Шина Мамакаевх цхьанна лерина адам а гулдина, вуьйцуш верг Мохьмад а волуш, суьйре яра театран хьаьрмахь. Дуьйцурш комаьрша бара, ладугIурш – сема а, къаьсттина, шаьш стенга кхайкхина хуу ладогIархой. Кхайкхинчига ваха йиш йоцчу куьйгалхочо шен меттана кхин хьажош ма-хиллара, баьхкинарш а бара кхузахь. Царех цхьаннан къамел тоделла аьлла хеттачохь галделира. Мохьмадах дика тоьшалла дина ца Iаш, кхин а тIетуьйхира цо, Теркйисте нисвелча, Мамакаевн музейхь а хуьлу шайн хьаькам, аьлла…

Нохчийн дакъазалла-яI! Ца хуург ма дийца, аьлча, галдолу вайн. Бийца ца хуу нохчийн мотт – кийчча дов ду, лаа аьлла дац. Шена хуъург бен, цхьаммо а дийца а ца дийцахьара, хуучуьнга бен, мукъ а ца кхийдабахьара, моттаргIанех, девнех цIандала там бара дахар…

Театрехь къамел динчунна тIаьхьуо-м хиина я хаийтина хир ду шегара даьлла гIалат. Ца хуучунна карладаккхарх а новкъа дац: шина Мамакаевх Теркйистерниг Iаьрби ву (цигара, Лаха-Неврера, музей а цуьнан ю), ткъа Мамакаев Мохьмад ТIехьа-МартантIера ву.

Цул тIаьхьа пхи-ялх бутт баьлча, юха а оццу театрехь, кхин гулам бара. «Эпиграф» ала догIучохь «эпилог», бохуш, къамел дора цхьана яздархочо. Цкъа аьлла, дитинехь-м, ларамза даьллачух тида а мегар дара гIалат. Амма и дош цо юх-юха бахарехь гуш дара, школехь Iамийнчу цхьайолчу литературин терминийн маьIнаш цунна дицделла хилар. Оцу гуламехь соьца цхьана могIарехь Iаш Арсанукаев Iабдулла а вара – Дешар кхиоран институтан директор. Нохчийн литература дика ца евзачаьрга, МамакаевгIар санна, вовшех ца къасталуш ву ши Арсанукаев а: поэт Шайхий, литературовед Iабдуллий. Дикка хьалха дуьйна хууш вара со, Iабдулла цхьа мехала словарь хIоттош вуйла – яздархошна а, журналисташна а, литература Iамошший, хьоьхушший болчарна а, доцца аьлча, литературица бала мел болчунна гIоьнна лерина литературин Iилманийн лугIат. ХIетахь, тхо театрехь Iачу хенахь, и лугIат араялаза яра. Бакъду, «Орга» журнало 2006-чу шарахь цуьнан яцйина кеп-м йовзийтинера.

Яздархочуьнгара даьллачу гIалато – иза шех доьжча санна – Iабдуллин а сагатдеш хилла хир дуйла хаьа суна, оцу сарахь оха вовшашка цунах лаьцна хьахийна хIумма а доццушехь. Сагатдар – иза бала кхачар ду.

Ткъа Арсанукаев Iабдулла литературица бала болуш хилар иза сайна вовзале дуккха а хьалха гина суна, кхетар – суо хьалакхиинчул тIаьхьа бен ца хиллехь а. Хетарехь, иттех шо хилла хир ду сан, дуьххьара Iабдуллеран хIусаме нисвелча.  Цуо хIусамнана ялийна денош хилла хила а мега уьш. ХIетахь церан чохь хиллачух цхьа а хIума дага ца догIу суна, амма, Iабдуллин ю, бохуш, пенаца гина книгаш дагахь йисна. Нохчийн хIусамехь оццул дукха дуьххьара гуш яра суна уьш. Книгашца а, муьлххачу а йоза-дешарца а бала берг хьекъал долуш ву бохучу ойланца кхиош ма варийца со а. Цу хьокъехь тхайн девашас СаьIида массо а берашна деш хилла хьехар дагадогIу: «Новкъахь Iуьллуш газетан цуьрг гахь, схьа а эций, цу тIера йоза деша. ХIуъа Iаьмма а, цхьаъ Iемар ду шуна».

Доьзалехь жимахверг а волуш, деца-ненаца ас яьккхинарг уьш баккхий хилла хан ю. Уьш санна бакхий нах бара царна тIеоьхурш а. ТIаьхь-тIаьхьа дикоха го, мел оьзда нах хилла уьш. Церан муьлхха а къамел кIорггера кхетам болуш, маьIне а, пайдехь а хуьлура. Iеламнах хьахабелча, Iабдуллин ден Мохьмад-Баширан, цуьнан ден Тасун цIерш йохуш хезара тхан чохь. Ша дуьйцучунна тоьшаллина «Тасус дешначу къорIанор» олуш Iедал дара тхан ден а. Дешначу стаге болчу лерамна кест-кеста молла Шиблу волчу воьдура иза (Мохьмад-Башир-Хьаьжин шолгIа цIе яра и, юьртахь цхьаболчара иштта йоккхуш).

