Нохчийн Республикан культуран министраца, «Вайнах» ансамблан исбаьхьаллин куьйгалхочуьнца, Россин Федерацин халкъан артистаца Музакаев Дикалуца интервью Музакаев Дикалу вина 1960-чу шеран март беттан 24-чу дийнахь Казахстанан Целиноградски областан Романовка юьртахь. 1975-чу шарахь цо чекхъяьккхира Серноводскера юккъера ишкол. Цул тIаьхьа дийшира Соьлжа-ГIаларчу культуран-серлонан училищехь. 1986-чу шарахь тIехдика дешарца чекхйоккху Культуран Москвара пачхьалкхан институт. Цигахь караерзайо балетмейстеран-хьехархочун говзалла. Къинхьегаман некъ болийра 1976-чу шарахь Нохч-ГIалгIайн «Вайнах»цIе йолчу хелхаран пачхьалкхан ансамблан солист волуш. Институт чекхъяьккхинчул тIаьхьа оцу ансамблан балетмейстер хуьлу цунах.

1992–1996-чуй шерашкахь болх бо халкъан хелхарийн «Нохчо» ансамблан директор а, коьрта балетмейстер а волуш.

1996–2001-чуй шерашкахь ГIалгIайн Республикан культуран министерствос кхайкхарца оцу республикан «ГIалгIайчоь» хелхаран ансамблан исбаьхьаллин куьйгалхо лаьтта.

2001-чу шеран март баттахь Нохчийн Республикан культуран министерствон дехарца хелхаран «Вайнах» пачхьалкхан ансамбле юхавоьрзу. ХIетахь дуьйна ансамблан исбаьхьаллин куьйгалхо ву иза.

2007-чу шеран март баттахь Нохчийн Республикан Президентан Указца Нохчийн Республикан культуран министр чIагIво, амма «Вайнах» ансамблан исбаьхьаллин куьйгалхочун декхарш кхочушдар ца дуьту цо.

Культура кхиорехь цуьнан кхиамаш билгалбаьхна пачхьалкхан дуккха а совгIаташца а, сийлаллин цIерш яларца а: «Нохч-ГIалгIайн АССР-н хьакъволу артист» (1991 шо); «Россин Федерацин хьакъволу артист» (1996 шо), «ГIалгIайн Республикан халкъан артист» (1998 шо); «Россин Федерацин халкъан артист» (2004 шо); «Нохчийн Республикан дуьхьа хьуьнарш гайтарна» мидал (2007 шо); «Кадыровн орден» (2008 шо); иштта кхин а.

– Дерриг дуьненахь евзаш йолчу «Вайнах» ансамблан 70 шо кхаьчна. Кхана-лама пачхьалкхан тIегIанехь цунна лерина даздарш а хир ду.

Оцу юбилейна иштта шуьйра кечамаш бар ларамаза дац. «Вайнах» ансамбло хIун маьIна леладо нохчийн къоман культура кхиорехь?

– И маьIна билгалдархьама тоьар ду оцу ансамблехь хьалакхиъначу культуран гIуллакххойн, гоьбевллачу артистийн цIерш яьхча а.

Драматически театр дIакъастийча, искусствон ерриг жанрашкахь баьхна кхиамаш «Вайнах» ансамблан цIарца боьзна бу (хьалха цуьнан цIе «Нохч-ГIалгIайн хелхаран а, эшаран ансамбль» яра). Дуьненна а вевзаш волу хелхарча, СССР-н халкъан артист, Социалистически къинхьегаман Турпалхо Эсамбаев Махьмуд хIокху ансамблехь хьалакхиъна ву. Кхин а цIерш яьхча: Айдамирова Марем, Дагаев Валид, Дакашев Ваха, Ганаев Олхазар, Магомедов Султан, Димаев Iумар, Шоипов СаьIид, Сардалова Зулай, Эдисултанов ШитIа, Дидигов Билухьаьжа, Ахмадов Рамзан, Элимбаев Тапа, Мальцагов Докка, Дидигов Мохьмад, иштта кхин а, кхин а. Иллиалархой, эшаршлакхархой, хелхарчаш, балетмейстерш. Ларамаза дацара хьуна ас церан сийлаллин цIерш цаяхар. Шайн цIершца цхьа а эпитет,  сийлаллин цIе ца ялийча а, бевзаш, вайн культурехь шайн бIаьрла лар йитина нах бу уьш. «Вайнехан» беркатана ду кхиамца болх беш Пачхьалкхан эшарийн, хелхарийн «Нохчо» ансамбль, ткъа иштта берийн ансамблаш «Даймохк», «Башлам» хилар. Царех хIора а хIинцале кхиъна дуьненахь а шайн цIе яккхийта. Иштта цIе яккха еза Москвахь йолчу Эсамбаев Махьмудан цIарахчу искусствийн ишколан а. Оцу ерриг кхоллараллин коллективийн куьйгалхой «Вайнехан» ишколах чекхбевлла бу.

