ХIокху сохьта Шуьйтарчу бепиг дечу заводан болх шен сменехь дIабоьду. Iаламат чомехь а, массара а хастош долу Шуьйтара бепиг доттуш ю масех белхало. Массара а санна шен болх а, продукци а хастайо кондитера Абдурахманова Зараа. ХIокхо заводехь болх бен ши шо ду: – Цкъачунна коржикаш бен кхидолу сурсаташ дац оха деш. Делахь а, уьш дика дIа а оьцу, къаьсттина гонахарчу ярташкарчу бахархоша, – дуьйцу Зараа. Иштта бепиг доттуш йолу Шамаева Хьаьлимат а чIогIа реза ю шен балхана а, кхузахь дечу бепигна а: – Тхан бепиг, хеста а деш, дIаоьцу, оха тхайн цIа а хьо хIара. Вуьшта Шуьйтара бепиг массо а заманахь а дара шен къаьсттина чам болуш. Бепиг эца тIеттIа схьаоьху меттигера бахархой. Агрокомбинатан директора дийцарехь, алссамчу барамехь дIаоьцуш ду кхузара бепиг. Дукха хьолахь Борзе а, гонахарачу ярташка а дIахьо бепигца йохка-эцар лелочара.

 Цехан хьаькамо Камаев Рамзана тIедузу директоран къамел:

– Юккъерчу барамехь аьлча, дийнахь-бусий 700–800 булка бепиг дотту хIокху заводехь.  Кхаа сменехь болх а бо заводо, шишша белхало а волуш. Белхалой иштта кIезиг хиларан бахьана – ерриг а производство автоматика тIехь хилар ду. Вуьшта, белхан меттехь хуьлуш верг пхи стаг ву.

ХIокху заводо арахоьцучу сурсатийн тайпанаш а, дукхалла а, продукци алсамъяккха а оьшург керлачу технологин оборудовани ю. Делахь а, кIоштан администрацин инвестиционни политика кхиаре терра, Нохчийчоьнан Президентан а, Правительствон а тидам алсамбаларца завод кхуьург хиларх тешна бу кхузара куьйгалхой.

Ткъа цкъачунна Шуьйтара бепиг, олуш ма-хиллара, охьадожа дуьтуш дац.


А. КАТАЕВ.
Авторан суьрта тIехь: Шуьйтара бепиг дотту завод.

{mosloadposition user9}


При копировании материалов ссылка на сайт обязательна

test 2Новости СМИ2