Оццу шерашкахь вовза волавелира суна Iабдулла а. Вовза аьлча а, вийцарехь вовза. Дуьххьара вовзар – цуо яздинчу цхьана кехатца доьзна дара. Вайнах Казахстане «шабашка» олучу балха оьху хан яра – 1970-чу шерийн юьхь.  Доьзалера баккхийнарш цигахь а болуш, царна тIаьхьавигна вара со цхьана аьхка, школера каникулаш юьйлаелча. Iабдуллас цига шен ненахошка даийтина кехат дешна ас баккхийчарна. ЦIегIочу басахь дара моьтту суна йоза тIехь долу кехат а. ХIетахь дIасаязден кехаташ оьрсийн маттахь хиларх воьлла вара массо а. Ткъа Iабдуллигара деанарг нохчийн маттахь дара. Хетарехь, и хила тарлора кехат соьга дешийтаран бахьана а. Оцу кехато цхьаберш цецбаьхнера. Iабдулла ца вевзачарна цунна оьрсийн мотт ца хаьа моттаделлера, нохчийн маттахь а кехат язлуш хилар тамашийна а хеташ. Суна а нохчийн маттахь дуьххьара гина кехат дара и, цундела дисна дагахь а. Iабдуллига шен цIарах и кехат яздайтинчу цуьнан ненахочо хаьттина хиллера, бохуш дуьйцура, наха яздеччу маттахь хIунда ца яздора ахь, аьлла. Вайн маттахь а язлуш хилча, кхечу маттахь хIунда яздо иза, аьлла, шеха жоп делла бохура ткъе цхьайтта-шийтта шо долчу кIанта. ХIетахь оцу шерел а дукха яра нохчийн махкахь нохчийн меттан сий, Iабдуллас санна, пачхьалкхан тIегIанехь а хьалаайа йисна хан.

Цуьнан нийсархо Докаев Шалавди бахьана долуш кхечу кепара а вевзина суна Iабдулла. Лакхарчу классашкахь тхуна нохчийн литература хьоьхуш вара Шалавди. ДегI кхиаре терра, сица кхуьуш йолчу тхан амалшна дика Iаткъам беш хьоьхура цо. Цхьана урокехь – Iамош ерг Гайсултанов Iумаран «Малика» повесть яра моьтту суна, я Александр Казбегин «Элисо» – тхан ойланашна гергара хIуманаш дара дийцаре деш: кегийчу нехан, мехкарийн юкъаметтигашца доьзна Iадаташший, гIиллакх-оьздангаллий. Уггаре дикачу масалшкахь шен цхьа доттагIа вийцира тхуна Шалавдис, цуьнан оьздангаллах, догцIеналлах, хьуьнаречу собарх тхо цецдохуш. Тема дукха экама хиларна, доттагIчун цIе ца яьккхира тхан хьехархочо. Вийцинарг Iабдулла вуйла хаа тхан классехь со бен вацара, хIунда аьлча, цо далийнчу масалшна дуьхе кхиънера со, уьш, тхайн чохь баккхийчара дуьйцуш хезна, сайна девзаш хиларна. Амма и къайле хIинццалц цхьаьнгга а хьахийна яц ас, ур-атталла, Шалавдига а.

ТIаьхьуо, республикерчу зорбанехь сан стихаш арайовла юьйлаелча, вуьйцуш ма-хаззара, – шен оьздангаллица – суна-сайна а вовза волавелла Iабдулла. Юьрта цхьана тезета вогIу изий, цигара юхавирзина сой, вовшашка могаш-паргIат хатта сецча, ша «Орга» журнала тIера сан стихаш ешна хилар хаийтира Iабдуллас. ХIетахь суна иза чIогIа маьIне дара: нохчийн литература а евзаш, иза кхиар а толлуш, гIалахь балхахь волчу Iилманчас тидамбаро айса лелориг эрна ца хоьтуьйтура суна. Ткъа со мила вара хIетахь? – ХIинц-хIинца институтера цIавирзина, сайн юьртахь бен вевзаш воцу хьехархо, литературан боларна юкъаваха лууш, цхьа эгIаза гIулчаш яха волавелла жима стаг. Сан йозанаш гIийла хилар шена гушшехь, ша а юьхьарлаьцна дIакхоьхьучу къоман гIуллакхан хама беш волу жимха гучуваларх кхаъ хилла а, нохчийн литературана соьгара а цхьа юьхькIам хуьлийла лаарна а, со иркарахIотторхьама хьахийна хир яра Iабдуллас сан стихаш. Цул тIаьхьа мел деъна тхан вовшийн гар а, цо сан стихех ца хоттуш дирзина дац, суна дагадогIуш, цкъа а.

Вовшашца йолчу юкъаметтигашкахь санна, цуьнан йозанан белхашца а гуш ю догцIеналла. Озабезамаш тIаьхьа а теттина, цуо хьалхадоккхуш дерг къоман дешаран гIуллакхашкахь шена гIолехь гург ду. Цунна гург – иза Iилманца теллинарггий, балхаца зеделларггий ду. Оцунна рогIера тоьшалла до стохка араяьллачу «Нохчийн литературин Iилманан терминийн лугIато» а. Дуккха а шерашкахь ша кечбинчу оцу йозанан балха тIехь Iабдуллас, терминаш гочйина ца Iаш, церан маьIнаш а досту, цаьрца доьзна нохчийн литература кхиар а гойту. Ткъа масалшна ялийна произведенеш (я церан кийсакаш) гIарабевллачу яздархойн хилла ца Iаш, бицбалийта санна, кIезга хьехош болчеран кхоллараллера а, хIинц-хIинца когабахначеран йозанашкара а ю. Цара а гойту Iабдуллин догцIеналла, иза шен балхана чусадиллина хилар.
И дерриге а карладоккхуш, Iабдуллин лугIато сайна беъна кхаъ бекъа лаарца долийна дара хIара могIанаш.

АХМАТУКАЕВ Адам, поэт

www.ChechnyaTODAY.com


При копировании материалов ссылка на сайт обязательна

test 2Новости СМИ2