Арсанукаев Iабдулла

Гоьваьлла литературовед, литературин критик, филологин Iилманийн доктор, профессор, Нохчийн Республикин Iилманан академин академик, Естественни Iилманийн российски академин академик, «Нохч-ГIалгIайн АССР-н культурин хьакъволу белхахо», «Нохчийн Республикин Iилманан хьакъволу гIуллакхъхо» сийлаллин цIерш лелийна волу Айдаев ЮшаI ХХ бIешеран 60–90-чу шерашкахь къоман литература, Iилма, культура кхиорехь эвсараллица болх бина вара. Цуьнан Iилманан-талламан белхаш нохчийн  литературоведени, литературин критика кхиарехь Iаламат мехала хилла.

Айдаев ЮшаI вина 1938 шеран  20 мартехь Йоккхачу АтагIахь ахархочун  Ахъядан доьзалехь. Хьалххе да а кхелхина кхаа кIантаца йисина нана. Воккхаха волу ваша Юнус хилира шайна ден метта, олура ЮшаIа. 

Нохчийн къам 1944 шарахь махках даьккхича, Казахстанерчу Лениногорске  нисбелла ЮшаIгIеран доьзал, цхьа хан яьлча уьш дIабахна Киргизерчу Токмак гIала.  Цигахь ЮшаIа тIехдика доьшуш чекхъяьккхина белхаца болчу кегийрхойн юккъера школа (Средняя школа рабочей молодежи № 1 города Токмак).

Нохчийн къам ссылкехь долчу хенахь, жимма паргIато яьлча, 1955 шарахь, Алма-Атахь нохчийн маттахь арахеца долийра «Къинхьегаман байракх» цIе йолу газета.  Оцу газето 1957 шеран аьхка хаам бира, Соьлжа-ГIалахь   Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан педагогически институтехь схьайиллина оьрсийн, нохчийн меттанаш а, литература а хьоьхуш йолу отделени, цига деша кхойкху юккъера школа чекхъяьккхинчу кегийрхошка, аьлла. Нохч-ГIалгIайн республика юха меттахIоттийна юьхь яра иза. Амма цIадерза бакъо массарна а ца еллера. Ах миллион адам цхьана дийнахь махках даьккхинера, ткъа цIадерзар масех шарахь кхочушдийра ду аьлла, сацам бинера.  Цундела леррина бакъо елларг бен шен махка ца вуьтура. Казахстанехь, Киргизехь юккъера школа чекхъяьккхина кегийрхой, цIабахка бакъо йоцурш а, лечкъаш цIа оьхура, ненан мотт, литература хьоьхучу вузехь деша лаам чIогIа хиларна.  Оцу шарахь институте деша хIиттина дуккха а  нохчийн студенташ иштта цIабаьхкинера. Цхьаберш, кхечу вузашкахь доьшуш болчуьра дIа а бевлла, кхуза деша баьхкина а бара. ХIетахь ненан матте, дайн ламасташка, къоман культуре йолу шовкъаш инзаре чIогIа яра кегийрхойн. Ишттачарах вара Айдаев ЮшаI а. 

Нохчийн матте, къоман культуре болчу безамо валийра ЮшаI Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан педагогически институтан нохчийн мотт, литературий, оьрсийн мотт, литературий юккъерчу школехь хьехаран корматалла караерзочу историко-филологин факультетан отделени деша. ТIехдика доьшуш вара ЮшаI. Кхузахь гучуделира цуьнан кхоллараллин похIма. ЮшаIан дийцарш а, статьяш а арайийла йолаелира муьран зорбанехь. Цуьнан дуьххьарлера статья «Александр Казбеги – нохчийн, гIалгIайн доттагI» араяьлла «Ленинан некъ» газета тIехь 1959 шеран  9 январехь. Иза гуьржийн литературин классикан Александр Казбегин произведенешкахь нохчийн васташ кхолларх лаьцна яра.

1960 шеран 21 октябрехь арадаьллачу «Ленинан некъ» газет тIехь зорбатоьхна яра «Маца хьаьар ду техьа «Орга» цIе йолу Айдаев ЮшаIан критически статья. Цу тIехь, сакхташ билгалдохуш, теллинера «Орга» альманах тIехь зорбатоьхна материалаш. И статья яздархойн гонашкахь шуьйра евзира. Альманахан редакцехь йийцаре а йина, автора гучудаьхна кхачамбацарш нийса хилар къобал а дина, и статья редакцин балха тIехь тидаме эца езаш хилар магийнера. Иштта кхиам хилира Айдаев ЮшаIан Нохч-ГIалгIайн радион нохчийн меттан редакцин балхах лаьцна язйинчу статьян а.