– Хьайн 15 шо кхаьчча корматаллин сцени тIе ваьлла хьо. Таханлера де кхаччалц, ма-дарра аьлча, бераллехь хаьржинчу къилбанна тешаме хилла схьавогIуш а ву. «Вайнах» ансамбло хьан хьайн кхоллараллин дахарехь дIалоцу меттиг?

– Бакъду иза, жима волуш дуьйна хелхавалар дезаш вара со, ишколехь хореографин кружоке лийлира, делахь а, артист хир ву, хелхарх сан дахаран некъ хир бу бохург чIагIделла хIума дацара. И ойла чIагIъелира культуран-серлонан училище деша вахча. Амма и ойла цхьа лаам хилла йиса тарлора училище вахана дукха хан ялале, сайн ирсана «Вайнахе» со ца нисвеллехь. 1978-чу шарахь ансамблаца цхьаьна Португалехь, Латинин Iамерикан пачхьалкхашкахь гастролашкахь хилира. 18 шо бен доцчу жимачу стагана кIезиг хIума дацара иза – гоьбевллачу артисташца цхьаьна гастролашкахь хилар. ХIетахь дуьйна сан дахар, къаста йиш йоцуш, «Вайнахаца» дозаделла ду. Ца хаьа ансамблана соьгара мел гIо хилла, иза-м со цахиларх мегарг а хир яра, амма сайн дахар ансамблаца бен ца го.

– Цундела хир ду-кх министран дарже хIоьттича а ансамблан исбаьхьаллин куьйгалхочун дарж ахь ца дитар. Шун корматаллин къайле ца евзачунна, атта хета артистан болх: даздарш,  концерташ, гастролаш, сийлаллин цIерш. Эцца кIирнах, баттахь цкъа концертехь хелхаран бохь боьгIчахьана олий, хета-кха. Хала дуй «Вайнахан» артист хила?

– Хала ду хьуна. Сцени тIе валале мел хьацар доккху ца хаьа тхан болх ца бевзачунна. «Вайнахехь» болх бар сийлахь а, жоьпалле а ду. Къоман юьхь ма ю цара гойтуш ерг. Шен сица, ойланца, леларца, шен Iаьнарца нохчи хила везаш ву «Вайнах» ансамблехь волу стаг. Ас иштта цаьрга дIа олуш а ду: «Шух артисташ хила а, ца хила а мега, амма адамаш хила дезаш ду шу, нохчий хила дезаш ду, шайгахь нохчалла а йолуш». Лаа ма дац республикан куьйгалло культура кхиоран оццул йоккха терго яр. Къоман культурехула хуьлу къам дуьненна довзар. И цхьаъ ду. ШолгIаниг – ийманехь кхетош-кхиоран боккха ницкъ бу культурехь. Цундела культуран белхахошна тIехь долу жоьпалла доккха ду,  шаьш сцени тIера схьа дуьйцург а, дахарехь лелориг а цхьаъ хила деза церан. Дуьненна а евзачу «Вайнах» ансамблан артисташкахь и жоьпалла бIозза сов хила деза.

– ХIара хаттар республикан культуран министре санна дала лаьа хьоьга. «Вайнах» ансамблан а, дийнна къоман культуран а кхане муха го хьуна, аш шайна хьалхахIиттош йолу герггара Iалашонаш?

– Кхеташ ду, суна «Вайнах» гергара хилар. Тахана ансамблехь берш, берриг бохург санна, сан дешархой бу. Коллективехь дика дIахIоттийна бу кхоллараллин а, репетицеш яран а болх. Хинболу артисташ кхиоран Iалашонца вовшахтоьхна студи ю. Со тешна ву, 70 шеран дохалла цо шен ларйина цIе, кхидIа а кхиамца ларйийриг хиларх.

