Фотография из
Закрыть
Идет загрузка картинки...
Добавлено:
Просмотров:

Ахматукаев Адам: «Нохчийн литературехь ойла а, амал а нохчийн хила еза...»

Интервью, 19 октября в 12:52 (2012 г.) 6006
19.10.2012/ 12:55/ Дукха хан йоццуш «Даймохк» газетой (08.09.2012), «Чечня Сегодня» хаамийн агентствоссий (25.09.2012) зорбатуьйхира поэта Ахматукаев Адама язйина «Нохчийн лар» а, яздархо а» боху статья. ТIаьххьарчу хенахь нохчийн литературехь хIоьттинчу хьолах лаьцна дара статья тIехь дуьйцург. Иза авторан шен лазам хилла ца Iаш, дийнна литературан юкъара гIайгIа хиларна, цунах лаьцна алсамо дийцийта А.Ахматукаевца цхьаьнакхетча, тхайн хилла къамел довзуьйту оха.

– Адам, хьайн а, кхиболчу вайн яздархойн а кхоллараллах хьакхалуш долу масалш а далийна, ахь хIоттийна юкъара хаттар ма сингаттаме ду?

– Яздархо юкъарчу хIуманна саготта хила веза. Яздархойн юкъара хIума – иза, уггар хьалха, литература ю. Цундела яздархо ву бохург литературица бала болуш хила веза. Кхиболу яздархой бевзаш а, церан кхоллараллах цхьажимма мукъна а кхетам болуш а. Иза иштта цахилар чIогIа новкъа ду. Юха а цхьа масал далор ас. Пхи-ялх шо хьалха цхьана воккхачу (шерашна воккхачу!) яздархочунна сайн киншкаш еллера ас, цунна суо вевза а моьттуш. Цул тIаьхьа цхьана-шина шера чохь, могаш-паргIат хоттуш, иза дуьхьал вистхиларх цхьацца шеконаш а хуьлура сан, кхунна со мила ву а хаьий техьа боху. Со оцу шеконашца а волуш, цкъа мероприятехь цхьаьна а нисдели тхо. Цигахь а хаьтти цо иштта. Цул тIаьхьа Яздархойн союзан тхов кIелахь кхин цкъа а хотту изза.

Цец муха ца волу?! Сол хьалха вайн литературе веанчу цунна суо ца вовза бахьанаш ду аьлла ца хета суна. Жима а вац со, аьлча а, тахана яздан волалуш вац. Даханчу бIешеран 80-чу шерашкахь дуьйна республикан тIегIанерчу зорбанехь а ву, гIеххьа мур газетийн, журналийн штаташкахь волуш а баьккхина. Iедал мосазза хийцало, яздархойн керл-керлачу союзо шена юкъа дIаоьцуш а ву. Кхин хIумма а ца хилча а, ас елла сан киншкаш а яра-кх цуьнгахь… Яздархойн доьзалехь хила догIуш хIума дац литературица а, вовшашца а бала цахилар. Литературехь билгалбевлларш-м хIунда буьйцура, керла чкъор а ду тидамехь хила дезаш. Дуккха а керла нах баьхкина тIаьххьарчу хенахь яздархойн могIаршка. Я цIарца а, я кхоллараллица а гIарабовлаза берш дуккха а бу царна юкъахь. Йоккхуш цIе хазар бен, цо хIун язйина цахуурш а бу. Кхузахь а цхьа сакхт ду: я цара язйинарг йовзуьйтуш цахилар, я йовзийта хIума йоццушехь, могIарш стамдархьама уьш юкъаозор. Мухха делахь а, товш хIума дац и – вайниг санна, жимачу республикера яздархой вовшашна бевзаш цахилар.

– Вовшашна а девзаш ца хилча, нахана ца довзарх а бехке дуй?

