Арсанукаев Iабдулла       

Бадуев СаьIид-Салихьах лаьцна болчу шен дагалецамашкахь яздархочо Саидов Билалас яздо: «ТаьIно бIаьргаш долуш, даим, цхьана хIуманан кIорггера ойлаеш санна, хабийна хьаьжан юкъ а йолуш, юккъерчу дегIахь волу иза къамелана башха тIера вацара. Къамелдеш волчунна тамана наггахь дош алар, вела къажар бен, ша дукха лен хууш а, я и дезаш а вацара. Амма иза доккха похIма долуш, башхачу корматаллин стаг вара. Шен халкъан ирсехьа, и ирс сирла а, дуьззина а хилийтарехьа дIахьочу къийсамехь кIадо йоцуш а, майра а вара"  

        Шен кхоллараллин корматалла халкъан хьашташна дIаеллачу яздархочун дахар дуьнен чуьра иза дIаваларца кхачалуш дац.  Цуьнан  исбаьхьаллин  дош,  шен маьIнийн керла агIонаш гучу а йохуш, халкъа юкъахь деха. Ишттачарах ву нохчийн литературин бухбиллархо Бадуев СаьIид-Салихь.
Бадуев СаьIид-Салихь прозаик, драматург, поэт, нохчийн исбаьхьаллин литературин бухбиллархо, вина 1903 шеран 28 августехь Соьлжа-ГIалахь. Яздархочун да Бадуев Сулейман Хьалха-МартантIера схьабевллачу совдегарех хилла. Яздархочун да Бадуев Сулейман, цуьнан вежарий, да Бода-Хьаьжа, шайн даккхий хьелаш а долуш, шайн доьналлица, хьуьнаршца Нохчийчохь а, гонахарчу мехкашкахь а цIеяххана бевзаш нах хилла.  БадуевгIар Нохчийчоьнан а, Российн а юкъараллин-политически хьелаш девзаш, юкъараллин дахарехь дакъалоцуш хилла. Оьрсийн-японски тIом (1904-1905 шераш.) болабелча, оцу тIаме вахна Бадуев Сулейман. Цигахь йина чевнаш юха меттахъевлла, 1914 шарахь кхелхина иза. СаьIидан нана Укаева Зайбат Йоккхачу-АтагIара хилла. КIентан бералла дIадахна Соьлжа-гIалахь а, Хьалха-МартантIехь а, Йоккхачу-АтагIахь а. Дуккха а гергара нах бара БадуевгIеран Хьалха-МартантIехь. Хинволчу яздархочун деда, денана, пхиъ деваша вара кхузахь вехаш. Шен дехой болчу Хьалха-МартантIе а, ненахой бехачу Йоккхачу-АтагIа а кест-кестта воьдуш а, еххачу хенахь Iаш а хиллачу кIанта хазахеташ ладийгIина юьртахоша исбаьхьа олучу иллешка, дуьйцучу туьйранашка, ширчу хабаршка, мехкарийн эшаршка. Халкъан исбаьхьаллин дешан марзо беран хенахь евзина цунна, барта кхолларалла гуттаренна а езаелла. Соьлжа-гIаларчу реальни училище деша дIавелла СаьIид-Салихь шен дас. Ойла тIеяххийтина, лерина доьшу цо. Шен накъосташна юккъехь кIеда-мерза волуш а, дешарна тIера хиларца а билгалваьлла иза. Къаьсттина дукха езна  Бадуев СаьIидана исбаьхьаллин литература. ТIевирззина Iамийна цо оьрсийн классически литература, лерина ешна В.А. Жуковскийн, А.С. Пушкинан, М.Ю. Лермонтовн, Л.Н. Толстойн, А.П. Чеховн, А.М. Горькийн произведенеш. Хинволчу яздархочунна Iаламат пайдехьа хила нохчийн халкъан барта кхоллараллица цхьаьна сийлахь-йоккха оьрсийн литература, культура йовзар.
ЦIеххьана бохам беана БадуевгIеран доьзале. Оьрсийн-японски тIамехь йина чевнаш юхаметтахъевлла, 1914 шарахь Петроградехь кхелхина доьзалан да Сулейман. ЦIа а веана, Хьалха-МартантIехь дIавоьллина иза. ВорхI бераца йисина нана, СаьIид-Салихьан уггаре жимаха йолу йиша Маки да дIаваьллачул тIаьхьа дуьнен чу яьлла. Хала дара байлахь бисинчу доьзална. Дукха хан ялале материальни халонаш хааелира. Паччахьан заманахь муьлхха а дешар санна, Соьлжа-гIаларчу реальни училищехь а дешар мехах дара. Шен хеннахь мах дIабалаза бисча, дешарх юкъахвоккхура. Алссамчу берашца йисинчу нанна хала хилла доьзал кхаба. Доьшуш болчу СаьIид-Салихьна а, цуьнан вежаршна а тIера мах бала таро йоцуш меттигаш а йогIуш хиллачух тера ду. Шен ма-хуьллу дешар чекхдаккха гIиртина СаьIид-Салихь, амма гIуллакх ца хилла. 1915-1916 дешаран шеран IV четвертехь дешарх юкъахваьккхина иза. Реальни училищехь 1916 шеран 25 майхь дIаехьначу педагогически кхеташонан протокол тIехь дешарна тIера мах дIацабаларна ("за невзнос платы за учение") Бадуев СаьIид дIаваккхаран хьокъехь сацам бу. Дешаран шо чекхдала цхьа бутт бен ца биснера хинволу яздархо реальни училищера дIавоккхуш, оцу шарахь йолийна класс чекхъяккхалц а ца витина.
СаьIид-Салихь шайн доьзалехь баккхийчарах вара, цунна тIехь дара кегийчеран тергояр. Иза балха вахна. Болх барца цхьаьна дIадаьхьна цо, ша доьшуш, шен хаарш тIедузар. 1922 шарахь Владикавказехь кооперативни курсаш чекхъяьхна Бадуевс. Цул тIаьхьа цхьана муьрехь товароведан болх бина. Амма цуьнан шовкъ йолуш болх ца хилла иза, цуьнан дог ца летара оцу гIуллакхех. С. Бадуевн ойла кхечахьа гIиртина. Шен къоман культура кхиорехь, йоза-дешар даржорехь, халкъ Iилманан серлонга доккхучу балха тIехь дакъалацар дара С. Бадуевна лууш дерг. Шен Iалашо кхочушъярхьама хьехархойн курсашка деша вахна иза. Уьш чекх а яьхна, хьехархочун болх бина цо. Школехь берашна хьехарца цхьаьна, баккхийчарна йоза-дешар а Iамадора СаьIид-Салихьа.
             Ша-тайпанчу эвсараллица хилла Бадуев СаьIид-Салихьа исбаьхьаллин литературе вогIуш бина некъ а, литературехь цо бина болх а.
