Арсанукаев Iабдулла

Нохчийн поэт, прозаик, краевед Юсупов Iазим вина 1940 шеран 20 февралехь Нохчийчоьнан ширчу юьртахь Девкар-Эвлахь. Нохчийн къам махках даьккхинчу хенахь ЮсуповгIеран доьзал Киргизехь Iийна, Фрунзенски областан Сталински районан Панфилова эвлахь. 1947 шарахь деша а вахана, чекхъяьккхина оцу районан Октябрьски юккъера школа. Нохч-ГIалгIайн республика юха меттахIоттийча, 1957 шарахь цIа бирзина ЮсуповгIеран доьзал. Грозненски районан военкомато ДОСААФ-н автомотоклубе а хьажийна шоферан говзалла караерзийна Iазима. ТIаккха цхьана муьрехь шоферан болх бина. 1959 шарахь нефтан, газан промышленностан Урхаллин дешаран комбинатехь бурутохаран корматаллин курсаш чекхъяьхна. Цул тIаьхьа Советски эскаре гIуллакх дан кхайкхина, цигахь мотористан, электрикан, трактористан говзаллех кхиъна. Эскарехь волуш а, цигара цIа вирзича а шоферан, автоэлектрикан, моторист-трактористан белхаш бина. Балхахь хиларца цхьаьна заочно доьшуш 1972 шарахь чекхъяьккхина Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан университетан филологин факультет. Университет чекхъяьккхинчул тIаьхьа цхьайтта шарахь болх бина «Ленинан некъ» газетан редакцин культурин отделехь. Журналистан говзалла кIорггера караерзарца цхьаьна  газетан редакцехь бина болх пайдехьа хилла яздархочун корматалла кхиарехь а.

ТIаьхьо Юсупов Iазим болх бина Iилманан талламан институтехь. 1984 шарахь Нохч-ГIалгIайн филармонин исбаьхьаллин, литературин декъан куьйгалхо хIоттийна. Ткъех шарахь кхиамца болх бина цо филармонехь. Сийлаллин цIерш а, пачхьалкхан совгIаташ а ду яздархочунна делла.

Исбаьхьаллин литературехь ша зен хьалххе волавелла Юсупов Iазим. Кхуьнан вашас Султана цIера дохуш шеца дIаеана хилла Актемиров Муситин «Заздоккху республика» цIе йолу стихийн гулар. Цу тIера элпаш а довзуьйтуш, нохчийн маттахь деша а, яздан а Iамийна цо шел жимчу вешина Iазимна. Алма-Атахь арадолу «Къинхьегаман байракх» газет доьшуш шардина нохчийн маттхь деша а, яздан а хаар.

Стихаш язъян школехь доьшуш волуш волавелла. Дуьххьарлера стихотворени даим юьйцуш, хестош хиллачу Коммунистически партех лаьцна язйина:

 

                                   Ирс дебаш, дахар таделла,
                                   Мисканаш буьзна, денбелла.
                                   Вайн партис даха ницкъ белла,
                                   Даккхийдеш деха вай денна.

                                   ТIехдуьйлуш дIаоьху шераш,
                                   Самукъне доьлуш ду адамаш,
                                   Яхалахь тхан деган езар –
                                   Компарти – дуьненан машар. 

 

Стихотворени Алма-Атахь арадолучу «Къинхьегаман байракх» газете яхьийтина автора. Газетан редакцера жоп деана: «Халачу темина тIе ма кхийда. ГIарабевллачу поэташна а хала ду партин васт кхолла. Кхечу тематикех лаций, язъе…Бакъдерг аларна, хала ма хета. Айхьа юьхьарлаьцна некъ дIа ма хеца…». 

