Арсанукаев Iабдулла

Нохчийн халкъан поэта Арсанукаев Шайхис яздо: «ДIадаханчу бIешеран 60-70 шерашкахь Нохч-ГIалгIайн книжни издательствехь Мусаев Мохьмадца цхьаьна болх беш вара со, цхьана кабинет чохь а вара тхойшиъ. Цо дас санна, терго йора сан, даим гIо дора. Мохьмад нохчийн къоман тоьлла яздархо, журналист хилла ца Iара, иза дог дика стаг вара, лаккхара похIма а долуш, шен халкъан, ненан меттан дезаршна кийчча вара».

Нохчийн прозаик, драматург Мусаев Мохьмад вина 1915 шеран 15 июнехь Соьлжа-ГIалина юххерчу нохчийн юьртахь Алдахь ахархочун Мусан доьзалехь. Жимчохь дуьйна а тIах-аьлла, хIума хаа лууш, керланиг довза гIерташ хилла Мохьмад. Шен дас хьуьжаре деша вахийтина иза. Дика доьшуш, хьуьжарехь хьоьхург тIевирззина Iамош хилла Мохьмад. Советан Iедал чIагIделлачул тIаьхьа Нохчийчуьра хьуьжарш дIакъевлина, массанхьара а санна. Мохьмада шайн юьртара школа чекхъяьккхина. Юьззина юккъера йоцу и школа чекхъяьккхинчул тIаьхьа Соьлжа-ГIаларчу нефтан училищехь дешна цо. 1931 шарахь Мохьмад балха вахна нефтах гIуллакхдечу заводе (Грозненский нефтеперерабатывающий завод имени В.И. Ленина). Юьхьанца кочегаран болх белла цуьнга, цул тIаьхьа заводерчу балхах кхуьуш, керла говзаллаш караерзош дIавахна Мохьмад, тIаьххьара а нефтан технологически установкин оператор хIоттийна.

Даим а исбаьхьаллин литературица уьйр хиллачу Мохьмада йозанан балхе, журналистике, кхоллараллин балхе салаьттина. 1938 шарахь Нохч-ГIалгIайн радиокомитете редакторан балха воьду иза. Кхузахь чIагIъелла цуьнан исбаьхьаллин даше йолу марзо, шен кхоллараллин таронаш зен а волавелла иза.

Мусаев Мохьмадан исбаьхьалли даше безам бахийтинарг халкъан барта кхолларалла хилла. Кхоьлинчу деношкахь а, Iаьнан ехачу буьйсанашкахь а шен нийсархошца  ца Iебаш ладегIна ша нохчийн туьйранашкий, дIаяханчу заманах долчу турпалаллин дийцаршкий олий, дуьйцура Мохьмада. Нохчийн халкъан исбаьхьаллин даше кхоллаеллачу марзоно валийна иза исбаьхьаллин литературе. Яздан волавелла иза 1930 шераш юккъе даханчул тIаьхьа.

Мусаев Мохьмадан дуьххьарлерчу произведенех ду 1939 шарахь цо яздина «Дашо гуьйре» цIе йолу дийцар. Оцу дийцаран чулацам тIехь хIоттийна исбаьхьаллин-музыкальни передача цу хенахь радиохула кест-кеста арайолуш хилла. Цу дийцарх дуьххьара радиопередача хезна Iуьйре уггар доккха хазахетар хилла, гуттаренна а йисна шен дагахь, олура Мусаев Мохьмада. Оцу хенахь язйина хилла кхийолу произведенеш тIекхочехь ца йисна, уьш радион архивашкахь хиллехь а тIепаза яйна нохчийн къам махках даьккхинчу хенахь.

Сийлахь-Боккха Даймехкан тIом болабелча, шен лаамехь фронте воьду Мусаев Мохьмад. Амма 1942 шарахь могашалла дика цахиларна армера цIа ван дезна. Ша хьалха хиллачу радиокомитетехь редакторан балха дIахIутту иза. Цигахь болх бина 1944 шеран февраль беттан 23 дийнахь дерриге нохчийн халкъаца ша махках ваккхалц. Казахстанан Джамбульски областе нисвелла шен доьзалца махках ваьккхина Мусаев Мохьмад. Тайп-тайпана гIуллакхаш лелийна: хьехархо а хилла, гIишлошъяран, махлелоран организацешкахь белхаш а бина. Шен накъосташца, яздархошца йолу уьйраш ларйина. Дика цIе яьккхина Мохьмада хIетахь цуьнца хиллачара.

