«Къематдийнахь хьан карахь маргIал нислахь…» Вайна, дукхахболчарна дагадогIу, тIом балале Къилбаседа Кавказехь, соьналла алсам хиларна, уггар а хазачарах цхьаъ яра  Соьлжа-ГIала. Тахана Россин дуккха а регионашкара Iаламан хьал дика лорийла дац. Нохчийн Республика а царна юкъайогIуш ю. Делахь а республикан куьйгалло, шен коьртехь Президент Кадыров Рамзан а волуш, жигара болх барна, вайн махкахь экологин хьал хаъал тоделла догIу. Суна дагадогIу 70-80-чу шерашкахь Гуьмсе гIала соьналлина юкъъелла латтар. Аьчканекъан паркехь, вокзалехь, КПСС-н горкоман скверехь Iалашйина хаза клумбанаш яра.Амма и дерриг хIаллахьхила доладелира, 80-гIа шераш чекхдовлуш, 90-гIа шераш дуьйлалуш. Ткъа дудаевгIар-масхадовгIар болуш, ур-аттал тоькан серийн бIогIамаш а, газан биргIанаш а, шпалаш а, аьчканекъан рельсаш а дIаевлира.

Республикан керлачу «дайша» цхьа а хIума ца кхоадора. Царал кхин гIолехь бацара конституцин къепе хIотто баьхкинарш а: некъан йистехь доьгIна дитташ, ур-аттал зIенан богIамаш а тIехь, хеда а деш, дагадора цара.

Суна чIогIа хала дара и дерриг а лан, хIунда аьлча 7-чу классан дешархой долчу хенахь оха накъосташца дийгIина дара и дитташ Энгел-Юьрта боьдучу новкъахь. Бакъду, оха доьгIначарах масех акхтарг дисна цигахь хIинца а.

Цу хенахь хаза ламасташ дара. Дешархоша дуккха а гIуллакхашкахь дакъалоцура, тIаккха юкъараллина пайдехь болчу къинхьегаме марздалар хуьлура церан. Ишттачу белхаша экологех кхетам балар а, кхетош-кхиор а хуьлуьйтура кхиазхошна. Шайна зеделлачунна тIехь гора царна экологин чолхаллаш, уьш муха къасто еза Iемара. Цуьнца цхьаьна пачхьалкхо кегийчеран балха юкъаозоран социальни халонаш а аттачу йохура.

Таханлерчу дешархойн экологех долчу хаарех доьзна хир ду дукха хьолахь вайн республикан кханалера де, муьлха говзанчаш богIур бу производстве а, урхаллин органашка а, Iилмане а.

Цундела дара сан кху шеран бIаьста хаамийн шуьйрачу гIирсашкахь, дика ламасташ меттахIитто деза аьлла, юкъавалар, масала, синтарш дугIуш субботникаш яр. Ас кхайкхам бира республикан массо а вахархочуьнга, цхьацца синтар догIа аьлла.
Сайн къамелехь ас билгалдаькхира, тIахьарчу хенахь вайна сих-сиха го Iалам хIаллакдар, бусалба а, оьзда а волчу стагехь ца товш долу. Вайн дайша бIешерашкахь лардина долу иза, вай, тIаьхьено, ойла а ца еш хIаллакдо. Къаьсттина халахеташ ду «дуьненан пехаш» хилла лаьтташ йолу хьаннаш къинхетам боцуш халлакьяр. Дера, тIаьхьарчу ткъех шарахь хиллачу     къизачу хиламаша а шайн дакъа ма дилли цу балха юкъа. Мехала долчу диттийн дуккха а хьаннаш хIаллакйина ца Iаш, ур-аттал гIаланашкара паркаш а, сквераш а ягийна дIаяьхна, ткъа уьш вайн махкахоша,  шайн столицех «Къилбаседа Кавказехь уггар а соьналла йолу гIала» ю аларна, дозалла деш яра. Халахеташ делахь а, и дерриг а юхадогIур доцуш дIадаьлла  ала тарло. Амма тIахьарчу хенахь вайн республика сихачу боларца меттахIуттуш ю. Хазахета, масех шарахь цуьнан яртийн а, гIаланийн а сибат хийцаделла догIуш. Йина керла, вайн заманахьлера гIишлош, ишколаш, больницаш, цIенош, тIайш, некъаш.
Ишттачу хийцамаша хазахетар дохьу. Амма дитт кхио, шераш эшна ца Iаш, иттаннаш шераш оьшу. Вайн дахар тоьар дуй те хьаннаш, паркаш, аллейш, сквераш хьалакхио? Тоьар ду, нагахь вай цхьаьний и гIуллакх дан хьовсахь.

Сан кхайкхам дIа а хезна, Соьлжа-ГIалин администрацин куьйгалло иза тIеийцира. Дитташ догIар дIадолийра цара. Нохчийн Республикан Президента Кадыров Рамзана къобалдира и гIуллакх, цо ша дакъа а лецира иза кхочушдеш. Цул сов, цо массо а пачхьалкхан гIуллакххочунна тIедиллира синтарш догIар.