Хьем ца беш язйина шолгIа стихотворени а яхьийтина кIанта «Къинхьегаман байракх» газетан редакци. «Майра пхьагал» цIе а йолуш, цхьана туьйранан бух тIехь язйинчу оцу стихотворенин а кхиам ца хилла, цунна а зорба ца тоьхна. Стихотворенин рифмаш примитивни ю, стихан размер хила еззачу барамехь лар ца йина, доцца ала тарлуш дерг дахдина дийцина, цундела зорба ца туху аьлла,  газетан литконсультантера юха а жоп деана авторна. Амма поэзин новкъа вала гIертарх дог ца даьлла кIентан. Цо лерина ешна оцу хенахь Алма-Атахь а, Фрунзехь а араюьйлуш хилла нохчийн яздархойн прозведенеш, тидаме эцна хIора стихотворени чулацам, язъяран хатI, башхаллаш. «Къинхьегаман байракх» газетаца уьйр латтийна, заметкаш, тайп-тайпана корреспонденцеш кхехьийтина, цхьайолчарна зорбатухуш хилла газето.

Даймахка цIа веанчул тIаьхьа хаддаза дIахьо Юсупов Iазима кхолларллин болх. Ша муьлххачу балхахь хилча а, исбаьхьаллин литературехь къахьоьгуш хилла иза. Цуьнан дийцарш, очеркаш, стихаш, поэмаш, статьяш арайийлина «Ленинан некъ», «Заветы Ильича», «Комсомольское племя», «Грозненнский рабочий», «Даймохк», «Вести республики» газеташ тIехь, «Орга», «Вайнах», «Нана» журналийн агIонаш тIехь, «Къоналлин кхайкхамца» (1976), «Сатасаран сахьт» (1986), «Деган орца» (1989), «Яйалур йоцу цIе» (2006), кхийолчу а юкъарчу гуларшкахь, Нохчийн Республикин Iилманан академин «Таллам» тептар тIехь.

Юсупов Iазим автор ву мехалчу книгийн: «Теркаца  суьйре» (2004), «Чечня и Лермонтов» (2004) «Тайна наскальной надписи» (2004) «Туррий, пондаррий» (2005). «Даймохк, хьо ду сан илли» (2005), «Тернистый путь коммисаров» (2009), «Син мерзийн мукъамаш» (2013), «Серлончин дуьненахь» (2013),  «Кавказан кIентий» (2014).

Автора шен цхьайолу поэтически произведенеш арахецна кха а томехь «Нохчийн иллеш, эшарш» аьлла, юкъара цIе а тиллина, хIора книгин шен къастийна цIе а йолуш. Уьш ю лакхахь вай ялийнчарах кхо книга: «Теркаца суьйре», «Даймохк, хьо ду сан илли», «Син мерзийн мукъамаш». Царна юкъаяханчу стихотворенех дукхахаерш композиторша, мукъамаш а бохуш, иллешка, эшаршка ерзийна. Цундела аьлла хир ду автора шен поэтически произведенех иллеш, эшарш. Уьш кхоллаяларх лаьцна Юсупов Iазима дуьйцу, ша «Ленинан некъ» газетан редакцехь балхахь волуш цига богIура илланчаш Дудаев Зеламха, Дидигов Билу-Хьаьжа, Чакараева Маьлха-Аьзни, Мусаева Лайлаъ, кхиберш а. Къоначу илланчийн тулгIено йоккхачу сцени тIехь чIагIъяла гIерташ, ног етта зама яра иза. Артисташа дехарш дора иллешна, эшаршна дешнаш яздахьара шайна, бохуш. Церан лаам ша кхочушбора, боху поэта, тIаккха иллешка, эшаршка доьрзийн телевиденехула, радиохула кест-кеста декара уьш, филармонин массо ансамблашкахь дIаолуш а дара.