Мусаев Мохьмад даймахка цIа веана 1957 шарахь. ЦIавирзинчул тIаьхьа, заочно доьшуш, чекхъяьккхина цо  Нохч-ГIалгIайн педагогически институтан историко-филологически факультетан оьрсийн меттан, литературин, нохчийн меттан, литературин отделени. 1958 шарахь Нохч-ГIалгIайн книжни издательствон исбаьхьаллин литературин редакци редакторан балха воьду иза, цул тIаьхьа дукха хан ялале оцу редакцехь лаккхара редактор хIоттаво. Кхин белхан меттиг ца хуьйцуш, книжни издательствехь болх бина Мусаев Мохьмада 1975 шарахь ша пенсе ваххалц.

 Издательствехь балхахь волуш, Мусаев Мохьмада доккха гIуллакх дина нохчийн яздархойн произведенеш зорбане кечъеш, къаьсттина мехала дара цо къоначу яздархошна дина гIо, цара хIинца а доккхачу баркаллица хьахаво Мохьмад. Иза мичча хена а кийча хилла шена тIевеанчуьнга ладогIа, яздархочун балхахь шена зеделларг довзийта, оьшшучу кепара гIо дан. Нохчийн халкъан яздархочо Ахмадов Мусас литературехь шен дуьххьарлера хьехархо лору иза. Яздан волалуш хьалхара гIулчаш цуьнан Iуналлица яьхна ша, литературехь хьовха, дахарехь а цуьнан хьехамаш пайдехьа хилира шена, боху Мусас.

Мусаев Мохьмад къамелана говза вара, хаза вистхила хаара цунна. Цуьнан къамеле ладогIа дог догIара, шеца исбаьхьалла йолуш дара яздархочун барта дош а. Мусаев Мохьмадан йозанан мотт кхечу кепара бу шен дIахIоттамца, меттан хазни юкъара дешнаш схьалахьорца, уьш предлженешкахь вовшахтасарца. Исбаьхьаллин произведенин мотт къаьсташ хила а беза барта дечу къамелах, делахь чолхе ца хилча дика ду.

1950 шерийн шолгIачу эхехь дуьйна хаддаза исбаьхьаллин литературехь къахьоьгу Мусаев Мохьмада. Цо яздо прозехь а, драматургехь а. Юьхьанца цуьнан дийцарш, очеркаш, публицистикин статьяш а арайовлу газетийн, журналийн агIонаш тIехь.

Мусаев Мохьмадан кхоллараллехь Iаламат беркате хилла 1960- гIа шераш. Оцу иттех шарахь зорбанера араевлла яздархочун, ерриг бохург санна, произведенеш.

Мусаев Мохьмада дуьххьарлера книга араяьлла 1960 шарахь Соьлжа-ГIалахь.. Иза яра «Садаьржаш» цIе а йлолуш, дийцареххий, повестеххий лаьтташ йолу сборник.  Коьрта долчу декъана шен заманан кегийрхойн гIуллакхаш дара автора оцу юкъаяханчу произведенешкахь къастош дерш.  

Цу тIерачу  «Ирсан орам» повестехь автора гайтина кегийрхой, церан хазахетарш, дахаран кхиамаш, безам, баккхий лаамаш. Повестан турпалхой Белитий, Руслан къона ду. Церан дахаран некъаш башха атта дац. Халонашца, дахарехь ледар долчу хIуманашца къийсам а латтош, шайн ирсехьа теIа и турпалхой.  Яздархочун дуьххьарлера книга исбаьхьаллин литературехь авторан шен кхоллараллин некъ хирг хилар гойтуш яра.

1960-чу шарахь Нохч-ГIалгIайн республикин Нурадилов Ханпашин цIарах йолчу театро хIоттгийна Мусаев Мохьмадан «Терка тулгIенаш» цIе йолу турпалаллин драма. Пьеса Сийлахь-боккхачу Даймехкан тIеман фронташкахь турпалаллица даймохк ларбинчу адамийн цIена дегнаш, сирла ойланаш, корггера патриотизм гойтуш яра. Пьеси тIехь хIоттийна спектакль хьовсархоша а, критико а дика тIеийцира, Спектаклехь а дика гайтинера  Сийлахь-боккхачу Даймехкан тIамехь билгалъяьлла  адамийн патриотизм, турпалалла, къинхетамен дог-ойла. «Терка тулгIенаш» спектаклах а, пьесех а лаьцна дика статьяш язйина «Ленинан газета» тIехь Нашхоев Руслана, гIалгIайн маттахь «Сердало» газета тIехь Галаев Хьасана.      Республикин конкурсехь совгIат делла пьесина. «Орга» альмаха тIехь 1961 шарахь зорба а тоьхна «Теркан тулгIенаш» драма.

