Россин Пенсионни фондан Нохчийн Республикехула йолчу отделене кхаьчна валоризаци а, пенсина социальни тIетохарш дар а хьесапе а оьцуш, пенсешна расчеташ ярна лерина йолу керла программни комплекс. Керла пенсионни законодательство тIеэцарца доьзна карадогIучу шарахь дуьйна пенсионерийн социальни гIо лацаран кхидолу гIуллакхаш а хьесапе а оьцуш, пенсин барам Федерацин субъектехь пенсионерана хIоттийначу дахаран лахарчу барамал лахара хила йиш яц. Ткъа Нохчийн Республикехь, ведомствон пресс-службо бечу хаамашца, дахаран лахара барам лакхаболуш бац федеральни барамал, цундела Пенсионни фондо пенсешна кхитIе деш долу тIетохарш Федеральни бюджетера дан билгалдина.

Российски Федерацин могашалла Iалашъяран а, социальни кхиоран а министран заместитела Воронин Юрийс чIагIдарехь, ишттачу барамашкахь пенсешна а, социальни хьашташна а луш долу ахчанаш алсамдахар хилла дац Россехь тIаьххьарчу итт шарахь.

– Iаламат мехала и ши декхар – валоризаци а, пенсина социальни тIетохарш дар а – дикаллица а, шен хеннахь а кхочушдар Пенсионни фондана а, РФ-н могашалла Iалашъяран а, социальни кхиоран министерствона а, субъекташна а тIедиллина ду, – билгалдаьккхира Ю.Воронина.

Пресс-службо хаам беш ма-хиллара, шега хьашт долчу ерриг агIонаша дакъа а лоцуш кечйина-хIоттош ю пенсионере хаам баран унификаци йина хорма. Цуьнан гIоьнца пенсионерана хуур ду шен пенсина мел тIетохарш дина хила декхар ду. Цуьнца цхьаьна ПФР-н бюджетана динчу нисдарша хIора беттан I–3-чуй деношкахь пенси схьаоьцуш волчу пенсионеран таро хуьлуьйтур ю валоризаций, федеральни социальни тIетохаршший хьесапе а оьцуш, январана догIуш долу пенси кху шеран декабран тIаьххьарчу деношкахь схьаэца.

М.ВАСАЕВ.  



 

{mosloadposition user9}


При копировании материалов ссылка на сайт обязательна

test 2Новости СМИ2