Юсупов Iазиман стихаш тIехь даьхначу иллешна, эшаршна реза боцуш хилла цхьаболу яздархой, критикаш. Цара баьхна: «Цхьа а книга зорбанехь араяьлла а воцчу Юсупов Iазиман иллеш, эшарш эфире стенна йоху аш? Шаьш дийриг къоман культура сийсазъяр дуй ца хаьа-те шуна?... Халкъан дуьхьа деш долчунна хьалха вай жоьпаллин хила деза. И бакъдерг дицдо стих муха язйо ца хуучу, Юсупов санначу, поэтийн чулацам боцу дешнаш, мукъамашка а дерзош, иллеш кхуллучара. Цара бакъболчу поэтийн сий дойу. И гIуллакх сацо деза…». Амма Юсупов Iазима «и гIуллакх» саца ца дира, композиторша цуьнан стихаш, хьалха санна,  мукъамаш а бохуш иллешкий, стихашкий ерзайора, илланчаша, эшаршлакхархоша уьш шайн репертуре а ялайора. Яздархочо Уциев Абус, ша Юсупов Iазиман «Син мерзийн мукъамаш» книгина яздинчу хьалхарчу дашехь поэтан иллешкий, эшаршкий ерзийнчу стихийн барам 400 кхаьчна боху.

Юсупов Iазиман шен бехкамаш бу иллин кхолларехь. «Теркаца суьйре» книги тIехь илли кхолладаларан тайп-тайпана некъаш а, башхаллаш билгалйоху цо: «Музыкина дешнаш яздеш а, дешнашна музыка язъеш а хуьлу. И ший а агIо хьесапе а оьцуш, илли кхуллучу хенахь лара езаш 3 башхалла ю: 

  1. Иллин «дегI» хила деза (чIурам – стержень). Иллин «дегI» кхуллург дешнаш ду. Цундела уьш чулацаме а, дика а хила деза.
  2. Иллин «са» хуьлу. И «са» – иллин мукъам бу. Иза а дика хила беза.
  3. Иллина тIемаш а оьшу. Цунна тIемаш лург, иза тIома доккхург илланча ву. Нагахь иллин «дегI» – дешнаш а, иллин «са» – мукъам а, иллина тIемаш луш волу илланча а вовшашца догIуш делахь. Иллин дахар деха хир ду».

Шен иллех лаьцна поэта боху: «Иллешца, Даймахкаца, доттагIаллица, деца-ненаца, дайн гIиллакхашца, заманца, Iаламца, забарца, къонахаллица-доьналлица, безамца вайнехан хилла юкъаметтигаш иллин жанрехула гайта гIиртина со». 

Поэтан «бакъонан къийсамхой» аьлла шен иллех.  «Сан некъахой» цIе йолчу стихотворенехь мелла а билгалбовлу авторан поэзига болу лехамаш:

 

                                   Сан иллеш – мотт хуу некъахой,
                                   Сан лорах лелалаш, декхалой,
                                   Харцонца сан кхоллам къовсалаш,
                                   Нехачух и къасто хьовсалаш!

                                   Шу дендеш ас чу са диллина,
                                   Сайн болх а шуна тIебиллина.
                                   Кхолламо лаьттара дIавайахь,
                                   Со лоьхуш, сан бала айалаш!

                                   Сан иллеш – бакъонан къийсамхой,
                                   Мох-дарцах тийсалуш хьалха гIой,
                                   Мокхазан тархах тIам бетталаш,
                                   Адамаш дохден суй баккхалаш!

 

                                   Да ву со – шу иллеш кхиийна,
                                   Дегнаш дохден цIе латийна.
                                   Ден декхар цкъа а диц ма делаш!
                                   Халкъан дог деладеш дахалаш!

 

еа могIанах лаьтташ йиъ строфа ю стихотворенехь. Рифмаш дактилически ю, шишша цхьаьна йолуш, шалха рифмовка ю. Рифмаш а, рифмовкин кеп а массо строфахь ларъеш, чекхъяьккхина. Дактилически шалха рифмаш стихотворени чекхъяллалц цхьана кепехь  ялийна дукха ца нисло нохчийн поэзехь. ХIокху стихотворенехь автора кхочушдина иза. Иштта рифмовка йолуш ю цуьнан «Геч ма делахь, латта!», «Яхь йолу кIант лийр вац», «Сан гIала, хьуна хIун хилла», «Дайн чартийн бIарлагаIаш», «Сийсаза ма бен кхоллам», «Соьца некъ бе!» стихотворенеш а, оцу стихотворенешкахь рифмаш зударийн ю.

