БисмиллахIир-рахьманиррахьийм
Бусалба дин – цхьанна тIаьхьавазар ду. Везачу Дала боху Шен Сийлахь Къуръан чохь: «Шайна Дала доссийначу уггар дикачунна тIаьхьадазалаш, цIаьххьана, шайна хаа а ца хууш, Iазапо шаьш лацале»
(Аз-Зумар, а.55)Элчано (Делера салам-салават хуьлда цунна) аьлла: «Ша, Веза-Сийлахь волчу Делах кхерарца, весет до шуьга, иштта весет ду шуьга, шайна тIехIоттийначуьнга ладогIарца, цунна муьтIахь хиларца, иза лай велахь а. Боккъал а шух вехаш висинчунна дуккха а цхьаьнацадараш гур ду шайна юкъахь. Сан Суннатна, суна тIаьхьабогIучу, нийсачу новкъахь болчу, халифийн Суннатна, шайн гIора ма-дду, тIаьхьадазар тIехь ду шуна».(Абу Давуда, Тирмизис а далийна хIара хьадис)
Элчанан (Делера салам-салават хуьлда цунна) заманера вайна тIекхаччалц, Iеламнахана тIаьхьабозуш схьабогIуш бу бусалба нах. Делан лаамца, цхьацца бахьанашца Iеламнах, хьалха заманчохь дуьйна, мазхIабашка бекъабелла Iилма талларан балха тIехь. Тахана бусалба нахана юкъахь лелаш уггар доккха, даьржина диъ мазхIаб ду: Хьанафин мазхIаб, Маликан мазхIаб, ШафиIин мазхIаб, Хьанбалан мазхIаб.
ТIаьхьарчу хенахь «Iилманан говзанчаш» бевлла, мазхIабаша бусалба нах бекъна, мазхIабийн дайшна санна, вайна а хуур ду Къуръано, Суннато хIун боху, мазхIабаш вайна оьшуш дац бохуш.
МазхIаб бохучу дешан маьIна дуьйцуш, уьш маца кхолладелла, хIун бахьана долуш кхолладелла, вайна уьш оьшу я ца оьшу хьахош кечдина ду хIара къамел.
Дала Iилманехь совдохийла вай, нийсонна тIехь чIагIдойла.
Буслба дино адаман дахарехь я юкъараллехь мел лелочу хIуманна (ламаз-марха, йохка-эцар, ялор-йитар, Iедалца йолу юкъаметтиг...) дина хьукма ду. Шемахь вехаш волчу воккха Iеламстага Ахьмад Куфтарус ма-аллара, бусалба дин хIора адаман, нехан юкъараллин дахар маслаIате, ирсе дан деана ду.
ХЬУКМА БОХУРГ ХIУН ДУ
Хьукма, (дукхаллин терахьехь ахькамаш) – АллахIа Шен лешка дина дIахьедар (къамел) ду, цара мел лелочух дозуш долуш. Ахькамаш тайп-тайпана хуьлу: бехк боцуш стаг вер хьарам ду, дийнахь ден пхи ламаз фарз ду, тешаш болуш, духалург ахча далар – дIаяздар суннат (мандууб) ду, ца оьшу, сов хеттарш дар, эладитанаш дийцаран хьукма – макрухI ду, ламазна дIахIоттале ламаз эцна хила везар – бехкам бу.(Карахь доцуш дина ламаз къобал хир дац)...
ХЬУКМА БИЛГАЛДАККХАРАН БУХ ХIУН БУ
Хьукма билгалдаккхаран бух Сийлахь Къуръан, Суннат, Iеламнехан барт (ИджмааI), Дустар(Къияс) бу. ТIехIоьттинчу хьолана хьукма билгалдаккхар Сийлахьчу Къуръанера долор ду, цу тIехь и ца карадахь, Элчанан Суннате хьовсар ду, цигахь жоп дацахь, ИджмааIна тIетевжар ду. Кхолладеллачу хьолана, хьукма ИджмааIехь дацахь, тахана хIоьттинчу хьолаца дуста мегар долуш, яханчу хенахь хьукма билгалдаьккхина хилла, лелла хIума дуй хьовсур ду. Масала, къаьркъа хьарам дина ду Къуръан чохь, амма наркотикаш цу чохь цIе йоккхуш билгалйина яц.Iеламнах хьовсур бу Дала къаьркъа хьарам даран хIоттийна бахьана муьлха ду. И бахьана, стаг вахийна, хьекъалх вохор ду. Изза до наркотикаша а. Цундела хьарам йина ю наркотикаш. Къаьркъа маларан хьал, наркотикийн хьал вовшех дуьстина, наркотикийн хьукма билгалдаккхарх Къияс олу. Адамо лелочунна Къуръанан, Суннатан, ИджмааIан, Къиясана тIе а тевжина, шариIатан ахькамаш билгалдохучу Iилманах ФикъхI олу.
