©
Похожие материалы
Лараме бусалба вежарий, йижарий!
17:18, 26 ноября 2009г.
Просмотров: 5357
Боккхачу тидамца гІо а, дола а до Президента заьІапхойн. ХІора денна деш гІо ду мискачу нахана. Чубаха меттиг йоцуш бисинчарна денна дІалуш квартираш ю, ярташкахь гІийла бехаш болчу нахана деш керла цІенош ду. Чаккхе йоцуш дукха ду цо деш долу Дела реза хинволу гІуллакхаш. Дала диканца бекхам бойла цунна.
Вайн пачхьалкхехь массо а бусалба нехан и де даздан таро хиларо хадабо Россин Іедало беш болчу белхан хьакъ боллу мах. Муьлххачу къоман а бакъо ю тахана шен дин лело, шен къоман гІиллакхийн, оьздангаллин буха тІе юхадерза. Оцу кепара дІахьош болчу балхо чІагІбо къаьмнашна юккъера барт, вовшех кхетар, тешар, вовшийн ларар.
Со тешна ву и деза денош бахьана долуш вайн махкахь вехаш волчу хІора бусалба стеган дог-ойла тоелла а хирг хиларх.
Хьоме махкахой, бусалба вежарий, йижарий!
Везачу Дала къобалдойла шун гІурбанаш. КхидІа йогІучу хенахь цу баттахь ХьаьжцІа даха а, гІурбан денош даздан а таро, могашалла, хьуьнар лойла шуна Везачу Дала!
Веза а, Сийлахь а волчу АллахІа х1окху гІурбан деношкахь йина Іамалш бахьана долуш ша реза винчех дойла вай.
Д.АБДУРАХМАНОВ,
Нохчийн Республикан Парламентан Председатель.
www.ChechnyaTODAY.com
Обсудить на форуме
{mosloadposition user9}
При копировании материалов ссылка на сайт обязательна
test 2Новости СМИ2
Комментарии
Ваш комментарий отправлен на модерацию.
Комментариев еще нет.
См. также