Даздарш хилира 20-чу ноябрехь Зорбанан цІийнан актови зала чохь Нохчийн Республикан арахьарчу зІенийн, къоман политикин, зорбанан, хаамийн министерствон  дІадолорца уьш вовшахтоьхнера оцу министерствон арахьарчу зІенийн департаменто. Дика човс хилла, даздарш говза дІадаьхьира вай юьйцучу департаментан гуманитарни отделан куьйгалхочо Хасилова Мадинас. Шайн наношца цхьаьна даздаршкахь дакъалецира дуккха а бераша, шайна юкъахь заьІап бераш а долуш. Цхьадолу заьІап бераш шайн гІудалкхашкахь дара хьовсархойн цхьана могІаре дІанисделла, самукъадаьлла гуш. Берийн а, церан нанойн а къаьсттина самукъаделира «Грозный» телевиденехь«Могаш-маьрша» передача дІахьош йолу Газалапова Зараъ шен артисташца сцени тІехь гучуяьлча.

Шаьш санначу бераша хІоттийна концерт доккха совгІат санна тІеийцира кегийчу хьовсархоша.

Иллеш, эшарш локхуш цхьаьнакхетарехь дакъалаьцначарна юкъахь бара Израилов Идрис, Садулаева Камета, Садулаева Лариса, Абуева Хьава, Мунашев Адам. Нохчийн пачхьалкхан университетан студентийн «Овация» театр яра берашна лерина шайгара совгІат дохьуш еана. Цара хаза, беламе жима спектакль гайтира.

Концерт дІайирзича Хасилова Мадинас совгІатана марзаллаш чохь йолу тІоьрмигаш делира хІора берана.
Доккха хазахетар хилла гуора бераш. Мадинас дош делира, хІора шарахь Берийн дуьненаюкъара де иштта, билгалдоккхур ду аьлла.

З.ЭЛЬДЕРХАНОВА.     

{mosloadposition user9}


При копировании материалов ссылка на сайт обязательна