Дала дуьненчу кхоьллина х1ора а  адам  дуьненчохь шена хене дала рицкъа лаха бахьана лелош хила дезаш ду. Ткъа и рицкъа халонех ца къехкаш хьанал къахьоьгуш доккхуш хилар жайнахь а деза лерина ду. Вайн дайша шаьш баьхначу заманахь иштта хьанал лохуш хилла шайн доьзал хене баккха рицкъа, латта лелош, ялта кхиош, даьхни кхобуш, царах пайда оьцуш. И къахьегаран дакъа доьзалехь массарна а, шен хене хьаьжжина кхочуш хилла, ма дарра аьлча цхьа а мокъа 1аш ца хилла-кх.

Карарчу хенахь хенан х1оттаме хьаьжжина аттаче даьлла белхан рицкъа даккхаран хьелаш. Амма цу аттонна т1е тевжина ца 1аш вайн дайша ма-хьеггара хьанал къахьоьгуш латтанаш лелош, даьхни кхобуш, шен доьзална шайн гергарчу нахана а пайдехь хилла схьавог1уш ву Курчалойн районерчу Хоси-Юьртара вахархо Тагиров Лом-1ела.
Тагиров Лом-1ела вина 1961шеран 21-чу мартехь. Цигга Хоси-Юьртахь чекхъяьккхина юккъера школа. Школера ваьлча деша вахана Гуьмсерчу ГПТО-24 олучу училище сварщикан говзалла караерзо, цигахь доьшуш волуш Махачкала 8-баттана практике воьхуьйту цигара д1а к1ант эскаре  вуьгу 1979-чу шарахь. Цигахь йоккху хан чакх а йолий 1981-чу шарахь ц1авоьрзу.

Лом-1елера доьзалехь х1орш 10 бер хилла кхеран ден а, ненан а. 8 к1ант, ши йо1. Лом-1ела царах пхиолг1а доьзалхо ву. Х1орш итте а доьзалхо дас-нанас г1иллакхе-оьзда а, шайна цхьаннах бала ца бан шаьш д1адевлча  шаьш-шайна пайдехь хилийта а, даима а г1улкхана балхана т1ете1ош кхиийна, церан эвла юккъехула лела а, я эрна дерш лелош хьийза йиш ца хилла, шаьш итта хиллехь а шайна х1оранна дан г1уллакх карадора шайн нанна бохуш дуьйцура Лом-1елас.
Даьхни лелош, ялта кхиош хьанал дара шайн доьзалехь т1едог1у рицкъа, цундела х1усамехь даима токхе хилара бохура цо.

 

1982-чу шарахь белхан хьелашца Казахстане кхочу Лом-1ела, цигахь евза х1инца шен йолу х1усамнана Зураъ.
1983-чу шарахь иза яла а йой доьзал болабо церан ирсечу дахарехь. Карарчу хенахь цу шинна виъ доьзалхо ву —  ши йо1, ши к1ант, 7 берийн бер а ду цу шинна. 1986-чу шарахь Казахстанера ц1а вирзича Гуьмсерчу Сельхозстанцехь а, С.П.М.К буру тухучу оргонизацехь а сварщикан белхаш бо Лом-1елас. 2000-2007-чуй шерашкахь Правительствехь водитель болх а бо цо.

 

2012-чу шарахь цуьнан лаам хуьлу даьхни кхаба, латта лело а, цу т1ехь цунна г1о до цуьнан вашас.
Шен лаам кхочуш хиларх воккха вина ца волуш цзьангга а ца хьежош тракторца а, ялта дерца а чудерзорца а, ша къахьоьгуш белхаш бо цо. Ткъа даьхни лелош ша ца ларорна 4-5 белхало а ву цуьнан беттан алап а луш, иза ю цхьа дика аг1о, х1унда аьлча белхан меттигаш массарна а кхочуш яц и масех стаг балхахь хилча масех доьзал токхе хир бу.
Йог1учу ханна хьан х1ун лаам бу аьлла хаттар дича Лом-1елас жоп ло, даьхни дебор, оьшу техника хилча латта лелор шуьйрачу хорше дерзон лаам бара шен олий.

Лом-1елин даггара Дала аьтто бойла ала луур дара массо а, дикачу х1уманна т1ехь.
Вайн дайн амалехь а ца хилла атто лехар, х1ора а шен ницкъе хьаьжжина къахьоьгуш лелла, карарчу хенахь атто лоьхучу наха масал эца хьакъ ву Лом-1ела.

Дала и шен доьзалшна а, гергарчу нахана а, могаш-маьрша дукха вахавойла.

 

Виситаева Тумани

www.ChechnyaTODAY.com

Все права защищены. При перепечатке ссылка на сайт ИА "Чеченская Республика Сегодня" обязательна.