Нохчийн Республикан Президента Кадыров Рамзана кхеташо дIаяьхьира Пачхьалкхан Думин Нохчийн Республикера болчу депутаташца а, Федерацин Кхеташонан декъашхошца а, Россин Федерацин Президент волчохь долчу Нохчийн Республикан Векалаллин куьйгаллица а, ткъа иштта Нохчийн Республикан Правительствон Председательца а, министрийн кабинетан декъашхошца а. Дийцаре дан юкъадиллина дара чекхдолучу шеран жамIашца а, 2010-чу шарна долчу декхаршца а доьзна долу гIуллакх.Р.Кадыровс билгалдаьккхира финансийн кризис хиллехь а, 2009-гIа шо республикана кхиаме хилла ала мегар долуш хилла хилар. Цо дийцарехь, таро хилла дуккха а ишколаш, больницаш, социальни кхийолу объекташ ян, доккха хьашт долчу бIеннаш доьзалийн хIусамийн хьашташ кхочушдан, дуккха а белхан меттигаш хилийта. Цо лаккхара мах хадийра депутатийн тобанан белхан, цо чIагIдира контртеррористически операцин раж дIаяккхарехь Пачхьалкхан Думин Нохчийн Республикера болчу депутаташа а доккха маьIна лелийна хилар. Цо иштта билгалдаьккхира депутаташ шайн коллегашца а, Россин Федерацин тайп-тайпанчу министерствийн, ведомствийн векалшца а дика юкъаметтигаш хиларе кхаьчна хилар.
– Вай меттахIиттайо социальни объекташ, больницаш, ишколаш. Амма хIинца чIогIа мехала ду бюджетан финансированин гIуллакхехь тIетаьIIина болх бар а, ткъа иштта тайп-тайпанчу банкийн системийн куьйгаллица зIенаш тасар а. Москвахь йолчу нохчийн юкъарллин берриг а векалшна шен хенахь вай тIедиллира республика меттахIотторехь жигара дакъалацар. Амма оцу гIуллакхана жоп а делла, Арсамаков, Агаев, Байсаров бен юкъа ца вахара, – элира Р.Кадыровс.
Цо билгалдаьккхира и къамел нохчийн бизнесан векалшца кхидIа а жигара дIадахьа дезаш хилар, цаьрга деха деза республикехь шайн ницкъ кхочу муьлхха а объект яр.
– Вайна чIогIа мехала ю Нохчийн Республикан бахархошна хилийтина йолу хIора белхан меттиг, – элира Р.Кадыровс.
Цо иштта билгалдаьккхира Завгаев Докка, Аслаханов Асланбек, Хасбулатов Руслан Нохчийн Республикан жигара политически гIо лоцуш хилар. Цара республикехь долу хьал девзинчул тIаьхьа дуьйцу иза кхидIа меттахIотторехь а, кхиорехь а шайна хетарг, бовзуьйту шайн лаамаш.
Пачхьалкхан Думин депутата Делимханов Адама шен къамелехь билгалдаьккхира Нохчийн Республикан бахархойн социальни гIуллакхаш кхочушдар депутатийн тобанан балхахь коьрта некъ хилла буьсуш хилар. Цо дийцарехь, Нохчийн Республикера болчу Пачхьалкхан Думин депутаташа тайп-тайпанчу министерствошка а, ведомствошка а дахьийтина республикан тайп-тайпанчу проблемех лаьцна 300 сов хаттар. Цо иштта дагадаийтира хIокху шарахь Пачхьалкхан Думехь дуьххьара Нохчийн Республикан Денош дIадаьхьна хилар. Церан лаккхара мах хадийра Пачхьалкхан Думин куьйгалло а, депутаташа а. Соьлжа-ГIалахь иштта дIаяьхьира Кхерамзаллин комитетехь йина кхеташо. Цуьнан жамIаша доккхачу декъана гIо дира Нохчийн Республикехь контртеррористически операцин раж дIаяккхарехь.
