Социальни объекташ эксплуатаце дIаяларан хенаш ларъян езаш хиларна тидам тIебахийтира Нохчийн Республикан Президента Кадыров Рамзана «МеттахIитторан белхашкахула йолчу Дирекцин» директорца Эдилов ИбрахIимца хиллачу шен цхьаьнакхетарехь. Республикан куьйгалхочунна хаа лиира могашалла Iалашъяран объекташ а, Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарах йолу спортан комплекс а яр муха дIадоьдуш ду. Белхийн дикалла хьалхахIиттош болчу берриг лехамашна жоп луш хила безаш хилар билгал а даьккхина, И.Эдиловна тIедиллира республикан куьйгаллин лехамаш генподрядчикийн тидаме дIакхачор. – Дешаран объекташ меттахIиттор дуьззина чекхдаьккхина лара мегар ду, – бохура Президента. – ХIинца хьалха лаьтташ ду могашалла Iалашъяранобъекташ меттахIиттор чекхдаккхар. Къоман могашалла Iалашъяр пачхьалкхан коьртачу декхарех цхьаъ ду. Дешарал хIумма а кIезигчу маьIне гIуллакх дац иза. Мехала коьрта объекташ Федеральни Iалашонан программица вай меттахIиттийна девлла. Цундела сихдала ца оьшу. хIинца коьртаниг белхийн дикалла хилийтар ду. Цхьа хан яьлча и белхаш юха а бан безаш ца хилийтархьама.
И.Эдиловс хаам бира тахана республикан Iалашонан программица еш могашалла Iалашъяран 24 объект хиларан хьокъехь. Царах итт дIаяла кечъеш ю. ТIаьххьара белхаш бу царна тIехь чекхбохуш.

– Билгалдаккха луур дара ялх объект эксплуатаце дIаяла кийча хилар, – элира Дирекцин куьйгалхочо, – вуьйш хIара шо чекхдалале кийча хир ю. Цул совнаха меттахIитторан программина юкъаяхийтинера кхин а 21 объект. Царна тIехь жигара дIахьош бу меттахIитторан белхаш. ХIинцале а гIуллакх дан дIайолаялийтина фельдшерско-акушерски шиъ пункт, кийча ю медицински колледжан гIишло.

Цо иштта билгалдаьккхира Шелара коьрта больница ярехь цхьацца новкъарлонаш Iиттаелла хилла хилар. Амма республикан Президентан тIедиллар кхочуш а деш, цхьамогIа гIуллакхаш къастийна цхьалхадахар бахьанехь хIинца оцу объектехь белхаш цхьанаэшшара дIахьош бу.

Дирекцин куьйгалхочо дийцарехь, иштта кхиамца дIахьош бу Нохчийн Республикан хьалхарчу Президентан Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарахчу, 30 эзар меттигна леринчу спортан комплексехь беш болу белхаш а. Спорт езархойн тIедогIучу шарахь таро хир ю оцу гIишлон барамийн хьакъ боллу мах хадо.
Кадыров Рамзана цунна тIедиллира спортан комплекс эксплуатаце дIаяларан график хIоттор а, иза дIаса ца таьIIаш кхочушъяр а.
Л.Омаев.

НР-н Президентан а, Правительствон а пресс-службин хаамашкахула.

{mosloadposition user9}


При копировании материалов ссылка на сайт обязательна

test 2Новости СМИ2