«Грозный-информ» агентствон студехь кху шеран 17-чу августехь дIаяьхьначу пресс-конференцехь дакъалецира Нохчийн Республикан хьуьнан бахаман министерствон хьаннаш ларъяран а, хадар вовшахтохаран а, акхарой дебийтаран а отделан куьйгалхочо Хусаинова Тамарас, оццу отделан коьртачу говзанчас Дабуев Iийсас, министерствон пресс-службин куьйгалхочо Муцураев Олхазара. Къамел хилира хьаннаш цIерийн бохамах ларъяран хьокъехь. Хууш
ма-хиллара,  карарчу хенахь Россин Федерацехь цIераша хIаллакйо бIеннаш гектараш хьаннаш. Эзарнаш адамаша къахьоьгу уьш дIаяйъарехь.
Шен къамелехь Хусаинова Тамарас билгалдаьккхина ма-хиллара, 366 эзар гектар хьаннаш ю вайн. Цунах 50 процент попан хьаннаш ю. ШолгIачу меттехь йолу ножин хьаннаш 13 процент ю. КхоалгIачу меттехь ю, дукхахболчарна тамашийна хетахь а, дакхан хьаннаш. Ломаца йолчу Шаройн а, Шуьйтан а, Итум-Кхаьллан а районашкахь ду дакх.
– Кху шарахь ткъе иттазза цIе яьлла вайн хьаннашкахь. Царах пхийтта цIе уьш евллачу дийннехь дIаяйъа каделира. Юккъерчу хьесапехь кху шарахь цхьана цIаро зе до кхойтта гектар хьаннаш. Ала деза, хьуьнахь йовлучу цIераша цкъа а кхерамечу хьоле ца хIоттийна вайн бахархой.
ВорхI цIе Шелковски районехь яьлла кху шарахь. ГIеххьачул чолхе яра 4-8 августехь яьлла хилла цIе. Ур-атталла доьдучу хил дехьа яьллера иза. Якъаеллачу бецах яьлла яра.
ЦIерийн бохамах хьаннаш ларъярехь бечу балхах лаьцна дара Дабуев Iийсас дийцинарг. Республикан хьуьнан 15 бахамехь дIахьош ду цIераш йовларна дуьхьал гIуллакхаш. Коьртачу декъана некъаш а дохку, хиш а тIедаладо, хершнаш а доху. Иштта кху шарахь  Веданан а, Невран а, Шуьйтан а районашкахь дIадаьхьира Iаморан гIуллакхаш. Хьуьнан бахаман белхахошца цхьаьна цигахь дакъалецира МЧС-н цIеяйархоша а, лоьрийн службано а.
– Олуш ма-хиллара, цамгаршна дарбанаш лелочул а гIолехь ду цу цамгарх ларвалар, – бохура Муцураев Олхазара. – Иштта ала догIу, цIерех лардалар гIолехь ду уьш дIайойъучул. Хьуьнан бахамо цIерах лардаран декъехь дIадаьхьначу гIуллакхех цхьаъ ду хаамийн гIирсашкахула бахархой кхетош-кхиорехь болх бар. Тхан министерствон «Хьунлелорхо» газетехула а, республикан а, районийн а цхьамогIа газеташкахула а кест-кеста кхайкхамаш бо оха бахархошка. Цул сов, бахархошца шайца болх беш нах бу тхан. Цхьайолчу меттехь муьлххачу хенахь бохамна орцахбовла кийча бу бахархой.
Къамел дерзош, Т.Хусаиновас дехар дира вайн бахархошка цIарах лардаран хьокъехь. Цкъа делахь, цIе яьлла меттиг шайн хаа ма-еллинехь, цIеяйаран службашка хаам бан беза цара. ШолгIа делахь, шаьш хьуьнах бахча, маггане а мегар дац летта цIе йитар.

Э.ДАВЛЕТБАЕВ
Авторан сурт.

{mosloadposition user9}


При копировании материалов ссылка на сайт обязательна

test 2Новости СМИ2