Нохчийн Республикан Президент Кадыров Рамзан юха а юкъавахана Россин тоьллачу 100 политикан ноябрехь хIоттийначу рейтингана. Оцу политикашна юккъехь, хьалха а санна, коьртехь ву Россин Федерацин премьер-министр Путин Владимир а, Россин Федерацин Президент Медведев Дмитрий а. Нохчийн Республикан Президент Р.Кадыров региональни тхьамданийн сий-лараман рейтингехь шолгIачу меттехь ву. Хьалхарчу меттехь ву Москван мэр Лужков Юрий. Нохчийн Республикан Президентана тIаьхьа ю Санкт-Петербурган куьйгалхо Матвиенко Валентина. Уггар сий-ларамечу политикашна юкъа боьлхуш бу региональни а, федеральни а тIегIанашкара куьйгалхой, бевзаш болу партийни белхахой, ткъа иштта бизнес-элитин векалш. Рейтинг кечйина Политически а,экономически а коммуникацийн агентствос (АПЭК). Экспертни хаттарш дар дIахьо къайлах анкеташ язъяйтаран кепара. Оцу хаттарийн жамIийн буха тIехь кечйо Россин уггар сий-ларамечу 100 политикан рейтинг. Политикийн сий-лараман мах хадабо итт баллан барамца.

Рейтинг хIотторехь дакъалецира 27 эксперта: политологаша, политтехнологаша, медиаэксперташа, политически партийн векалша.

ЖамIан рейтинг 100 политикан сий-лараман Россин экспертни юкъараллин тхьамданаша мах хадор ду. Нохчийн Республикан Президентан цIе боккхачу сий-лараман декъехь йолу дуккха а беттанаш ду.

Нохчийн Республикан Президентан, Правительствон пресс-служба.

{mosloadposition user9}


При копировании материалов ссылка на сайт обязательна

test 2Новости СМИ2