Хьукма билгалдаккхарехь къахьоьгуш волчу Iеламстагах муджтахIид олу, ткъа цо бечу балхах ИджитихIад олу.
МАЗХІАБ БОХУРГ
ХIУН ДУ
«МазхIаб» дешан маьIна воьду меттиг, некъ бохург ду. ШариIатехь, шена чохь хьукманаш билгалдаьхна хеттарш, хьелаш гулдинчу ахькамех мазхIаб олу. Кхечу дешнашца аьлча, муджтахIидан некъ бохург ду «мазхIаб».
МАЦА КХОЛЛАДЕЛЛА МАЗХIАБАШ
МазхIабийн кхолладалар асхьабийн (Дела реза хуьлда царна) заманахь доладелла. Ибн Халдуна шен «Мукъадимат» жайнахь яздо: «Берриге асхьабаш ца хилла иджтихIад дан охIла, цаьргара массаьргара схьаоьцуш ца хилла наха дин. Царна юкъахь цхьаболу асхьабаш (Дела реза хуьлда царна) билгалбевлла хилла Къуръанан Iилма довзарца. Цара и Iилма Делан элчанера (Делера салам-салават хуьлда цунна) схьаоьцуш хилла я цуьнгара хезначуьнгара Iамош хилла. Цу Iеламнехан Къуррааш (Къуръан доьшурш) аьлла цIе яхана. Ислам тамдаларца, дIасадаржарца Iаьрбашна юкъахь алсамбевлла Къуръан, хьадисаш девзаш, шайн Iилманца иджтихIад далуш болу Iеламнах, церан ФикъхIан Iилманчаш аьлла, цIе яхана». Асхьабийн заманахь (Дела реза хуьлда царна) билгалдевлла Iайшатан мазхIаб, IабдуллахI ибн Iумаран мазхIаб, IабдуллахI ибн МасIудан мазхIаб... (Дела реза хуьлда царна). Элчано (Делера салам-салават хуьлда цунна) олуш хилла: «Динца доьзна цхьадолу хIуманаш аша сийдолчу Хьумайратера схьаэцалаш». Хьумайрат Iайшатан цIе ю (Дела реза хуьлда цунна). Тахана бусалба нахана юкъахь лелаш бархI мазхIаб ду:Хьанафин, Маликан, ШафиIин, Хьанбалан, ЗаахIирин, Зайдин,Имамин, Ибадиятин.
ХЬАЛХАРА ДИЪ МАЗХIАБ ГIАРАДАЛАР ХIУН
БАХЬАНА ДУ
Цу мазхIабийн дай шайн хенахь уггар кIоргера Iилма долуш Iеламнах хилла. Суфьян Саврис, Ибн Мубарака а аьлла Абу Хьанифах лаьцна: «Абу Хьанифа, шен хенахь, фикъхIан Iилма уггар алсам долуш вара». Ибн ИбрахIима аьлла цунах лаьцна: «Дуьнен чохь мел волчул дукха дара цуьнгахь Iилма».
Абу Iубайда аьлла ШафиIих лаьцна: «ШафиIи санна Iаьрбийн мотт шера хууш, хьекъал долуш, Делах кхоьруш стаг ца гина суна». Абу Карима, «Къурайшийн тайпанна ма лелаш, цу тайпанах верволчу Iеламстага шен Iилманца хIара дуьне дузур долуш ду» бохучу хьадисехь вуьйцуш волу Iеламстаг, Мохьаммад ибн Идрис Аш-ШафиIи ву аьлла. Абу Саврас дийцина: «Аш-ШафиIи саннарг тхуна гина вац, я цунна шена а ца гина».
