Ойла йича, вайн чолхечу, къаьсттина кегийрхой, вайн къоман оьздангалла-ламасташца нисделла далазчу муьрехь ярташкара а, ткъа иштта кIошташкара а библиотекийн болх доккхачу маьІнин хуьлу. – 2000-чу шеран февраль баттахь хIокху Ведана кIоштахь хIара библиотека йоцург кхин  учреждени ян а юй те аьлла хетара, –  дуьйцу Ведана кIоштан ЦБС-н (Центральная библиотечная система) директора Хатуев Iусмана. Ала деза, 2005-чу шеран 2-чу августехь вайн мехкан мостагIаша хIокху чохь ягийна  дуккха а шерашкахь Ведана кIоштан библиотекан заведующи лаьттина Инасаламова Зарган. ХIинца а кIоштарчу бахархоша а, учрежденийн белхахоша а дикачу цIарах хьахайо и бакъйолу нохчийн мехкан йоI.ХIокху библиотекин цхьа дакъа берийн киншкаша дIалаьцна ду. Цуьнан  доладеш ю Дадаева Хьава,  2007-чу шарахь Нохчийн Республикехь дIаяьхьначу «Шеран библиотекарь» конкурсан толамхо а ю иза.
– ХIокху сохьта берийн библиотекин дешархой 480 бер ду, ткъа ерриг а библиотекин фонд – 7 эзар киншка, – билгалдо Дадаева Хьавас.  – Вайн махкахь тIемаш хилале кхузахь 25 эзар киншка яра. ХIокху сохьта библиотекин чоьнашкахь методико-библиографически отдел, цу тIе киншкаш вовшахтохаран отдел, берийн библиотека, кIоштан библиотека ю.  Цхьана метта йиъ учреждени нисло хIокху масех еакIов метр йолчу чохь.
Къамелехь дакъалоцуш волчу  Хатуев Iусмана тIетуху:
– Оха болх болочу хенахь кIоштахь хьал чIогIа кхераме дара, амма тхешан белхахой гул а бина, массо а учрежденийн а белхахошна  хьалха хIиттинчу керлачу декхаршка хьаьжжина, болх дIаболийра оха. ХIетта меттайогIучу ярташкарчу  библиотекийн белхахошна хIун оьшу,  церан киншкийн фондашца хьал муха ду  хьожуш, ДаьргIа, МахкатIе, ЭгIашбета, Эрсана, кхечу ярташка, мел кхераме делахь а, некъаш бина оха, дуккха а  къа хьегна.
Директора дийцарехь, оцу ярташкахь дукха хьолахь буьйса яккха дезаш нислора, хIунда аьлча, дIа а вахна, оццу дийнахь юхавогIур бохург хIетахь аьттехьа а дацара.  
ХIинца хIокху библиотеки чохь йолу киншкаш нахера лахьийна а ю, цхьаерш совгIатна елла ю, кхиерш республикан культуран а, дешаран а, Iилманан а министерствоша елла ю.  Иштта вовшахкхетта ерриг а 58 000 сов киншка.
– Берийн библиотека Ведана кIоштахь болх беш  ю 1964-чу  шарахь дуьйна, –  кхидIа къамел до Дадаева Хьавас. – Соьлжа-ГIалин коьртачу библиотекица, цуьнан директорца Исраилова Сацитица  хуьлу тхан дукха хьолахь цхьаьна болх бар, дIахьош йолу цхьацца мероприятеш а.
– Нохчийн  Республикан культуран министервон гIоьнца арахьахула ечу семинарашкахь дакъалоцу тхан белхахоша, – билгалдо кхидIа директора Хатуев Iусмана. – Республикан берийн библиотекин заведующи йолчу Сайдумова Зулайс дукха гIо до кхузарчу белхахошна. Библиотекин балхаца йолу массо а рекомендациш а, белхан планаш а нисъеш цуьнгара накъосталла хуьлу тхуна.
КIоштан библиотекин лакхара  методист ю Манаева Зараъ.  Цуьнан планашца вовшахтухий дIахьо кхузахь тайп-тайпана викторинаш а,
кхийолу берашна лерина мероприятеш а.
Вайн махкара а, оьрсийн а гIарабевллачу яздархойн цIерашца доьзна  денош хIокху библиотекин белхахойн ницкъашца а, кIоштарчу ишколийн хьехархойн гIоьнца а даздо. Вуьшта цхьа а дезде ца дуьту билгал ца доккхуш.
ТIекхуьуш долу чкъор вуочух лардарехь, кхетош-кхиорехь маьІнин  библиотеко. И болх хIокхара кIоштан къедица Джафаров Iаьрби-Хьаьжица цхьаьна, кIоштан газетан редакцин гIоьнца дIахьош бу, оцу белхан дика жамIаш а ду.
– ХIинццалц арахьахула семинарашкахь дакъалаьцна оха  (Новр-гІалахь, Гуьмсехь, кхечухьа а), – къамелан жамI до директора Хатуев Iусмана. -  ТIедогIучу шарахь кхузахь,  Веданахь, ян лерина и тайпа семинар. Цунна схьакхайкхар лерринчу кехаташца дIахьедина а ду оха. И тIетохар башха самукъане а дац директоран.
Кхеран сингаттаман бахьана суна тIаьхьо бен ца хиира. Кхеран сагатдийриг  хIокху чоьнашкара дIадовла дезар хилла. Керла йинчу администрацин гIишлош  чохь хIокху чоьнийн метта кхарна керла чоьнаш билгалйина, амма библиотекин белхахой,  схьагарехь, хIумма а цунах  сакъералуш бац.
Дийцарехь, хIокху чоьнашкахь «Хазаллин салон» юьллучух тера ду. ГIеххьачул стаг цецвоккхур волуш хIума ду иза.  Ма-дарра аьлча, библиотека чуьра ара а яьккхина, цу чохь хазаллина кечвала луучунна чоьнаш дIаялар башха хьекъале хIума ца хетало.  ХIинцачул бIеннаш   шераш хьалха аьлла хила мега вайн дайн кица: «Хазалла – сарралц…». Делахь а, и сацам биначарна  дика хаьа хир ду.
Оцу хаамна тIетоха мегар ду кхин цхьа а: Ведана кIоштан ЦБС-н директоран алапа 6 000 сом ду, ткъа  могIарера белхахойн – 4-5 эзар сом. Масала, оцу алапех болх беш ю шен белхан стаж 36 шо долу Дадаева Хьава а, 37 шарахь болх бина  библиотекарь Мамакаева Хедижат а.
ХIокху вайн чолхечу заманахь оцу   алапах балха лелаш волу стаг а, зуда а турпалхо лара мегар ду, иза шен белхан меттигах ваккхар-м дийца а ца оьшу…
А.КАТАЕВ.
 Авторан суьрта тIехь: Ведана кIоштара библиотекехь.
 

{mosloadposition user9}


При копировании материалов ссылка на сайт обязательна

test 2Новости СМИ2