Хьехархочун болх беш волуш, цо лерина Iамайо халкъан барта кхолларалла, дIаяздо иллеш, эшарш, забаре хабарш. Халкъан ойланах кхиа гIерта Бадуев. КIорггера пайда оьцуш йоьшу цо оьрсийн а, дуьненан кхечу къаьмнийн а яздархойн произведенеш. Бадуев СаьIида шена хьалха хIоттийнера исбаьхьаллин дешан говзалла караерзоран Iалашо. 20-гIа шераш юккъе даханчу хенахь язйина цо шен дуьххьарлера произведенеш. 1925 – 1926 шерашкахь "Серло" газета тIехь зорбатухуш арайийлина хIетахь цо язйина стихотворенеш а, кегийра дийцарш а. Волалуш волчу яздархочо шен коьрта Iалашо лорура къоман оьзда ламасташ чIагIдеш, вочуьнца къийсам латтош керла дахар дIахIотторехьа болчу къийсамехь исбаьхьаллин дашца дакъалацар. Бадуев СаьIид-Салихьан дуьххьарлера произведенеш а, ерриг цуьнан кхолларалла а и Iалашо кхочушъяре хьажийна ю. Яздархочо шен произведенеш зорбанехь арахоьцуш, Бадуев СаьIид олий, йоцца язйина шен цIе. Цундела литературехь Бадуев СаьIид аьлла, дIаяхна яздархочун цIе.
        Iаламат сиха кхиина яздархочун кхоллараллин корматалла. 20-гIа шераш юккъе даханчул тIаьхьа яздан волавеллачу Бадуевс, 1928–1929  шерашкахь  язйина  идейни  чулацамца а,  исбаьхьаллин говзаллица а кхоччуш кхиина а йолуш, шен тоьллачарах йолу произведенеш ("ЦIеран арц", "Бешто"). Иштта сиха яздархочун корматалла кхиаран бахьана дара коьрта долчу декъана цо Iаламат говза халкъан барта кхоллараллех пайда оьцуш хилар, оьрсийн а, кхечу къаьмнийн литературех иза Iемаш хилар а. Лаккхара исбаьхьалла шайца йолу вайнехан барта кхоллараллин произведенеш Бадуевн кхоллараллин хьоста хилира. Нохчийн фольклоро яздархочун исбаьхьаллин говзалла кхиорал совнаха,  гIо дора халкъан ойланех, сатийсамех кхиа. Бадуевн исбаьхьаллин кхоллараллин орамаш вайнехан фольклорах схьадогIуш дара. Оьрсийн а, кхечу къаьмнийн а литературех пайдаэцаро яздархочун исбаьхьаллин говзалла лакхайоккхура. Цу тайпана яра Бадуевн исбаьхьаллин кхолларалла йолаяларан а, кхиаран а цхьайолу башхаллаш.
        Яздархочун дуьххьарлерчу произведенех ю цуьнан "Мацалла" цIе йолу повесть. Къехойн, хьолахойн вовшашца хилла юкъаметтигаш гайтина автора шен дуьххьарлерчу повесть тIехь. Къона доьзал – ТIелиб, ХIижан – хало ловш ду, мацаллла ю цаьргахь, кхечу къехошкахь а санна. Ялта къийдаларх пайда а оьцуш, шайн хьелаш алсамдохуш бу таронаш йолу нах. Мацалла токхуш болчу къехошна кIеззиг ялтех хIума а лой, церан тIаьххьара говр а, бежана а шайн дола доккху хьолахоша. Иштта шен бахам стамбеш ву повесть тIера Мухтар а.
        Бадуевс повестан персонажийн васташ дукха шуьйра ца гайтинехь а, церан амалш, психологи билгалъяккхарна тIе леррина тидам бахийтина. ДогцIена, мерза безам бу ТIелибан, ХIижанан берг. Мел яккхий халонаш тIехIиттарх, мацалла шаьш кIелдисарх, лах ца ло цу шиннан вовшашка йолу ойла, вовшийн ларар. Къинхетаме, догдика адамаш ду уьш, тешаме, хьанал бу церан безам. ХIижан шена везачунна муьтIахь а, шен безам ларбийр болуш а хилар къеггина билгалдолу цо хьолахочун Мухтаран лаамна дуьхьало ярца. Хьолах ца бухку цо шен безам. Мацалло гIелйина йолу ХIижан бахамах юьззина йолчу кертара йоду, сихха ТIелибана тIекхача.
        Мухтара лелочу гIуллакхаша цуьнан ямарт ойла, хьарамлонаш, нахана иза зуламе хилар гучудоккху. Персонажийн дог-ойла, церан лехамаш гайтарца яздархочо кхуллу къеггина шайн социальни юьхь йолу васташ.
        "Мацалла" цIе йолчу повесто − яздархочун дуьххьарлерчу йоккхачу эпически произведенино дарехь хаийтира Бадуев кIорггера кхолларалла йолуш яздархо хилар. Оцу повестехь хаалуш яра, тIаьхьо къаьсташ билгалъевлла Бадуевн кхоллараллин хотIан коьрта башхаллаш.
        20-гIа шераш чекхдовлучу муьрехь Бадуев СаьIида язйина кIорггера идейно-исбаьхьаллин чулацам болу произведенеш. Царна юкъахь ю "ЦIеран арц", "Бешто" цIераш йолу повесташ а, "Iимран", "ГIу" боху дийцарш, "МаргIала синтар" цIе йолу стихотворени, 1930 шарахь зорбанера араяьлла "ПетIамат" цIе йолу чекхъяккхаза йисина роман, кхийолу произведенеш а.
    «ЦIеран арц» повестах лаьцна Мамакаев Мохьмад яздо: «Нажаев Ахьмада а, Дудаев Iабдис а, Сальмурзаев Мохьмада а язйина вайн маттахь исбаьхьаллин литературех хIумнаш цул хьалха а ешнера аса, амма исбаьхьаллин бакъйолу литература вайн маттахь а юйла «ЦIеран арц» айса ешчахь хиира суна. Иза ешчахь кхийтира со вайн къоман хIетахь кога яха гIерташ йолчу исбаьхьаллин литературехь керла аз кхиъна ца Iаш, вайн къоман воккха яздархо кхуьуш хиларх».
        20-гIа шераш чекхдовлуш ша язйина цхьайолу произведенеш Бадуевс, гул а йина, арахийцира "Хабарш, иллеш, поэмаш" цIе йолчу книги тIехь.
Бадуев СаьIида масех произведени язйина, "Iадаташ" аьлла, цIе а тиллина. Уьш зорбанера араевлла 1930 шарахь. Шина книгех лаьтташ ю "Iадаташ» цIе йолу произведенеш. Хьалхарчу книги тIехь ду "Iадат", "Олдам", "Баудди", "Зайнап", "ГIу" дийцарш, шолгIачунна тIехь "Бешто" повесть, "Бекхам" цIе йолу дийцар ду.
