Димин Iумаран кхолларалла шуьйра евзаш ю Нохч-ГIалгIайчохь. Сийлахь пондарча хIинца вайна юккъехь вацахь а, адамийн дегнашчуьра дIаболуш бац цуьнга болу безам, лерам. Димин Iумар вина 1908-чу шеран  1-чу октябрехь Хьалха-МартантIехь. Бераллин шерашкахь дуьйна цуьнан цIийх  дуьйлира мукъамийн башха аьзнаш. Ша а и пондар чIогIа лакха лууш вара жима кIант. Дахаран ницкъ, хиндолчух болу сирла тешам, стогалла хаалора оцу башхачу аьзнашкахь.Иштта воккха пондарча хилира Димин Iумарх. Юьхьанца дуьйна ладогIархоша боккхачу безамца тIеоьцура цо пондарца локху эшарш. Цкъа а  ша дечух тоам хуьлуш вацара пондарча. ХIора денна Iемаш, керла лакхенаш йохуш схьавогIура иза  шен пондарца.
     Димин Iумар бакъволу къонах вара. Ткъа къонахчун карахь пондар самукъадаккхаран гIирс хилла ца Iа. Иза герз ду!  Халкъан самалхадаьллачу а, боданечу а деношкахь цуьнца цхьаьна вара пондарча, дика а, вуон а доькъуш.   Димин Iумар – пондарча а,  мукъамча а хилла Iаш вац. Иза вайн къоман уггаре а халчу заманчохь синош тадина лор ву.
     Замано-м кхул тIаьхьа а дуккха а гучубохур бу тайп-тайпана  пондарчаш, «халкъан» цIе лелон йолу  артисташ а. Амма  Димин Iумар санна волу халкъан артист вер ву ала атта дац. Цо пондарца локхуш йолу эшарш Iенна, башлам тIера охьадогIу сирла шовданаш санна, цуьнан комаьршачу, халкъе болчу безамах дуьзначу даг чуьра.
     Вайн республикехь боккхачу айамца  билгалдоккху хIора шарахь и вина де. И тидаме эцначу  культуран Министерствон халкъан кхоллараллин ЦIийнан белхахоша, Даудов Рамзан коьртехь а волуш, дIаяьхьира НР-н кIоштийн исбаьхьаллин самодеятельностийн тобанийн «Декалахь, сан пондаран аз», хьажар-фестиваль цIе а йолуш.
     И фестиваль вовшахтоьхнера 30-чу сентябрехь  Хьалха-Мартан гIалахь, Димин Iумаран цIе лелош йолчу оьздангаллин Кхерчахь. Дакъалацархоша шайн пондаршца (кехатпондар, дечигпондар, Iадхьокху пондар) корматалла гайтира  Димин Iумаран репертуарера цхьа йиш а, иштта шаьш къастийна халкъан мукъамаш а  локхуш. Хьажамехь къастийна  кхоъ меттиг яра: хьалхара,  шолгIа, кхоалгIа. И  меттигаш хаьржинчу жюрис фестивалехь тоьллачу пондарчашна, тобанашна  а дIаелира. Жюрин председатель вара Нохч-ГIалгIайн халкъан артист, пондарча, мукъамча Паскаев Рамзан, НР-н халкъан артист Абдукеримов Илес, НР-н хьакъволу артист Ясаев Мохьмад а.   Кхаа номинацехь къастийна меттигаш иштта яра:          
  Халкъан инструментальни  оркестран  номинаци:   
     Хьалхара меттиг – ТIехьа-Марта;
     ШолгIа меттиг – Хьалха-Марта;
     КхоалгIа меттиг – Гуьмса гIала.
Дечигпондар локхучу номинацехь къастийна меттигаш:
     Хьалхара меттиг  кхечира Дабаев Саламуна – Хьалха-Марта кIоштара;
     ШолгIа меттиг – Шахбулатова Анжелина – Шелара;
     КхоалгIа меттиг – Бачиев Бисланна – Итум-Кхаьллара.
Кехатпондар локхучу номинацехь къастийна меттигаш:
     Хьалхара меттиг – Саидова Мадина – Невре;
     ШолгIа меттиг – Патахов Ваха – Аргун гIала;
     КхоалгIа меттиг – Ясаев Мохьмад – ТIехьа – Марта.

{mosloadposition user9}


При копировании материалов ссылка на сайт обязательна

test 2Новости СМИ2