– Кхечу кепара хаьттича, хIун дина яздархоша, шаьш довззал? Я хIун ца дина дела, дисина довзаза? Вай сих-сиха емалъечу советийн заманца дика хIуманаш а дара. Масала, литературана пропагандий, агитаций еш бюро яра Яздархойн союзан тхов кIелахь. Нах балхахь болчу меттигашка а оьхуш, цигахь цхьаьнакхетарш дора яздархоша. Телевиденехь а кест-кеста хьошалгIахь хуьлура – масех цхьаьна вовшахкхетий а, ша-ша а. Литературах лаьцна къамелаш а дора, шайн говзарш а йоьшура яздархоша. Иштта хьал радиохь а дара. Баттахь цкъа литературни aгIo хуьлура газеташ тIехь, юкъа-кара – литературни маьIигаш а.

ХIетахь олуш ма-хиллара аьлча, къомаца зIе яра яздархойн. Уьш къомана бевзаш а бара, церан йозанаш девзарш дукха ца хиллехь а. Оцу заманахь яздархошца хIинца боцу лерам бара. Диканехь а, вонехь а яздархочо олучуьнга ладоьгIна бара нах. Зорбане вала атта ца хиллехь а, литературана деш дола дара, иза ледарчу хIуманех а, эвхьазъяккхарх а ларъеш. Хьолана мел вукъваларх, яздархо ца хилалора мил-милла а. Ахчано Iай ломахь паста караяйтина бохург ду тахана зорбанехь доллург. Кисий-бохчий хилчхьана, муьлхха хIума арахецало. Оцу хIуманийн дайшна шаьш цхьа даккхий яздархой а хеташ... ТIаьхь-тIаьхьа эвхьазйолуш а, эвхьазйоккхуш а ю нохчийн литература.

– Хьуна а, хьоьца къамел догIучу яздархошна а хала дуй и хьал ган а, лан а?

– Литература хIун ю хуург цу хьолах кхеташ ву, амма и ца лайна, дан хIума дац, мел хала делахь а. ХIинций-хIинций цхьана нийсачу новкъа довлур-кх бохуш, сатуьйсуш Iа охIла болу яздархой. Собаре хилар-м, цхьана агIор, дика лерина, вукху агIор, литературана – бакъйолчу литературана – эшаме а ду и. Цхьана хенахь литературана юьстах а Iийна, хIинца цунна герга гIорта ойла ерш а, тIекхиина чкъор а галдаккхарна кхерам бу оцу хьоло кхуллуш болчу харц кхетамаша. Доцца аьлча, таханлера хьал аьттехьа а дац хIетахь хиллачунна.

– Яздархойн союз хIун деш ю ткъа?

– Бертаза кхолладеллачунна и юкъаийзор нийса дац, амма хIоьттина хьал мага а мегаш, паргIат Iерна, къоман литературана хьалха бехказа ца йиса мега яздархойн тоба. Союзан цIа тодина даьлча, цу чохь литературни дахар кIежтийса долалург хиларх йина ойланаш екхаяла хьеелла. Бакъду, Яздархойн союз болх беш яц олийла а дац. Цуьнан гIуллакхашна юкъахь динарг а, данза дисинарг а ду. Араюьйлуш книгаш а ю. Масех альманах а арахецна. Церан чулацам бакъйолчу литературана мел гена-герга бу бохург критикаша дуьйцург хир ду. Амма цхьаъ ду шеко йоццуш – дуккха а шерашкахь шайн книгаш арайовларе сатийсинчу цхьаболчу яздархойн а, цуьнга дог ца даьхначеран а аьтто бина Яздархойн союзо тIаххьарчу шина-кхаа шарахь. ХIинца санна, гIуллакх дIадодахь, вайн яздархойн массеран а рагI кхача мега Iедалан чоьтах цхьаъ мукъана а киншка арахеца. ХIинца ас дуьйцург терахь ду, дикалла яц. Оцу терахьна юкъа вайн хьакъболу яздархой а кхача мегаш хилар ду суна дика хетарг. Дозанал арахь болу вайн яздархой а бу бицбан йиш йоцуш. Царех цхьаберш вайн республикехь арадуьйлучу журналашца зIе латтош а бу, масала, Яшуркаев Султан, Эльсанов Ислам, Эльдиев Минкаил. Амма литературица бала болчу наха кест-кестта хьахош, карлабохуш бу цхьана а дозанашка нохчийн къоман литературах дIакъасталур боцу цигара вайн кхиболу яздархой а, масала, прозаикаш Мутаев Муса, Амаев Ваха-Хьажа, поэташ Юсупов Iилман, Бисултанов Апти, Батаева Хеда. Церан а, вукхеран а авторски хьелаш, дийцарехь, кхузахьчул цигахь гIолехь делахь а, оцу яздархойн коьрта хилла а, хила хьакъ болу а дешархой вайн цIахь бу. Бакъйолчу литературана зорбане некъ паргIат мел бели а, цара а и некъ шайн башхачу говзаршца хьалабузург хиларх теша со.

