Даймохк! Иза дешнийн гуламна юкъахь уггаре а деза а, сийлахь а дош ду, «Даймохк» аьлча Казахстанехь, Киргизехь бІаьргаш тІунлора. Мел гена белахь а,  Даймохк вайн хилар бахьана долуш дисира къам хІаллак ца хуьлуш, хІу ца довш. Леш верг, вала вижинарг, Даймохк цхьамма хьахийча, хьалагІоттура: сан вала йиш-м яц, Даймохк а ца гуш, – олий. Мацалла кІелвисинарг а, гІоттий, волалора. Оцу дашо гІора а, ницкъ а лой, гІаттавора иза…

Лело,  дІакхехьа  еза  а,  хала  а  цІе ю  иза. Атта дац и цІе ларъян. Москва гІалахь кегийчу къаьмнийн меттанаш школашкара дІадаха деза,  уьш  хьеха  оьшуш  дац, шен  доьзалехь а, накъосташца  а  бийццал  бен,  кхин мах  а, маьІна  а доцуш ду кегийчу къаьмнийн меттанаш,  аьлла биначу боккхачу  гуламехь  сан ала ницкъ кхечира, доьналла а тоьира. «Кхо хІума  ду дуьнен чохь  даима  а цхьаьна  а хила  дезаш,  вовшех  даьхча  кхоь а леш: даймохккий, ненан моттий, халкъий. Тхо-м – нохчий, гІалгІай – Казахстанехьчул чомехь даа, цигахьчул  дезаниг,  хазаниг  тІедуха ца даьхкиний тхешан махка, цІа, карахь-куьйгахь а, тІехь а доцуш. Тхо цІа оьху, Даймохккий, ненан моттий, тхешан къаммий цхьаьний бен мегаш дацарна»...

«Ленинан  некъ»  цІе ма-ярра  а  йитина, хІинццалц  санна шайна луъург яздеш  а, хетарг дуьйцуш а, дуьйцучун-яздечун цхьана а тайпана дика тІаьхье цахиларх шек дІа боцуш а  корреспонденташ-журналисташ  дІаІийча атта-м  дара. Ткъа  «Даймохк»  аьлла и  еза  а, сийлахь а цІе тІе а эцна, дІаболийна газетан болх, массарна а гуш дикачу кепара хийцабелла, тобелла хила беза. ХІорамма яздеш дерг –  халкъан  дуьхьа,  халкъ  «набарх»  самадаккха, доьхна даьржина халкъ тІегулдан, барт, эхь,  яхь,  оьздангалла меттахдаккха,  дендан, лакхадаккха  хьажийна  а, и  Іалашо йолуш  а хила деза. ХІорамма а шен меттиг ларъян еза, шега и меттиг  халкъо  а,  дахаран  хьашташа а  еллийла  хууш,  хІора мел  язден дош,  вайн доьхна-даьржина халкъ схьагулден  гІуллакх цхьана  апаре дан  а, цунах халкъ дан  а ойла йолуш, оцу Іалашонна тІедерзийна яздан деза.

Газетан балхал суна маьІне хеташ болх бан а бац. Куьг цІена, дог доккха, ойла сирла хила декхар ду  газетан хІора белхахочун. Майра а, турпал а бІаьхо санна, нийсонна гІаролехь лаьтташ хила декхар бу газетан белхахой. Іедалан белхахошна юккъехь уггаре цІена а, хьанал а хила декхар бу уьш. – Бакъдерг бен ца олуш, бакъдерг бен ца яздеш. Цу тІехь вовшашца яхь а хила еза, цу тІехь хІора а массарал тола гІерташ хила а веза. ТІаккха «Даймохк» цІе халкъо тІеоьцур ю, къобалйийр ю, декъалйийр ю. Массо а «Даймахках» дагавуьйлуш хир ву. «Даймохк» газет – халкъан са, халкъан ойла, халкъан кхетам. Аьтто хир бу «Даймохк» газета тІехь шайн бакъ, цІена, комаьрша дош ала хууш берш гІовттур бу.

Эзар жовхІарна юккъера цхьа жовхІар харжа  таро  хуьлу. Эзар  динна юккъера цхьа дин харжа а таро хуьлу. ткъа даймохк харжа а, хийца а таро йолуш бац. Иза хІора стеган а, къоман а цхьалхха цхьаъ бен хуьлуш бац. И цхьаъ бен боцу Даймохк йоІбІаьрг санна ларбан,  Іалашбан беза, хІорамма шен са, хаарш, похІма, хьуьнар, доьналла,  говзалла, кхоа а ца деш, дІадала деза.

Дуьнен чохь къонахий мел дукха белахь а, къам доцург къонах вац, шен бийца къонахий  боцург   къам  дац. Дуккха  а  адамех къам ца  хуьлу. Адамех  къам  дан  хьекъал  а, кхетам а, оьздангалла а, собар а долуш, дуьненан гІиллакхаш а, заманаш а евзаш, шениг санна, кхидолу къаьмнаш а дезаш, шен къоман къонахий санна, кхечу къаьмнех болу къонахий  а  лоруш  –  къонахий  оьшу. И  къонахий кхио, кхето, уьш, деших дутту мухІарш санна, ботта аьтто а, хьекъал а тоьийла хьуна, газет  «Даймохк»!

