ЦХЬАЙТТАЛГ1А ВЕСЕТ Делаца накъост лацар (ширк дар) Самитан к1анта 1убадата (Дела реза хуьлда цунна) дийцина:Сан доттаг1чо Делан Элчано (Делера къинхетаммий, маршаллий хуьлда цунна)   соьга ворх1 х1уманца весет дина: «Аш, кхетамехь а долуш, Далла цхьана а х1уманна т1ехь накъост ма лаца, шаьш цестахь а, дагадахь а, ирхъохкахь а; ламаз а ма дита (кхетамехь а долуш, иза дитинарг, ислам чуьра араваьлла); аш 1еса х1ума а ма де – цо Дела оьг1азвохуьйту; аш къаьркъа а ма мала – иза дерриг а къинойн корта бу; даларх а ма ида, даларчу дирзина шаьш хиларх а; шайн дена-нанна дуьхьал ма довла, цаьршиммо бохург де, нагахь цара хьайга, дерригг а дуьне 1адда а дитий, д1авала бахахь а; хьайн доьзална т1ера гел а ма хадае; хьайгара нийсо а е».

ШИЙТТАЛГ1А ВЕСЕТ
Исламан меженийн хьокъехь
Жабалан к1анта Му1аза (Дела реза хуьлда цунна) дийцина:
Со вара Делан Элчанца (Делера къинхетаммий, маршаллий хуьлда цунна) новкъа ваьлла д1авоьдуш. Цхьана дийнахь, тхо дог1уш а долуш, цунна улло нисвеллера со. Ас элира: «Х1ай Делан Элча, Дала, ша бахьана долуш со, ялсамане вуьгур волу а, жоьжахатина гена воккхун волу а 1амал йийцахьа суна». Цо элира: «Ахь хаьттинарг доккха х1ума  ду, амма иза Дала атта динчунна, ч1ог1а атта ма ду. Ахь Далла 1ибадат де, Цунна цхьана а х1уманна т1ехь накъост ца лоцуш, ламаз а де, закат а ло, Рамазан бутт а кхаба, Хьаьжц1а а г1о». Цул т1аьхьа цо элира: «Ас диканан не1арш т1е нисвай хьо: мархано – вочух 1алашво, саг1ано, хино ц1е д1аяйарх терра, къа д1адоккху, буьйса юккъе яхча, стага деш долу тах1адджуд (1уьйкъа) ламаз а де». Цул т1аьхьа цо дийшира: «Церан аг1онаш меттанех д1акъаьстина бу», - бохуш долу аят. Т1аккха цо элира: «Ас белхан коьртах а, цуьнан г1орторах а, баххьех а лаьцна дийций хьуна?» Ас элира: «Дийцахьа, х1ай Делан Элча». Цо дийцира: «Белхан корта – Ислам ду, цуьнан г1ортор – ламаз ду, цуьнан бохь –г1азот ду». Т1аккха цо хаьттира: «Ас хьуна дийций, оцу дерригенан доладийриг х1ун ду?» «Дийцахьа, х1ай Делан Элча», - элира ас. Т1аккха цо шен  мотт схьа а лаьцна, элира: «Х1ара хьайн мотт ларбе». Ас элира: «Х1ай Делан Элча, вай дуьйцу къамел бахьана долуш, жоьжахате ийзор долуш ду вай?» Цо жоп делира: «Хьан во ма гойла хьан нанна, нах жоьжахати чу буьгучу хенахь, юьхьара  текхабойтунберг – церан меттанаша дийцинарг бен, кхин х1умма а дуй» (х1умма а дац, бохучу маь1нехь).