        Ира чулацам болчу оцу произведенешца автора гойту нохчийн къоман дахаран тайп-тайпана агIонаш. "Iадат", "Олдам", "Баудди", "ГIу" дийцарийн турпалхой къоман гIиллакхаш лардеш мел яккхий а халонаш лан кийча бу. Бакъ буй и турпалхой? Нийса дуй цара лелийнарш? Иштта хаттарш хIиттадо яздархочо шен произведенешца.
        ЧIиръекхаран Iадат гайтина яздархочо "Бекхам", "Зайнап" цIерш йолчу дийцаршкахь.
        1930 шарахь зорбанера араяьлла Бадуевн "ПетIамат" цIе йолу роман (1-ра дакъа). Иза нохчийн литературехь дуьххьарлера роман яра. Шуьйра чулацам болу  роман язъян Iалашо йолуш хилла яздархо, амма иза чекхъяккха доьгIна ца хиллера цунна.
    Бадуев СаьIидан  исбаьхьаллин хотIан башхаллаш къеггина гучуйовлу  “Бешто”, “ЦIеран арц” повесташкахь. "Бешто", шен бараме диллича, йоккха повесть яц, амма цуьнан чулацам хьалхалерчу дахаран кIорггера сурт хIоттош бу. Яздархочо ша билгал ма даккхара, дукха лерина хIоттийна ю повестан композици а, сюжет а. Йоьшуш волчунна произведенин чулацам алссам тIеIаьткъачу кепара нисбина автора цуьнан дIахIоттам.  
 
 
        БерхIитта декъе екъна ю повесть. Иза дIайолало Iаламат халчухIоьттина, кешнийн кертахь цкъа цхьана борза тIе хIуттуш, тIаккха вукху борза тIе хIуттуш, шен бала балхош лела, кхетамчохь ву я тиларчу вахана хаа хала долчу хьоле вирзина волу Бешто гайтарца. Йоьшуш волчунна чIогIа Iаьткъаш сурт ду иза. Стен халчухIоттийна техьа Бешто? ХIун ду-техьа стаг сел халчу Iазапе вуллуш, цуьнга кхаьчнарг? Мича балано кагвина-техьа гIеметта хIоьттина волу къонаха, олий, ерриге ойла повесть тIехь хиндолчунна тIейоьрзу. ТIаккха схьадаржадо яздархочо Бешто халчухIоттийна долу гIуллакхаш.
        Повесть тIерачу хиламийн чаккхе ю автора иза дIайолалуш гайтинарг. Цу тайпана, хьалхарчу декъа тIехь дешархочун берриге тидам произведени тIехь хиндолчу гIуллакхашна тIе а хьовзабой, кхидIа, шолгIачу декъа тIехь дуьйна, произведенин чулацамехь долу гIуллакхаш шаьш хиллачу рогIехь схьагойту.
        Повестан дакъош кегий ду, амма царах хIоранна тIехь а къастош долчу гIуллакхийн кхочушхилла долу сурт хIоттийна. Иштта, кIеззиг меттиг дIалоцуш долчу повестан шолгIачу декъа тIехь вайна довзуьйту Бештой, РакаIаттий, церан хьал-дахар, къен хIусам. Юьртан йистехь лаьтташ дара БештогIеран "лоха мокха цIенош. Доккхаха долчу "цIа чохь, мокхачу цIенкъарчу истанга тIехь, мотт а биллина, цомгаш Iуьллуш Бештон нана РакаIат яра". Шаьшшиъ бен, "кхин доьзалхо а, кхин да а воцуш цхьа ши стаг" ду и шиъ.
        Бештона езаелла хьалдолчу нехан йоI Бусана. Кхо шо а ду иза Бусанина тIехьийзаш волу. Бусанина Бешто а веза. Амма наха дуьйцу: "Бусанас Бешто лево, иза цуьнга йогIур яц", − бохуш. Цундела цамгаро лаьцна Iуьллучу РакаIата сагатдо, цо боху шен кIанте: "Нагахь йогIур йолуш елахь, и ялаяй а, кхин ялаяй а, сан бIаьрг хьоьжуш боллушехьа, цхьа зуда ялаехьа. Хьан да дIаиккхичхьана кхин дика суна дайна а дацара. ХIинца со ялале, хьо вайн цIен тIе воьрзуш гайтахьа суна".
        Нанна муьтIахь ша хиларе терра, РакаIатан лаам кхочуш а беш, Бусаница дерг къастор ду ша олий, сацадо Бештос. Кхузахь дIадуьйлалуш ду повестан коьрта сюжетан зIе шайх лаьтташ йолу гIуллакхаш.
        "Бештон" сюжет, озийна пха санна, юлаелла ю, цхьана а меттехь малъялар доцуш. Повестан хиламаш шайн кхиарехь гайтина бу. Произведени тIера хиламаш иштта хаддаза кхуьуш гайтар бахьана долуш, яздархочун таро хилла шен турпалхоша кхочушдеш долу гIуллакхаш дуьззина гайта а, оцу гIуллаккхашкахула церан амалш ма-ярра гучуяха а.
        Повестан сюжет кхиар керла персонажаш, керла хиламаш юкъабалор хилла ца Iаш, персонажийн дог-ойла, амалш, сатийсамаш − ерриг а церан чухале лерина гучуяккхар а ду.
        Бадуевс сюжет кхоллар ша-тайпа къастамаш болуш ду. Масала, цо шен турпалхой Iаламат халчу киртиг тIе хIиттабо, тIаккха оцу чолхечу хьелашкахь цара лелочуьнца схьагойту церан амалш. Иштта ю яздархочун дукхахйолчу произведенийн сюжетан (дагалоцур вай "ГIу", "ПетIамат", "Баудди", "Пхи туьма", дуккха а кхиерш а). Цкъацкъа турпалхочунна тIехIуьттуш долу хала гIуллакхаш цхьаъ хилла а ца Iа, уьш масех нисло.
        Иштта ю "Бешто" повестан сюжет а. БештогIеран уьйтIа а лилхина, Бусанин наха дов доккху. Хьасана, бе а бехк боцуш, "Бештона коьртах шаьлта туьйхира. Бешто сов чIогIа бIагор беана, хьаьвзаш го а боккхуш, шайн уча аркъал вуьйжира". Чов цIан а йина дIайихкича, жимма меттавеана Бешто, цомгуш Iуьллучу шен нанна тIевахара, амма "вуьшта а, цамгаро чIогIа ницкъ бина кIелйисина йолу РакаIат, шен кIантана, цIеххьана кхайкхина ара а ваьккхина, чевнаш яр ла а ца делла", елла хиллера. Бешто холчу хIоьттира: "Баба!... баба!.. — аьлла, Бешто, шен корта а лоцуш, РакаIатана улло вуьйжира. ТIаккха, хьала а айавелла, шен ненан юьхь тIе куьг а хьоькхуш, кхо юха а элира: "Баба!.. баба!.. ахь хIун дин?.. баба! ахь хIун дин? — кхуьнан бIаьргех мела хи хьаьдира, ненан са даларо кхунна шена коьртах хилла чов йицйинера, хIара, цунна улло а воьжна, воьлхуш Iуьллура".