Цул тIаьхьа «Цхьана эвлахь» цIе йолу пьеса язйина Мусаев Мохьмада. Цу тIехь дуьйцу  юьртахойн дахарх, церан ойланашкахь хиллачу хийцамех лаьцна. Замано дахьаш долу керланиг, юьртахой амалшкахь, психологехь хуьлуш болу хийцамаш гайтарна тIехьажийна ю пьеса. Шен заманца йогIуш ю пьесин коьрта турпалхочун Алпату амалш, иза советски замано кхиийна керла «горянка» ю. Шен кхолламан да хилла дIахIотта гIерташ ю иза. Яздархочо кест-кеста ойу шен кхоллараллехь зударийн тема.  Иштта ду цуьнан «Хьаьрса месаш» цIе йолу дийцар а.

1963 шарахь  арайолу Мусаев Мохьмадан шолгIа книга – «Дашо маха». Цу тIехь  «Дашо маха» цIе йолчу повестал совнаха зорбатоьхна дийцарш а дара. Яздархочун кхоллараллехь коьрта меттиг дIалоцуш ю кегийрхойн тема.  Шен заманахьлерчу кегийрхойн лехамаш,  ойланаш, церан лаамаш бу автора исбаьхьаллин кепехь  толлуш.    Адамийн машаре дахар лардечу милицех лаьцна,  къонахалла йолчу, майрачу адамийн хьокъехь яра повесть «Дашо маха». Повестан турпалхо юридически институт чекхъяьккхина Азамат  нийсонна тIера вер воцуш, хила дезачу хIуманна тIехь соцуш, цу тIера дIаса ца теIаш, хила ма-деззара иза чекхдоккхуш, хьанал стаг ву. Азамата следственни гIуллакхийн кIоргенаш Iамош кхиамаш боху. Нохчийн исбаьхьаллин  литературехь керла дара и тайпа васташ. Нохчийн литературехь детективан жанр йолорехь а шен маьIна дара «Дашо маха» повестан.

Мусаев Мохьмадан произведенеш юккъехь къаьсташ яра 1966 шарахь зорбанера араяьлла «Анзор» цIе йолу повесть. Повестан коьрта турпалхо Анзор, юьхьанца мелаа а галаваьлла лелла къона стаг, белхалойн коллективе а кхаьчна, бакъенгахьа веана, шен хьалхалерчу ледарлонех дIа а хаьдда, керлачу амале вирзина. Заводан белхалойн коллектив беркате ю, цо къоначу стеган кхетам кхиарна гIо до, иза нийсачу дахаран новкъа воккху – иштта ду повестан коьрта маьIна.

1968-чу шарахь зорбатоьхна  Мусаев Мохьмадан «Теркан тулгIенаш» цIе йолу пьесийн сборник. Цу юкъахь яра «Маршонна гIевттинарш» цIе йолу керла пьеса а. Цу тIехь автора хIоттийна дайн турпалаллин ламасташкахь, даймохк безаран, иза Iалашбаран ойланехь кегийрхой кхиоран проблема.

Изза проблемаш кхидIа а яржош, мелла а кхечу исбаьхьаллин кепара хIиттийна 1969 шарахь араяьллачу «Тапча яьлча»  повестехь а.

Нурадилов Ханпашин цIарах йолчу Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан драматически театран сцени тIехь хIиттош ехха лаьттина Мусаев Мохьмадан пьесаш «Теркан тулгIенаш», «Цхьана эвлахь», «Парткоман секретарь», «Нийсонехьа»,  кхиерш а.

Мусаев Мохьмада алссам язйина публистикин статьяш, очеркаш, дийцарш. И кегийра жанрашкахь йолу произведенеш кест-кеста арайийлина республикин газеташ тIехь, журналашкахь, юкъарчу сборникаш тIехь. 

Яздархочо дуккха а болх бина гочдарехь а. Оьрсийн маттера нохчийн матте а яьхна цо алссам прои;зведенеш. А. Фадеевн «Разгром», 3. Орджоникидзен «Большевикан некъ», А. Гайдаран «Тимур а, цуьнан команда а», «Чук а, Гек а», «Сийна кад», А. Носовн «Терхеш», кхиерш а.

Мусаев Мохмадан литературехь болу кхиамаш Iедало а билгалбаьхнера. Цунна «Нохч-ГIалгIайн АССР-н культурин хьакъволу белхахо» - сийлахь цIе тиллинера.                

