Спорт – адамийн могашаллин гIирс бу. Муьлхха а спортсмен вай схьаваьккхича дегIана онда а хуьлу, атта цамгарш лехьош а ца хуьлу. Цундела, и дерриге а дика хууш волчу вайн Республикан Куьйгалхочо, Россин Турпалхочо Кадыров Рамзана ледара дуьтуш дац церан хьал. Кхузахь ала догIу кхин цхьа хIумма а. Вайн кхиазхошна вуониг ца Iамийтаран дарба а ду, аьлла хета суна, спорт.Хууш ма-хиллара, Россехь а, цул арахьа а хьалхара меттигаш а йохуш схьабогIуш спортсменаш а бу вайн. Вайн Республикан Куьйгалхочо Кадыров Рамзана оьшучу хIуманна тIехь гIо-накъосталла царна до дела бу цу спортсменийн и кхиамаш. Царна тренировкаш ян вайн махкахь йина керла спортзалаш ю, цхьаццайолчу меттигашкахь кхин а тIееш а ю уьш. Царех ю, Кадыровн тIедилларца, Шела гIалахь вайн Хьалхарчу Президентан Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарах болу урамерчу берийн паркана гена йоццуш еш йолу «спорт-комплекс» а. Цунах боккха кхаъ хилла Iаш бу Шелара кегийрхой. И гIишло юттуш шайн говзалла гойтуш къахьоьгуш бу «Строй-центран» белхахой. ГIишло кхо гIат долуш хир ю. Иза дуьххьара ян йолийра карарчу шеран май баттахь. Йоццачу хенахь, дуккха а гIуллакхаш дина белхахоша. ХIинцале хьаладуттуш ду спорт-комплексан кхоалгIа гIат. Цигахь къахьоьгуш верриге а 110 белхахо ву. Къаьсттина, шех довха дешнаш ала догIу оцу белхахошна оьшучу материалаца кхачо еш, шегара оьшу гIо-накъосталла деш схьавеанчу инарлин директорна Ахмадовна. Цигахь болх бечу белхахоша дийцарехь, хIара шо чекхдалале ер ю и спорт-комплекс. Шайх хестаме дешнаш ала мегар долуш, жигараллица къахьоьгуш бу цигахь кибарчигашйоттархо Арсемиков Iабдул, крановщикаш Абдулаев Алихан, Саидов Гайрбек, погрузчикан механизатор Мадаев Маьхьди, тайп-тайпанчу белхийн къинхьегамхо Садаев Шарип. Дела реза хуьлда массо гIишлошъярхошна а. Дала тIаьхье беркате йойла!

{mosloadposition user9}


При копировании материалов ссылка на сайт обязательна

test 2Новости СМИ2