Ишттаниг цо дийр дац, олийла дацара, хIунда аьлча иза цIеяхханчу Iеламстеган Кадыров Ахьмад-Хьаьжин кIант а, Делах кIорггера тешаш стаг а  ма ву. Ткъа бусалба дино хьоьху, гуонахара Iалам леррина ларде бохуш. Исламехь дукха аяташ а, хьадисаш а ду Iалам лардарх лаьцна.

Ур-аттал къематде тIекхочуш делахь а адамаш доьналлех ца духуш хила деза, хIунда аьлча Мухьаммад-Пайхамара (I.с.в.с.) аьлла: «Нагахь къематде тIекхаьчча, хьан карахь хурманан  диттан синтар делахь, хьо иза дIадогIа декхарийлахь ву. Нагахь муьлхха а сатийсар дIадаьллехь а, дитт догIар дIадахьа деза, хIунда аьлча хурманан дитт догIар – иза шашаха а дика гIуллакх ду».

Хурманан синтар догIаро дахар кхидIа а дахийтарна а, кхиарна гIо до, ур-аттал, цунах цхьа а пайда хир бац аьлла хетахь а. АллахIан элчано аьлла, дитташ догIар сагIадаларан метта хила йиш йолуш ду.

Iалам Iалашдар – нохчийн культуран шакъаьсттина цхьа дакъа ду.

Лараме а, оьзда а гIуллакх лору нохчаша цIера даьхни Iалашдар: уьш кхабар, акхаройх лардар, чохь дохку меттиг цIена лелор, уьш цомгаш хилча дарба лелор.

Бусалба нах теша, Дала цIерачу дохнах, стаге, доьзалх санна, барт хоттург хиларх. Цул сов, стага шен цIера дийнаташ Iалашдаре хьаьжжина, цуьнан гIиллакх-оьздангаллин мах хадо мегар ду.

Нохчашна бежана Iалашдар, хийрачу нахана хьошалла дарал а ладаме гIуллакх ду. Цуьнан бахьана ду – бежана адамал гIийла хилар, ткъа гIийлачунна гIо дар къонахчун коьрта билгало лоруш хилла нохчаша.

Везачу устаза Кишин Кунта-Хьаьжас хьехна:

– Вайна уллохь а, гуонаха а долу дийнаташ даггара деза. Нийса а, шен хеннахь а дола де церан. Аьттан, уьстагIан, говран, жIаьлин я цициган мотт ма бац вайца къамел дан а, шайна оьшург схьаала а. Вайна ваьшна хаа деза царна оьшург, уьш дагахь латто а деза вай. Ламазе хIотта сих ма ло, хи малоза я хьалха хIума йиллаза хьайба а долуш. Вайн синош дуьззина цIена а, паргIат а хила деза, Далла хьалха ламазана вай хIуьттучу хенахь.

– Дерриг ораматаш а дийна ду, церан са ду. Хьо хьуьна чу ваьлча, диг дIалачкъаде, хьайна оьшу дитт бен ма хададе. ХIора дитт а, кол а, бецан хал а леррина Iалашдан деза. Уьш деза а дезаш, дикачу доттагIашца санна, хила веза цаьрца.

ЧIогIа къилахь ду – стом луш долу а, хин йистера а, некъахочунна IиндагI луш долу некъа йистера а дитт хадор. Бусалба стаг массанхьа а дитташ догIа а, уьш даккхий хиллалц Iалашдан а декхарийлахь ву.

Суна хетарехь, Дала кхоьллинарг талхорах а, хIаллакдарх а лардан декхарийлахь ю экологи. Цо оьшуш долу хьелаш кхолла деза дахар а, доьзал а, долахь дерг а санна долу исламан мехаллаш Iалашъян. Гуонахара Iалам цIена латторца адаман могашалла ларъярна гIайгIа бан езарг а экологи ю.

Къаьсттина тидам тIебахийта лаьара хин цIена хиларан чолхаллина, тIаьхьарчу хенахь адамийн юкъара чолхалла хилла лаьтташ йолчу. Дукха хьолахь вайна дицло, дуьххьалдIа хьаьжча, атта хеташ долу хIума «Хи – дахаран хьоста». И дешнаш бакъ дуй хаийтархьама, цхьана денна хи дIадаккхар тоьар ду. Мел халонаш хаало вайна тIаккха?

Ткъа цу тIе доьгIна аьлча, тахана дуьнен чохь молу хи ца тоьуш 1 млрд. 200 млн. стаг ву. Iилманчаша дийцарехь, кхин 15 шо даьлча, и терахь 5,5 млрд. стагана тIе кхочур ду. Ала дашна, 2005-чу шарера 2016-чу шарна тIекхаччалц йолу хан ООН-н Генеральни Ассамблейно, «Хи – дахарна» аьлла, гIуллакхдарна лерина дуьненаюкъара итт шо ду.