Гуьржийн яздархочун Александр Казбегин нохчех лаьцна йолчу произведенех дуьххьара яздинарг ЮшаI вара. 1960 шарахь араелира цуьнан статья «Творчество А. Казбеги и Чечено-Ингушетия».

Кест-кеста кхойкхура цуьнга республикин телевиденин а, радион а редакцеша нохчийн маттах, литературех йолчу передачашкахь дакъалаца. Цу тайпана, студент волуш дIаболийна Айдаев ЮшаIан литературех, культурех лаьцна талламан белхаш. 

Кхиамца  институт чекхъяьккхича, вайнехан филологин кафедрехь ассистентан балхахь витина Айдаев ЮшаI. Кхузахь чекхъяьккхина аспирантура а. 1968 шарахь Нохч-ГIалгIайн историн, меттан, литературин Iилманан-талламан институтан динан социологихула йолчу секторан куьйгалхо хIоттаво. Институтехь хIетта кхоьллина керла сектор яра иза, цуьнан болх вовшахтохарехь а, дIабахьарехь а дика ларавелира къона Iилманан белхахо.

Нохчийн, гIалгIайн литературашкахь драматургин жанр толлуш вара Айдаев ЮшаI. 1969 шарахь «Чечено-ингушская советская драматургия (1920 – 1940 гг.)» темехула диссертаци кхочушйича, филологин Iилманийн кандидатан дарж делла цунна. Къоман литературехь драматургин жанр кхидIа а кIорггера толлуш  белхаш бина цо. Оцу темина докторски диссертаци а язйина: «Основные проблемы развития чечено-ингушской драматургии (20-80 гг. ХХ в.)». 1990 шарахь иза чIагI а йина, филологин Iилманийн докторан дарже а кхаьчна иза.

1970 шерашкахь Айдаев ЮшаIа белхаш бина республикерчу газетийн редакцешкахь а, книжни издательствехь а: «Ленинан некъ» газетан редакторна заместитель, цул тIаьхьа «Комсомольское племя» газетан редактор, республикин книжни издательствехь коьрта редактор, тIаккха Iилманан-талламан институтехь Iилманан секретарь лаьттина. 1980 шарахь «Ленинан некъ» газетан редактор хIоттаво иза. Оцу даржехь 10 шарахь болх бина цо. Цигара ваьлча, Нохч-ГIалгIайн Республикин Лакхарчу Советан къаьмнашна юкъарчу гIуллакхийн отделан куьйгалхо вохуьйту. 1992–1996 шерашкахь Айдаев ЮшаIа болх бо Москвахь: «Институт книги» генеральни директоран заместитель волуш а; Къаьмнийн литературийн, энциклопедин институтан генеральни директоран (Институт национальных литератур и энциклопедии) даржехь а. Москвара цIавирзича, 1996 шарахь Дешаран белхахойн говзалла лакхаяккхаран нохчийн институтан ректор хIоттаво. КхидIа йолчу  хенахь Айдаев ЮшаI  Нохчийн Республикин Iилманан академин вице-президент лаьттина, Нохчийн энциклопедин отделан куьйгаллехь а волуш. 2000 шарахь дуьйна хаддаза  Нохчийн Республикин дешар кхиоран институтан коьрта Iилманан белхахо а хилла иза, оцу институтан Iилманан кхеташонан а, Iилманан-редакцин  кхеташонан а декъашхо а волуш. Айдаев ЮшаIа Iилманан-талламан болх дIабахьарца цхьаьна Нохчийн Республикин вузашкахь хьоьхура, Нохчийн пачхьалкхан университетан оьрсийн, дозанал арахьарчу литературийн кафедрин куьйгалхо а лаьттина иза.

Айдаев ЮшаI кIорггера хаарш долуш, шуьйра кхетам болуш Iилманча вара. Шен дерриг кхоллараллин хьуьнарш нохчийн литература, Iилма, культура кхиорна тIехьажийнера цо. БIе ткъе итт гергга Iилманан а, публицистикин а белхаш язбина цо. Царна юккъехь иттех книга а ю: монографеш, Iилманан статьяш тIехь йолу гуларш, вайнехан барта кхолларалла гулйина книгаш. Царах ю: «Чечено-ингушская советская драматургия (20-40 гг.)» (1975); «От эпической песни до эпопеи» (1975); «Хьекъале дош. Нохчийн кицанаш» (хIоттийна Х-М.Цугаевца цхаьна) (1976); «Грани жизни. Сб. лит.-крит. статей (составитель. Ю.А. Айдаев) (1976); «Народные пословицы чеченцев и ингушей» (сборник составлен совместно с А.О. Мальсаговым) (1982); «Зеркало жизни» (1987); «Жизнь и слово» (1992); «Чеченцы: история и современность» (1996). 