Юсупов Iазиман поэзин чулацам шуьйра бу. Даймохк, Даймехкан къонахий, Даймехкан хьалха дIадахнарг а, таханлерниг а, Iаламан исбаьхьалла, нана, ненан мотт, доттагIалла, безам, къаьмнийн юкъаметтигаш – иштта ю яздархочун коьрта теманаш. Цуьнан поэзин лирически турпалхочун дахарехь уггар дезниг «Нана-мохк – дай баьхна цIа» ду:

 

                                   Лерина бIаьрг тоьхча ас араваьлла,
                                   Стигланах гIоьртина ламанаш го.
                                   Хуьлучу хийцамех дог ловзадаьлла,
                                   Хастаме ойланаш сан ийало.

                                   Ас деши я дети ца лоьху сайна,
                                   Хийрачу мехкашка ца туьйсу са.
                                   Дахарехь дезаниг цхьаъ ду сан дагна,
                                   Иза ду Нана-мохк – дай баьхна цIа.

 

Кхечу стихотворенин лирически турпалхо а ву Даймахкана чу садиллина, эшначохь махкана, халкъана орцахвала кийча:

 

                                   Сан Даймохк - Iилманан ага,
                                   Ахь техкош кхиийна со.
                                   Лаьара хьан цIергахь вага,
                                   Хьан йовхо ас сайна хьо.

                                   Ма ваха хьомечу махкахь
                                   Дахарца ша цхьалха верг,
                                   Шен дахар эшначу меттехь
                                   Халкъана дIа ца лун дерг.

 

Ненах лаьцна дукха стихаш ю поэтан кхоллараллехь. Ненан къинхетам, ненан деган йовхо хаало стихашкахь «Нана, сан жималла дIаяьхьи ахь», «Ма елха, нана», «Нене весет», «Гечделахь суна», «Къинхетаме дог», «Тешалахь», «Даг тIера заза доьжна», «Духаделла дахар», «Хьо дагахь латтош», «Кура» машен я дагахьбаллам», «Дозалла ден кIантах», «Йицйийр яц хьо», «Деган мерза стом», «Ненан безам», «Дийцахьа, нана!», Хастам бун нанна». 

Нохчитйн маттах, исбаьхьаллин дашах, нохчийн мукъамех лаьцна яздо поэта шен стихашкахь «Дешан бIов», «Ларбе нохчийн мотт», «Меттан пхьераш», «Аьрзойн махкахь», «Нохчийн мукъам». Кхузахь масална ялайо вай бархI могIанах лаьтташ йолу «Нохчийн мукъам» стихотворени:

 

                                   Ломахь суьйре хаза йогIу,
                                   Малх Iаламна белало.
                                   Дайн къоналла карлайоху,
                                   Леча стигла ийало.

                                   Даг тIе йижна гIайгIа лало,
                                   Нохчийн мукъам, бахалахь.
                                   Адмийн дегнаш дашца кхало
                                   Олхазарха гIатталахь!

 

«Дешан бIов» стихотворени тIехь:

 

                                   Хьовсалаш дешан бIов йотта,
                                   И цхьаьнге яккха ца ло.
                                    ………………………….

                                   Вайн меттан дашехь ницкъ боллу,
                                   И бIаьвнна ма кхоабе.
                                   …………………………

                                   Дош коьрта леринчу наха
                                   Йоьттина бIаьвнаш ю вайн.
                                   Цу тIехь вай Iемаш ду даха,
                                   И-м меттан хазалла яй.