        Дукха хан ялале иштта халчухIоьттина шен нанна юххехь Iачу Бештона дагатесира, Бусана яло баханчу накъосташна ша бахьанехь цхьа бохам хила там бара аьлла. ТIаккха иза, царна тIаьхьа ваха лерина, нуьйр а кечйина, божли чу вахара говр араяккха, амма Бештона белла Iуьллуш карийра шена дукха безаш хилла дин. Цунна "Iаьржа бIагор беара, и сурт гича", "ша цхьаъ бен кхин са долу дегI доцчу божал чохь цхьаннах а ийза а ца луш, велха волавелира, чохь елла Iуьллучу шен нанна а, белла Iуьллучу кху шен динна а".
        Бештона тIехIуьттуш йолу халонаш цу тIехь а кхача ца ло. Яздархочо кхин дIа а кIаргдо шен турпалхочун амал таллар.
        Шайн дас Бусана жа долчу Мусига маре лур ю аьлла, делла дош лардеш, Бусана шена везачу Бештога ца яхийта арабевллачу цуьнан вежарех цхьаннан, Вахьидан, карах Бусана ле. Иза яло ваханчу Бетас, Бештона хилла лаьтта бохамаш а ца хууш, схьадийцира кхуьнга Бусанех хилларг. "Бусана ели-кх Вахьидан карах", – цо аьлча, и дешнаш шена хеззашехь, Бештос, буьйдачу дошо дагийча санна, шен даг тIе куьг диллира: цуьнан бага, цхьаъ ала воллуш санна, гIаьттинчохь йисира; иза шершшина утармица охьавахара". Жимма хан яьлча меттавеанчу Бештона Бетех бехк хийтира: "Бета! Хьох эхь хета суна, Бусана йийна аьлча, и ла а ца делла, са даьлча санна, со охьавожарна. Бусанин ялар ахь соьга хазийча, сан дегIе цхьа лазар иккхира, хIуъа хаьддехь а, сан кийрара цхьа хIума а хедира. Суна цкъа а дIа ца даьндолу ан хIоьттина, со цо талхор а ву. Со телхина ваьлла стаг ву. Атта-м ца хIоьттина хьуна суна и ан. ЛадогIалахь, Бета!.. Чохь елла Iуьллуш со вина сан нана ю; сайн велла ваша санна дукха безна сан дин а божли чохь белла Iуьллуш бу; сайн сил дукха езна Бусана а шен вешин карах елла Iуьллуш ю", –  аьллачу Бештон бIаьргех мела, даккхийра, горга хин тIадамаш луьста эга дуьйладелира".
        Бешто декъаза стаг ву, цуьнан докъазалла иза къен хиларх йоллу. Бешто къен волу дела, ца йохуьйту цуьнга Бусана. Иза къен а, цхьалха а хиларо маршо ло ХьасангIарна цуьнан керта а лилхина, Бештона етта а, шайна луъург цунна тIехь кхолла а.
        Юьртахойн юкъаметтигаш къеггина гайтархьама, чекхвоху Бадуевс шен турпалхо оццул чIогIачу халонех. Сел ира сюжет авторна оьшу шен персонажех дерг ма-хуьллу дика хаа, церан амалш ма-ярра гучуяха, церан ойланийн кIоргене кхача.
“ЦIеран арц”, Бадуевн дукхахйолу произведенеш а санна, шен чулацамехь долу гIуллакхаш сиха кхуьуш а, ира сюжет йолуш а ю. Персонажийн васташ хIоранна а шен къастамаш болуш а, повестан маьIна кхочушдарехь хIор васт а шен билггалйолу меттиг дIалоцуш а ду. “ЦIеран арц” повестан турпалхойн ( Хонмурд, Бану, Залуба)  гIиллакх-оьздангалла гучуйолу яккхий халонаш царна тIехIуьттуш, оцу халонех уьш шайн оьздангаллех ца бухуш чекхбовлар гайтарца. Хонмурд а, цуьнан доьзалш а къоман ламаст лоруш бу, хьаша-да тIеэцар, гIийлачунна гIодар, къинхетаме хилар церан дагца ду. Хонмурдан кхетамо гIиллакх-оьздангалла гучуйолу яккхий халонаш царна тIехIуьттуш, оцу халонех уьш шайн оьздангаллех ца бухуш чекхбовлар гайтарца. Хонмурд а, цуьнан доьзалш а къоман ламаст лоруш бу, хьаша-да тIеэцар, гIийлачунна гIодар, къинхетаме хилар церан дагца ду. Хонмурдан кхетамо  тIе а ца дуьту, меца ву ша аьлла, чувеана стаг сискал ца луш дIавахийтар, Цундела боху цо, обаргаш схьабийца бохуш ша холчу хIоттийча: “Суна-м ца хаьий царах хIумма а, ша айса, цара меца ду шаьш аьлча, вай мостагIчуна а лун сискал ялар доцург!” Кхузахь яздархочо, дуьхь-дуьхьал йоккхуш, говза схьагайтина Ханмурдан къинхетамен дог-ойлий, Кулдевичан акхарой хьесапехь йолу къизаллий. Кулдевичана тIехьа лаьтташ харц Iедал ду, оцу Iедалан лехамашца цхьаьна йогIуш ю цуьнан къизалла. Цундела мега Кулдевичана цхьа а бехк боцуш волу Хонмурд йиттина мелчу цIийх вуза а, цул тIаьхьа, итт шо хан а тоьхна, Сибрех вахийта а.
Амма Кулдевича Хонмурд Сибрех вахийтар Хонмурдана тIехь цо толам баккхар дац. ХIунда аьлча, повесть йоьшуш долчу вайна гергахь, шен адамаллица, цIенчу дог-ойланца тоьлларг Хонмурд ву. Исбаьхьаллин произведени тIехь тIаьххьар а толам боккхург ницкъ бац, амма сийлахьниг ду. Ткъа Кулдевичан вастаца сийлахьчух цхьа зирх а бац, цо лелош долу дерриге гIуллакхаш иза сийсаза веш ду, цундела, вайна гергахь иза эшна ву, вайн даго и эшар къобал деш тIе а оьцу. Кулдевич лах мел лун а, вайн бIаьргашкахь Хонмурд лакха волу. Иза лакха воккхург цуьнан деган-дикалла, нахана гIуллакх дар бахьана долуш цо хало лар ду. Ткъа ницкъ, муьлхха а ницкъ иза белахь а, адаман ойлано бакъ ца бо, сийлахьниг чIагIдеш бацахь.