Оцу белхаш тIехь гуш ду церан авторна ша толлуш йолу материал кIорггера евзаш хилар, литературоведчески анализан корматалла цунна карайирзина хилар, Iилманехь хьалха гучудаьллачунна тIе а тевжаш, кхидIа иза воьдуш хилар.

1976 шарахь Москвахь араяьллачу «Обряды, праздники, традиции» книги тIехь зорбатоьхнера Айдаев ЮшаIан статья. Ерригсоюзан къоначу Iилманчийн конкурсехь шолгIачу даржан диплом а, шолгIа преми а еллера оцу статьян авторна Айдаев ЮшаIана. Йоккхачу Советски Союзан пачхьалкхехь дIаяьхьначу конкурсехь шолгIа меттиг яккхар къоначу Iилманчийн боккха   кхиам а хилла, ерриг республикина юхькIам а хилла. 

Юьхьанца Iилман-талламан балха тIехь Айдаев ЮшаIа коьртачу тидамехь дара нохчийн, гIалгIайн литературашкахь драматургически жанран башхаллаш таллар, къоман театр кхоллаялар, кхиар. Иза цо кхочушдина шуьйра материал юкъаозош, нохчийн литература, культура кхиаран хьелаш гайтарца цхьаьна. Пхийттех гергга болх язбина цо нохчийн, гIалгIайн драматургех, театрах лаьцна. Царах ю вай лакхахь хьахийна монографи “Чечено-ингушская советская драматургия (20-40 гг.)”, докторски диссертаци «Основные проблемы развития чечено-ингушской драматургии (20–80 гг. ХХ в)»,  “Зеркало жизни” цIе йолу книга, статьяш: «К вершинам мастерства о путях развития чечено-ингушской драматургии и театра» (1968); «Народные истоки чечено-ингушской драмы» (1968); «Чечено-ингушская драматургия периода Великой отечественной войны» (1968); «Роль С. Бадуева в становлении чечено-ингушской драматургии и театра» (1972), кхиерш а.

Литературин критика Бурчаев Хьалима яздо: «Нохчийн а, гIалгIайн а театр, драматурги кхиарх лаьцна долчу шен йозанашкахь Айдаев ЮшаIа хаамаш ло Нохч-ГIалгIайчохь дуьххьарлера драматически театр кхолларх а, цуьнан буха тIехь къоман театр берриге махкахь шен цIе а, меттиг а йолуш дIахIоттарх а. Цо кIорггера таллам барца довзуьйту Яндаров Мохьмада, Шерипов Денилбека, Эльдерханов Iийсас, Бадуев СаьIида, Н.Мошенковс, кхечара а цу юкъадиллина мехала дакъа. Хьалхарчийн дикалла а, жигаралла а бахьанехь боццачу муьрехь нохчийн театр, шена тIе хаамийн гIирсаша тидам бохуьйтуш дIахIоттарх долу документаш а даладо автора. Вайн халкъан санна, хала а, чолхе а хилла болу вайн театран кхоллам бовзуьйтуш, Айдаевс билгалйоккху нохчийн къоман культура кхиорехь цо дIалоцу меттиг а».

Айдаев ЮшаIа нохч-гIалгIайн драматургех а, театрах а лаьцна язбинчу белхаша вайнехан литературехь драматургически жанр талларан Iилманан бух биллина. Оцу хьокъехь кхидIа бен талламаш шайна тIетевжаш бан безар болуш кIорггерчу маьIне бу и белхаш.

