Х1ора а, нохчичун сица а, ц1ийца а ду ша схьаваьлла орам хаар, дай баьхна латта, шен Даймохк безар, цуьнга уьйр-марзо хилар а. Ткъа къаьсттина доккха хьуьнар ду, дуьненахь чолхечу хьелаша хьовзийначу халонех къаьхкина атто лоьхуш шен дай баьхна лаьмнаш, латта, х1усам д1атесна шен дег1ана парг1атоне ца кхийдар, нохчийн шира кхерч, кхерчахь йогу  ц1е, дайн г1иллакхаш ца дицдеш нохчийн х1усамехь, нохчийн махкахь вахар.

Ишттачеран мог1арера цхьаъ ю, лаьмнашна юкъахь 1уьллучу Ч1ебарлойн районера Макажа юьртара яхархо Хасанова Умисат. Иза йина 1958 шеран 25-чу июлехь Казахстанехь Кустанай г1алахь. Цигара Даймахка ц1а йирзичахьана Макажахь ехаш ю иза.

Умисат йолчу х1усаме кхаьчча ширачу замане хьуо юха вахача санна хетало. Чохь йогуш дечиг даго пеш а, корехь латийна маьхкадаьтта дутту чиркх а,  лелош даьхни а ду цуьнан. Иштта ма 1ийна вайн дай, шайн куьйга хьанал къа а хьоьгуш, рицкъа доккхуш, ийманехь оьзда доьзал а кхиош г1иллакх-г1уллакх а долуш.
Умистан гергара нах, доьзалш охьанехьа бехаш бу, цара мел ч1ог1а аларх а, дехарх а,  Умисат цигара схьа ца йог1у 1ан а, яха а, аьтто хир бара аьлла. Цуо забар ечух олу:  "Кхузахь сан синна а, токхе ду, эрна эладита я къинош ца летош, Далла 1амал еш сайна парг1ата еха со".

2008-г1а шо т1екхаччалц йолчу ханна Умисат шен дайх дисинчу ширачу ц1а чохь ехаш яра, цуо доккхачу баркаллица дуьйцу вайн мехкан Куьйгалхочо Кадыров Рамзана 2008-чу шарахь Ч1ебарлойн районехь яйтинчу 28 х1усамех лаьцна.

- Карарчу хенахь Макажахь шина-кхаа х1усамехь бен дехаш адамаш дац, делахь а аьхка мелла а дукха нах хьала бог1у кхуза, шайн дай баьхна латта ган а, марзо хеташ хан яккха а. Уьш гуттаренна а ц1а боьрзург хиларх а тешна яра иза.

Шен дахарехь уггаре а, доккха хазахетар шена хиларх а дийцира цо йоккхаерца самукъа а долуш. Дукха хан йоццуш шен х1усаме уггаре а веза, лараме хьаша вайн мехкан Куьйгалхо Кадыров Рамзан варах лаьцна дара иза. Иза шена гур ву я, шен х1усаме вог1ур ву аьлла цкъа а дага деача а, я и ирс хир ду аьлла тешна яцара ша бохура цо. Х1инца а, наггахь и г1ан дарий-те олий а хетало, олуш елаелира иза. Шена ма-хетта цунна хьошалла дан аьтто цахиларна дагахь балам болуш а яра Умисат. Шайн хиллачу къамелех а, вайн мехкан куьйгалхочун дикаллах лаьцна а дийцира цо.
Цунна шен а, миска мел волчу стеган а, вайн къоман а, мехкан лазам а, бала а хиларна Дела реза хуьлда аларца баркаллаш а бохуш.

Нохчийн зуда-м даимна а хилла сийлахь, еза, лараме, оьзда, цундела ма бу нохчийн к1ентий къонахий а. Мехкарийн сий долчу махкахь къонахий кхуьур бу" олуш дайн кица а ма ду. Вайн махкахь-м кхуьур бу яхь йолу къонахий а, сий долу мехкарий а, Делан къинхетамца Дала мукъ лахь!

Дайн кхерч латто, цу кхерчахь йогу ц1е ца яйта Умисат санна болу зударий, наной, йижарий кхуьийла хьан Нохчийчоь, мехкан сий айдан, кхане ирсе кхиийта  вайн мехкан Куьйгалхо Кадыров Рамзан санна болу къонахий дебийла хьан, Даймохк!

 

Виситаева Тумани

 

www.ChechnyaTODAY.com

Все права защищены. При перепечатке ссылка на сайт ИА "Чеченская Республика Сегодня" обязательна.