Оцу деа мазхIабийн Iеламнаха жайнаш яздина, шайн мазхIабаш вовшахтухуш. Масала, имам ШафиIис «Ар-Рисалат», «Аль Умм» яздина, Хьанафин мазхIабехь волчу Мохьаммад Шайбанис – «Аз-ЗахIир Ар-Риваят».
МазхIабийн дайшна тIаьхьабогIучу Iеламнаха Iилманна тIехь къахьегарца дендеш, кхиош, схьадалийна ду и диъ мазхIаб вайн деношка.Таханлерачу дийнахь цу деа мазхIабна тIаьхьабозуш бу дукхахболу бусалба нах. Масала, ШафиIин мазхIабехь долуш I00 миллион сов адам ду, дуьненан массо маьIIехь дехаш.
Къуръан, хьадисаш а цхьа бух хилча, Iеламнах мазхIабашка хIунда бекъабелла
IЕЛАМНАХ МАЗХIАБАШКА БЕКЪАБАЛАРАН БАХЬАНАШ:
1.    Къуръанан, хьадисийн цхьадолчу дешнех Iеламнах тайп - тайпанара кхетта хилар.
Iаьрбийн мотт, вуно кIорге йолуш, хаза мотт бу. Масала, Къуръанан    «Ла икрахIа фид-дини» бохучу аятан шина кепара маьIна дало:
а) динехь ницкъ бар дац;
 б) нуьцкъаша стаг дине вало магац.
2.Iеламнахе хьадис кхачаран некъ хийцаме хилар.
Цхьаволчу муджтахIиде хьадис нийсачу новкъа кхаьчна хилла, цо иза ша хьукма доккхуш тидаме оьцу. Кхечунга изза хьадис заьIап новкъахула кхаьчна хуьлу, цо и хьадис хьесапе ца лору ша бечу балхахь я и хьадис девзина ца хила тарло цунна. Абу Хьанифа аьлла: «Хьадис нийса делахь, иза сан мазхIаб ду-кх». Масала, имам Малика ламаз оьцуш когийн пIелгийн яккъаш хьакхае олуш ца хилла, шега и дар тIедожош дуьйцуш хьадис кхаччалц. Шена и хьадис девзин чул тIаьхьа, ша хьалха дийцинчунна тIера вухаваьлла иза.
3. Хьукма билгалдоккхучу баххаш тIехь хийцамаш хилар.
Масала, ШафиIин мазхIабехь хьукма билгалдаккхаран бух бу: Сийлахь Къуръан, Суннат, Iеламнехан барт (ИджмааI), Дустар (Къияс). Абу Хьанифа цу деанна тIетевжина ца Iаш, Истихьсан лору хьукма даккхаран бух.  
4.    Хьукма билгалдаккха яьхначу цхьайолчу бакъонаш тIехь хийцамаш хилар.
ЦХЬАНА МАЗХIАБНА ТIАЬХЬАВАЗАРАН ХIУКМА ХIУН ДУ
Цхьана мазхIабна тIаьхьавазар магийна ду дукхахболчу Iеламнаха.
Цхаболчу Iеламнаха ваджиб дина тIедиллина ду цхьана мазхIабна тIаьхьавазар (Ал – Амиди, Iабдулкъадир Iийса Дияб ...).
Iабдулкъадир Iийса Дияба шен «Миизан Ал-Iаадил» бохучу жайнахь яздина: «Хьалха ша, дукхахболчу Iелимнаха санна, цхьана мазхIабна тIаьхьавазар магийна ду аьллехь а, тахана еанчу заманахь даим цхьана мазхIабна тIаьхьавазар ваджиб ду. И ваджиб хиларан бахьанаш:
1.Бусалба нехан Iибадат цIена латторхьама,«Iеламнахе» дина юккъе шайггара, бух боцу хIумнаш ца деттийта.
2. Шайн лаамашка бирзинчу нахе бусалба дин «ловза ца дайта».
МустIафа ибн ИбрахIим Кариимин «Нурул Якъиин фи мабхьас Ат-Талкъиин» жайнахь деана: «ХIора ИджтихIад дан охIла воцчунна тIехь ду цу балхана охIла волччунна тIаьхьавазар».
