Нохчийн Республикехь «Тоьлашха долу газет» аьлла д1аяьхьначу конкурсехь хьалхара меттиг яккхарна республикан «Даймохк» газетана компьютерца совг1ат дина Кху деношкахь Зорбанан цIийнан актови залехь даздаран хьолехь дIадаьхьира Россин зорбанан денна лерина даздарш. Иза вовшахтоьхнера Нохчийн Республикан арахьарчу зIенийн, къоман политикин, зорбанан, хаамийн министерствос хаамийн гIирсаша беш болу болх мехала хилар довзийтаран Iалашонца.
Цигахь дакъалоцуш бара Нохчийн Республикан куьйгаллин векалш, нохчийн журналистикин ветеранаш, республикан а, районийн а газетийн редакторш, журналисташ, студенташ.Цхьаьнакхетар дIахьош Нохчийн Республикан арахьарчу зIенийн, къоман политикин, зорбанан, хаамийн министра Саралиев Шамсаила Зорбанан денца декъалбира берриг а журналисташ. Цо билгалдаьккхира республикан куьйгалло хаамийн гIирсийн болх мехала а, маьIне а лоруш хилар.
Республикехь дIаяьхьначу «Тоьлашха долу  газет» конкурсан жамIаш а довзийтира. Хьалхара меттиг елира республикан «Даймохк» газетана, шолгIаниг – «Столица +» газетана, кхоалгIаниг – Нажи-Юьртан районан «Халкъан дош» газетана. Конкурсехь толаман меттигаш яьхначарна дипломаш а, ткъа иштта мехала совгIаташ а делира.
Министерствон Сийлаллин грамоташца а, ахчанца а совгIаташ дира «Орга», «Нана», «Вайнах», «СтелаIад» журналийн а, ткъа иштта «Грозный-информ» хаамийн агентствон а, газетийн а белхахошна.
Цхьаьнакхетар дерзош, гулбеллачеран самукъадаьккхира нохчийн эстрадин артисташа.
Р.МУСИПОВ.
Р.Истамуловн сурт.  
www.ChechnyaTODAY.com



Обсудить на форуме



{mosloadposition user9}


При копировании материалов ссылка на сайт обязательна

test 2Новости СМИ2