Даима а «Вайнахаца» хьерча цуьнан дог-ойла – Тхан доьзалехь артисташ ца хилла цкъа а. Цкъа цхьана ловзаргахь тхайн да хелхаволуш гира суна. ЧIогIа хаза волура иза... Суна а лиира хелхавала Iама, – дагалоьцу тахана Нохчийчохь хьовха, Россерчу искусствон адамашна а, дозанал арахьа а вевзаш волчу Ахмадов Рамзана. Хелхавала Iама болчу лаамо валийра иза  ша Iаш хиллачу Хьалха-Мартан Культуран цIийне. ХIетахь бархIолгIачу классехь доьшуш вара кIант. Культуран цIийнехь яра хелхарчийн ансамбль, куьйгалла деш Тагиров Докка а волуш. Оцу ансамблехь Iемира цунна хелхарш дан. Евзира сцена. Эскаре ваххалц исбаьхьаллин самодеятельностехь дакъалецира Рамзана. Амма, эскаре воьду хан тIекхаьчча,Даймахкана хьалха долу шен декхар дIадала вахара, цуьрриг юха а ца гIерташ. ХIетахь хала, амма деза а, сийлахь а лоруш дара эскарехь гIуллакхдар.

Цигара цIавирзича (1974-чу шарахь) сихха шен са лаьттачу метте – Культуран цIийне вахара иза. Сцено шена тIевоьхура жима стаг. Цу хенахь хелхарчаш Iамош вара республикехь а, цул арахьа а цIеяххана вевзаш волу хореограф, балетмейстер Элимбаев Тапа, цул хьалха дуккха а шерашкахь хелхаран «Вайнах» ансамблана куьйгалла дина волу. – Тапина хиира сох артист хир вуй, соьгахь хелхаваларан говзалла юй, – дагалоьцу Р.Ахмадовс. – Делахь а, дукха хан юкъайолале иза юха а «Вайнахе» дIавахара. Со а шеца цига дIавигира цо.

Иза 1975-чу шарахь хилира. Рамзанна ирсе хилира Т.Элимбаев вовзар. ХIунда аьлча, и бахьанехь «Вайнахе» кхаьчна волчу цо 24 шарахь солистан болх бира оцу ансамблехь. Рамзанна кхиаме а хилира и шераш. Лаккхара корматалла йолчу артисташна юккъехь кхоллараллин говзалла сиха кхуьура цуьнан. Тоьлла хелхарча хилла дIахIоьттира Р.Ахмадов. Цу ансамблехь сий-лараме, шен цIе республикехь а, цул арахьа а йовзаре кхечира. Цунна лаккхара цIераш техкира: цкъа хьалха – Нохч-ГIалгIайн хьакъволу артист, юха – Нохч-ГIалгIайн халкъан артист, тIаьххьара – Россин Федерацин хьакъволу артист.

– Со «Вайнах» ансамблах дIаийнера. Суна ансамблан декъашхой сайн доьзал санна хетара, – дагалоьцура кхидIа а Ахмадов Рамзана. Суна цкъа а ца моьттура тхаьш вовшахдевр ду. Делахь а ас даима дагахь латтадора айса цкъа цхьанхьа дешна дешнаш «Артистан коьрта говзалла ю шен хеннахь сцени тIера дIавалар».

Шераш дIаоьхура. Ойла а, дог а къона волуш хилларг делахь а дIаихначу шераша шайца дIаяьхьнера къоналла. Нахана иза тосадалале  шена ган дезаш ву бакъволу артист, хелхарча-м муххале а. Рамзанна и гира. Цо 1997-чу шарахь сацам бира «Вайнах» ансамбль йита, аьлча а, оцу ансамблехь хелхавийлар дита. Хьовсархойн дегнашкахь ша, цхьана хенахь ма-хиллара, къона а, хIайт-аьлла хелхарча санна а вуьсийла лаьара цунна. Цундела и хала гIулч яьккхира цо могаш а, доьналлехь а, каде а волчу хенахь.

Ансамбль йитира. Цхьана юкъанна ша хIун дан деза ца хууш висира. Хала киртиг яра иза. Юха, иштта сингаттамехь денош токхуш Iачу цунна цIеххьана дагатесира: «ХIун дийр ду? ХIин дийр ду? Сайна хуург, зеделларг берашна, кхиазхошна Iамор ду-кх!». Оцу ойлано синтем бира Р.Ахмадовна. Юха а, изза Элимбаев Тапа бахьанехь ала мегар долуш «Вайнахе» юхавар нисделира. Тапа Москва дIавахара. Цуьнан метта ансамблан исбаьхьаллин куьйгалхо хIоьттира Рамзан. Бакъду, Нохчийчохь хIоьттинчу карзахечу хьолаца доьзна и болх дукха хан ялале бита дийзира. Ца ваьлла. Болх беззашехь.

Цул тIаьхьа иза шен говзалла берашна Iамо волавелира. Р.Ахмадовс вовшахтуьйхира «Даймохк» цIе йолу берийн ансамбль. Иза республикал дикка арахьа евзаш ю. «Даймахко» хьалхара меттигаш яьхна Россин а, дуьненаюкъарчу а дуккха а конкурсашкахь, фестивалашкахь. Цуьнан хелхарчашна баккхийберца тIараш диттина Туркойн, Ингалсан, Европан кхечу мехкашкахь.

Тахана Ахмадов Рамзан мелла а хервелла, амма гена ца ваьлла. «Даймохк» ансамблерчу берашна хелхарш Iаморна. Республикан культуран министран хьалхара заместитель хиларца доьзна алсамдевлла цо кхочушдан дезаш долу гIуллакхаш. Делахь а, цуьнан дог, са даима а «Вайнах» а, «Даймохк» а ансамблех хьерчаш ду. Иштта хир ду даима а.

Д.АНАДЕВ.

{mosloadposition user9}


При копировании материалов ссылка на сайт обязательна

test 2Новости СМИ2