ТIаьхьарчу хенахь дешна нах бевлла мазхIабашна тIаьхьавазар хьарам деш. Цара хIара далилаш даладо:

I. «МазхIабийн дай ца хилла вай санна адамаш? Вайна хуур ма ду, Iаьрбийн мотт хууш хилчахьана, Къуръан,«Сахьихь Бухари»,«Сахьихь Муслим», Абу Давудан Ан-Насаин «Сунан», Ат-Тирмизин «Ал-ЖамиI» чохь долу хьадисаш дешна, хIуманна хьукма билгалдаккха».
Къуръанна,хьадисашна тIера Iаьрбийн мотт хуучу муьлххачу стаге хьукма даккхалуш хилча, Дала хIунда даийтина хIара аят?: «Iилма долчуьнга хатталаш, шайна ца хаахь»? Элчано (Делера салам-салават хуьлда цунна) Ибн Iаббасна хIара доIа хIунда дина: «Я АллахI, динехь совваккхахьа иза, Къуръанах кхетам ло Ахь цунна»? Хьакимера, Ахьмадера деана хIара хьадис. Къуръан, хьадисаш дешна, церан маьIна дарх тоьаш дац хьукма билгалдаккха хаа. Масала, Везачу Дала боху Сийлахьчу Къуръан чохь:
«Шух цхьаъ лахь, шуна тIехь ду, шух дисина даьхни шайн дена, нанна, гергарчарна доггIучу барамехь дIакхачор. Делах кхоьручуьнан декхар ду иза»(Аль-Бакъарат а.I80). Элчанан (Делера салам-салават хуьлда цунна) хьадис ду: «Боккъал, Дала хIоранна догIуш долу хьакъ дIакхачош ду, верасна веллачух дисинарг ца кхочу». ХIокху хьолехь Къуръанан аято дена, нанна веллачух дисинчух дакъа догIу боху, ткъа хьадисо царшинна хIумма ца кхачадо дисинчух.
Ахь Къуръан дагахь дешарх, мел дукха хьадисаш талларх, кху хьолана нийса жоп карор дац хьуна. Амма хьалха дIабаханчу мазхIабийн Iеламнехан жайнаш тIехь карор ду хьуна нийса жоп. Вай далийна Къуръанан аятан хьукма дIаайдина (насх дина), кхечу ирс декъаран хьокъехь деанчу аято,(С.Ан-Нисаъ а.II-I2) цуьнан далийл хIара хьадис ду: «Боккъал, АллахIа хьакъ хIора догIучунна дIаделла.»
     Джалалуддин СуютIис Къуръан дIахьеха бакъо йолчунна хаа дезаш долу I02 Iилма, говзалла хьахийна шен жайнахь. Баккхий Iеламнах – Къуръанан тафсир дина волу Джалалуддин СуютIи, 300 эзар хьадис дагахь хууш волуш, шен «Исламан тоьшалла» аьлла цIе яхана волу Имам ГIазали, «Сахьихь Муслим» цIе йолу хьадисех гулдинчу жайнах кхетам белла волу Хьафиз Кабир имам Ан-Нававий – иштта дуккха а кхиберш ца баьхьна шайггара Къуръанна, хьадисашна а тIера хьукма дакхха. Царна девзаш хилла хир ма ду Тирмизис далийна хьадис:« Къуръанна шена ма-хеттара (кIорггера Iилма доцуш) тавсир деш волчо, жоьжахатехь шена меттиг кечйойла».
Массо дешна стаг вац Къуръанна, хьадисашна тIера шеггара хьукма даккха бакъо йолуш я и нийса даккха хуур долуш.
Ша яьхначу бакъонашца, шеггара, хьукма даккха магадарна Iеламнаха хIиттийна бехкамаш бу. Iабдулкъадир Iийса Дияба шен «Миизан Ал-Iаадил» бохучу жайнахь хьахийна уьш:
- Къуръанан Iилма девзаш хилар (муьлха аяташ хьалха диссиийна, аяташ диссоран бахьанаш хIун ду, хьукма хийцина аяташ муьлхарш ду хаар...);
- хьадисийн Iилма хаар (мутаватир, машхIур, гIариб... хьадисаш довзар, сахьихь, хьасан, даIииф, мавдууI хьадисашна юкъара башхаллаш къастаяр, хьадисна тIетовжа магаран бехкамаш бовзар...);
- иджмааI Iилма довзар (иджмааI сариихь, иджмааI сукути довзар ...);
- Къиясан Iилма довзар (Къиясан арканаш, Iиллат...);
 - усул Аль-ФикъхIан Iилма довзар;
- Iаьрбийн меттан Iилма хууш хилар (сарф, нахьу,балагIат...);
- насих, мансух Iилма девзаш хилар.
