Похожие материалы
Ийманехь кхиор
13:26, 08 февраля 2010г.
Просмотров: 4940
«Центран» жигархойн леррина тидам тIебоьдуш меттигаш ю кхиазхой а, кегийрхой а гуллуш берш. Ишттачу метте кхаьчча а, шайн нийсачу накъосташца санна къамелаш а до, хьехамаш а бо Iалимаша. Царна даррехь дIахоуьйту Дала хьарам дина вахош долчу маларех деттадалар бусалба динца догIуш цахилар. Иштта цхьаьнакхетарш хилира дIадаханчу мукъа деношкахь а.
Асаев Аюба дийцарехь йохкархошна а, кегийрхошна а къаьсттина боккха Iаткъам бо, уьш шаьш лелочух юха а боху хьарамло лелорна дохко а ваьлла, иза дита а дитина, нийсачу некъа тIе хIоьттинчу стагана АллахIа Шен боккха къинхетам беш хилар, гечдеш хилар дIахаийтаро. Иза хууш ца хилларш дукха карабо маларш духкучарна а, маларех пайдаоьцучарна а юккъехь.
Цундела, А.Асаевс билгалдаьккхина ма-хиллара бахархошна юккъехь кхетаман болх хаддаза дIабахьа беза. ХIунда аьлча, цкъа аьлча кхеташ верг а хуьлу, иттазза ца аьлча ца кхеташ верг а хуьлу, вахош долу маларш дохкар къилахь дуй ца хууш верг а хуьлу (массо а ма вац телевизоре хьожуш а, газет доьшуш а). Цул сов, барта деш долчу къамелан, юьхьа дуьххьал беш болчу хьехаман эвсаралла мелла а лакхара а хуьлу. Иза шайн балха тIехь хIинцале зеделла ийманехь кхетош- кхиоран Центран белхахошна. Делахь-хIета, кIорда ца деш, дIадахьа деза вахош долчу маларшна, наркоманина дуьхьал деш долу гIуллакхаш. Оцу ойланехь бу «центран» куьйгалхой а, ткъа иштта берриг белхахой а.
Д.САЙДХАСАНОВ.
{mosloadposition user9}
При копировании материалов ссылка на сайт обязательна
test 2Новости СМИ2
Комментарии
Ваш комментарий отправлен на модерацию.
Комментариев еще нет.
См. также