– Критикаш а хьахийра-кх ахь…


– Критика кхиарций бен ца хуьлу литература йовзар а, кхиар а. Хетарехь, литературана некъ боккхуш, жимма цул хьалхаяьлла йогIуш хила езара критика. Тахана иза чIогIа тIахьайисина. Критикаш оьшуш бу. Веккъа цхьана я масех яздархочун кхолларалла толлу критикаш а оьшу. Дийнна литературни процесс толлурш а оьшу. Цхьаболу критикаш юьстахбевлла вайн, керланаш – юкъабаьхкина. Бакъду, критикашна бехкаш дахкар а цхьана агIор нийса дац таханлерчу хьелашкахь. Яздархо а шена ечу критикех кхеташ хила веза, ваьснашший, мостагIаллий а ца лелош. Оцу берийн амалех бовлаза бу цхьаболу яздархой. Цундела вайн критика цкъачунна кхоччуш маьрша яц: дукхах ерг хесторашний, чулацам схьабийцарний гонах йозаелла ю. Амма иштта хилла а, критика хилар дика ду. Иза а яцахьара, кхин а ледара хир дара вайн литература а, яздархой а бовзар.

– Нохчийн литературана беркате хила тарлучу муьлхачу критикех дегайовхо ю хьан?

– Цхьаболчарна-м шайх критикаш алар а нийса ца хета, оцу дешан маьIна мел жоьпалле ду шайна хуу дела. Делахь а вайн къамелан кхетамехь буьйцуш болу критикаш – уьш литература йовзуьйтуш, толлуш, анализ йийраш бу. Оцу декъехь жигара бу тахана зорбанехь гуш болу Минкаилов Эльбрус, Бурчаев Хьаьлим, Цуруев Шарип, Сумбулатов Дени, Давлеткиреева Лида, Алиева Зарина. Жимма ойла йича, карлабовлу литература Iилманца талларехь билгалбевлла Завриев МаIдуллий, Ибрагимов Лоьмий.

– Зорбанехь юкъа-кара карлайохуш ю нохчийн литература кхечу меттанашка гочъяран проблема. Цу хьокъехь ахь а яздира-кх «Нана» журналехь (№№3-4, 2011). Цул тIаьхьа цхьалхадаьлла хIума дуй?

– Дера, дукха бацахь а, метта ца догIучу оцу гIуллакхна саготта яздархой а ма бу вайн, къаьсттина – поэташ. Гочйина стихаш юкъа-кара араюьйлу «Вайнах», «Нана» журналашкаххьий, «Вести Республики» газети тIеххьий. Ткъа «Вайнах» журналехь «гочдархочун школа» аьлла рубрика а юкъаелира 6-7 шо хьалха. Цигахь зорбатоха йолийра оьрсийн матте яьхна нохчийн поэтийн стихаш. Говза гочдархой санна бевзира дешархошна Арсалиева Люба, Борхаджиев Хожбауди, Хатаев Хьусейн, Абдулаев Мохьмад, кхиберш а. «Стихи.Ру» цIе йолчу интернет-сайтехь ю Абубакарова ПетIмата гочйина, хьо марша, Юсупов ИбрахIиман стихаш а. Хьахавеллачуьра аьлча, башха поэт хиларал совнах, ша говза гочдархо санна вовзийта а кхиира ИбрахIим Дала шена дуьнен чохь яккха еллачу йоццачу хенахь. Сергей Есенинан цо нохчийн матте яьхна стихаш Есенинан хилар девзаш а, язъешшехь нохчийн маттахь язйича санна а ю. Юсупов ИбрахIим дагавогIучарна и цуьнан гочдарш а ца дицделла.

