Нохчийн Республикин Куьйгалхочун, Россин Турпалхочун Кадыров Рамзанан тIедиллар кхочушдеш, Нохчийн Республикин Конституцин 10-чу статьяс ма-бохху, «Нохчийн Республикехь меттанийн хьокъехь» долчу Нохчийн Республикин Законо ма-хьоьхху нохчийн литературни мотт Iалашбарехь, Iаморехь, кхиорехь иттаннаш шерашкахь гулделла гIуллакхаш а, даза диснарш а цхьалхадахаран новкъахь дуккха а болх бина дIабаьллачу муьрехь.

Министерствехь Юкъараллин кхеташо (Общественный совет) кхоьллина, шена юкъахь бевзаш болу Iилманчаш, яздархой, журналисташ, юкъараллин гIуллакххой а болуш. Кхеташонан масех заседани хилла, цигахь дийцаре дина нохчийн меттан а, шуьйрачу хаамийн гIирсашкахь и бийцаран а гIуллакхаш.

Министерствехь кхоьллина республикехь болчу шуьйрачу хаамийн гIирсашкахь нохчийн литературни мотт ларбарна тIехь таллам латторан комисси, шен коьртехь Дадаев Сайдхьасан а волуш. И комисси кхиамца болх беш ю. Цо шен заседанешкахь рогI-роггIана толлу газеташкахь, журналашкахь, телевиденешкахь, радиошкахь, хаамийн агенствошкахь нохчийн мотт лелоран хьал, нислуш долу гIалаташ билгалдоху, меттан диалекташна тIегIерташ берш нисбо; ма-дарра аьлча, мотт лелор Мациев Ахьмада хIоттийначу, 1961-чу шарахь араяьллачу академически дошаман гурашкахь латто гIерташ къахьоьгу. Ткъа оцу комиссис бина сацамаш кхочушбарна тIехьажийна берриге а хаамийн гIирсашкахь нохчийн мотт лелорна тIехь терго латтош цхьацца говзанча билгал а ваьккхина, цаьрца беш болх бу. Оцу балхо мелла а кхиаме кхачийна хаамийн гIирсашкахь нохчийн маттаца долу хьал, амма дан дезарш, хьалха лаьттарш кхин дукха а ду.

Нохчийн Республикин Куьйгалхочун Указаца (2014 ш. 24 апрель, № 48) кхоьллина нохчийн мотт кхидIа а кхиоран, нохчийн маттахь йолчу исбаьхьаллин литературин а, хаамийн гIирсийн а мах хадоран Экспертни кхеташо, шен коьртехь вайн лераме куьйгалхо Кадыров Рамзан а волуш. Кхеташонна юкъабогIу гоьбевлла меттан Iилманчаш, юкъараллин а, дешаран а, культуран а гIуллакххой, яздархой, журналисташ, нохчийн маттаца къахьоьгуш болу хьехархой.

Болх эвсара хилийтаран Iалашонца кхаа тайпана комиссеш кхоьллина Экспертни кхеташонна юкъахь:

- ХIинцалерчу нохчийн меттан Iилманан агIонгахьара декхарш толлуш, кхочушдаран некъаш лохуш йолчу комиссин коьртехь ву филологин Iилманийн доктор, профессор А. И. Халидов;

- Юкъараллехь а, хаамийн гIирсашкахь а нохчийн литературни мотт нийса лелорна тIехь терго латторан комиссин куьйгалхочун декхарш тIедехкина «Даймохк» газетан коьртачу редакторан заместительна С. П. Дадаевна;

- Республикин дешаран декъехь нохчийн мотт хьехарна а, Iаморна а тIехь терго латторан комиссин коьртехь ву Нохчийн Республикин дешаран, Iилманан министран гIоьнча Хь. С. Умхаев.

ДIабаьллачу муьрехь Экспертни кхеташонан куьйгалхочун заместительша Ш. В. Жамалдаевс, Ш. А. Гапуровс, И. Б. Байхановс дIаехьначу кхаа заседанехь лераме а, тIаьхьатетта йиш йоцу а гIуллакхаш дийцаре дира. Царна юкъахь дара хIорш а:

- Нохчийн Республикехь пачхьалкхан а, кхидолу а меттанаш Iалашдарна, Iаморна, кхиорна лерина 2015-2024 шерашна йолчу пачхьалкхан программин хьокъехь проектах;

- нохчийн меттан орфографи тояран проектах;

- дешаран-Iилманан дакъошкахь, хьехархойн юкъараллехь нохчийн меттан орфографин хьокъехь проект йийцаре яран жамIех;

- Нохчийн Республикерчу яртийн, гIаланийн, кIотарийн нохчийн маттахь йолу цIерш къобалъярх;

- Нохчийн Республикин министерствийн, кхийолчу Iедалан органийн, Нохчийн Республикехь йолчу федеральни органийн Iедалан урхаллийн нохчийн маттахь йолу цIерш чIагIъярх;

- шеран беттанийн нохчийн маттахь йолчу цIерийн проектах.

