ХIокху деношкахь Соьлжа-ГIалахь Зорбанан цIийнехь хилира Нохчийн Республикан арахьарчу зIенийн, къоман политикин, зорбанан, хаамийн министерствехь йолчу нохчийн меттан, оьздангаллин клубан рогIера кхеташо. Иза схьа а йиллира, дIа а яьхьира яздархочо Юсупов Iусмана. Кхеташонехь дийцаре дира республикан дешаран заведенешкахь нохчийн мотт хьехаран а, Iаморан а, и болх тобаран некъийн а хьокъехь долу гIуллакх. Къамелаш дира яздархочо Исмаилов Абус, республикан дешаран, Iилманан министерствон юкъарчу дешаран отделан хьаькама Каимов Iабдурахьмана, «Даймохк» газетан коьртачу редакторан хьалхарчу заместитела Шамсудинов Бувайсара, «Вести республики» газетан белхахочо Давлетукаев Анзора,«Исламан зIаьнарш» газетан редакторан заместитела Петирова ПетIамата,  «Даймохк» газетан коьртачу секретара Магомаев Салавдис, кхечара а.

Къамелаш динчара чIогIа халахетарца дийцира республикан ишколашкахь нохчийн мотт хьехаран урокийн барам лахбар тIекхуьучу тIаьхьенна ненан мотт хаарехь вочу агIор хаалург хилар. Ишколашкахь берашна ненан мотт хьехарна йоккха новкъарло еш ду дешаран заведенешкахь кхачам боллуш учебникаш цахилар а, йолуш ерш а даккхий кхачамбацарш долуш хилар а. Цул сов, республикан дешаран заведенешна къоман учебникаш кечъярехь хьакъ йоллу жигаралла ца гойту, ткъа цкъацкъа новкъарло а йо дешаран федеральни министерствос.

Къамелаш динчара иштта билгалдаьккхира клубан кхеташонашкахь чIогIа мехалчу гIуллакхех лаьцна дуьйцуш хилар. Хаийтира и гIуллакхаш дийцина ца дуьтуш, ткъа цхьана хьакъ йоллучу органо дIаяздеш а, тIеоьцуш а хуьлийла шайна лаар. ТIаккха бен хир бац клубан болх шен Iалашонна жоп луш.

С.ЛАЛАЕВ.

{mosloadposition user9}


При копировании материалов ссылка на сайт обязательна

test 2Новости СМИ2