сайт обязательна
test 2Новости СМИ2
Комментарии
Ваш комментарий отправлен на модерацию.
Комментариев еще нет.
См. также