Оцу дерриге а гIуллакхашкахула хьакъболлу сацамаш тIеэцна Экспертни кхеташоно, уьш кхочушбеш цхьамогIа гIуллакхаш а дина.

Масала, Нохчийн Республикерчу яртийн, гIаланийн, кIотарийн нохчийн маттахь йолу цIерш а, Нохчийн Республикин министерствийн, кхийолчу Iедалан органийн, Нохчийн Республикехь йолчу федеральни органийн Iедалан урхаллийн нохчийн маттахь йолу цIерш а шозза зорбане яьхна вайн мел долчу газеташкахь а (оьрсийн маттахь долчарна тIехь а), цхьадолчу журналашкахь а. Ца хуучарна йовзийта а, пайдаэца луучарна и таро хилийта а, нохчийн маттахь нийса йолу цхьа кеп лелаяйта а Iалашо йолуш бина болх бу иза.

Цул совнаха, нохчийн Iилманчаша дуккха а шерашкахь бинчу этнографин талламашна тIе а тийжаш, министерствехь болх беш йолчу хаамийн гIирсашкахь нохчийн мотт лелорна тIехь терго латточу комиссин декъашхоша тIеэцна, Нохчийн Республикин Куьйгалхо волчохь йолчу Экспертни кхеташоно къобалйина шеран беттанийн нохчийн маттерчу цIерех пайда а оьцуш, Нохчийн Республикин яздархойн союзо арахецна 2015 шарна йолу рузма (календарь).

Вайна хууш ма-хиллара, дахаран, юкъараллин массо а дакъошкахь йоккха меттиг дIалаьцна кхузаманахьлерчу технологиша, цу юкъахь – компьютерша, интернето, мобильни зIено. Кегийчу меттанашна боккха кхерам бу оцу технологишкара, цу меттанех царна юкъахь пайдаоьцуш цахиларна. И тидаме а эцна, Нохчийн Республикин Iилманийн Академехь леррина отдел а кхоьллина, болх беш ю нохчийн мотт компьютерийн программаш чу баккхаран тоба. (Россин Федерацехь долчу къаьмнашна юкъахь гIезалойн /татарийн/ мотт баьккхина компьютерийн программаш чу 2013-чу шарахь; и болх цара 10 шарахь бира). Цуьнан коьртехь физико-математически Iилманийн кандидат, математикин терминийн нохчийн-оьрсийн дошам кхоьллина Умархаджиев Салавди ву. Оцу отделерчу веа белхалочо лаххара а 5 шарахь бан безачу оцу белхан мехалла Iаламат йоккха ю, еккъа Iилманийн Академина тIебиллина и бита хьакъ а дацара вай, оьшу говзанчаш а, ян еза харж а совъяьккхина, мела а эвсара бан богIура.

Экспертни кхеташонан тIедилларца эха шарахь гергга кIорггера Iилманан болх а бина, нохчийн меттан орфографи тIехь бан богIучу хийцамийн хьокъехь проект кхоьллина филологин Iилманийн доктора А. И. Халидовс. Уггар хьалха и зорбане яьккхира «Даймохк» а, «Вести республики» а газеташкахь, 500 тираж йолуш, нохчийн а, оьрсийн а меттанашкахь ша къаьсттина ара а хийцира, массанхьа а яржа а йира. Цул тIаьхьа и йийцаре йина Iилманан-дешаран учрежденешкахь, нохчийн меттан хьехархошна юкъахь, Iилманийн Академехь, Экспертни кхеташонан заседанехь. ХIинца герггарчу хенахь, оцу проекта тIехь нийса хетарг дуьтуш, хийца дезарг хуьйцуш, иза цхьана барте а ялийна, нохчийн меттан орфографин коьрта бакъенаш карла а яьхна, Нохчийн Республикин Правительстве дIакховдор ю чIагIъяйта. (Билгалдаккхар: таханлера нохчийн литературни мотт НГIАССР-н халкъан комиссарийн Совето 1939 шарахь чIагIйинчу бакъенаш тIехь лелаш бу).