Нохчи  нанас шен  дуьххьара  дуьнен  чу ваьллачу кІантана ша йойтуш хилла зарговзе шаьлта. Шен кІант мара а вуллий, йоьдуш хилла иза зарговзан пхьалгІа. Цунна бІозза хьалха гинехь а, кІант дІагойтуш хилла: «ХІокху сан кІантана шаьлта е. Мах кхоор бац ас», – олий. Зарговзаца барт а бой, хан а юьллий, шаьлтана эчиг кечдайта юха а йоьдий, левси кховсуш, зарговзан гІоьнца варзап тухуш, нуьйжа екош, гІо деш хилла нанас, шен кІантана варзапан а, жІаьвнан а, нуьйжанан а гІар-гІовгІа а хозуьйтуш, цунна гойтуш. ТІаьххьара кхин цкъа кхерчахь цІий а йойтий, шен аьрру агІорхьара накха  (тІар) гучу а боккхий, иза шен куьйга Іовдий шурин кІеж тухуш хилла цо цІиеллачу шаьлтанна тІе. Шура, йогий, кІур эккхаш хилла, тІаккха ша, шен аьтто куьйга схьа а оьций, шийлачу мохехь, шок йоьттуьйтуш ластайой, шелъеш,  яхчош  хилла. Шаьлтанан  эчигана тІехь ненан шурин томмагІанаш дуьсуш хилла.  ойла ейша, «Даймохк» газетан дешархой! Ойла ейша, нохчий! Муха хила веза шен ненан шурица яхчийна шаьлта карахь йолу кІант?! Муха  хила  еза шен  кІант иштта Даймехкан дуьхьа ваха а, вала а кечвеш хилла нана? Сий дейша вайн Ненан! Иза ю-кх нохчийн халкъан зІенан чІуг ца ходуьйтуш латтош ерг!

Даймахкана  хьалха  гуора  лаьттина  со дукхазза. эхь а ца хеташ! сайн нанна хьалхагуора лаьттина со дукхазза. Эхь а ца хеташ! Цо  сайна пурба  делча  бен гена  новкъа  ца ваьлла,  дан  дагалаьцна  доккха гІуллакх дола а  ца  дина... Даймохк  дага беача  вилхина со, эхь а ца хеташ! Даймахках къаьстича, къастийча  вилхина  со къайлах,  эхь  а ца  хеташ! Даймахка со юха цІа кхаьчча,  вилхина  со,  эхь  а ца  хеташ! Амма  ца  вилхина мацвелча а, гІелвелча а, мел йоккха харцо сайна тІетаІийча а, мел боккха  сайна  иэшам  хилча  а, зен хилча а.

«Даймохк»!  Галъяьлларг меттаялош,  йоьжнарг гІаттош, оьзданиг кхин а оьздангаллехь  лаккхайоккхуш, комаьрша хилалахь  вайнехан йоІаца!

МостагІчун уггаре вуон амал шел  эшначу  халкъан зуда, йоІ, Нана талхо гІортар ду хьуна. Зударий телхинчул тІаьхьа халкъ шен ерриге а чІагІонах хеда, херца, кегдала долало хьуна! Ларъелахь, Іалашъелахь вайнехан йоІ, зуда, Нана! Уьш ца талхахь, уьш ца харцахь, вайнехан къам дуьне мел лаьтта телхар дац хьуна, хаьрцар дац хьуна, лийр дац хьуна!  ВоІ боху дош  вайнехан ширачу меттанашкахь ВОХЬ бохучу дашах схьадаьлла ду хьуна. Воьхьаш верг! Майраниг! КІант! Къонах! Иза ву шен ден а, ненан а, йишин а гІарол хилла латта декхар дерг! Иза ву Мехкан, Даймехкан, вайнехан кхерчан гІарол хилла декхар дерг. Кхетавелахь воІ. Воьжнарг –  гІаттавелахь,  галваьлларг – нисвелахь,  телхинарг –  товелахь,  тхан  газет «Даймохк»!.

... Дешал хІара сан Іийжам – илли!
БІаьрхин хьаьркех доьттина. 
Уьш ду сан бІаьрхин – цІийх хилла, 
Лата, къовса гІевттина!..  
Дайх бисна кхерч бохбан гІерташ,
Сан дог дилхи бІаьрхийн-цІийх...
Куьйгаш  доххал  хьисти терхаш
Сайн хьацарций,  бІаьрхиций! 

«Даймохк»! Эзарнаш вайн  дайх  бисина  кхерчаш бу хьуна дІабайна лаьтташ!  БІеннаш ярт аш  ю  хьуна ломахь  елла  а, яйна а Іохкуш! ХьакхлагІаш  а  хилла! Шелбелла лаьтта вайн дайх бисина кхерчаш хьалалато гІорталахь! Уьш  хьалалатош  къахьегалахь, хьайн дог бІаьрхин-цІийх делххалц! Вайнехан елла а, яйъина а Іохку ярташ денъян гІорталахь «хьайн хьацарций, бІаьрхиций!» Уьш бІеннаш ю хьуна, хьакхлагІаш а хилла Іохкуш!

«Даймохк»! ЙоІбІаьрг  санна,  ларбелахь вайн ненан мотт. Деша дезачохь «Бисмилла» вайн ненан маттахь дешалахь, хьо дуьнен чохь мел  деха,  лечу  сохьтехь  «Ясин»  а  нохчийн маттахь деша Іамавелахь массо а! Амма:

«ЦІийца цхьаьнийбІаьрхиш ийна,
Весет ду сан, кхана лахь: 
ЦІий хуьйдинчу вайн Даймахкахь 
ЦІий ма  Іанадайталахь!».
Декъала хуьлда хьо, тхан Даймохк! 

 

СУЛЕЙМАНОВ Ахьмад

www.ChechnyaTODAY.com


При копировании материалов ссылка на сайт обязательна

test 2Новости СМИ2