ТIаьхьарчу хенахь Мусаев Мохьмад Таймин Бийболтах лаьцна йоккхачу роман тIехь болх беш вара. Цуьнан цхьацца долу дакъош зорбанехь  ара а хецна цо. Амма роман чекхъяккха ца кхиъна.

Нохчийчохь 1990 шерашкахь хIоьттинчу юкъараллин-политически хьелаша а, цул тIаьхьа  буьйлабеллачу тIемаша а  йолчунна тIе а талхийра яздархочун могашалла. Республикехь шолгIа а тIом болабелча, Соьлжа-ГIалара аравала дийзира, массера а санна, Мохьмада а. Иза доьзалца шен хьеший болчу ГIалгIайчу Плиево юьрта вахара 1999 шеран 1 октябрехь. Амма цигахь а дукха хан яккха доьгIна ца хиллера. Яздархочун хIусамнанас Тамарас дуьйцу: «Тхо дика тIелецира Плиев Минкаила, – баркаллица боху Тамарас.– Деа дийнахь инсульт цамгар текхначул тIаьхьа 1999 шеран 23 ноябрехь дIакхелхира цIийнда. И дIаверзо ахча-м дара соьгахь, делахь а чохь воккханиг цахиларна хала дара. «Шайн цIахь долуш санна, дерриге оьшург дийр ду, са ма гатде», – элира Минкаила. Эцна етт а балийра, чурт а даийтира. Кхаа дийнахь зуькарш дойтуш, лаьтте верзийра. Дела реза хуьлда оцу гIуллакх тIехь къахьегначу Минкаилна».

Шен хIусамера, ша кхианчу, шена езначу Соьлаж-ГIалара цкъачунна араваьллачохь хаьдда Мусаев Мохьмадан дахаран некъ. Амма ца хаьдда цуьнан кхоллараллин адамашна тIебогIу некъ, яздархочун тоьлла произведенеш нохчийн а, оьрсийн а меттанашкахь юх-юха а зорбатухуш ю. Москвахь 2009 шарахь оьрсийн маттахь араяьлла Мусаев Мохьмадан хаьржинчу произведенийн книга. 

                                МУСАЕВ МОХЬМАДАН ПРОИЗВЕДЕНЕШ

                                               НОХЧИЙН МАТТАХЬ

Хьомечуьнан гIаларт. Стихаш // Ленинан некъ. 1942. 30 сент.
ДоттагIалла. Дийцар // Ленинан некъ. 1959. 15 март.
Маларан совнаха кад. Скетч // Ленинан некъ. 1959. 25 март.
Халкъан гIаролла. Сценка // Ленинан некъ. 1959. 12 авг.
Дашо дегнаш. «Теркан тулгIенаш» пьесин дакъа // Ленинан некъ. 1960. 4 март.
Садаьржаш. Повесть, дийцарш. Грозный, 1960.
Теркан тулгIенаш. Пьеса // Орга. 1961.  № 1I. А.. 3–31.
Иза кхин гIуллакх ду. Цхьана актехь пьеса // Орга. 1962. № 1. А.. 42-47.
Хьаьрса месаш. Дийцар // Орга. 1962. № 3. А.. 35-41.
Йиша-ламанхо. Стихаш // Ленинан некъ. 1962. 14 янв.
Сом хьайна дита. Стихаш // Ленинан некъ. 1963. 30 авг.
Хьаьрса месаш. Дийцар // Орга. 1962. № 4. А.. 55-57.
Заманан багахь. Повестан дакъа // Орга. 1963. № 1. А.. 13-31.
Таймин Бийболат. Фольклоран легенда // Орга. 1963. № 1. А. 53-54.
Дашо маха. Повесть, дийцарш. Грозный, 1963.
Лела вахнарг. –  ЙоьIан къамелаш. Шен дешан да. Вешин зударийн. Дийцарш // Орга. 1963. № 3. А. 13-17.
Аьлларг, хилларг, хезнарг, гинарг. Нохчийн фольклор тIера // Орга. 1963. № 3. А. 18-22.
ХIилла. Дийцар // Орга. 1963. № 3. С. 15-16.
Анзор. Повесть. Грозный, 1966.
Теркан тулгIенаш. Пьесаш. Грозный, 1968.
Тапча яьлча. Повесть. Грозный, 1969.

                                            ОЬРСИЙН МАТТАХЬ

Золотая брошка. Повесть. Грозный, 1965.
Анзор. Повесть. Грозный, 1967.
Избранное. После выстрела. Золотая брошка. М., 2009.

www.ChechnyaTODAY.com


При копировании материалов ссылка на сайт обязательна

test 2Новости СМИ2