Министерствон а, Нохчийн Республикин Iилманийн Академин а дIадолорца Нохчийн мотт а, республикехь кхидолу меттанаш а кхиоран пачхьалкхан программин проект кечйира дIадаханчу шарахь. Итт шарна лерина хир йолу и программа кхочушъярна оьшу ахча 152 миллион сом бен дацара (я цхьана шарна – 15 миллион). Бакъ а долуш, и программа пачхьалкхан тIегIанехь тIеэца таро хиллехьара, нохчийн мотт Iалашбарехь а, кхидIа кхиорехь а, Iаморехь а шеко йоццуш баккхийчу кхиамашка кхочур дара вай. Амма цунах пачхьалкхан программа ца хилира Россин Федерацехь законаш хийцаделла хилар бахьанехь. Цундела оцу проектан буха тIехь Нохчийн Республикин дешаран, Iилманан министерствехь «Нохчийн Республикехь 2014-2020 шерашкахь дешар кхиор» аьлла йолчу пачхьалкхан программи юкъахь «2015-2020 шерашкахь нохчийн мотт кхиор» цIе йолуш дакъа чIагIдина, и кхочушдан Нохчийн Республикин дешаран, Iилманан а, Нохчийн Республикин къаьмнийн политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн а, Нохчийн Республикин культурин а министерствош билгал а еш. Цу юкъахь тIедехкина декхарш ялх шарахь дуьззина вай кхочушдахь, нохчийн мотт Iалашбарехь, кхиорехь, Iаморехь дуккха а гIуллакхаш цхьалхадахалур ду вайга.

Экспертни кхеташоно а, министерствон Юкъараллин кхеташоно а Нохчийн Республикин дешаран, Iилманан министерствоца, вузийн куьйгалхошца цхьаьна дуккха а болх бира дIадаханчу шарахь вайн Нохчийн пачхьалкхан университетехь а, Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн институтехь а «нохчийн мотт, литература» говзаллашна Iамош болу студенташ совбахаран Iалашонца. Оцу балхо дика тIаьхьенаш а елира: 2013-чу шарца дуьстича, 2014-чу шарахь деша тIеэцначеран терахь шозза сов алсамдаьлла. Масала, университете 2013-чу шарахь деша веънарг 51 вара, 2014-чу шарахь – 66; хьехархойн институте 2013 шарахь 77 студент тIеийцира, 2014-чу шарахь – 232. Кху шарахь а оцу тIегIанехь чIагIдала вайн ницкъ кхачахь, тIейогIучу хенашкахь юкъарадешаран кхерчашкахь нохчийн мотт хьоьхучеран къоьлла дIаяккха а, дешаран тIегIа лакхадаккха а таро хирг хиларан шеко ца юьсу.

Нохчийн меттан проблемех хьакхалуш болу берриге а болх Нохчийн Республикин Iилманийн Академи, Нохчийн Республикин дешаран, Iилманан министерство, Нохчийн Республикин культурин министерство, ЧГУ-хь, ЧГПИ-хь йолу нохчийн филологин кафедраш, Нохчийн Республикин дешар кхиоран институт, Нохчийн Республикин яздархойн союз, шуьйрачу хаамийн гIирсашкахь нохчийн маттаца болх беш болу говзанчаш юкъаозош дIахьош бу массо а хенахь.

Нохчийн литературни меттан проблемаш йийцаре еш, кхочушъяран некъаш билгалдеш, Iилманчаш а, оцу маттаца болх беш болу хьехархой а, яздархой а, журналисташ а вовшашца дагабовларш вовшахтухуш Iилманийн Академица, Нохчийн Республикин дешаран, Iилманан министерствоца, вузашца цхьаьна дIаяьхьна, дIахьош а ю республикехь цхьамогIа Iилманан-практически конференцеш, горга стоьлаш, телерадиокомпанешкахь леррина передачаш, зорбанан хаамашкахь статьяш язъяр, дешаран кхерчашкахь цхьаьнакхетарш. И болх цкъа а сацийна бац, Нохчийн меттан денна лерина шарахь цкъа дIахьочу кампанина беш а бац.

Масала, 2014-чу шеран 20-чу ноябрехь, Нохчийн Республикин Куьйгалхо волчохь йолчу Экспертни кхеташонан декъашхоша шуьйра дакъа а лоцуш, Нохчийн Республикин Iилманийн Академица цхьаьна министерствос вовшахтоьхна дIаехьира мехкашна юкъара «Къилбаседа Кавказан халкъийн меттанаш Iалашдар – Кавказан шира культура а, истори а Iалашъяран бух бу» аьлла йолу Iилманан-практикин конференци. Дагестанера, Кхарачойн-Чергазойн Республикера, ГIалгIайчуьра, Дона-тIерачу-Ростовера, Москвара Iилманчаша дакъа а лоцуш, Россерчу кегийчу къаьмнийн меттанашкахь долу хьал, уьш Iалашдаран, кхиоран некъаш дуьйцуш, пайде къамел а хилира конференцехь, хьакъйолу резолюци тIеийцира, иза мехкийн куьйгалхошка дIаса а яхьийтира.