Амма дикачу поэтана ши дукъ дIакхехьа хала ду: шениг язъян а, неханиг гочъян а. Дукхахьолахь, шен кхоллараллина эшам биний бен, нислуш дац говза гочдархо хилар. Иштта къастам бан а атта доцчух тера ду. Амма и къастам банбеллачеран таро ю гочдаршна тIехь шаьш гIарабовла а, литературана алсамо беркате хила а. Масех шарахь лийлира «Вайнах» журналера «гочдархочун школа» боху рубрика. Амма гочдархойн шовкъ, жим-жимма лахлуш, дIаяьллачух тера ду. Ткъа проблема йисина.

Нохчийн Республикан яздархойн 15-чу съездехь (2010-чу шарахь) тIеэцначу резолюцин лехамашца а дара гочдаран кеп кхио езаш хиларх лаьцна. Амма цхьалхайолуш яц и проблема. Вайн цхьаболу дошлела яздархой а башха саготта болчух тера дац оцу хьолана (зорбанехь цу хьокъехь цара дитина тоьшаллаш а ду). Цундела ца хила а мега нохчийн литература кхечу къаьмнашна йовзийтархьама дийриг кхачамболуш. Нохчийн маттахь язъечу авторийн стихийн подстрочникаш гулйинера 2011-гIа шо долалуш Яздархойн союзо. Стихаш оьрсийн матте а яхийтина, гулар арахеца бина барт болчух тера дара. Амма и гIуллакх а кхочушдаза дисина.

Гочдаран проблема юкъара елахь а, авторша шаьш лаха дезаш ду стихаш гочъяран некъаш. «Заманхо» боху тептар ду Союзо юкъа-кара арахоьцуш. Редактор а воцуш кечдеш хиларе терра, кхачамбацарех дуьзна хуьлу и. Цу тIехь араюьйлу говзарш а дукхахьолахь зорбанехь хилларш нисло, вайн кхечу журналаша йовзийтина я книгаш тIера схьаэцна. Тираж а кIезга ю цуьнан. Сан хьесапехь, оцу тептарна еш йолу харж литературана алсамо пайдехь хуьлучу хорша ерзо мегар дара.

– Масала?

– Мехах гочдарш деш поэташ бу оьрсийн маттахь йолчу изданешкахь (социальни сайташкахь а). Прозаикаш а хир бу. Бечу балхана мах луш хилча, гена кхийда а ца дезаш, вайна юкъара а бовла тарлора гочдархой (уьш гIолехь а хир бара арахьарчарел – вайн мотт а, мохк а, гIиллакхаш а, амалш а йовзарна). Цаьрца барт бан мегар дара Союзан цIарах, автор резаволуш нисделлачу гочдаршний бен мах а ца луш. Иза Яздархойн союзе шен чоьтах, шен ницкъашца далун дерг ду, цхьаьнгга а орца а ца дохуш.

Амма кхечу, кхин а гIолехьчу кепара, кхечу тIегIанехь листа а мегар дара и проблема – «Гоч» цIе йолуш хилларг санна статус йолу журнал а диллина, дика гочдархой санна билгалбевлла вайн яздархой цига штате дIаоьцуш я цаьрца мехах юкъаметтигаш лелош. Оьрсийн маттахь арадовлуш кхин журналаш а хилча, и журнал хьашт дац аьлла хета а тарло. Амма иза нийса цакхетар ду. Юьйцуш ерг оьрсийн маттахь произведенеш тIетоха меттиг цахиларан проблема яц – уьш гочъян нах цахилар ду. Журнало вайн вешан гочдархойн школа а кхиор яра.