  Бадуевс шен произведенешкахь вочунна дуьхьал къийсам латтабо и вониг тIаьхь-тIаьхьа алсамдаларца, цунах нахана долу зулам хаддаза дебаш гайтарца. Ткъа произведени тIехь вониг шеца долу персонаж а цу тайпана нахана шегара довлуш долу вонаш тIаьхь-тIаьхьа совдохуш хуьлу, цо тIаьхьа деш долу вон хьалхарчул дуккха а зуламе а хуьлу. Иштта ю “ЦIеран арц” повестан персонажаш а: Кулдевич, Мирзий зуламаш диэш кхочу шаьшшиннийн уггара а доккхачу зуламна тIе.
Бадуевс Кулдевичан вочу амалех лаьцна дукха дестийна дуьйцу. Вониг дестийна гайтаро, иза Iорадоккхуш, дешархочун ойла цунна дуьхьал йоккху. Бадуевс шен произведенешкахь хIума дестийна гайтар иза сийсаздар, цунна дуьхьал къийсам латтор ду, иза эшийна дIадаккха дезаш хилар чIагIдар ду. ХIума исбаьхьаллица дестийна гайтар Бадуевн кхоллараллин хотIан башхалла ю. Яздархочо ша дуьхьал къийсам латтош долу хIума эша а дой, дIадоккху иза дестийна гайтарца. Шен дукхахйолчу произведенешкахь Iаламат говза пайдаоьцу Бадуевс оцу исбаьхьаллин гIирсах.  
        Алссам ю Бадуев СаьIидан исбаьхьаллин произведенеш. 1933 шарахь араяьлла цуьнан «Колхозан иллеш» цIе йолу стихотворенийн книга, ц    о язйина «Партизанаш», «Тоьур ду», «Ши малх», «Къайле», «Дато хIайкал»  боху поэмаш, «Керла нах», «Тхан хьехархо Максим Горький», «Тракторхо Жуьнид» цIерш йолу очеркаш, ткъех гергга драматургин произведенеш.
        Бадуев СаьIида боккхачу лаамца язйора берашна лерина произведенеш а. 1934-чу шарахь зорбанера араяьлла «Берашна совгIат» цIе йолу книга. Бос болу суьрташ а долуш, хаза кечйина книга яра иза. Цу тIехь автора бераш кхета долчу кепехь язйинчу стихашкахь дуьйцура паровозах, тракторх, кеманах, дирижаблах, цу хенахьлерчу техникехь керла хиллачу кхечу хIуманех а лаьцна. Масала, хазчу басаршца диллинчу хIордакеман суьрта кIел язйина иштта стихаш яра: «Жамалдис дийцира  Кира лело кема. Цо цу тIе, бахара, Тарлур яра рема».
        Школашна оьшу дешаран книгаш, кIезиг йоза хуучу баккхийчарна лерина книгаш язйина Бадуев СаьIида. Царах ю «Белхан жайна», «Юрт социализме» цIерш йолу дешаран книгаш.
Цу тайпана шуьйра бу Бадуев СаьIидан кхоллараллин чулацам. Литературин ерриг жанрашкахь язйина цо. Роман, повесташ, поэмаш, дийцарш, очеркаш, пьесаш, стихотворенеш, публицистикин статьяш ю нохчийн литературин бухбиллархочун кхоллараллехь. Бадуев СаьIидан произведенеш, муьлххачу а кхечу яздархочун произведенеш а санна, шайн мехаллица цхьабоса яц. Тайп-тайпана ю церан чулацаман а, исбаьхьаллин а башхаллаш. Дикаллица къаьста Бадуевн проза, вон яц драматурги а. Поэтически произведенешна юкъахь а ю шайна тIе тидам бахийта хьакъ ерш. Масала, шех схьадолучу маьIница тахана а мехала ю “Лам” цIе йолу стихотворени. Iаламан исбаьхьаллех лаьцна ю и стихотворени, амма Iаламан исбаьхьалла гайтина ца Iа поэт, Iалам лардан дезаш хилар, Iалашдан дезаш хилар чIагIдо стихотворени тIехь. Дукха ниIматаш долуш, хазнех дуьзна, исбаьхьа ду Iалам, амма цуьнан исбаьхьалла экама ю, иза кхоьру, къаьхка, шаьш говза ду, шаьш Iалам тодийр ду, алссам пайдехьа хуьлчу кепара хуьйцура ду аьлла, адамаш тохаделча, ламано
Говзаллех ша кхоьруш,
Гонахара гIо доьху.
Iаламехь дерриг а дика ду, ша хила ма-деззара ду, хийцина тода дезаш хIумма а дац. Iаламе ца лало шена тIекхийдар, хийцамаш бан гIертар. Iаламера ниIматаш иза талха ца деш, цунна зе ца деш схьаэца деза. Керлачу говзаллица Iалам хуьйцуш, цунах пайдаоьцур бу аьлла, «говзанча, карахь лом ловзош» араваьлча, цунна дуьхьал довлу дерриге Iаламаташ: шовданаш, хьаннаш, акхарой, сийна стигланаш, мархаш, догIа, Iаннаш, дохк, юькъа хотеш. Амма хIетте а, ойла а йина, собаре а хилла, юха яла дагахь яц “керла говзалла”. Майра ю иза Iаламца. Иза тешна ю шен хаарех, шен ницкъах. Шен таронаш хета цунна Iалам карадерзо, иза ломах а тасало.
… керлачу говзалло
Собар ца до,
Керла говзалла
Цу кхерамех ца кхоьру,
Вайн говза говзалла
Цунах тасаяла ю тIера!
«Керлачу говзаллица» Iалам карадерзадо бохуш, «вайн говза говзалла цунах тасаелча», гонахарчу Iаламна зе деш хилар, цунна бохам бахьаш хилар гучудолу стихотворени тIехь.
Оцу стихотворенина дуьххьара зорбатоьхначу хенахь, дIадахнчу бIешеран 30-чу шерашкахь, цуьнан маьIна мухха деш хиллехь а, башха исбаьхьаллица кхелина иза яцахь а, тахана къеггина гуш ду Бадуев СаьIидан “Лам” стихотворени Iаламна зе цадаран, иза лардаран, Iалашдан дезаран ойла йойтуш хилар.