Дийнна культурех дерг аьлча, «Культура» бохург чIогIа шуьйра маьIна долуш кхетам бу. Тхан балхе цхьа тIехула хьоьжучарна моьтту вота-пондар эцна, муьлхха цхьа йир етташ, хелхарш деш лелчахьана – иза культура ю.

Культура – иза къоман Iер-дахаран хатI ду, адамийн юкъаметтигийн оьздангалла ю, син дахаран хьал ду, и дерриг гойтуш, даржош йолу литература, искусство ю. Суна хетарехь, суна хетарг хилла ца Iа иза-м, доллучун а бух мотт бу. ХIаъа, ненан мотт. И айа беза, кхио беза, ларбан беза. Мотт ца хилча, литература ца хуьлу, литература ца хилча,  театр ца хуьлу, иллеш, эшарш ца хуьлу, хелхарна а оьшу хьуна мотт. Iаламат дика ду апрель баттахь Нохчийн меттан де билгалдоккхуш хилар. Соьга хаьттича, вайн къоман уггар дезчу денойх цхьаъ хилла дIахIотта деза и де, нохчий мел бехачохь билгал а доккхуш. Тахана тхуна тхайн коьрта декхар хеташ дерг ду ненан меттан буха тIехь къоман культуран дерриг дакъош кхиоран ондда бух биллар. Дустуш аьлча, стоьмийн беш хила лаахь, синтарш догIа деза, уьш  кхио деза. Иштта къоман культуран беше заздаккхийта лаам бу-кха тхан. Мел гIараяьлла елахь а, «Вайнах» санна, цхьаъ, шиъ коллектив хиларх тоьаш дац. Доккхачу маьIнин ду къоман театр, къоман музей, къоман библиотека хилар. Мотт, иэс, Iилма кхиор хуьлуш дац уьш ца хилча. Вайн вешан музыкин театр а, симфонически оркестр а хила еза, оцу тIе вай кхочур а ду. Культура кхиор шина новкъа хила деза: къоман музыкальни фольклор ларъяр; оцу хазнин бух тIехь, къоман синхьашташна жоп луш йолу классика кхиор.

Культурин цхьа дакъа ду гIаланаш,  хIусамаш яр а (градостроительство), церан архитектура. Туй тесна бен хьожийла доцуш, сихачу боларшца меттахIиттош ю вайн ярташ, гIаланаш. Кхузахь а тидаме эца езаш ю къоман шатайпаналла. Ерриг республикан а дозалла хилла дIахIоьттина Соьлжа-ГIалара «Нохчийчоьнан дог» шех олуш долу маьждиг. Хийрачу махкахь хилла цIавеанчо муха юьйцу шена девзинчу къаьмнийн даарийн, духарийн, леларан башхаллаш, шахьарийн куц-сибаташ, иштта вайн республике веанчунна а гуш хила деза хIара Нохчийн Республика хилар.

Духаршца а, дааршца а, Iер-дахаран хьелашца а, адамийн юкъаметтигашца а вай шайх я кхечу даккхийчу къаьмнех тардала гIерташ гарх вайх цхьа а цецвер вац, амма вай вешан къоман культура ларъеш гахь, вай къам а хетар ду, вай лорур а ду.

Масийттазза «Вайнах» ансамблан репетицешкахь хилла Нохчийн Республикан Президент Кадыров Рамзан. Иштта и терго хиларо тхо дуккха хIуманна декхар до. Оцу декхаршца тхо ларор а ду, Дала мукъ лахь!

– Кестта даздарш хир ду, декъалдаран дош ала меттиг ю-кха хьуна.

– Баркалла. Бовхачу безамца дагалоьцу шайн дахар «Вайнахаца» доьзна, бакъдуьнена бирзинарш. Дала йоле дуьллийла царна къоман культура кхиорехь хьегна къа. Ансамблан юбилейца ас даггара декъалво «Вайнахаца» шен кхоллам боьзна хIора а, тахана сцени тIехь верг а, воцург а. Дела реза хуьлда шуна, «Вайнахан» байракх лаккха айина дIакхехьа Дала хьуьнар лойла шуна!

ХIокху доццачу къамелехь массеран цIерш яхар ца нисдаларна даггара къинтIера довлар а доьху «Вайнахаца» гергарло хиллачаьрга.

Къамел дIаяздинарг – Хь.АБОЛХАНОВ.

{mosloadposition user9}


При копировании материалов ссылка на сайт обязательна

test 2Новости СМИ2