– Иза мацца а цкъа хила тарлург ду. Амма иза а, важа а ца хилча, тахханехь, юьхьанца далун дерг хIун ду?

– Лакхахь ма-аллара, авторо ша-шен гIайгIа ца бича, нислуш хIума дац цкъачунна. Ас-айса сайн цхьайолу стихаш гочъяр а, 2010-чу шарахь Москварчу поэтаца Юрий Гладкевичца цхьаьна шина маттахь киншка арахецар а оцу ойланна тIера дара. Интернетан агIонаш тIе сайн стихийн подстрочникаш а ехкира ас. Уьш гочъян луурш а бевлира цигахь. Царех со резаволуш нисделла гочдарш зорбане а дехира ас. Иштта, цхьацца бахьанашца зIенаш а йозалуш, кхечу къаьмнийн литературашна юкъадаха некъ а бу-кх вайна.

– Адам, хьан кхолларалла хьахаеллачуьра, жимма цу тIехь совца вай. ХIокху къамелан юьххьехь цIе яьккхина хьан статья араяьлларг хьо вина де дара-кх…

– Дера, шерийн хIоз дIакерчаш ма бу…

– Шераш «горгделла» а хилча, керла киншка ара маца йолу?

– Цунах бахьана а дина, хьалха арадийлинчех хаьржина йозанашший, керланашший юкъахь долу рогIера киншка ю кечйина. Яздархойн союзан ахчанца таро а ца хилла, стохка араялаза йисинера иза. Кху шарахь арахеца лоьруш ю, муха-хIун нислур-м хаац.

– «Буьйсанан мукъамийн гIайгIа» цIе йолу хьалхара гулар арахецна шо шина кепара лелаш ма ду зорбанехь: 1998-гIий, 2005-гIий. Нийса муьлхарниг ду оцу шиннах?

– Вайн махкахь тIеман кIукIмани хьовзале, сан-сайн араяьлла киншка яцара, юкъарчу гуларшкахь дакъалацар бен. ШолгIа тIом а бала тарлучу хьоле вай дуьгуш хилар тосаделча, сайн йозанаш цхьана киншки юкъахь арахеца дагадеара суна, тIамо хIун дохьур ца хуу дела. ХIетахьлерчу таронашка хьаьжжина, компьютер чохь хIотта а йина, 100 гергга экземпляр киншка вовшахтесира ас, уьш ерриш а сагIина дIаса а йийкъира. 2005-чу шарахь сайн «Цкъа мацца а, цул тIаьхьа…» боху 2-гIа гулар арайолуш, «Буьйсанан мукъамийн гIайгIа» а юха арахийцира ас, тираж алсамъяккхар бен, кхин цхьа а хийцам ца беш. Цундела и ший а терахь нийса ду.

– Хьайн хIетахьлерчуй, хIинцалерчуй кхоллараллина юкъахь хIун башхалла го хьуна?

– Авторан шераш тIекхетар а, цаьрга терра сайн литературни турпалхо кхиар а.

– Хьалхалерчу хьайн йозанашка хьо берийн ловзаре санна хьоьжу бохург-м дац и?

– Аьттехьа а! Муьлххачу хIуманна тIехь а дуьххьара йоху гIулчаш хала ю, амма хьоме а ю, чу садиллина а, доггах а уьш хуьлу дела. Хьалхарчу киншки юкъа ас яхийтинарг хIетахь хилла яьлла аьлла сайна хеташ хилларг яра. Ерриге а. Хьалха ма-аллара, тIегIерташ тIом болу дела. Со жима а, къона а волчу хенахь дуьнене сан хилла хьежамаш бу оцу стихашкахь. Царех цхьа наггахь ерш башха маьIне а ца го, таханалерчу тIегIанера хьаьжча. Амма литературехь хила а, йиса а юьхькIам болу стихаш а дукха ю цаьрца. Масала, «Ас нана елхийна…», «Со нанас доIанна айбинчу куьйгаш тIехь кхиъна…», «Вижо догIу илли…», «ЦIерпоштан некъ», «ХьаргIанийн бодано…», «Еарин буьйса», кхин а, кхин а, кхин а. Уьш ерриш а мехала хета суна, цаьрца йолу ойла а, амал а, церан хатI а, чухуле а, тIоьхуле а нохчийн хиларна.