Нохчийн маттаца компьютерш тIехь болх бечу эзарнаш нахана боккха хьем беш хIума дара хIинццалц «I» элп тохар. Цхьаболчара цуьнан метта терахь «1» туху, и текста юккъехь вуон къаьсташ, товш ца хуьлу. Кхиболчара и элп тоха дезарна тIекхаьчча, хIоразза а компьютер тIехь долу йоза ингалсан матте а доккхуш, и элп а тухуш, тIаккха юха а йоза оьрсийн матта тIе даккха дезаш хуьлура. Кхечара кхин кеп лелайора. Амма хIоразза а нохчийн йозанца болх бечарна йоккха дуьхьало хуьлура и «I» элп тухуш.

ХIинца и болх аттачу баьккхина вайн Iилманийн Академехь Умархаджиев Салавдин куьйгаллица болх беш йолчу отделан говзанчаша. Цара леррина программа а кхоьллина, кхидолчу элпашца цхьаьна шерра тоха йиш ю «I» элп. Дан дезарг чолхе хIума а дац: интернетехь йолу Академин сайт схьа а йиллина, гуччохь лаьтташ йолу и программа шен компьютер чу а яьккхина, болх бан йолаялийтар, ткъа и муха дан деза а цу тIехь дийцина ду.

Кхин цхьа вуно мехала болх а бина оцу отделан говзанчаша: А. Г. Мациевн 1961-чу шарахьлера «Нохчийн-оьрсийн дошам» а, А. Т. Карасаевн, А. Г. Мациевн 1978-чу шарахьлера «Оьрсийн-нохчийн дошам» а юьззина компьютер чу яьккхина. Оццу сайта тIера шайн компьютер чу а яьхна, шайна эшначу хенахь муьлхха а дош нийса муха яздан деза хьажа а, гочдан а таро ю нохчийн маттаца болх бечеран.

«Нохчийн Республикехь меттанийн хьокъехь» долчу Нохчийн Республикин Законца нийса а догIуш, министра шен лерринчу омрица тIедилларца «Даймохк» газето дIадолош ду Нохчийн Республикин Куьйгалхочун указаш а, вайн Парламенто тIеоьцуш долу Нохчийн Республикин законаш а нохчийн маттахь зорбане дахар. Иза а вайн мотт кхиорехь, оьрсийн мотт ледара хуучарна Iедалан тIегIанехь хуьлуш-лелаш дерг шен ненан маттахь довзийтарехь доккха маьIна долуш гIуллакх ду.

Нохчийн меттан Iилманехь боккха хилам лара беза 2014-чу шарахь цхьамогIа Iилманчаша кхоьллинчу «Нохчийн меттан грамматикин» 1-ра том араялар (проектан автор а, Iилманан редактор а ву филологин Iилманийн доктор, профессор, НР-н Iилманийн Академин декъашхо-корреспондент А. И. Халидов). Нохчийн мотт кхиорехь вуно йоккха Iилманан мехалла йолчу оцу тайпанчу талламех дозалла дан йиш йолуш дукха къаьмнаш дац вайн пачхьалкхехь.

Дуьненна а вевзаш меттан Iилманча вара вайн махкахо Дешериев Юнус. Цо шен дахарехь Iилманан талламаш бинчу декъехь къахьегна а, хIинца а болх беш а болчу советски, российски Iилманчийн белхаш схьа а гулбина, изза А. И. Халидов жоьпаллин редактор а волуш, 2014-чу шарахь зорбанера араяьлла «Мотт, литература, фольклор (Дешериев Юнусан сийнна)» цIе йолу киншка. Коьртачу декъана лингвистикина (цу юкъахь нохчийн меттан лингвистикина а) лерина статьяш шена юкъаяхана долчу оцу тептаро мехала меттиг дIалоцур ю меттанех долчу Iилманехь.

Нохчийн мотт Iалашбарехь, кхидIа а кхиорехь карарчу хенахь дан дезарш а, герггарчу ханна билгалдан дезарш а цхьалха а дохуш, вайн таханлерчу дийнахь йолчу таронех буьззина пайда а оьцуш болх дIабахьа Iалашо ю Нохчийн Республикин Куьйгалхо волчохь йолчу Экспертни кхеташонан а, министерствехь йолчу Юкъараллин кхеташонан а, вайн шуьйрачу хаамийн гIирсашкахь нохчийн маттаца къахьоьгучу говзанчийн а.

 

ЖАМАЛДАЕВ  Шаид,

Нохчийн Республикин къоман политикин,

арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министр,

Нохчийн Республикин Куьйгалхо волчохь йолчу нохчийн

мотт кхидIа а кхиоран, нохчийн маттахь йолчу исбаьхьаллин

литературин а, хаамийн гIирсийн а мах хадоран

Экспертни кхеташонан Председателан заместитель

 

www.ChechnyaTODAY.com


При копировании материалов ссылка на сайт обязательна