©
Похожие материалы
Деза ду АллахIан дош дIасадаржор
09:27, 31 августа 2010г.
Просмотров: 4929
Къуръан довзийтар дIадоладелира дуьненахь уггаре къона волчу, Дамаск гIалин маьждиган бархI шо кхаьчначу имама, хьафиза Зия Хьасиба Къуръана тIера аяташ дагахь дешарца.
Цул тIаьхьа къамел динчу Кадыров Хожа-Ахьмад-Хьаьжас дийцира советийн Iедалан заманахь дин лелочарна тIехь латтош хиллачу къизаллех а, Iазапех а лаьцна. Чохь Къуръан карийча а луьра таIзар дора кертан дена бохура цо. Хожа-Ахьмад-Хьаьжас дийцарехь, Сийлахь Къуръан арахецар а, иза дIасадаржадар а Дела резахинволу гIуллакх ду. Цо таро лур ю Нохчийчохь бусалбадин чагIдан. Iеламнехан кхетошонан куьйгалхочо республикан Президентана баркалла элира бусалбанашна иштта комаьрша совгIат дарна.
« Нохчийн халкъан оьмарехь дуьххьара хилла мехала хилам бу хIара, – бохура Сабсаби Зияда. – Къилбаседа Кавказерчу бусалбанаша Iаьрбийн мехкийн векалшка дуккхазза а дехарш динера шайна Делан Калам арахоьцуш гIодахьара аьлла. Иза доьзна дара хьуьжаршкахь, дешаран кхечу кхерчашкахь Къуръанаш тоьаш цахиларца. ГIуллакх халчу доккхура Россин МИД-н цу тайпана дехар официале дан аьтто цахиларо.
ХIунда аьлча, пачахьалкхо динан гIуллакхаш цалеладо. Цуьнца доьзна Нохчийн Республикан Президента Кадыров Рамзана шегара сацам бира, шен ден Ахьмад-Хьаьжин сийнна, Шемахь Къуръан зорбатохийта». – Цо чIагIдарехь кхул хьалха Россехь 1908-чу шарахь бен арахецийтина дац Сийлахь Калам. ХIетахь иза Казанехь зорбатоьхна хилла.
Шен къамелехь Мухьаммад Садикъ Мухьаммад Юсуфа билгалдаьккхира бусалба стагана Везахинволчун дош дIасадаржадарал деза хIума цахилар. Цо Нохчийчоьнан берриге бусалбанаш декъалбира оцу мехалчу хиламца.
Нохчийчоьнна лерина Шемахь Къуръан арахеца лицензи елла Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарах йолчу регионан юкъараллин фондана. Цигахь зорба а тоьхна схьадеана долу Къуръанаш дIасадоькъур ду вайн республикан а, ткъа иштта Къилбаседа Кавказан регионашкарчу бусалба дин Iаморан учрежденешкахь. Мирзаев Султана чIагIдарехь, оьшуш хьал хилахь тираж кхин а алсамъяккха таро ю.
С.ДАДАЕВ.
{mosloadposition user9}
При копировании материалов ссылка на сайт обязательна
test 2Новости СМИ2
Комментарии
Ваш комментарий отправлен на модерацию.
Комментариев еще нет.
См. также