Вайнехан барта кхоллараллин произведенеш зорбане а кечъеш,  арахоьцуш болх а бина Айдаев ЮшаIа. Цугаев Хас-Мохьмадца цхьаьна цо арахецна «Хьекъале дош» цIе а йолуш нохчийн кицанаш (1976), оьрсийн маттахь А.О. Мальсаговца цхьаьна арахецна «Народные пословицы чеченцев и ингушей» цIе йолу книга (1982). Шен цхьана статья тIехь нохчийн иллийн башхаллаш хьахийна цо: «Нохчийн иллеш хIора а ша къаьстина поэма ю. Цара уггар хьаьлхарчу метте хIоттадо халкъийн доттагIалла. Оцу иллеша гойту луларчу къаьмнашка нохчийн болу лерам, цуьнца цхьаьна билгалйоху муьлххачу а халкъан векалийн амалш. Цара кхайкхадо, хестадо тешаме хилар, доттагIалла, догцIеналла, вовшийн гIолацар, адамаш дезаш хилар, нийсонехьа къийсам латтор, халкъаш сийсаза цадар. Оцу иллийн турпалхой бу дукхахьолахь нохчашца цхьаьна дегIастанхой, оьрсийн, гуьржийн. Иштта кхечу къаьмнийн а кIентий. Нохчийн иллешкахь цкъа а карор дац цхьа а къам вочу агIор дуьйцуш». Нохчийн иллеш дIаяздиначарах, иллиалархойх лаьцна а дуьйцу Айдаев ЮшаIа шен белхаш тIехь. Масала, Нажаев Ахьмада нохчийн барта кхоллараллин произведенеш дIа а язъеш, зорбанехь арахецар. 1926 шарахь араяьлла Нажаев Ахьмада гулйина «Нохчийн эшарш, дийцарш, кицанаш» цIе йолу книга. Вайнеха эшарш, дийцарш, кицанаш нохчийн маттахь зорбатоьхна дуьххьарлера книга яра иза. Цул тIаьхьа хье ца луш араяьлла Нажаев Ахьмада И. Ибриевца цхаьна кечйина «Нохчийн эшарш» цIе йолу гулар а.

Йоккхачу АтагIарчу иллиалархойх Гехин Абубакарах, Гехин Абу-Муслимах, Мусин Гадех, кхечарах а хаамаш ло Айдаев ЮшаIа шен белхаш тIехь. Оцу иллиалархойх дуьххьара яздинчарах вара иза. 

Нохчийн, гIалгIайн яздархойх лаьцна а алссам статьяш ю Айдаев ЮшаIан. Яздархочун  кхолларалла цуьнан дахарца цхаьнаюзаш йовзуьйту автора. Масала: Мамакаев Мохьмадан 60 шо кхачарна язйина статья «Жизнь в поэзии» (1972); Мамакаев Iаьрбех лаьцна статья «Жизнь, отданная народу» (1979); Сулаев Мохьмадан кхоллараллин шатайпаналла гайтина статьяш «Жизнь поэта (1972), «Путь к мастерству» (1980), «Негасимый огонь поэзии» (1980); Эдилов Хасмохьмадан поэзех а, прозех а лаьцна –  «Поэзия дел земных (1982); Ошаев Халидан романах лаьцна – «О романе «Пламенные годы» и его авторе» (1988); Сийлахь-боккхачу Даймехкан тIамах лаьцна яздинчу авторех а, церан произведенех а –  «На боевом посту (Чечено-ингушская литература в годы Великой Отечественной войны») (1985); Дадашев Iабдуллин «Лаьмнашка некъ» романах лаьцна – «Имя в литературе (1989), дуккха а кхиерш а.

Айдаев ЮшаIан «Жизнь и слово» (1992) цIе йолчу книги тIехь зорбатоьхна яра нохчийн яздархойн кхолларалла толлуш йолу статьяш, материалаш. Автора ойуш йолу теманаш кхачам боллуш яьстийна царна тIехь. Исбаьхьаллин текст толлуш къастийна цуьнан чулацаман а, суртхIотторан гIирсийн а башхаллаш, гайтина яздархочун кхоллараллин шатайпаналла, билгалъяьккхина нохчийн тоьллачу яздархойн кхоллараллин мехалла, къоман литературехь церан маьIнех лаьцна дийцина.

Нохчийн литературехь цхьайолу произвденеш шайн чулацаман а,  исбаьхьаллин а тIегIа лахара долуш хиларан коьртачу бахьанех лорура Айдаев ЮшаIа корматаллин литературин критика кхиана цахилар. Цо яздора: «Литературина чIогIа оьшу исбаьхьаллин произведенин леррина толлуш, сакхташ гучудохуш, амма яздархо кхиарна гIо деш волу хьехамча. И хьехамча критика хила еза». Литературин критикина хьалха лаккхара лехамаш хIиттабора цо. Вай литература республикел арахьа шуьйра евзаш цахилар критикин а кхачабацарех лорура Айдаев ЮшаIа. Нохчийн литературоведенехь, литературин критикехь кIорггера талламаш беш язбина белхаш хила безар чIагIдина цо. Произведенин текст юха схьайийцар, цуьнан тIехулара хIуманаш гайтар а дитина, текстан чулацам а, исбаьхьалла а муха кхоьллина, нохчийн меттан таронех муха пайдаэцна, исбаьхьаллин суртхIоттор гIирсаш муха бу, уьш лелоран хIун башхаллаш ю боху гIуллакхаш къасто дезарш хилар билгалдаьккхина цо. Нохчийн яздархойн исбаьхьаллин тексташ вовшашца юстуш, церан къастамаш билгалбахар а, цул совнаха нохчийн литература Къилбаседа Кавказерчу а, кхидолчу а къаьмнийн литературашца цхьаьнаялош, юстуш талла езар а гойту Айдаев ЮшаIа. ТIаккхий бен къоман литературин башхаллаш кхачам боллуш  гучуяхалур яц боху цо. И лехамаш тахана а мехала бу нохчийн литературоведени а, литературин критика а кхиарехь.