КХОЙТТАЛГ1А ВЕСЕТ
Дена – нанна дика хилар
   Абу Х1урайрата (Дела реза хуьлда цунна) дийцина:
     Делан Элча (Делера къинхетаммий, маршаллий хуьлда цунна) волчу цхьа стаг веара. Цо хаьттира: «Х1ай Делан Элча, адамашлахь ас уггар ч1ог1а г1о-накъосталла дан дезарг мила ву?» Элчано (Делера къинхетаммий, маршаллий хуьлда цунна) жоп делира: «Хьан нана ю», аьлла. Оцу стага юха а хаьттира: «Т1аккха мила ву?» - аьлла. Элчано (Делера къинхетаммий, маршаллий хуьлда цунна) жоп делира: «Хьан нана ю». Оцу стага хаьттира: «Т1аккха мила ву?» Элчано (Делера къинхетаммий, маршаллий хуьлда цунна) жоп делира: «Хьан нана ю», - аьлла. Стага хаьттира: «Т1аккха мила ву?» Элчано (Делера къинхетаммий, маршаллий хуьлда цунна) элира: «Хьан да ву».
    Кхечу хьадисехь ду: «Х1ай Делан Элча, ас уггар а ч1ог1а накъосталла дан дезарг мила ву?» - аьлла хаьттича, Делан Элчано (Делера къинхетаммий, маршаллий хуьлда цунна) жоп делира: «Хьан нана ю, юха а – хьан нана ю, юха а – хьан нана ю, т1аккха хьан да ву, т1аккха  цул т1аьхьа верг ву», - аьлла.
     Кхоччуш пайда хилийтархьама, вай даладо х1ара т1аьхьадог1у хьадис.
     Абу Х1урайрата (Дела реза хуьлда цунна) дийцина:
Делан Элчано (Делера къинхетаммий, маршаллий хуьлда цунна) элира: «Сийсаз хили-кх, т1аккха а сийсаз хили-кх, т1аккха а сийсаз хили-кх шен да-нана (цаьршиннах цхьаъ я и ший а) дуьненахь къандаллалц даьхна а долуш, цул т1аьхьа ша ялсамани чу ца вахнарг».

ДЕЙТТАЛГ1А ВЕСЕТ
Гуттар ламаз деш хилар а,
дена-нанна дика хилар а.
    Умаймата (Дела реза хуьлда цунна), Пайхамаран (Делера къинхетаммий, маршаллий хуьлда цунна) г1уллакххочо, дийцира:
Со яра Делан Элчанна (Делера къинхетаммий, маршаллий хуьлда цунна) ламаз эца хи дуттуш, т1аккха цхьа стаг чувеара. Оцу стага элира: «Соьга весет дехьа». Элчано (Делера къинхетаммий, маршаллий хуьлда цунна) элира: «Цхьана а х1уманах Делан накъост ма ве, хьайн дена – нанна муьт1ахь хила, цаьршиммо хьоьга хьайн доьзал (зуда), хьайн дуьне 1аддита бахахь, д1атасалахь уьш. Ахь къаьркъа а ма малалахь, боккъалла а, иза массо а вон х1уманан дог1а ду хьуна. Кхетамехь а волуш, ламаз ма диталахь, и дитинарг Делан а, Цуьнан Элчанан а шари1атера д1авели хьуна».

ПХИЙТТАЛГ1А ВЕСЕТ
Ламаз динчул т1аьхьа олург
    Маликан к1анта Анаса (Дела реза хуьлда цунна) дийцина, Умму Сулайм 1уьйрре Делан Элча (Делера къинхетаммий, маршаллий хуьлда цунна) волчу яхара, аьлла. Умма Сулаймас элира: «Сайн ламазна т1аьхьа ас ала дезаш долу дешнаш 1амадехьа суна». Элчано (Делера къинхетаммий, маршаллий хуьлда цунна) элира: «Аллах1у акбар» иттазза ала, «Субхьаналлах1» иттазза ала, «Альхьамду лиллах1» иттазза ала, Цуьнга цул т1аьхьа хьайна луъург деха, Цо, «х1аъ», «х1аъ», олу хьуна».
Гулдинарг – Хьамзат Мухьаммад Салахь 1ужаж.

 

{mosloadposition user9}


При копировании материалов ссылка на сайт обязательна