Лараме доттагIий, йижарий, вежарий! Ас кху махкарчу массо а яздархочун, поэтан, исбаьхьаллин литературица гIуллакх долчу хIора а нохчичун цIарах декъалдо шу «Вайнах» ансамблан 70 шо кхачарца. Суна даггара лаьа шун шайн доьзалехь, балхахь баккхий кхиамаш хуьлийла. ХIара деккъа цхьа шун деза де хилла ца Iаш, кху вайн дерриг нохчийн къоман а деза де ду. Къоман оьздачу амалан тоьшалла, гIиллакхан сийлалла, доьналлин, эхь-бехкан, яхь-юьхьан коьрта къилба хилла, кхечу къаьмнашна хьалхахь нохчийн юьхь, амат хилла лаьттинчу шун, «Вайнах» ансаблан коллективан, Делан лаамца, ницкъ кхаьчна даккхий гIуллакхаш дан. Цунах тхо даккхий а де, дозалла а до.
Суна кху вайн махкарчу массо а яздархочун цIарах кхин цкъа а лаьа, «вайнах» ансамблан 70 шо кхачарца шу даггара декъалдан.

Дала, тIейогIучу хенахь а, тахана санна, къоман амалх ца духуш, синкхетамах ца телхаш, шайн орамех ца хедаш, къахьега собар а, доьналла а, могашалла а лойла шуна.

Тхуна даггара лаьа шун массо а дикачу гIуллакха тIехь аьтто хуьлийла.

Ибрагимов Канта,


Нохчийн Республикан яздархойн Союзан правленин председатель.

{mosloadposition user9}


При копировании материалов ссылка на сайт обязательна

test 2Новости СМИ2