Къоначу яздархошна гIо дора Айдаев ЮшаIа. Ша литературин критикина хьалха хIитточу лехамашца кхион гIертара иза яздархойн керла чкъор. Оцу хьокъехь Бурчаев Хьалима яздо: «Айдаев ЮшаIа къаьсттина терго йора къоначу литераторийн. Цо церан тидам тIебохуьйтура меттан исбаьхьаллин гIирсех пайда муха эца беза бохачунна, яздаран куц-кеп хиларна. Цо даггара къобалбеш тIеоьцура церан кхиамаш, церан произведенийн кхачамбацарш къастош, ледара яздарх ларбора уьш, церан гуларш арахоьцура, дуккха а киншкашна дешхьалхенаш а язйира».

Шуьйра бевзаш бара Айдаев ЮшаIан къаьмнийн литературашкахь, культурехь вовшашца хилла уьйраш гойтуш болу белхаш. Царах ю статьяш: «Творчество А. Казбеги и Чечено-Ингушетия» (1960); «Учитель и друг (влияние М. Горького на чечено-ингушскую литературу) (1968); «Звезда среди звезд» (1981); «Современный литературный процесс и литературная критика на Северном Кавказе» (1981); «У истоков нашего творчества ( к 50-летию Первого съезда советских писателей» (1984); «Песни горского края» (1984); «Литература братских народов» (1986); «М. Горький и чечено-ингушская литература» (1990); «Л.Н. Толстой в Чечне ( к 150-летию приезда Л.Н. Толстого в Чечню)» (2001); «Мотивы чеченского фольклора в повести Л.Н. Толстого «Хаджи-Мурат» (2003). И белхаш, шайн литературоведенин маьIна хиларал совнаха, мехала бу нохчийн литературехь, культурехь кхидолчу къаьмнашца хьалххе дуьйна хилла уьйраш гучу а йохуш, чIагIъярехь а.

Айдаев ЮшаIа зорбане а кечйина, 1996 шарахь арахецна йолу «Чеченцы: история и современность» цIе йолу книга нохчийн къомах, цуьнан Iер-дахарах, исторех, литературех, культурех лаьцна Iаламат шуьйра дуьйцуш яра. Цу тIехь йолчу материалаша нохчийн къоман дахаран дуккха а агIонаш, къоман ламасташ, гIиллакхаш хIинццалц зорбанехь ца хиллачу кепара шуьйра довзуьйтуш хилар билгалдоккхура иза араяьлча. Иза Iаламат  мехала дара къаьсттана Нохчийчохь буьрса тIом лаьттачу хенахь, нохчийн къам тайп-тайпанчу хаамийн гIирсашкахула сийсаздан гIертачу хенахь.

Айдаев ЮшаI болх беш вара нохчийн энциклопеди кхолларан гIуллакхаш тIехь а. Къоман энциклопедин мехалла хууш волчу цо леррина къахьоьгура цу тIехь. Авторийн шуьйра го юкъаозийнера энциклопедина материалаш кечъярна, амма и язйина чекхъяккхар доьгIна ца хиллера цунна. Иза ца кхиира ша дуккха а шерашкахь къахьегна йолу энциклопеди чекхъяккха. 

Дукха ю Айдаев ЮшаIа язйина литературоведенин, критикин, фольклористикин, публицистикин статьяш. Уьш арайилина авторан шен книгаш тIехь а, тайп-тайпанчу юкъарчу гуларшкахь а, республикерчу а, арахьарчу а муьран зорбанехь а. Шуьйра ю авторан белхаш зорбанехь арабийларан географи. Соьлжа-ГIалахь, Москвахь, Ростовехь, Махачкалахь, Симферополехь, Тбилисехь, немцойн маттахь – Берлинехь зорбатухуш арайийлина цуьнан книгаш а, статьяш а.

Айдаев ЮшаIа юххера доттагIаллин а, кхоллараллин а  уьйраш яра оьрсийн а, кхечу къаьмний а баккхийчу Iилманчашца. Цунна адамашца уьйраш таса а, доттагIалла лело а хаьара. Къаьсттина лелайора цо ша санна болчу баккхийчу Iилманчашца кхоллараллин уьйраш, цаьрца юххера юкъаметтигаш яра цуьнан. Царах дага а волура иза, уьш кхунах дага а бовлура. Иштта хиларо гIо дора Iилманчина шен кхоллараллин балха тIехь. Цуьнга  кест-кеста кхойкхура вайн пачхьалкхехь а, дозанал арахьа а дIахьош йолчу Iилманан конференцешка.  Цигахь баккхийчу Iилманчашца цхьаьнагулвалар, керла уьйраш тасар пайдехьа хуьлура цунна шен балха тIехь.