Итт шарахь сов хи къаьсттина чIогIа ца тоьачу хьолехь Iийра Нохчийн Республикан бахархой, хIунда аьлча хи латторан а, цIандаран а инфраструктура болх беш яцара. Iаламан хьостанаш бехдина, хи Iалашдаран меттигаш а, хин бердайистош а нехех хьалаюьзнера. Вайна хIинца а дагайогIу хин гIунна я иза духкучу машенна хьалха хилла адамийн еха раьгIнаш.

Цу тIе а доьгIна аьлча, тамашийна хета  вайн республикан цхьайолчу районашкахь хи тахана а тоьуш доццушехь, бахархоша оцу дахаран хьостанан тIалам ца бар. Сих-сиха го урамашкахь кранаш чуьра хаддаза дIадетташ долу хи, гуонаха Iаьмнаш а хIиттош, хатт а боккхуш, адамашна пайден хиларан меттана.

Адамийн тIаламзалла го юткъачу кIежаца йоьхначу крана чуьра бIе эзар литрашкахь охьаоьхучу хинехь. Изза тIаламзалла ю хиш чу а, Iаьмнаш чу а нехаш а, боьха мел йолу хIуманаш а кхиссарехь, сонта, хаарш доцуш, лаьтта бухахь дерг лело гIертарехь – буро тоьхча, хинан химически чулацам хийцало, ткъа и хи мелча, стеган жаннаш чохь тIулгаш а, гIум а юьсу.

Ткъа бусалба дино хьоьху, хIора стага леррина а, кхоош а лело деза хи, Сийлахьчу Дала делла ниIмат а, Цо адамашка бина къинхетам а санна иза Iалаш а деш. Ур-аттал ламаз дале цIано еш а ца магийна цхьана литрал сов хи дайа.

Вайн халкъ хьалхарчу заманашкахь дуьйна билгалдаьлла хилла хине ларам хиларца. Цо иллеш а, байташ а йохуш хилла цIеначу аьхначу шовданех а, сихачу ламанан хинех а. Билггал, шовдана я хина йистехь вовшийн гар а, дистхилар а нислуш хилла нохчийн кегийчу нехан а, мехкарийн, цуьнца хинан деза хилар а гойтуш. Хи бехдар, цуьнца бен воцуш хилар хьалхе дуьйна а наха бехкбоккхуш хIума хилла ду. Цундела хила мега вайн республикера хиш шайн цIена хиларца гIарадевлла хилла, ткъа адамаш – леррина уьш Iалашдарца.

Кху хьелашкахь, суна хетарехь, хIора вайн махкахочун декхар ду шен Даймехкан Iалам хIинцалерчу а, тIейогIу йолчу а тIаьхьенна лардар. Цу гIиллакхна чIогIа къахьега а, я ахча дохка а ца оьшу. Тоьуш ду, хи доуьйту кран кхоччуш тIехьовзийча, я нехаш чохь йолу тIоьрмиг оьшшучу метте дIабаьхьча.

ХIинцалерчу а, тIейогIу йолчу а тIаьхьенийн кхачамболуш дахар хилийтархьама, экологин агIор коьрта декхар ду гуонахара Iалам лардар а, Iалашдар а. Адам могаш хуьлийла дац,  нагахь гуонахара Iалам цомгаш а, телхаш а делахь.

Иштта, Iалам а хуьлийла дац могаш, нагахь вайн республикан бахархоша, цхьаьний къа а хьоьгуш, экологи ларъеш яцахь. ХIинца чIогIа ладаме ю оьздангаллин а, «синан экологин» а чолхаллаш.

Вай Iалам телхина доьдуш хиларх дуьйцу, ткъа, билггал аьлча, адаман талхар, цуьнан культура лахъялар хьалхара ду.

Iалам лардарехь вай юкъараллин массо агIо вовшахтоха еза: ишкол а, доьзал а, шуьйрачу хаамийн гIирсаш а, юкъараллин организацеш а, и. дI. кх. Эколого-хьехаран гIуллакхдаро бен кхиор яц бахархойн экологин культура.

Мехала хIума ду Iедалан муниципальни органашца цхьаьна болх бар а. Билггал меттигера бахархой бу, цхьана меттигехь дахаран социально-экономически хьал а девзина,  меттигерчу тIегIана тIехь коьрта чолхаллаш а къастийна, уьш сиха дIаяхарехь бала кхочуш берш. Цундела бахархойн жигара дакъа вовшахтоха деза меттигера Iалам лелоран коьрта а, ладаме а гIуллакхаш аттачу дохучу хенахь.
ХIора стага лаьттана урхалла дарехь а, Iалам лардарехь а дакъалацаро гIо дийр ду шен латта а, Iалам а лерина Iалашдарехь дайна долу ламасташ меттахIитторехь.

Вайн республикан социально-экономически кхиорехь экологин гIуллакх хьалхадаьккхича, Нохчийн Республикан бахархошна Iаламан дика гуонахе хир ю.

ОСМАЕВ Мовла,

Нохчийн Республикехула Iаламах пайдаэцаран декъехь Iуналла даран Федеральни службин Урхаллин куьйгалхо, экономически Iилманийн кандидат.

{mosloadposition user9}


При копировании материалов ссылка на сайт обязательна