    30-гIа шераш дуьйлалучу муьрехь Бадуев СаьIида юххера уьйр латтийна кхоллалуш йолчу Нохчийн драматически театраца. Коьрта долчу декъана къоман театран репертуар Бадуев СаьIидан произведенех  лаьтташ хилла. Оцу хенахь театрехь болх беш хиллачу Саидов Билалас шен дагалецамашкахь яздо: "Тхо хIетахь 1931-34 -чуй, цул тIаьххьарчуй шерашкахь хIор бIаьста а, гурахь а Нохчийчуьра массо а бохург санна ярташкахула чекхдовлура спектаклаш, концерташ хIиттош. ХIор тхаьш ара моссаза довлу, оха Бадуевс язйина керла пьеса - спектакль хьора. Уьш яра "Дайн Iедал", "Марха досту де", "Большевикийн хьалхара бIаьсте", "Политотдел", "Ламанаш хийцало", "Дашо Iам", "ЦаIебийна зуда ялор", "ЦIен гIап", иштта дIа кхин а. Районашка тхо доьлхучу хенахь СаьIид, гуттар бохург санна, тхоьца цхьаьна хуьлура... СаьIида бIо ца къажабора тхан гIоьнча хилла, тхуна юххе вала. Тхо дIадоьлхуш новкъахь а, дахана цига дIакхаьчча а, меттигерчу хьелашка хьожжий, цо шен пьеса кIезиг-дукха хуьйций тойора, оха цу сохьта и хийцамаш сцени тIехь дIахIиттабора".
        Къоначу театран балха тIехь жигара дакъалаьцна ца Iаш, ша гоьваьлла драматург хиларе терра, театрана башха репертуар латтийна ца Iаш, къоман театран исбаьхьаллин куьйгалхо вара СаьIид бохуш, дуьйцу 30-чу шерашкахь Нохч-ГIалгIайн драматически театрехь болх биначара. Нохчийчохь а, республикал арахьа а дика бевзаш болчу артисташа шаьш дуьххьара театре даьхкинчу муьрехь актерийн болх шайна безабаларехь а, цул тIаьхьа шайн корматалла кхиарехь а Бадуевс шайна динчу гIоьнан лаккхара мах хадабо.
        Цу тайпана, Бадуев СаьIидан цIе Нохч-ГIалгIайн драматически театрах дIакъасталур йоцуш йозаелла ю. Алссам драматически произведенеш язйина Бадуевс, иттех шарахь цо кхоьллина лаккхара идейни а, исбаьхьаллин а мехалалла  йолу ткъех гергга пьеса. Яздархочун кхийолу произведенеш а санна, шуьйра тематика йолуш ю цуьнан драматурги а. Юьртабахам керлачу тIегIане баккхарехьа ахархоша латтийна къийсам гойту драматурго шен "Ламанаш хийцало", "Большевикаллица ялта дерехьа", "Политотдел", "Самаяьлла ячейка", "ЖаIуьнан доьзал" цIерш йолчу пьесаш тIехь. Шен заманан проблемаш хIиттош яра "Марха досту де", "ЦаIебийна зудаялор", "ПетIамат" боху пьесаш. «Таймин Бийболт» цIе йолу пьеса нохчийн исторехь а, иллешкахь вуьйцучу халкъан турпалхочух лаьцна язйина.
        Нохчийн, гIалгIайн драматургехь белхалойн классан тема дуьххьара хIоттийнарг Бадуев СаьIид хилла. "Дашо Iам" цIе йолчу пьеси тIехь драматурго гайтина тайп-тайпана къаьмнех болчу нефтяникаша, йохьалле а буьйлуш, къинхьегаман толамаш бахарца Даймехкан хьал алсамдаккхар. Граждански тIеман хьокъехь ю автора историн бакъдолчунна тIехь язйина "ЦIен гIап" цIе йолу турпалаллин драма. Ерриг советски драматургехь тоьлашха лоруш хиллачу К. Треневн "Любовь Яровая", Вс. Ивановн "Бронепоезд 14-69", Б. Лавреневн "Разгром" цIерш йолчу произведенийн могIарехь Бадуевн "ЦIен гIап" пьеса  лаьтташ хилар билгалдоккху цуьнан драматурги теллинчу литературоведа Айдаев ЮшаIа.
        Пьеси тIера хиламаш билгалйолчу меттехь – Iалхан-Юьртахь – кхочушхуьлуш бу. Коьрта долчу декъана пьесин чулацаман бухехь берг Iалхан-Юьртахь Деникинан эскаршна дуьхьал бина цIеяххана болу тIом бу. Исторически бакъдолчуьнца цхьаьнадогIуш дара Бадуевс шен пьеси тIехь белхалоша а, ахархоша а граждански тIамехь паргIатонехьа къийсам латтор  гойтуш долу суьрташ. Iаламат боккха кхиам хилира "ЦIен гIап" цIе йолчу драмин. Яздархойн Ерригсоюзни хьалхарчу съездехь вайнехан литературин хьокъехь ша динчу къамелехь Айсханов Шамсуддис билгалдаьккхира: "Нохч-ГIалгIайн керлачу актераша хIиттош С. Бадуевн "ЦIен гIап" цIе йолу пьеса а ю. И пьеса хIинцале Нохч-ГIалгайн областан шерачу аренгарчу а, ламанца йолчу а ерриге  ярташкахь хIиттийна а, колхозхоша чIогIа магийна а ю".
        1933 шеран 25 июнехь арадаьллачу "Грозненский рабочий" газето яздора "ЦIен гIап" бохучу пьесех лаьцна: "Пьеса кхаа-деа    сохьтехь лаьтта, цуьнан ейтта эпизод а, пхиъ дакъа а ду. Амма хьовсархойн зал оцу ерриге а хенахь тIехъюьззина хуьлу, адамаша дIалоцу массо маьIиг а, кораш а, неIсагIеш а, чуьра араболу некъ а. Хьовсархой Бадуев СаьIидан "ЦIен гIап" цIе йолчу граждански тIеман хьокъехь нохчийн къинхьегаман ахархоша а, грозненски пролетариато а Шатиловн, Бичераховн, Чуликовн, Алиевн, кхечеран а кIайгвардейцийн бандашна дуьхьал герзашца латтийначу къийсаман хьокъехь йолчу пьесе хьовсуш бу.
        Йоккхачу-АтагIахь областной слете гулбелла цIен партизанаш боккхачу тидамца хьаьвсира пьесе. Царах дукхаха йолчу эпизодашкахь шаьш дакъалаьцна цара. ГIойтIарчу партизански отрядан командир Хьату Давлиев, Йоккхачу-АтагIара Ноома Тукаев, Гикалос шена тIедехкина дуккха а къайлах гIуллакхаш кхочушдина волу Iалхан-Юьртарчу партизански отрядан командир ЧIаба Кагерманов, дуккха а кхиберш а. ХIинца уьш леррина хьоьжу юьртсоветан уьйтIарчу доккхачу рагIу кIелахь аннаш вовшах а тесна йинчу сцени тIе".
        Къоман театран сцени тIехь, даим а шен кхиам а болуш, дуккха а шерашкахь лаьттира Бадуевн "ЦIен гIап". 1936 шарахь Нохч-ГIалгIайн драматически театр Белоруссехь гастролашкахь йолуш а, Москва къаьмнийн театрийн фестивале кхайкхича а, цуьнан репертуарехь Бадуевн кхоъ пьеса хилла: "ЦIен гIап", "ПетIамат", "ЦаIебийна зудаялор".