– Ахь дагардеш долу и хIуманаш маьIне хиларе хьаьжча, хьайна а, хьайн кхоллараллина а хьакъболлу тидам бац аьлла хетий хьуна?

– Иза кхузаманахьлерчу дийнна литературан лазам бу, къаьмнийн литературашна къаьсттина эшаме а болуш. Хьахо а, йийца а хьакъ йолу говзарш йоллушехь, цхьа пайдабоцчу хIуманах байракх йой, цунах нах Iехош, моттаргIанаш даима лелийна. Амма и хьал цхьа хан кхаччалц бен ца лаьтта. Бакъйолу литература а, охIла болу яздархой а къасто хууш болу дешархой алсамбовларца бен, и хан герга а ца йогIу. И беркате хан тIеяло а, дешархой кхио а уггар хьалха оьшург литературах а, яздархойх а лаьцна алссам дийцар ду. Деккъа хабарш а доцуш, яздархоша динарг а гойтуш, дийцар.

– ХIокху аьхка Яздархойн союзехь хиллачу цхьаьнакхетарехь Парламентан председатела Д.Абдурахмановс кхуьйлург а изза дара-кх, аш язъярх пайда бац, нахана и гуш а, шу хезаш а ца хилча, бохуш.

– Бакъ ду-кх и. Цул тIаьхьа мелла а хийцамаш буьйлабелла. Яздархойх а, церан кхоллараллех а лаьцна жим-жимма дийца долийна радиохь а, телевиденехь а, зорбанехь а. Кегийрхойн кхолларалла тидаме оьцуш, цхьаьнакхетар дIадаьхьна Яздархойн союзехь а. Цуьнан правленин декъашхо волчу суна и хилла даьллачул тIаьхьа бен ца хиънехь а, литературни дахарна чу садан герга хиларх дегайовхо-м ю сан.

– Делахь-хIета, хIара къамел а оцу хоршара лорур вай. Дала тIаьхье беркате йойла кху белхан!

– Амин!

Интервью эцнарг – Iабдул-Бар Арсанукаев.

www.ChechnyaTODAY.com



{mosloadposition user9}
Если нашли ошибку в тексте, то выделите ее и нажмите Ctrl+Enter

ОБСУЖДЕНИЕ

Комментариев нет
Картина дня? Картина дня
Фоторепортаж Фоторепортажи
Поезд с обломками «Боинга» выехал из Донецкой областиПоезд с обломками «Боинга» выехал из Донецкой области
В мире
Якунин подтвердил планы строительства железной дороги в обход УкраиныЯкунин подтвердил планы строительства железной дороги в обход Украины
В России
Владимир Путин не исключает своего выдвижения на президентских выборах в 2018 годуВладимир Путин не исключает своего выдвижения на президентских выборах в 2018 году
Политика
"Терек" уехал в Грозный ни с чем."Терек" уехал в Грозный ни с чем.
Спорт
Мужчина, пострадавший в аварии, скончался при доставлении в больницуМужчина, пострадавший в аварии, скончался при доставлении в больницу
Происшествия
Путин признался, что не чувствует себя одиноким, хотя с дочерьми и друзьями видится редкоПутин признался, что не чувствует себя одиноким, хотя с дочерьми и друзьями видится редко
Общество
Миннац готов к сдаче объекта в с. БамутМиннац готов к сдаче объекта в с. Бамут
Гостям из ОАЭ  показали навыки бойцов спецподразделенийГостям из ОАЭ показали навыки бойцов спецподразделений
 «Кезеной-Ам» «Кезеной-Ам»
Осенний ГрозныйОсенний Грозный
День призывникаДень призывника
«Чеченские минеральные воды» открыли новый цех«Чеченские минеральные воды» открыли новый цех