Оцул сов и Iеламстаг хила веза чIогIа иман долуш, нийсо лелош, шен болх леранна беш.
ФИКЪХIАН IЕЛАМНЕХАН ШАЙН-ШАЙН ДАРЖАШ ДУ:
а) лакхахь вай хьехийна бехкамаш шеца кхочушхилла, ша яьхначу бакъонашца хьукма доккхуш волчу Iеламстагах муджтахIид Ал- Мустакъил олу. Уьш бу деа мазхIабан дай;
аь) лакхахь вай хьехийна бехкамаш шеца кхочушхилла, амма шегара яьхна бакъонаш йоцуш, ша хьукма даккхарехь мазхIабан ден некъа тIехь возучу Iеламстагах муджтахIид мутIлакъ гIайра мустакъил олу.Уьш бу Аш- ШафиIис хьехна волу Мазни, БувайтIи; Абу Хьанифа хьехна волу Абу Юсуф.
ХIокху шина тайпана кIорггера Iилма долу Iеламнах бусалба нахана юкъара дIабевлла дуккха хан ю;
б) царал лахахь вогIу МуджтахIид Ал-Мукъайид. ХIоьттинчу хьолана, хаттарна шен мазхIабехь кийчча жоп дацахь, шен мазхIабан дозанашкахь иджтихIад до цо. Масала, Хьанафин мазхIабехь хилла волу ТIахьави, Карахи, ШафиIин мазхIабера Абу Исхьакъ Аш-Ширази.
в) царал тIаьхьавогIу МуджтахIид Ат-Тарджихь. Цо болх бо шен мазхIабехь дина хьукма гIоле хилар билгалдаккхар тIехь я мазхIабан дас аьлларг цуьнан мутаIалима аьллачул бIегIийла хилар гучудакххар тIехь. Царах ву, масала, Iалауддин Ал–Мардави (Хьанбали); Ар-РафиIи, Ан-Навави (ШафиIи);
г)  шен мазхIаб лардеш, шордеш, нахана цунах кхетам луш, цу мазхIабца ма-доггIу нехан хьашташ кхочушдеш волчу муджтахIидах МуджтахIид Ал-Футйа олу.
2. МазхIабийн дай гал ца бовлуш ма ца хилла, амма Элча (Делера салам-салават хуьлда цунна) галволуш ца хилла. МазхIабаш Iаддитина, Элчанна (Делера салам-салават хуьлда цунна) тIаьхьа хIунда ца хIуьтту вай? Мухьаммад пайхамарна (Делера салам-салават хуьлда цунна) бен цхьана адамна тIаьхьаваза аьлла омра дина ма дац вайна Везачу Дала. Шен Сийлахь Къуръан чохь Цо боху вайга: «Элчано шайна делларг схьаэца, шайна дихкинарг дита» (С.Хьашр а.7)
«МазхIаб» бохург хIун ду цахуучунна хIара хаттар хезча, «Исламан тарихехь (исторехь) кхолладелла мазхIабаш ша-шаха дIасадаьржаш ду, хIора мазхIабо нах шен мазхIабе кхойкхуш бу аьлла сурт хIотталур ду. Цу мазхIабашна юкъахь нийса мазхIаб вайн Элчанан, (Делера салам-салават хуьлда цунна) мазхIаб ду, дисинарш гал хеталур ду. ХIун башхо хилла те оцу деа мазхIабна а, пайхамаран асхьабийн Зайд ибн Саабитан я МаIаз ибн Джабалин, я IабдуллахI ибн Iаббасан мазхIабашна а юкъахь ФикъхIан ахькамаш довзарехь?», – эр ду. Юсуф ХатIар Мухьаммад «Ал-МавсуIат Ал-Юсуфия фи баян адиллат Ас-Суфия» жайнахь, агIо-552 хьахийна ду, шайгахь Iилма хиларна Делах кхерарца гIарабевлла болчу Iеламнаха гулдина мазхIабаш Элчанан (Делера салам-салават хуьлда цунна) мазхIабна дуьхьал муха хуьлу? Дала ма боху: «Боккъал, Делах уггар чIогIа кхоьруш берш Iеламнах бу».Имам Ан-Навови «МаджмуI» жайнахь деана ШафиIис аьлларг: «Шен жайни тIехь Элчанан (Делера салам-салават хуьлда цунна) Суннатна дуьхьал догIуш хIума карадахь, цуьнан Суннато бохург дай, ас аьлларг дIатасалаш». ШаIранис аьлла: «Iеламнах шариIатан йийсарш бу».
