Т1едог1учу шарахь, Нохчичоьнан бахархоша ток ягаен счетчикаш х1итто езар ю аьлла д1ахьедина республикин куьйгалло. 

«Карарчу хенахь вайн махкахь счетчик 136 кертахь бен яц, амма х1итонза йисина дуккха а х1усамаш ю», - боху, ОАО «Чеченэнерго» директора Муртазалиев Сайд-Хьасана. 

Кху деношкахь хиллачу правительствон кхеташонехь Эдильгериев Абубакара ма аллара, болх жигара баьллехь а, ток ягорах декхар бахархошна т1ехь алссам ду х1инца а. 

Иштта промышленностин а, энергетикин а министр волу Таймасханов Галаса дийцарехь, стохкалерачу шарахь вайн махка йог1у тоьках 60% мехаза йовш яра, амма кху шарахь болх кхин а ч1аг1бар бахьана долуш, и терахь 47% т1е кхаччалц лахделла. Шо дале 30% охьдало 1алашо а ю. 

- Хаза дийцарх г1уллакх хуьлуш дац, - билгалдаьккхира министро. – Декхар схьа ца луш болу бахархойн а, белхан хьукматийн а ток д1ахадо езар ю. 

Амма Муртазалиев С.-Х. дийцарехь, бехке бахархой хилла ца 1а. Хила ма дезза кехаташ кечдина, муниципальни балансе яхаза меттигаш ю, царна юккъехь, урамашкара б1ог1амашна т1ехь буса догу тогарш а ду. И бахьана долуш ОАО «Нурэнерго» декхарийла йоьду республике чу йог1у тоькана. 

Кхеташонехь сацам бира, и г1уллакх талла а, цхьайолу пачхьалкхан хьукматаш муниципальни дола яха а. Тоьках, ягочу газах долу декхарш дукха хиларна прокуратуре а даьлла и г1уллакх. Республикин Генеральни прокуроро Абдул-Кадыров Шарпуддис билгалдаккхарехь, 12 млрд. сом тоьках а, 46 млрд. сом газах а декхар дара республикин т1ехь февраль баттахь. 

Оццул декхар республикина т1е хьарчаран коьрта бахьна ду, бакъо йоцуш тоькана а, газана а т1е тийсабалар а, хьалха хила декхар шен хеннахь д1а ца такхар, суьдан приставша шайн болх бан ма беззара ца бар, массера а счетчикаш ца хилар. 

Карарчу хенахь тоькаца долу г1уллакх вайн махкахь тодаларе сатуьйсийла билгалъяьлла. Итум-Кхаьллан к1оштахь 1,3 мВт ток йоккху пхьалг1а х1оттуо сацам хилла республикера куьйгаллин. Иза хаза кхаъ бу. Меттигера 1аламна цхьа а эшам хир бац элира пхьераша. 

Хууш ма хиллара, ламанца долу хиш даима а хуьлу ток йоккху пхьалг1а ян аьхна. Лакхенга хьаьдда дог1у хи, хьалха заманахь хьера ма хьовзаярра, ток йоккху генератораш а хьовзалур йолуш ду. 

Совет 1едалан заманахь вайн махкахь ток йоккхура мазут дагочу ТЭЦехь. Мазут алссам дара, мехкдаьтта доккхучу заводашкахь, цундела тоькаца халонаш ца хаалора г1алахь. Амма ярташкахь и хало даима а хаълуш яра. Т1амо массо а ТЭЦ х1аллакйира, т1амах яьлларг, наха дакъазаяьккхира. Тахна уьш меттах1иттуо дукха харж оьшу. Цулла а г1оле ду, 1аламна новкъа йоцу, хи т1ехь ток йоккху пхьалг1анаш яр. Ала деза, Орга хи 1ай а г1орош дац, цундела и даима а ток луш хир ду. Дамба а лекха хир яц – 3 метр бен, 27 соти шуьйра 1ам а кхуллур бу, пхьалг1анаш кегийра хиларе терра. 

Итум-Кхаьлла к1оштара Какадой ц1е йолу юьртара бахархой хазахеташ бу шайн уллохь ток йоккху пхьалг1а хир йолуш. Ток а хир ю, 40 гергга беха меттиг а хир ю боху цара. Иштта пхьалг1анаш Орган т1ехь 13 хир ю, церан мах 250 млн соьме а кхочу. Цул т1ехьа, Нохчийчохь кхин 15 пхьалг1а х1оттор йолуш ю. 

Шо мел дели а алссам оьшу ток – адам деба, болх жигара болу, керла производстваш схьайоьллу. Тоькан ницкъ оьшу дахар тодаларца. Бакъду, ток хиларх а ца тоьу, цунах мах бала безийла хууш нах ца хилча. Шен-шен хеннахь,декхарийла а ца оьхуш, мах д1алуш хилча бакъо ю, ток х1унда яц ала а, г1ийла х1унда ю хатта. 

Вайна хаьа, мел сингаттаме хуьлу х1усмехь ток д1яьлча. Дукхох болчу нехан болх-некъ соцу, сискал яккха таро а д1айолу. Цундела хам бан безара цу беркатан. Ток латточу белхалошна, даггара баркалла ала а дог1у массо а хенахь. 

Арби Гацаев 

www.ChechnyaTODAY.com


При копировании материалов ссылка на сайт обязательна

test 2Новости СМИ2