Иштта баккхий кхиамаш хилира драматурган дукхахйолчу произведенийн. Бадуевн "ПетIамат" цIе йолу пьеса а, "Бешто" цIе йолчу повесть тIехь хIоттийна пьеса а вайн заманахь а ю Нохчийн пачхьалкхан драматически театран репертуарехь.
        Бадуевн цхьайолчу драматически произведенийн тексташ яйна, кароза ю. Иштта "ЦIен гIап" пьесин текст а, хьалхара ши сурт бен карийна дац.
        Бадуев СаьIидан пьесаш нах шайга хьовсуш а, нахана езаш а яра. Драматурган произведенийн турпалхой, цуьнан пьесаш тIера хиламаш халкъан дахарера схьаэцна а, халкъана хьалха лаьтташ йолу Iалашонаш кхочушьяре хьажийна а бара. Цундела адамашна оьшуш яра и пьесаш, резахуьлуш цара тIе а оьцура уьш.  
        Лакхахь билгал ма-даккхара, Бадуевс исбаьхьаллин литературехь баккхий кхиамаш бахаран бахьана дара коьрта долчу декьана иза халкъан барта кхоллараллина тIетевжаш хилар, халкъан барта произведенех цо кхоллараллица пайдаэцар. Амма яздархочун исбаьхьаллин корматалла кхиарехь, цуьнан кхоллараллин хатI шардаларехь доккха маьIна дара Бадуев даим  оьрсийн а, кхечу къаьмнийн а литературех Iемаш хиларан, цо хаддаза оьрсийн бак¬кхийчу яздархошца доттагIаллин, кхоллараллин уьйраш латтош хиларан.
        Бадуев СаьIидан цхьаьнакхетарш хилла А. М. Горькийца а, А. А. Фадеевца а.
Бадуевна Iаламат пайдехьа бара дуьненна а вевзаш волчу сийлахь-воккхачу яздархочун А. М. Горькийн хьехамаш. "Тхан хьехархо – Максим Горький" цIе йолчу шен исбаьхьаллин очерка тIехь Бадуевс яздо пролетарски яздархочун кхолларалла, кхечу къаьмнашна санна, вайнахана а доккхачу маьIне хиларан хьокъехь а, шена цунах даьллачу беркатах лаьцна а. "Тхан хьерхархо, тхан накъост Горький!" – боху Бадуевс. Горькийн "Песня о Соколе" нохчийн матте а яьккхина, шен очерка тIехь ялийнера яздархочо.
"Нохчийчоьнан драматургически литературехь тоьлашха йолу произведени – Бадуевн "ЦIен гIап" цIе йолу пьеса – Горькийн исбаьхьаллин тIеIаткъамца" язйина хилар билгалдаьккхира 1936 шарахь Нохч-ГIалгIайн АССР-н яздархойн Союзан правленис.
        Бадуевн доттагIалла дара А.С. Серафимовичца а. ЦIе яххана волчу яздархочо гIо дора шен къоначу накъостана къоман дахар исбаьхьаллин кепехь талла, произведенешкахь кIорггера исбаьхьаллин суьрташ кхолла. 1929 шарахь ша Нохчийчу веана волуш А. Серафимовича яздархойн (къаьсттина нохчийн яздархойн) тидам тIебахийтира шайн къоман дахар кIорггера талла дезаш хиларна. "Уьш Нохчийчоьнах къаьстина лелахь, церан гIуллакх ледара хир ду",  –  элира цо.
ГIарабевлла болчу оьрсийн поэташца Э. Г. Багрицкийца, В, А. Луговскойца, иштта дIа кхечаьрца а доттагIаллин уьйраш хилла Бадуевн. Баккхийчу яздархоша – исбаьхьаллин дешан говзанчаша гIо дина Бадуевна шен халкъан дахар керлачу исбаьхьаллин кепехь гайта, реализман некъаш тIехь чIагIвала.
Бадуев СаьIида шен агIора чIогIа хама бина оьрсийн яздархойн, цунна дика хаьара йоккха идейно- эстетически мехалла йолу оьрсийн литература нохчийн къоман исбаьхьаллин литература кхиорехь доккха маьIна долуш хилар. 1932 шарахь Москвахь СССР-н яздархойн Союзан Оргкомитетан хьалхарчу пленумехь ша динчу къамелехь Бадуевс къеггина билгал а даьккхина иза.
        Бадуев СаьIидан кхолларалла шен заманан Iалашонаш кхочушъеш, шен хенахьлерчу халкъан дахаран лехамашка хьажийна яра. Адамийн дог-ойла, церан амалш, лехамаш дика, кIорггера гойтуш яра. Цундела хIинцалерчу дахарца цхьаьна йогIуш а ю цуьнан тоьлашха йолу произведенеш.
        Яздархочун исбаьхьаллин корматалла зазадоккхуш, кхуьуш йолчу хенахь хедира цуьнан кхоллараллин некъ. Нохч-ГIалгIайн драматически театро 1938 шеран юьххьехь дIаболийнера «ПетIамат» драми тIехь спектакль хIотторан болх. Спектаклан режиссер волчу Батукаев ХIаронца цхьаьна театрехь репетицешкахь хаддаза хуьлуш вара Бадуев СаьIид. Премьера хIотто де тIекхочуш сихбинна боьдуш бара театро пьеси тIехь беш болу болх. Оцу хьо¬къехь хIин-хIинц тIаьхьа а Батукаев ХIарона дуьйцура: «Буса сахиллалц «ПетIамат» спектаклан прогон еш вара со, кхана хила езачу премьерина кечлуш. Сатосуш театрера аравелира, цIа а гIой тIера духар му аьлла. Гена валале энкавэдешникашна тIеIоттавелира. Уьш, этIаеш, схьайохуш бара «ПетIамат» спектаклан кестта премьера хиларан хаам беш йолу афишаш. Со царна оьгIазвахна чутасавелира: «Аш хIун до, йовсарш?! Уьш тхан театран афишаш  ю, тхан кхана премьера ма ю»,  –  аьлла. Буьрса схьахьаьжначу энкавэдешнико жоп делира: «Хир яц шун премьера кхана. Кхин Бадуев а хир вац цкъа а. Вели иза шен националистски-буржуазни зурманаш лекхна». Сан дог шелделира. Ткъа Iуьйранна ерриг Соьлжа-ГIала зIуган бенах таръелла зийзаш яра, Бадуев СаьIид лаьцна дIавигна бохуш».