                                   БIешеран кIоргера дуьйна
                                   Хестабеш дешан ницкъ хьайн,
                                   СхьадогIу хьо нохчийн туьйра,
                                   Сийлалле дигарца вай.

 

Иллеш, эшарш йохуш волчу поэтан кхоллараллехь безаман, доттагIаллин лирика алсам хилар кхеташ ду. Цуьнан «Теркаца суьйре», «Даймохк, хьо ду сан илли», «Син мерзийн мукъамаш» книгийн чулацамехь дукхахаерш цIена, оьзда безам а, доттагIалла а кхайкхош ю. Уьш мехкарийн эшарш а ю, божарша дIаолу иллеш а ду, авторан дог-ойла гучуйолу стихаш а ю: 

Догдикчу ойланех кхетийла лиъна,

                                   Жималлин безамах аьрха дог кхиъна,
                                   Амат хьан хазбелла хилча со цхьаъ,
                                   Доьху хьоь ца кховдор соь шийла кхаъ.

                                   Ахь тидам ца бина дахаран некъаш,
                                   Екхначу стиглан кIел комаьрша хьекъаш.
                                   Вайшиъ а дехар ду безамца товш,
                                   Азаллехь яздинарг эрна ца довш.

                                   Ял йоцчу нийсархойн хьехамех тешна,
                                   Хиндерг ахь ларамза кога кIел хьешна,
                                   И дерриг дицдина суна вас еш,
                                   ЙогIу хьо гIалатийн ойла ца еш.

                                   Тешарца дIататтий цхьааллин бала,
                                   Екхалой кхолламан да хили яла.
                                   Геналле ца кхийдаш соьца некъ бе,
                                   Амалца тайна ирс къехка ма де! 

 

Нохчийчохь XX бIешо чекхдолуш, XXI бIешо долалуш лаьттинчу тIемаша махкана, халкъана беанчу бохамах лаьцна ю стихаш «Халкъан баьчча», «Орцанан аз», «Турпал Нохчийчоь», «Ма йоха, нана», «КIадбелла бIаьргаш», «Дохийна Iалам», «Хьан къина лойла со», «Ассалам Iалайкум, кIентий!», «КIант цIа варе хьоьжуш», «Ма Iенаде бIаьрхиш, нана», «Халчу некъахь лаьттарш», «Эрна ца дай», «Ларъе ДегIаста», дуккха а кхиерш а.     

Нохчийн пачхьалкхан филармонин, эшарийн а, хелхаран а ансамблан, самодеятельни артисташна 40 шарахь иллийн, эшарийн репертуар латтийна Юсупов Iазима. Амма поэт еккъа эшарш, иллеш яздина ца Iийна, иза автор ву яккхийчу исторически произведенинйн а. 2014 шарахь араяьлла цуьнан «Кавказан кIентий» цIе йолу книга. Иза стихашкахь язйина шен барамца Iаламат йоккха исторически роман ю ХIХ бIешарахьлерчу Кавказски тIамах лаьцна. Бакъдолчийн бух тIехь язйина роман, цу тIехь болх беш автора пайдаэцна Шамилан наиб хиллачу ГIойтемира йозанех а, кхидолчу исторически бакъдолчу документех а. «Юсупов Iазима «Кавказан кIентий» аьлла романна цIе тиллар а шен бух болуш ду. Дукхачу къаьмнийн кIенташа дакъалаьцна Кавказан тIамехь, и Iожаллин хьер сацо гIерташ… «Кавказан кIентий» киншко ешархошна гIо дийр ду… хала некъаш идийнчу турпалхойн, церан амалийн, вастийн доьналлин, гIиллакхийн, оьздангаллин доккха дуьне, куьзганахь санна, ган», – яздина романах лаьцна нохчийн халкъан яздархочо Хатуев Iабдулхьамида.