А.Делимхановс билгалдаьккхира Нохчийн Республикера болчу депутаташна Пачхьалкхан Думехь болх бан хала цахилар, хIунда аьлча Нохчийн Республикан Президента церан балха тIехь хаддаза тергам латтабо а, Пачхьалкхан Думин спикерца а цхьаьнакхета.
– Тхуна хаьа тхайна тIехьа лаьтташ сий-ларам болу Президент хилар, муьлххачу а гIуллакхехь цо гIо дар а, гIо лацар а карадо тхуна, – элира А.Делимхановс.
Р.Кадыровс иштта тидам тIебахийтира кегийрхошца бечу балхана. Цо билгалдаьккхира Москвахь болчу студенташца-кегийрхошца шен-шен хенахь цхьаьнакхета а, уьш дешарехь кхиаре хьовса а, цаьрга бакъонаш ларъярца доьзна долу талхораш ца дайтарна гIуллакхаш дан а дезаш хилар.
– Кегийрхой ийманехь, гIиллакх-оьздангаллехь кхетош-кхиоран хьокъехь дуьйцуш, вайн дагахь республикехь беха нах хилла ца Iа. Вайна мехала ду, уьш миччахь а бехаш хилча а, вайн берриг а махкахой дика кхетош-кхиийна а, нохчашца иза догIуш ма-хиллара, лелаш а хилар, – элира Р.Кадыровс.
Россин Президент волчохь волчу Нохчийн Республикан векала Таймасханов Бекхана хаам бира шен аппаратан белхахой студенташца-кегийрхошца шен-шен хенахь цхьаьнакхеташ хиларх лаьцна, хIора семестр дIайоьдуш хьовсу уьш дешарехь кхиаре, ладугIу студентийн проблемашка.
Федерацин Кхеташонан Нохчийн Республикера волчу декъашхочо Сабсаби Зияда хаам бира ша Федерацин Кхеташонан Дуьненаюкъарчу гIуллакхашкахула йолчу комитетан председателан заместителан дарже чIагIвина хиларх лаьцна. Цо дийцарехь, Россин Парламентан лакхара палата тIедогIучу шарахь Нохчийн Республикехь Федерацин Кхеташонан денош дIадахьа билгалдеш ю. Апрелехь иштта Соьлжа-ГIалахь кхеташо хир ю комитетан. З.Сабсабис билгалдаьккхира Россин кхечу мехкашца долчу гIуллакхийн министерствос Нохчийн Республика Россин регионех арахьараполитически белхан уггар а жигара дакъалацархо хилар а, кхечу регионаша цу тIехь республиках масал эца мегарг хилар а лоруш хилар.
Р.Кадыровс билгалдаьккхира чекхдолуш долчу шарахь республикехь баьхначу уггар а баккхийчу кхиамех Соьлжа-ГIалахь дуьненаюкъара аэропорт схьаеллар а, контртеррористически операцин раж дIаяккхар а, Дуьненаюкъара исламан конференци дIаяхьар а, Соьлжа-ГIалахь Исламан университет схьеллар а хилар. Цо иштта билгалдаьккхира 2009-чу шарахь республикан агропромышленни комплекс жигара кхиа йолаелла хилар а, кхиаран иштта боларш хьалха цкъа а гина цахилар а.
«Вай цхьана командехь ду, цхьаьна болх беш ду вай. ХIокху шаро кхин цкъа а гайтина вай мел чолхе а декхарш кхочушдан хьуьнаре хилар», – билгалдаьккхира Р.Кадыровс.
Р.Кадыровс депутатана Вахаев Мохьмадна тIедиллира, паргIато йойуш, нах чохь бохкучу меттигашкахь болу нохчий чохь бахкоран хьелашка хьажар а, къоман билгалонашца церан бакъонаш талхоран хьокъехь долу хабарш мел бакъду таллар а.
Нохчийн Республикан Президента дIахаийтира нохчийн халкъан зовкхан дуьхьа бечу балхахь депутатийн тобанан кхидIа а кхиамаш хуьлийла шена лаар.
Нохчийн Республикан Президентан, Правительствон пресс-служба.

{mosloadposition user9}


При копировании материалов ссылка на сайт обязательна