             Иштта, бе а бехк боцуш чу а воьллина, тIепаза вайина къоман литературин классик. Бадуев СаьIид 1943 шарахь кхелхина лоруш дара. ХIинца, къайлах лаьттина архиваш схьайиллича, билгалдаьлла и терахь нийса цахилар. Къайлах хиллачу документаша гойту Бадуев СаьIид 1938 шеран 14 февралехь чувоьллинчохь кхелхина хилар.
Яздархочун кхолларалла, цуьнан дерриге дахар халкъана дIаделла дара. «Бадуев СаьIид кабинетан яздархо вацара, иза наггахь а карор вацара стоьла тIехь яздеш Iаш, цуьнан белхан кабинет ерриге а Нохчийчоь яра»,  –  яздина Мамакаев Мохьмада.
        «Иза доккха похIма долуш, башхачу корматаллин стаг вара. Шен халкъан ирсехьа, и ирс сирла а, дуьззина а хилийтарехьа дIахьочу къийсамехь кIадо йоцуш а, майра а вара", – боху шен дагалецамашкахь Саидов Билалас.
        «Шен произведенеш бахьана долуш нохчийн халкъан шега боккха безам бахийтира Бадуев СаьIида: зорбанера арайовллушехь, нахана юкъаяьржара цуьнан книгаш, генарчу районашкара а, лаьмнашкара а нохчий, цуьнан пьесаш профессиональни театро хIиттош хьовсархьама, леррина Соьлжа-ГIала оьхура. Нохчийн дешархочун исбаьхьаллин литературе безам бахийтарехь чот йоцуш доккха гIуллакх дира С. Бадуевн произведенеша. Иза лара веза нохчийн исбаьхьаллин литература а, драматурги а дуьххьара кхоьллинарг а, цуьнан дуьххьарлера бухбиллархо а», –  баьхна Мамакаев Iаьрбис.      
        Хан яларх шен мехалла лах ца лун Бадуев СаьIидан кхолларалла  вайнехан исбаьхьаллин литература кхоллаяларехь, кхиарехь доккхачу маьIна хилла ю. Яздархочун тоьлашха йолу произведенеш школехь, вузашкахь Iамош ю, цуьнан пьесаш нохчийн къоман театр кхоллаелчхьана хIинццалц схьа театран репертуарехь ю.


Бадуев СаьIидан зорбанехь араевлла книгаш

   

    Мацалла. Повесть. Соьлжа-ГIала. Нохчоблзорб «Серло», 1928.
    Iимран. Повесть. Соьлжа-ГIала. Нохчоблзорб «Серло», 1929.
    ЦIеран арц. Повесть. Соьлжа-ГIала. Нохчоблзорб «Серло», 1929.
    Дайн Iедал (И.Эльдархановца цхьаьна язйина). Пьеса. Соьлжа-ГIала. Нохчоблзорб «Серло», 1929.
    Пхи туьма. Дийцар. Соьлжа-ГIала. Нохчоблзорб «Серло», 1930.
    Iадаташ, I дакъа. Дийцарш. Соьлжа-ГIала. Нохчоблзорб «Серло», 1930.
    Iадаташ, 2-3 дакъош. Повесть, дийцарш. Соьлжа-ГIала. Нохчоблзорб «Серло», 1930.
    Марха досту де. Пьеса. Соьлжа-ГIала. Нохчоблзорб «Серло», 1930.
    Хабарш, иллеш, поэмаш. Соьлжа-ГIала. Нохчоблзорб, «Серло», 1930.
    ПетIимат. Роман. I-ра дакъа. Соьлжа-ГIала. Нохчоблзорб, «Серло», 1930.
    Гуттар ца хуьлу моллина мовлад. Сьлжа-ГIала. Нохчоблзорб «Серло», 1930.
    ГIурба. Дийцар. Владикавказ. Изд-во «Сердало», 1931. (ГIалгIайн маттахь).  
    Дохковалар. Дийцар. Гочд. И. Дахкильгова. Орджоникидзе. Изд-во «Сердало», 1931. (ГIалгIайн маттахь).
    Самаяьлла ячейка. Соьлжа-ГIала. Нохчоблзорб «Серло», 1931.
    Мила ву бехке?. Дийцар. Соьлжа-ГIала. Нохчоблзорб «Серло», 1931.
    Большевикаллийн ялта дерехьа. Пьеса. Соьлжа-ГIала. Нохчоблзорб «Серло», 1932.
    Некъан кехат (Исбаьхьаллин дийцарш). Соьлжа-ГIала. Нохчоблзорб «Серло», 1932.
    Колхозан иллеш. Стихаш. Соьлжа-ГIала. Нохчоблзорб «Серло», 1933.
    Ши малх. Поэма // Итт бIаьсте. Соьлжа-ГIала, 1933.
    Хаьжина произведенеш. Соьлжа-ГIала. Нохчоблзорб «Серло», 1933.
    Петимат (Поэмин дакъа) // Рост. 1934. № 1.
    Берашна совгIат. Соьлжа-ГIала. Нохчоблзорб «Серло», 1934.
    Керла нах. Очерк // Нохчийн яздархойн дош. Соьлжа-ГIала. 1934.
    Политотдел. Соьлжа-ГIала. Нохчоблзорб «Серло», 1934.
    ПетIимат. Поэмин дакъа // Кхиам. Соьлжа-ГIала. 1934. №1.
    Вайн беш. Стихан, поэмаш, эшарш. Соьлжа-ГIала, 1935.
    Хаьржинарш. Романан дакъий, повесташший, дийцаршший, пьесий. Грозный, 1960.
    Хаьржинарш.  Дийцарш, стихаш, повесташ. Грозный, 1964.
    Гулйина сочиненеш. Шина томехь. Хьалхара том. Проза, драматурги. Грозный, 1976.
    Гулйина сочиненеш. Шина томехь. ШолгIа том. Проза. Поэзи. Грозный, 1977.
    Хаьржинарш (Дийцарш, стихаш, повесташ). Грозный, 2004.

    Царскому времени. Стихи. Пер. В. Жак. // На подъеме. 1930. № 1.
    Нет, не могу молчать! Стихи. Пер. М. Голодный // – На подъеме. 1931. № 2-3.
    Нефть. Стихи  // Дм. Осин. Под мирным солнцем. Грозный. Чечнациздат, 1934.
    «Два солнца», «Сестра», «Довольно», «Нефть», «Скорбь о великой утрате». Стихи //Поэты Чечено-        Ингушетии. М., ГИХЛ, 1935.
    «Отец и сын», «Парашютистка». Стихи //  Поэты советской Чечено-Ингушетии. Пятигорск, 1937.
    «Царскому времени», «Нет, не могу молчать», «Отец и сын», «Гора». Стихи // Поэзия Чечено-Ингушетии. М.,   ГИХЛ, 1959.
    Огненная гора. Повесть. Грозный, 1968.
    

www.ChechnyaTODAY.com


При копировании материалов ссылка на сайт обязательна

test 2Новости СМИ2