МазхIабийн дай, царна тIаьхьабогIу мазхIабийн Iеламнах бу вайна Къуръанах, Суннатах нийса кхетам луш берш. Элчанера (Делера салам-салават хуьлда цунна), цуьнан асхьабашкара (Дела реза хуьлда царна) схьаэцначу Iилманца, заманашца хIуьттучу хьелийн хаттаршна, шариIатан хьукма билгалдаккха некъ биллинарш бу уьш.
3.    Асхьабашкара Iилма схьаэцна хилча, церан мазхIабашна тIаьхьа  хIунда ца дозу вай
Ахьмад ибн БурхIана асхьабийн мазхIабашна тIаьхьаваза цамагадаран бахьанаш хьахийна шен «Ал-АвсатI» жайнахь: «Асхьабийн мазхIабашна тIаьхьаваза ца мега, уьш яздина, гулдина а доцу дела, теллина, нисдина а доцу дела. Имам Ал-Хьарамина яздина «Ал-БурхIан» жайнахь: «Iеламнаха
ца магадо дешна боцчу нахана асхьабийн (Дела реза хуьлда царна) мазхIабашна тIаьхьабазар. Уьш тIаьхьабаза, беза яздина, низаме далийна, ахькамаш билгалдаьхна хаттарш, хьелаш шайн-шайн дакъошка дерзийна долчу мазхIабашна».
4. МазхIабаш бидIат ду, ткъа «бидIат тилавалар ду, тилавалар цIергахь ду» аьлла, нийса хьадис ма ду Муслима жайнахь деана.
Имам Ан-Навови ву вайна цу Муслиман «Сахьихь Муслим» жайна масийтта бIе шо хьалха тафсир дина, цу жайнех кхетам луш. Цо шен жайнахь боху бидIат 5 кепара ду: хьарам, ваджиб, мандуб, макрухI, мубахь. «ХIора бидIат тилавалар ду...» бохучу хьадисехь дуьйцуш дерг хьарам, динца ца догIу, бидIат ду. Аш-ШафиIис бидIат шина декъе декъна: шариIатца догIуш дерг, шариIатна дуьхьал дерг. «Цул сов, динца догIуш юкъадаьккхинчу хIуманах бидIат ала магош ца хилла Имам ШафиIис (Дела реза хуьлда цунна)». (Юсуф ХатIар Мохьаммад «Ал-МавсуIат Ал-Юсуфия фи баян адиллат Ас-Суфия» агIо 480).
4.    Мункар, Накир маликаша вайга барт хоттур ма бац вай мазхIабна тIаьхьа хIунда ца даьзна аьлла.
Делан омранаш, неххIеш сов ду цу шина малико кошахь вайга хоьттудолчул.
Масала, шина малико барт хоттур бац аьлла, да-нана дIатаса йиш юй вай? Я вешан чуьра зудабераш дерзина, хецна арахула лелийта мегар дуй?
6.    МазхIабаша бусалба нах тобанашка бекъна, царна юкъахь питанаш даржийна.
Дейтта бIешарахь бусалба наха ирс оьцуш схьадеана мазхIабаш.
МазхIаб бахьанехь царна юкъахь тIемаш ца хилла. МазхIабийн
Iеламнаха лерам чIогIа беш хилла вовшийн. Имам ШафиIис ша
Хьанафин мазхIабан маьждигехь ламазна хьалхаваьккхича, Абу Хьанифан ларамна, ламаз цуьнан мазхIабехь ма-дарра дина.
Бусалба нахана юкъахь питанаш, девнаш а нах мазхIабашна херабевлча дуьйладелла.
