Иза дара ши шо хьалха, тхан уьйт1арчу г1анта хевшина 1ара тхо, суьйренца вовшах а кхетта.
Массех шо дара со кху юккъехь 1аш йолу, амма, тховса бен гина яцара суна тхайн лулара баба. Наггахь хьокхуш мела мох а болуш тийна хаза суьйре яра! Вовшех самукъа а долуш цхьацца дуьненан къамелаш а деш 1ара тхо. Ц1еххьана, д1ахьаьжча, сан б1аьрг кхийтира дехьо лаьттачу г1анта т1ехь хиина 1ачу йоккхачу стагах. Со, цуьнга хьаьжначохь йисира, сайн нийсархоша дуьйцург а ца хезаш. Цуьнан г1ийла 1ар цхьа тамашийна дагах кхийтира суна. Хено хебаршка яьхьначу юьхь т1ехь берригге дуьненан бала шайна чохь болуш санна, г1ийла хьажар долуш чу кхаьтта б1аьргаш а дара.
Ц1еххьана бералле яхара сан ойла, мацах б1арийн дитт к1ела хиина 1ийна сайн баба дага а еъна б1аьргех хи хьаьдира сан. Ткъа, нийсархой кхеташ а бацара ас лелочух, церан 1адика а йина чу еара со. Ехха 1ийра со ойлане яьлла, сан баба могашалла йоцуш к1елйисина яра, ткъа, х1окху йоккхачу стагехь могашалла ца хилар доцург а, кхин а цхьа боккха бала хийтира суна,  цхьаллин сингаттаме бала.
Иштта, сайн коьртехь хьийзачу ойланех йоьлла йисира со цу буса. Шозлаг1чу суьйранна а елира со ара, баба гаре са а тесна.
Ас, айса сайна ч1аг1онаш йора, со йоккхачу стагана т1е г1ура ю, цуьнан бала ас сайца боькъар бу бохуш.
Амма, цу суьйранна г1ант даьсса лаьттара. Кхин цкъа а сайна баба гур йоцуш санна холча х1оьттира со. Ас сайга хеттарш дора т1е х1унда ца яхар-те со бабина, бохуш. Куьйга корта а лаьцна 1ара со г1антахь баба йог1у ларъеш. Со санна, цхьаьнга сатуьйсуш йолуш санна, суьйре а яра сатийсаме, г1ийла. Йоккха стаг кхин гур йоцуш санна хетара. Ма дукха дара сан цуьнга хетта а, дийца а. Малх а чу буьзира со иштта 1ашшехь. Ц1еххьана, д1ахьажаеллачу суна гира  1асанах шен накъост а вина г1ант долчу аг1ор дайчу боларца меллаша схьайог1у йоккха стаг. Со, кхаъ хилла т1ехьаьдира цунна. Суьйре дика хуьлда хьан, баба, олуш. Диканца дукха ехийла хьо а элира бабас, хьо хьенан ю а хоттуш. Ас бийцира бабина сайн дай, амма, уьш цунна бевзаш бацара.
Бабас дийцира суна ша мичара ю а, маца дуьйна кхузахь 1аш ю а.
Йоккхачу стеган къамелехь хаалора, цуьнгахь ерг адамийн къаьлла юйла.
Цо д1адолийра шен дахаран дийцар. Ша ц1ера Шалажера ю, 1970 шарахь дуьйна кхузахь 1аш дара шай, шен ц1ийна дай, бахара цо
Ша хьехархо болх беш яра, ткъа, шен ц1ийна- да мебельш ечу цехехь. Ч1ог1а барт болуш, хаза даьхна шаьшшиъ цу х1усамехь аьлла, аьтто аг1ор лаьттачу кора т1е п1елг а хьажош. "Дукха хан юй хьан ц1ийна да воцу" - хаьттира ас цуьнга.
- Цхьана минотана дахар сецча санна соцунг1а а хилла б1аьрхиш д1а а дохуш элира бабас - "Тхо ц1ера дохуш Дала хене даьхнера, могуш - маьрша ц1а а дирзинера, ткъа кху т1амо, кху къизачу т1амо, - олуш, куьг а хьажош, и т1ом селхана хилча санна даккхий къурдаш а деш элира, бабас - "кху т1амо вий-кх сан и. Сан кхи накъост а ма вацара, я доьзалхо а вацар тхойшина. Кху т1амо вигикх сан и со-суой цхьалха йуьтуш". Б1аьрхиш д1а а дохуш дуьйцура бабас: "Со х1унда йитина, мича дикане сатийса, я хьанах тешийна? Со цхьанне а ма ца оьшу, соьх х1ун до къанъеллачу? Сайн цхьаъ бен йоцчу йишийна а сов йолу со, цуьнан а бу-кх со ца лелийча а шен доьзал, доьзалий доьзал а". Пекъар, йиша бехказа яккха а г1ертара иза. Юха а, жимма 1ай дийца йолало баба: "Массо а д1авахнера г1алара. Кху районехь тхо 12-13 адам дара дисина. Шайн х1усамаш д1атаса ца лууш берш а, баха меттиг йоцурш а бара. Тхо ц1ийнан подвал чохь 1аш дара. Жимма, кеманийн г1овг1а сецна божарий ара бевллера, цу юкъана, Дала кхел яриг и кема хьаьвзина, цо тоьхначу ракеташ к1ела нисвелла кхалхар нисделира сан ц1ийна - ден а, кхин а кхаа стеган а. Цу дийнахь сан букъ т1е дуьйжира х1ара дерригге а дуьне. Дависа, со х1унда йиси-те, олура ас юх-юха а. Делахь а, х1ун дийр ду, Дала диначунна реза ду-кх."

 Доккха са доккху бабас, сан куьйгаш къовллий схьа а лоцуш. "Йо1, хьо а г1айг1ане яьккхи ас, олуш соьга.
Баркалла, хьуна, соьга ладог1арна, дог дассадели сан. Со-м наггахь сайн бала айса сайга а буьйцуш 1а. Нахана а ца лаьа-кх сан балане ладог1а. Массаьргахь а ма ю шен-шен г1айг1а", - олуш дерзадо бабас шен къамел.
Тхойшиъ, иштта, 1ашшехь маьрк1аж бода а къовлало. Ламаз хан а хили олий хьала айло йоккха стаг.
- Баба, Дала мукъалахь, хьо цхьалха яц хьуна, хьан йо1 ю-кх со. Со кест-кеста йог1ур ю хьо йолче, со кхоа яй ма 1елахь пурба дац хьуна, - олий бабин дог эца хьожу со. Баба шен не1аре д1а а кхетайой чуйог1у со.
Цу суьйранна дуьйна, сайн 7 шо долуш кхелхина де нана юха еъча санна хаза хеташ бабийца гергарло леладо ас.
Дала латтабойла вайна баккхий нах. Вай а ма ду, цкъа, церан хене даха дезаш. Вай церан дина сий дийр ду, вайн доьзалша вайн а.

 

Виситаева Тумани

www.ChechnyaTODAY.com

Все права защищены. При перепечатке ссылка на сайт ИА "Чеченская Республика Сегодня" обязательна.


При копировании материалов ссылка на сайт обязательна