Дей-буьйсий ца лоруш, я цхьа а мукъа де а доцуш, къахьоьгуш бу  «Грозный – Москва» цIерпоштан проводницаш. Царна юкъахь бу шайн дикачу гIиллакхашца билгалбевлла Акаева Лариса, Амагова Зайнап, Утаева Лариса. Уьш даима а кийча бу некъахочун гIуллакхе хьовса а, цунна оьшучунна орцахбовла а. Шайна тIедиллина муьлхха а гIуллакх мало йоцуш, сихонца кхочушдо цара. Цу цIерпошташца дIасаваханчунна девза церан башха гIиллакхаш, кIеда-мерза амал. Церан екхаеллачу яххьашка хьаьжча а, гуш ду уь догцIена адамаш хилар. Ткъа царна-м кхин хIумма а ца оьшу шайх яккха дика цIе йисчхьана.
Р.МУСИПОВ.

{mosloadposition user9}


При копировании материалов ссылка на сайт обязательна