Айдаев ЮшаIа Iилманехь болх барца цхьаьна хаддаза дакъалоцура республикин юкъараллин дахарехь а. Iилманан гонашкахь лерам хилла ца Iара ЮшаIе, цуьнан сий дора иза мел вевзичара а. Дукхазза хаьржина иза Соьлжа-ГIалин халкъан Советан депутат, Нохч-ГIалгIайн Республикин машар ларбаран Комитетан председатель, кхечу юкъараллин организацийн куьйгалле а.

Айдаев ЮшаIа Iилманехь йитина тIаьхье нохчийн литературина, культурина пайдехьа хилла ца Iаш, мехала ю ерригроссийски Iилманехь а.

Айдаев ЮшаI цIеххьана кхелхина 2004 шеран 1 июнехь Соьлжа-ГIалахь.

                                                                 ПРОИЗВЕДЕНЕШ

                                                                        КНИГАШ

                                                                НОХЧИЙН МАТТАХЬ

Хьекъале дош. Нохчийн кицанаш. Грозный, 1976. (Сборник хIоттийна Х-М.Цугаевца цхьаьна).

                                                               ОЬРСИЙН МАТТАХЬ 

Чечено-ингушская советская драматургия (20-40 гг.). Грозный, 1975.                                                                                                                         
От эпической песни до эпопеи. Грозный, 1975.
Грани жизни. Сборник литературно-критических статей. Сост. Ю.А. Айдаев. Грозный, 1976.
Народные пословицы чеченцев и ингушей. Грозный, 1982. (Сборник составлен совместно с А.О. Мальсаговым).
Зеркало жизни. Сборник литературно-критических статей. Грозный, 1987.
Жизнь и слово. Грозный, 1992.
Чеченцы: история и современность. М.,1996. 

