Москва гІалин Правительствехь масех де хьалха дІаяьхьира «Россин гІаланаш бахархойн цхьааллехьа а, къаьмнашна юккъехь барт хилийтарехьа а» цІе йолу Ерригроссин шолгІа конференци. Цуьнан балхахь дакъалецира Россин Федерацин Президент волчохь волчу Нохчийн Республикан векала, Нохчийн Республикан Правительствон Председателан заместитела Таймасханов Бекхана. Конференци вовшахтоьхнера Москва гІалин Правительствон регионашна юкъарчу зІенийн а, къоман политикин а Комитето. Россин гІаланашкахь къаьмнашна юккъехь барт, машар чІагІбаран, этнополитически экстремизмана, динашна инкарло ярна профилактика яран гІуллакхашна оццул боккха тидам тІебахийтарна а, уьш доккхачу маьІне гІуллакхаш ларарна а Нохчийн Республикан Президентан КадыровРамзанан цІарах Таймасханов Бекхана баркалла элира конференци вовшахтоьхначарна. Цо къобалдеш тІеийцира «Россин гІаланаш бахархойн цхьааллехьа а, къаьмнашна юккъехь барт хилийтарехьа а» цІе йолу Россин Ассоциаци кхолларехьа долу Москва гІалин Правительствон регионашна юкъарчу зІенийн а, къоман политикин а Комитетан дІадолор.
– Ассоциацин белхан коьртачу некъех цхьаъ хилла дІахІуттур ду юкъараллехь граждански цхьаалла а, российски патриотизм а кхиорехьа цхьаьна гІуллакхаш дар, – бохура В.Таймасхановс. – Оцу гІуллакхана тІехьовсийна хир бу пачхьалкхан Іедалан дерриг а тІегІанашкарчу органийн, граждански юкъараллин институтийн кхетош-кхиоран, дешаран, культуран учрежденийн, шуьйрачу хаамийн гІирсийн а, коммуникацийн а цхьаьнатоьхна ницкъаш. Нохчийчоьнан пачхье – Соьлжа-ГІала – юьззина бакъонаш йолу декъашхо хилла дІахІутур ю «Россин гІаланаш бахархойн цхьааллехьа а, къаьмнашна юккъехь барт хилийтарехьа а» цІе йолчу Россин Ассоциацин.
Таймасханов Бекханна хетарехь, оцо таро лур ю Нохчийчоьнан пачхьенан Россин дуккха а гІаланашца махлелоран-экономически а, Іилманан-технически а, культурни а цхьаьнагІуллакхашдар шордан а, кхио а. Ткъа цу тайппанчу зІенаша гІо до ерриг а Росси кхиорна, чІагІъярна, делахь-хІета, цуьнан регионаш кхиорна а, юкъараллехь барт хилийтарна а. Цу хьокъехь хаам бира Россин Федерацин Президент волчохь долчу Нохчийн Республикан векалаллин хаамийн-хьесапдаран отдело.
Д.АНАДЕВ.   

{mosloadposition user9}


При копировании материалов ссылка на сайт обязательна

test 2Новости СМИ2