Куьркахь хьийзайо экъа санна, Цюрих гIали тIехула, гуо тоссуш, хьаьвзина, хIаваан ламица, лаьтта охьадоьссира тхан кема... Швейцари ю хIара, сан хила ца йитина Нохчийчоь, сан мехкан хиллачу сатийсамийн кхочушхилла даьлла туьйра. Швейцаре – сайн эзарза йийначу Нохчийчоьнан «коша» тIе еъна со. Нохчийчоь, хьо иштта, хIара санна ирсе гаре сатесна, ма кIезиг ца бели хьан кIентий! Трапан ламеш чекхдевлча, цу лаьтта дуьххьара айса ког буьллуш, ас къулха дийшира дагахь. Суна деза хетара и латта, суна ирс хийтира оцу лаьттан. ТIом ца гинчу кху махкахь, дай-нанойн цIий ца хуьйдинера цо, я буоберийн бIаьрхиш ца Iенийнера цкъа а Швейцарин лаьтта. Сан бакъо яра и латта иштта даздина тIеэца, сан бахьана дара ас цуьнан иштта сий дарна. ТIеман хенахь, елха ницкъ ца тоьаш, я меттиг боцуш, чIагIделла долу дог, Даймахкана генахь, Даймехкан къина, дуьххьара, паргIата дилхира сан кхузахь...

Кеманара дуьссушехь, автобусца Цюрих аэропорта чудалийра тхо, пассажираш.Кхузахь кхин дара.Аэропорта чохь, цул тIаьхьа таможнехь, дерриг адам деладелла-декхаделла дара.Боккъал а, со шайна дуьне дала йоллуш санна, совнаха ца хетара со царна.
Дуьненчуьра мел йолу пачхьалкх, кху аэропортан тхов кIела хьийзара. Тайп-тайпана къаьмнаш, бес-бесара яххьаш, керстанаш, бусалбанаш.
Кхузахь мел верг, адам хеташ дара.

Кхо-диъ сахьт хьалха, Москвахь со адам хилар дицдайтинчу суна, кхузахь, цкъа а ца гинчу наха, карладаьккхира суна.
Со кхоьрура, кхузахь а, со нохчо санна йовзарна, юха со адам ца ларарна. Эрна хиллера кхерам.

«Гой хьуна, уггар а диканиг – иза, хьо, тхан хьаша, нохчо хилар ду» – элира сан накъосташа. Швейцарин юкъара пачхьалкхан газетан редакторш, журналисташ Катрина, Райнхард МайергIара бара суна дуьхьал баьхкинарш. Иштта дIаелира сан хьалхара иттех минот. Аэропортера некъ бира оха Цюрих вокзале. Шозза тIекIелбина поездаш бу. Цизаьрка озар дихкина долчу вагона чохь дара тхо. Корех ара хьоьжуш йолчу суна, арара дуьне хьийза моьттура, ткъа иза-м, ша долччохь лаьтташ дара, тхан поезд хиллера шен хеначохь, шен новкъа дIабоьдуш. «Ва нах, резинках йина яций кхара поездан рельсаш? – аьлла хийтира. ЦIано ша маьждигчохь санна яра, ткъа адмийн аьттонна дан дицдина хIумма а дацара. Кхузахь, чIогIа лерам беш хиллера бераца йолчу ненан а, воккхачун а. Берашна шайн наношца лерина къастийна ю цхьа вагон. Ткъа цу чохь, тайнигаш, цIенкъахь кузаш, гуонаха гIенташ ду. Вагонан сонехь кран ю довха а, шийла хи догIуш, ткъа крана уллехь куьйгаш тIелаьцча сабанан тIадам бужу, юха мохо ши куьг дакъадо.

Шайн станци тIекхаьчнарг охьавуссу, цу чохь ловзийна тайнигаш шайн йоций а хууш, берийн куьйгаш а дуьлий, арабовлу наной.
Вагонан неIарна уллехь баьццара нуьйда (кнопка) хуьлу, и тIетаIийча охьакховдийначу никелах йинчу платформина, шайн гIудалкхаш тIейоккху заьIапхоша. Массеран а терго йо кхузахь. Iедало дихкина ду дуьнене адам гIийла хьежийтар а!

МайергIара бехачу ураме чу хьаьвзачохь, урам болалуче бIогIамна тIетоьхна горга, цIен трафарет яра – «Privat» аьлла. ХIара урам кхузахь бехачу нехан шайн долахь бу бохург дара иза. Пачхьалкхан транспортан бакъо яц кхузахула некъ бан. Массо а урамашкахь хIора автобусан, трамвайн социйлашкахь, туьканашна хьалха а моггIар лаьтташ кIайн, Iаьржа, можа, боьмаша яьшканаш ю. ДIакхуссуш йолу хIума шен-шен яьшкана чукхосса езаш ю, масала: кехаташ, англи, эчиган хIума, сурсатийн юьхк. ЧIогIа тIалам бо кхузахь массо а рицкъан. ДIакхуссуш хIума дац кхузахь. Тайп-тайпанчу фабрикашкахь юха шозлагIа дезар до.

Катринин хIусаме дIакхечира тхо. Стол тIехь дерриг а дуьненчохь евзаш йолу, шаьш дозалла а деш йолу Швейцарин шоколадашший, йогуртташий яра. Вайн цIахь уггар а комаьрша хIусамнана ма-хьовззара, каде хьийзара Катрина.

Иза Швейцарехь коьртачу газетан дика журналист хиларал а совнаха, дика хIусамнана хилар хаалора. ХIума кхаьллина девлча, сайха гIо деш йоллучу ас, ишкапан неI схьайиллира, нехаш дIакхисса дагахь, ведаран негIар хьалаайбира ас, ткъа иза деа декъе декъна дара. Урамашкахь лаьтташ йолу яьшканаш санна, Швейцарин хIора а хIусамехь ду иштта нехаш вовшех къастош долу ведар. Масала, тхайн йогурт лаьттина гIутакх ас кхаа декъех дIакхоьссира, пластмасса ша, гонахара кехат ша, тIехула долу даш-кехат ша.
«Цундела, Дала шун а до пусар», – аьлла хийтира суна.

З.Эльдерханова,
ийманехь кхетош-кхиоран Центр
www.chechnyaTODAY.com

{mosloadposition user9}


При копировании материалов ссылка на сайт обязательна

test 2Новости СМИ2