                                МУЬРАН ЗОРБАНЕХЬ А, ЮКЪАРЧУ ГУЛАРШКАХЬ А

                                              АРАЙИЙЛИНА ПРОИЗВЕДЕНЕШ

                                              СТАТЬЯШ, РЕЦЕНЗЕШ, ДИЙЦАРШ

                                                           НОХЧИЙН МАТТАХЬ

Александр Казбеги – нохчийн, гIалгIайн доттагI. Статья // Ленинан некъ. 1959. 9 янв.
Маца хьаьар ду техьа «Орга». Статья // Ленинан некъ. 1960. 21 окт.
А. Казбегин кхолларалла а, Нохч-ГIалгIайчоь а. Статья // Орга, 1960. № 3. А.72-74.
Халкъана дIаделла дахар. Мамакаева Мохьмадан дахарх а, кхоллараллех а лаьцна // Орга. 1961. № 2. А.58 – 64.
«Органа» рогIера номер ( «Орга» № 3 1962) // Ленинан некъ. 1962. 10 окт.
Некъахо. Дийцар (Ахъядов А. псевдонимца) // Орга. 1962. № 4. А. 66 – 69.
Говзаллин лакхенга // Орга, 1968. № 3. А. 51-54.
Поэтан некъ // Орга, 1970, № 2. А. 54-58.
Нохч-ГIалгIайчохь социалистически талламаш бар // Ленинан некъ. 1971. 22 дек.
Советски къаьмнийн социалистически культура // Ленинан некъ, 1971. 3 янв.
Вайн мотт − вайн хазна // Ленинан некъ, 1971. 9 июль.
Революцин бIаьхо. Н. Ф. Гикало вина 75 шо кхачарна // Ленинан некъ, 1972, 19 март.
Шераш а, адамаш а. (Дуьххьарлера говзанчаш арахецна – 10 шо) // Ленинан некъ. 1972. июль.
Нийса яздаран бакъонаш // Ленинан некъ, 1972, 19 июль.
Атта дуй-техьа стихаш язъян. Редакце яхкийтинчу стихийн обзор // Ленинан некъ. 1972. 15 окт.
Халкъан гIиллакхаш а, керла стаг кхетош-кхиор а // Ленинан некъ. 1974. 12 июль.
Нохч-ГIалгIайн чоь а, Л.Н. Толстойн кхолларалла а // Ленинан некъ. 1978. 8 сент.
Сулаев Мохьмадан «Сирла суьйре» книгина хьалхара дош //Сулаев М.Сирла суьйре. Поэзий, прозий. Грозный. 1980.
Халкъан яздархо // Ленинан некъ. 1980. 24 окт.
Оьрсийн мотт − халкъийн доттагIаллин мотт // Ленинан некъ. 1982. 24 март.
Леррина долу тIедиллар // Ленинан некъ. 1983. 22 апр.
БIаьхаллин могIарехь. (Сийлахь-боккха Даймехкан тIеман шерашкахьлерчу нохч-гIалгIайн литературех лаьцна // Ленинан некъ, 1984. 14 дек.
Нохчийн литературин бухбиллархо // Ленинан некъ. 1984. 25 нояб.
Кавказ схьайиллинарг. Сийлахь-воккха оьрсийн поэт А.С. Пушкин вина 185 шо кхачарна // Ленинан некъ. 1984. 8 июнь.
Цуьнан кхоллам − халкъан кхоллам (Боков А.Х. юбилей) // Ленинан некъ. 1984. 9 дек.
БIаьхаллин гIароллехь. (Сийлахь-боккхачу Даймехкан тIеман шерашкахьлерчу нохч-гIайлгIайн литературех лаьцна  // Орга. 1985. № 1. А. 59-61.
Дахаран илланча // Ленинан некъ. 1986. 3 янв.
Яздархо а, дахар а // Ленинан некъ. 1986. 1 окт.
«Даймехкан мукъамаш». Нунуев С.-Х. «Даймехкан мукъамаш» дийцарийн книгина рецензи.  // Ленинан некъ, 1986. 30 нояб.
Революцин мурд. Шерипов Асланбек вина 90 шо кхачарна // Ленинан некъ, 1987. 18 сент.
М.Ю. Лермонтов, П. З.Захаров. // Ленинан некъ. 1989. 15 окт.
Теркайистехь цхьанакхетарш. (Ш. Айсхановн кхоллараллина доьзна долу даздарш дIадаьхьира Лаха-Неврехь). ( Яхъяев Лечица цхьаьна) // Ленинан некъ, 1989. 29 сент.
Халкъана шен бакъйолу истори йовза еза. Махачкалахь хиллачу Iилманан конференцис кхоьллина ойланаш // Ленинан некъ. 1989. 20 окт.

                                                                      ГIАЛГIАЙН МАТТАХЬ

Даймехка тIема шерашка нохч-гIалгIайн драматурги // Лоаман Iуьйре. 1968. № 3. А. 56-58.
Вахар – поэзеца // Сердало, 1970, 19 дек.
Халкъалеи говзалеи новкъа // Сердало, 1980. 11 окт.

