20-чу августехь Соьлжа-ГIалахь даздаран хьолехь схьайиллина Кунта-Хьаьжин цIарах йолу Исламан университет.  Дешарна оьшу дерриг хьелаш ду университетехь: вайн заманан йийбарца а, Iаморан гIирсашца а кечйина аудитореш, ламазан чоьнаш, хIума юу меттигаш, гена дIасалелаш болчарна лерина юкъараIойла. Дешар дIадоладелла кIезиг бен хан яцахь а, хьалхарчу группашкахь болчу студенташна хIинцале кхеташ диктант язъян а, Къуръан деша а хаьа. ДIадоладеллачу дешарх лаьцна дийцира Исламан университетан ректора Мутушев Iабдул-Рахьима. Цо дийцарехь, дешархой шайн ма-хуьллу Iилманна духе кхиа гIерташ, динан кIоргенаш йовза лууш, шайна хьалхахIиттийна долу декхаршлаккхара дуй хууш схьабогIуш бу. Иштта, шен къамелехь цо билгалдаьккхира даггара бусалба дин дезаш волчу стагана иза Iамо новкъа цхьа а хIума цахилар. Цундела иза тешна ву, ийман а, ислам а, Iилма а долуш тIаьхье вайн къоман хирг хиларх.

Везачу эвлаяан цIарах йолу Исламан университет вайн республикехь хилар доккхачу маьIне хIума ду вайн къомана. ТIекхуьуш долу къона чкъор бусалба динах дика кхеташ а, Iилма девзаш а хилча, вайн кхане ирсе хир ю. Цу Везачу Дала ийман а, ислам а совдоккхийла вайгахь!

КИНДАРОВА Луиза.

{mosloadposition user9}


При копировании материалов ссылка на сайт обязательна