ГІишлошъярехь дакъалоцу  Нохчийн Республикерчу бахархошна газ латторал совнаха, тІамо йохийна хІусамаш, гІишлош меттахІиттош жигара дакъа а лоцу «Чеченгазпром» ОАО-н коллективо (гендиректор Баймурадов Лом-Іела). Воккхавевеш ду карарчу шарахь динарг а. ГІишлошъяран декъехула шаьш бина белхаш бовзийтира «Чеченгазпром» ОАО-н куьйгалхочун заместитела Кадиев Сайд-Селима.  Ма-дарра аьлча, тхан, газовикийн, белхан коьрта Іалашо ю вайн республикерчу бахархошна, организацешна, предприятешна газаца кхачо хилийтар, – дуьйцу С-С.Кадиевс. – Бакъду, вайн Президент Кадыров Рамзан хьалха а  ваьлла, берриг а ницкъаш а, терго а тІамо йохийна гІаланаш, ярташ меттахІитторна тІе а яхийтина къахьоьгучу хенахь, юьстах ца латтаделира тхо.Тхайн ницкъ кхочург деш, жигара дакъалецира оха тІамо йохийна гІишлош меттахІиттош, царна ремонташ еш, керла гІишлош, хІусамаш еш. Масала, Гуьмсан районерчу Ойсхарахь керла ишкол йира, Старопромысловски районехь еш больница ю – кестта йина а яьлла пайдаоьцур бу цунах, оццу районан «Нефтянка» олучу меттехь долу «Дом ребенка», вуьшта аьлча, заьІап бераш лелош долу цІа – больница а оха дина ду. Карарчу шеран сентябрехь дина даьлла Ленински районан Малгобекски урамера 5 гІат долу, 32 хІусам йолу цІа а. Дукха хІусамаш йолу и цІа деш къахьоьгуш вара 20 сов гІишлошъярхо. Ши шо хан йийзира и мехала объект чекхъяккха. Заказчик «Чеченгазпром» ОАО а, цуьнца цхьаьна «Кирус» ООН-н гІишлошъяран фирма а яра. Тхо реза ду бинчу балхана, доггах куьг тухуш, тІаьхьало йоллуш къахьегна гІишлошъярхоша. Шайна кечйинчу хІусамашна реза бу бахархой а. Иза ларамза а дац, стагана Іен а, ваха а аьтто болуш, массо а тайпа бегІийлаш кхуллуш дина цІа ду иза. Цул сов, тхайн газпроман белхахлошна йина хІусамаш а ю уьш.

Керла гІишлош ярал сов, тІамо йохийна меттигаш меттахІиттош, ремонтни белхаш беш дакъа а лоцу «Чеченгазпроман» ОАО-с. Дукха ду цу декъехь дина гІуллакхаш. ХІокху деношкахь ян йолийна кхин цхьа керла 3 гІат долу гІишло а ю, иза газпром цхьаьнакхетараллин административни корпус хир ю. В.КУРБАНОВ.
Авторан суьрта тІехь:

С.-С.Кадиев, «Чеченгазпром» ОАО-н директоран заместитель; газовикашна дина керла цІа.
 

{mosloadposition user9}


При копировании материалов ссылка на сайт обязательна

test 2Новости СМИ2