                                                                      ОЬРСИЙН МАТТАХЬ 

Борец революции, патриот  // Грозненский рабочий. 1968. 24 март.
Научно-критические поиски литературоведов республики // Грозненский рабочий, 1968, 3 окт.
Учитель и друг (Влияние М. Горького на чечено-ингушскую литературу) // Грозненский рабочий. 1968. 28 март.
Народные истоки чечено-ингушской драмы // Известия (ЧИНИИИЯЛ). Т. V. Вып. 3. Литературоведение. Вопросы чечено-ингушской литературы. Грозный, 1968. С. 49-60.
Пробуждение. Рецензия на книгу  Ш. Арсанукаева «Искорки огня» («ЦIеран суй») // Грозненский рабочий. 1970, 22 февр.
Модернистские тенденции в современном исламе // Блокнот агитатора. Грозный, 1971. № 23. С. 9-12.
«Зелимхан». Рецензия на роман М. Мамакаева «Зелимхан» // Грознененский рабочий. 1972. 27 июнь.
Главная тема. Интернациональный пафос чечено-ингушской культуры // Грознен. рабочий, 1972, 13 февр.
Жизнь в поэзии (Магомету Мамакаеву 60 лет) // Известия Чечено-Ингушского НИИ истории языка и литературы. Грозный, 1972. С. 216-218.
Роль С. Бадуева в становлении чечено-ингушской драматургии и театра // Известия Чечено-Ингушского НИИ истории, языка и литературы. Грозный, 1972. С. 59-81.
Проблемы конкретных исследований религии. (Соавтор В.Г. Пивоваров) // Известия Чечено-Ингушского НИИ истории, языка и лит-ры. Грозный, 1972. С. 3-22.
Аксакал атеизма // Наука и религия, 1972. № 8.
Аксакал атеизма // Блокнот агитатора. Грозный, 1972, № 11. С. 18-22;
Бойцы-интернационалисты. (Гикало, Шерипов, Ахриев) // Блокнот агитатора. Грозный, 1973.
Без устали гореть хочу. О творчестве молодого поэта М. Шамсаева // Комсомольское племя. 1973. 26 май.
Будущее рождается сегодня. Заметки о развитии чечено-ингуш.литературы // Грозненский рабочий. 1973. 8 авг.
Модернистские тенденции в исламе. На атеистические темы // Комсомольское племя. 1973. 26 июль.
В борьбе за умы. Традиции атеизма в чечено-ингушской. литературе // Грозненский рабочий, 1974. 29 март.
Будущее рождается сегодня. Заметки о состоянии чечено-ингушской критики // Комсомольское племя, 1975. 23 дек.
Альтернатива. Политика вокруг «Синкъерам» национального обычая // Комсомольское племя. 1976. 11 май.
Чечено-ингушская литература 1976 года: поиски, проблемы // Грани жизни. Сборник литературно-критических статей. Грозный, 1976. С. 9-23.
Атеистические мотивы в чечено-ингушском фольклоре // Известия (ЧИНИИИЯЛ). Вып. 1., т. III. Социология, атеизм, религия. Грозный, 1976. С. 322-333.
Обычай обычаю − рознь. Трибуна атеиста // Грозненский рабочий, 1976. 8 янв.
Праздник в ауле. (О празднике песни в с. Старые-Атаги Грозненского района) // Мы − советский народ. Ростов-на-Дону, 1976. С. 174-177.
Праздник в ауле // Наука и религия, 1976. № 3. С. 25-27.
Край родной. Чечено-Ингушетия. (За строкой Конституции) // Грозненский рабочий. 1977. 16 нояб.
Верность мечте. О кандидате исторических наук М. Каратаевой // Грозненский рабочий. 1977. 18 март.
Состязаются ашуги // Молодая гвардия. 1979. С. 133-136.
Воспитать гражданина. Вопросы атеистической пропаганды на страницах районных газет. // Грозненский рабочий. 1980. 26 авг.
Во имя братства.Национальное и интернациональное в чеченской и ингушской литературе // Грозненский рабочий. 1980. 11 июнь.
Сулаеву – 60 лет  // Грознененский рабочий. 1980. 11 окт.
Верность жизни. О поэтическом творчестве. М. Сулаева // История и современность в литературах Северного Кавказа. Орджоникидзе, 1980. С. 71-80.
Сто двадцать лет спустя. Рецензия на книгу С. Шерипова «Александр Дюма-отец в Чечено-Ингушетии, или Сто двадцать лет спустя».  // Грозненский рабочий 1980. 5 март.
Времени не подвластны. О революционных вождях чеченского и ингушского народов А. Шерипове, Н. Гикало и Г. Ахриеве // Грозненский рабочий. 1981. 18 дек.
Крах двуликого // Грозненский рабочий. 1984. 9 февр.
Ноома Тукаев(1987-1940) // Пламенные борцы за власть Советов. Грозный, 1982. С. 280-284.
Поэзия дел земных. К 60-летию чеч.поэта и прозаика Х.Э. Эдилова // Грозненский рабочий. 1982. 25 нояб.
На пульсе жизни. Газете «Ленинан некъ» − 60 лет // Грозненский рабочий. 1983. 28 окт.
Маяковский и чечено-ингушская литература. К 90-летию со дня рождения поэта // Грозненский рабочий. 1983. 19 июль.
«Особое поручение». Рецензия на повесть С. Дацагова  «Особое поручение» // Грозненский рабочий, 1983. 9 июнь.
У истоков. К 50-летию первого Всесоюзного съезда советских писателей // Грозненский рабочий, 17 авг.
Исследуется эпос «Илли». Рецензия на книгу «Вопросы поэтики и жанровой классификации героико-исторических песен илли»  // Грозненский рабочий, 1985. 24 сент.
Имя в литературе. (Вышла 1 часть романа чеченского прозаика А. Дадашева «Дорога в горы») // Грозненский рабочий. 1989. 12 авг.
Незабываемые встречи. (11-17 нояб. проходили Дни чечено-ингушской литературы в Казахстане) // Комсомольское племя. 1989. 30 нояб.
Борец революции, патриот. (Н. Тукаев) // Грозненский рабочий, 1968. 24 март.
Научно-критические поиски литературоведов республики // Грозненский рабочий, 1968, 3 окт.
Учитель и друг. (Влияние М. Горького на чечено-ингушскую литературу) // Грозненский рабочий. 1968. 28 март.
Какой быть национальной школе? // Ичкерия. 1994. 29 март.
Магомет Сулаев. Статья // Вестник Института проблем образования МОиН ЧР. Выпус 2. 2004. С. 53 – 74.

www.ChechnyaTODAY.com