Кавказски тIеман хенахь Лев Толстой Нохчийчохь хиларх, цуьнан нохчашца еъначу юкъаметтигех лаьцна ю коьрта долчу декъана «Туррий, пондаррий» цIе йолу книга. Пхеа декъе бекъна бу книгин чулацам. Хьалхарчу декъехь ялийна Толстойца доьзначу доттагIаллех лаьцна йолу стихаш. ШолгIа дакъа «ДоттагIийн чхар» цIе йолчу стихашкахь язйинчу повестах лаьтташ ду. И повесть Толстойн, Мисербиев Садон доттагIаллех а дуьйцуш, бакъдолчийн бух тIехь язйина ю. Книгин кхоалгIачу декъа чу йогIу авторан талламан статьяш «Поэтически башха жовхIарш», «ГихтIарчу Хьамзатах долу илли», «Нохчийн иллийн тидарш».  ДоьалгIачу декъа тIехь поэмашший, тайп-тайпан чулацам болу стихашший ю. ПхоьалгIа дакъа гочдаршна лерина ду. Кхузахь ялийна авторан нохчийн матте яьхна оьрсийн а, кхечу къаьмнийн поэтин стихаш.

«Тайна наскальной надписи», «Чечня и Лермонтов», «Тернистый путь комиссаров» цIерш йолу книгаш оьрсийн маттахь ю. «Тайна наскальной надписи» книги тIехь «Скла кунаков» цIе йолу стихашкахь язйина повесть а ю, авторан талламан белхаш а бу.

«Чечня и Лермонтов» цIе йолу книга Юсупов Iазима шен кIантаца Аслуддинца цхьаьна язйина. Иза дуккха а йолчу материалех пайда а оьцуш язбина талламан болх бу М. Лермонтовн произведенешкахь нохчийн гайтаран проблема къастайо авторша. Оцу проблемех доьзна дуккха а керланиг далийна авторша шайн балха тIехь. Авторшна оцу книги тIехь болх барна авторшна Лермонтов вина 190 шо кхачарна лерина юбилейни медалаш еллера.

Вевзаш волчу серлончин Сугаипов ШахIабан дахар а, кхолларалла а теллина Юсупов Iазима шен «Серлончин дуьненахь» цIе йолчу книги тIехь. Сугаипов ШахIабан кхолларалла кхидIа а толлуш ву автор.

Юсупов Iазим гочдархо а ву, цо нохчийн матте яьхна кхечу къаьмнийн авторийн дуккха а стихаш. Нохчийн барта кхоллараллин произведенеш дIаязъеш, царна тIехь болх беш а ву яздархо.

Юсупов Iазим кхиамца болх беш ву нохчийн литературехь.

 

  

ЗОРБАНЕХЬ АРАЙИЙЛИНА АВТОРАН КНИГАШ

 

           Теркаца  суьйре. Нохчийн иллеш, эшарш. Махачкала, 2004.

           Туррий, пондаррий. Стихаш, ститхашкахь повесть, поэмаш, гочдарш. Элитста, 2005.

           Даймохк, хьо ду сан илли.   Нохчийн иллеш, эшарш. II том. Элитста, 2005,

           Син мерзийн мукъамаш.Нохчийн и ллеш, эшарш. III том. Нальчик, 2013.

           Серлончин дуьненахь. Стихаш, гочдарш, талламаш. Грозный, 2013. 

           Кавказан кIентий. Байташкахь язйина историн роман. Грозный, 2014.

           Чечня и Лермонтов (О лермонтовских героях-чеченцах). Элиста, 2004. (Соавтор Юсупов Аслуддин)

           Тайна наскальной надписи. (Толстой и его кунаки-чеченцы), 2004.

           Тернистый путь коммисаров. Грозный, 2009. 

 

www.ChechnyaTODAY.com

Все права защищены. При перепечатке ссылка на сайт ИА "Чеченская Республика Сегодня" обязательна.


При копировании материалов ссылка на сайт обязательна

test 2Новости СМИ2