 МазхIабаш хилар Делан къинхетам бу, Дала вайн бина аьтто бу иза. Масала, Хьаьж доьхкуш, КаIбатна ТIаваф го боккхуш, ламаз карахь хила дезаш ду, амма, ца хууш, зудчух хьакхавелла, ламаз карара даьлча, хIун дийр ду ШафиIин мазхIабехь волчо? Вайна ма хаьа цигахь мел адам гулло.
Цу хьолехь Хьанафин мазхIабна тIетевжина (цу мазхIабехь зудчух хьакхавелча ламаз карара ца долу), шен ТIаваф кхочушдийр ду цо.
Элчане (Делера салам-салават хуьлда цунна) Къуръан доьссичахьана, шайн балхах догдиллина Делан мостагIаша. Везачу АллахIа боху: «ХIинца догдиллина кафир наха шун дин эшорах....» (Аль-Маидат а.3) Сийлахь Къуръан бакъ ца деш, цу тIехь кхачамбацарш лоьхуш, бехха тIом бина цара. Амма Делан Дош бакъхилира юха а: «Боккъал а, АллахIа доссийна ду хIара Къуръан, шеко йоццуш, лардийр долуш ду»(Аль-Хьиджр а.9). Цунах шайн гIуллакх ца хилча, хьадисашна тIебирзина, уьш кего буьйлира динан мостагIий. Къуръанал тIаьхьа уггар нийса долу «Сахьихь Ал-Бухари» жайни тIехь заьIап хьадисаш карийна бохуш, бусалба нехан хьадисех болу тешам байа гIиртира уьш. Делан къинхетамца, и болх дIа ца бахара церан.Тахана мазхIабашна дуьхьал болийна цара шайн болх. Немцойн Iилманчас Шахтас боху: «МазхIабан дайша яздина исламан фикъхI, законаш язда Iеминчу говзачу нехан болх бен кхин хIума дац. Оцу законашна маьIналла далархьама, Къуръанера, хадисашкара а гIо лехна цара. Цу наха даьхначу законашна тIаьхьаваза аьлла Дала а, Элчано а вайга омра ца дина». Оцу дешнийн маьIнин дика ойла йича, жамI кхоллало: мел боккхачу Iеламнехан гуламо шариIатехь хIара сацам бина аьлла дIакхайкхийча, Шахтас бохург къобалдечара и сацам тIелоцург цахилар, и сацам (закон) Дала, Элчано омра дина тIедожийна дац аьлла. Ма новкъа хуьлу-кх мазхIабийн Iеламнахана кхиболу бусалба дайшна нах лийча, мазхIабашна тIаьхьабозучарна, ца бешаш, Iиттарш ян буьйлабелча.
Халахеташ делахь а, мазхIабаш эшац бохурш вайна юкъа а кхаьчна. Вайнахана мазхIабаш ца оьшу бохучаьрга лацадегIар тоьлаш ду. Вайна, дукхахболчарна, «мазхIаб» бохург хIун ду ца хаьа, мазхIабан цхьа жайна дешна ца хуьлу вай, ткъа уьш оьшу я ца оьшу муха хуур ду вайна?
БIешерашкахь бусалба Iеламнаха къахьегна, тIаьхьабогIучарна ирс эца йитина, мах боцу хазна ю мазхIабаш. Цу Iеламнаха биллинчу некъо аьтто бийр бу керлачу Iеламнехан чкъурана, заманца кхолладеллачу хаттаршна, хьелашна, Делан дино ма-бохху, нийса хьукма билгалдаккха.
Вали АллахIи Ад-ДахIлавис боху «Ал-Инсаф» жайнахь: «Боккъал а, хIара диъ мазхIаб теллина, нисдина, яздина охьадиллина ду. Вайн умматан Iеламнехан хилла барт бу, мазхIабашна тIаьхьаваза мега аьлла. МазхIабашна тIаьхьабазарца къеггина маслаIат гучудолу нахана, къаьсттина тахана санна, динехь къахьегар лахделлачу, адамаш шайн лаамашка дирзинчу, хIора дешначу стагана ша бакълуьйш хетачу заманахь».
Везачу Дала хьалха дIабаханчу Iеламнахаца йолу шовкъ-марзо ма хадайойла вайн, Шен къинхетамах ма дохийла вай!
Илесов Iаьрби

{mosloadposition user9}


При копировании материалов ссылка на сайт обязательна

test 2Новости СМИ2