(Мальцагов Доккех дош) Нохчийчохь тIеман хьал хIоттале хьалха «Вайнах» ансамблан концерташкахь хиллачарна дика дагавогIу цуьнан тоьллачу солистех цхьаъ хилла Мальцагов Докка. Хиллачу СССР-н а, дуьненан а дукха некъаш гездира цо ансамблаца цхьаьна. Уггар хала даьхкинчу 1998–2000-чуй шерашкахь ансамблан директор лаьтта Д.Мальцагов. Делера схьа хелхарчин похIма хиларо а, мало ца еш, ша-шена тIехь къахьегаро а кхачийра иза сценин говза пхьар хиларе. «Вайнах» ансамблан артистех «РСФСР-н хьакъволу артист» цIе еллачу хьалхарчех вара Докка. Цуьнан говзаллин лаккхара мах хадор дара иза. Нохчийчохь шолгIа а тIеман дарц хьийзо даьлча, цхьана ханна юкъахбелира ансамблан болх, дуьне мел ду дIасабаьржира цуьнан декъашхой.Кхолламо Москва кхачийра Докка. ТIеман гIовгIанна гена валаро цуьрриг а дай ца дира Даймахкана сагатдар.

Юьхьарлаьцна цхьа гIуллакх цахиларо сагатдар бIозза сов доккхура. Эсамбаев Махьмудан цIарах искусствийн ишкол вовшахтуху Д.Мальцаговс. ХIетахь цунна дагахь а дацара берийн ансамбль йиллар, кхечу пачхьалкхашкахь концерташ лур ю бохург а. Цуьнан Iалашо цхьаъ яра – Даймахкана генахь дехачу нохчийн берашна къоман ламасташ, гIиллакхаш, культура йовзийтар, нохчийн мотт Iамабар. Цхьа-ши шо а далале ишкол шуьйра йовза йолаелира. Цуьнан концерташ езаш тIеоьцу Москварчу концертийн тоьллачу залашкахь. Кестта Европе а, Iамарке а кхочу иза.

Иштта Болгарехь дIаяьхьначу «Малх,  хазахетар, хазалла» дуьненаюкъарчу конкурсан толамхо хуьлу ишколан коллектив.
Дешархошна диц ца ло 2005-чу шарахь Лондонехь хиллачу «Оьрсийн Iа» фестивалехь дакъалацар. Трафальгарски майданахь, 95 эзар стаг хьожуш волуш, дIаяьхьначу фестивалехь хьовсархоша уггар езаш тIеэцначех яра М.Эсамбаевн цIарахчу ишколан тоба.

Карарчу шеран январехь къоначу артисташа концерташ елира Вашингтонехь а, Нью-Йоркехь а. США-хь йолчу Россин посольствехь хиллачу концерте кхайкхинера тайп-тайпанчу пачхьалкхийн дипломаташ. Шайн концертаца вайн бераша шена бинчу юьхькIомана баркалла олуш, Нохчийн Республикан Президенте кехат даийтира США-хь  Россин посол волчу С.Кисляка.

ХIокху деношкахь Эсамбаев Махьмудан цIарах йолчу искусствон ишколан берийн-кхиазхойн хелхарийн ансамбль Иорданехь кхиамца концерташ елла цIайирзина.

Тахана шен дешархойн кхиамех воккхаве Мальцагов Докка. «ХIан-хIа, со-м царех артисташ бан ца гIерта, – боху Доккас.  – Суна коьрта ду шайн къоман синдахаран культура царна йовзар, царна и езаялар, хелхаршца и дIагайта хаар а. Цаьрга и дало аьлла а хета. Кхечу къаьмнийн бераш а догIу ишколе – жуьгтий, оьрсий, азербайджанаш, дагестанхой, украинцаш. Вайн хелхарш Iамо лаар хилла ца Iа уьш кхуза балориг. Вайн культура, гIиллакхаш дезаделла царна. Церан дайш-наношна шайн бераша вайн гIиллакхаш тIеоьцийла лаьа. Оха лелочун уггар лакхара мах хадор и хета суна».

«Вайнах» ансамблехь болх бина артисташ, хенаца доьзна сцена йита дезча а, культурина гена ца бовлу, шайна кхузахь зеделларг, девзинарг, Iеминарг шаьш дол-долчохь даржош, къахьоьгу цара. И хIу хьакхаелла, беркате къахьоьгуш ву Мальцагов Докка а. Дела реза хуьлда цунна!

Хь.ХАКИМОВ.

{mosloadposition user9}


При копировании материалов ссылка на сайт обязательна

test 2Новости СМИ2