Нохчийчоьнан консолидированни бюджете налогаш дIаялар стохкалерчуьнца дуьстича дикка лакхадаьлла. Карарчу шарахь гулйина 5 миллиард сов налогаш. ДIадаханчу 2009-чу шарца дуьстича 103 процент хуьлу иза. Цу хьокъехь дийцира Нохчийн Республикан Куьйгалхочуьнга Кадыров Рамзане Россин федеральни налогийн хьукматан Нохчийн Республикехь йолчу  урхаллин куьйгалхочо Вазарханов Ислама. Оцу цхьаьнакхетарехь дакъалоцуш вара иштта Соьлжа-ГIалин мэр Хучиев Муслим. И.Вазархановс дийцарехь, налогаш гулъяр алсамдалар доьзна ду вайн республикехь предпринимательство кхиарна бегIийла хьелаш кхолларца а, налогийн хьукматаша шайн болх жигарабаккхарца а. Нохчийчоьнан куьйгалло налоговикийн балха тIехь терго латторо таро елла налогаш гулъяр алсамдаккхаран декъехь цхьамогIа мехала белхаш дIабахьа.
– Къаьсттина лакхабевлла налогаш гулъяран гайтамаш тIаьхьарчу шина кIирнах. Таханлерчу денна гулйинарш 5 миллиард 95 миллион сом гергга налогаш ю, – бохура Вазарханов Ислама.
Федеральни налогийн хьукматан Нохчийчохь йолчу урхаллин куьйгалхочо иштта довзийтира Соьлжа-ГIалахь налогаш гулъяран жамIаш. «Вайн коьртачу шахьарахь налогаш гулъяран план 98 процентана гергга кхочушйина. Шо чекхдала дисинарг хIинца а ши кIира хан ю. Оцу хена чохь и терахьаш дикка хийцалур ду», – билгалдаьккхира И.Вазархановс.
Цо дийцарехь, налогаш гулъярехь кхиарехьа йохуш гIулчаш елахь а, оцу декъехь хIинца а йолуш ю проблемаш. «Коьрта проблема ю тайп-тайпанчу дакъошкахь болх барна юкъаозийначу дуккха а адамашца къинхьегаман барташ беш цахилар. И адамаш болх беш а, белхан алапа оьцуш а ду, амма уьш налогаш луш бац. Цул сов, оцу наха белхан алапа а оьцу, белхазаллина пособи а оьцу», – бохура Вазарханов Ислама.
Цунна хетарехь, оцу адамашкара хьакъ йоллу налог схьаяьккхича хаъал лакхабер бара налогаш гулъяран гайтам. Цуьнца цхьаьна мелла а дика гуш хир дара вайн республикехь белхазаллица долу хьал а.
Цхьаьнакхетарехь къамел динчу Хучиев Муслима билгалдаьккхира Соьлжа-ГIалахь предпринимательство лелош ву аьлла хьесапе эцнарг 12 эзар сов стаг хилар. Цо дийцарехь, и терахь кхин а дикка лакхара хир дара болх луш болчара, законо ма-лоьхху, шаьш балхана юкъаозийначарна регистраци еш хилча. Карарчу хенахь оцу декъехь гIуллакхаш деш ю ведомствошна юкъара комисси. Оцу комиссин декъашхоша къинхьегаман хьокъехь долу закон талхийна меттиг хааелча, кеч а дой, хьокъала доллу кехаташ дIало прокуратуре а, милице а. Болх беш берш хьесапе эцаран гIуллакх хила дезачу хорша дерзорехьа болх беш ю пачхьенан мэри. Иза чIагIдира Хучиев Муслима.
Цул тIаьхьа къамел динчу Нохчийн Республикан Куьйгалхочо Кадыров Рамзана тидам тIебахийтира налогаш гулъяран гайтамаш лакхабахархьама мелла а эвсаре кепаш юкъаяло езаш хиларна. ГIиллакх суьдашкахула къастош лелар эвсаре некъ бац.
– И болх кхиамца чекхбаккхархьама сацам боллуш гIуллакхаш дан деза. Закон лардахьара аш бохуш беш болчу кхайкхамашна инкарло еш, налогийн законодательство талхош болчаьргара хьокъала доллу жоп деха бакъо ю вайн. Иза доьхур а ду. Коммерчески а, бюджетни а ерриге а организацешна итт де хан лур ю вай шайн документаш къепе дало а, шайн йолуш йолу белхан меттигаш гайта а. ТIаккха къайлаха бизнес лелалур яц цаьрга. Нагахь санна стаг белхан алапа а оьцуш, налог луш вацахь, цул совнаха, белхазаллина пособи оьцуш а велахь – иза закон талхош ву. Иштта хила ца деза. Вай республикехь предпринимательство кхио гIерташ ду. Оцу нехан аьтто беш ду. Царна болх бан хьелаш кхуллу. Цундела цара закон лара а, лардан а деза. Иза талхочаьрца вай луьра къийсам дIахьур бу, – дерзийра Кадыров Рамзана.
Д.АНАДЕВ.     

{mosloadposition user9}


При копировании материалов ссылка на сайт обязательна

test 2Новости СМИ2