Шен цамгар совъяьлла, дагар хьаладаьлла, лазар чIагIделча, Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) аьллера: «Тайп-тайпанарчу гIунаш чуьра эций, ворхI кит (бурдюк) хи дотта суна тІе, нах болчу ара а ваьлла, цаьрга весет дан воллу со». Цуьнан омра кхочушдеш, тIе хи доьттира цунна, цо тоьар ду аллалц. ХIара, тІаьххьара Элчанан лазар чIагIделла хан ю. Шен цамгар а, лазар а чIагIделла доллушехь, ара а ваьлла, минбар тIе охьа а хиъна, элира цо: «Боккъал а, Дала Шен лешха цхьанна белла харжам, дуьненна а, Шена гергахь долчунна а юкъахь. ТIаккха цо, Далла гергахь дерг хаьржина».Абу-Бакр кхийтира Делера салават, салам хиларо вуьйцург мила ву. ТIаккха вилхира иза. Цо элира: «Тхан синош а, доьзалш а дIалур бар-кха оха хьан метта».
Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) элира тIаккха: «Собарде, хIай Абу-Бакр, ма велха».
Цул тIаьхьа (СаллаллахIу IалайхIи ва саллама) элира цо: «Хьовсал, маьждиг чу воьду шайолу неIарш дIакъовла, Абу-Бакран цIийнан неI йоцург. Боккъал, сайна Абу-Бакрал беркате накъост цхьа а ца хаавелла суна. Адамех дукхавезарг хоржуш хилча, Абу-Бакр хоржур вара ас. Делахь а, доттагIалла а, ийманан вежаралла а ду-кха, Дала вай шена гергахь цхьаьнатохаре догдохуш лелош долу».
ТIаккха маьждиг чу воьду неIарш ерриге а дIакъевлира, Абу-Бакран (Дела реза хуьлда цунна) цIийнан неI йоцург. Элчано (IалайхIис-салату вас-салам) шел тIаьхьа нахе ламаз дайта имам хилла хьалхавала, уггар хьакъверг Абу-Бакр ву бохург дара иза. Цул тIаьхьа асхьабаша, Элчано динан гIуллакхехь имам винарг, вайна дуьненан гIуллакхехь имам хIунда ца мега аьлла, Халиф (паччахь) хоржур ву иза.

КУЬЙГАЛХО ХIОТТОРЕХЬ  МАСАЛ
ТIехдика волчу Элчанна (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) лиънера Исламан Iаламна, нийсаллин (демократин) дарс дала (кхетам бала). Лай волчуьра маршаваьккхина волу Хьарисатан кIант Зайд  эскаран куьйгалхо хIоттийра цо (IалайхIис-салату вас-салам). ТIаккха цуьнан кIант Усамат, цуьнан ткъа шо кхаьчча, шен ден метта Филастинехь эскаран куьйгалхо хIоттийра, мухIажаршна юкъахь баккхийнах боллушехь, анса-рашна юкъахь цIеяххана нах боллушехь, царна  дика стаг шена йогIучу метте хIотторан дарс луш, жима велахь а, цуьнан гIарадаьлла хьуьнар долу дела, цуьнан хене а, иза схьаваьллачу нахе а ца хьоьжуш.

АНСАРАШЦА БОЛУ
ЛЕРАМ
Минбар тIера ша охьавоьссича, цо (СаллаллахIу IалайхIи ва саллама) аьллера: «ХIай мухIажарийн тоба, ансарашна дика хилалаш. Боккъал, нах алсамбовлуш бу, ансараш алсамбовлуш бац. Боккъал а, уьш, суна кхерамах кІелхьарволийла карош долу сан цІа санна, сан къайленна тешаме хилла бу. Царах дикачунна дика хилалаш, царах вон хIума диначунна – къинтIерадовлалаш».
Цул тIаьхьа, вист ца хуьлуш, сецира иза, нах дIасевцира, шайн кортош тIехь олхазарш долуш санна.

ЦОМГАШ ВОЛУШ
ДЕШНА ХУТIБА
Шегахь (саллаллахIу IалайхIи ва саллама) чIогIа лазар доллушехь, нахана хьехам бина цо. ХатIе хиларх Дала ша ларвина воллушехь, шен дашехь а, гIиллакхехь а, гIуллакхехь а ша цIена хиллашшехь, нахе, ша бахьана долуш зен хилла цхьаъ велахь, лууш волчуьнга шена бекхам бе аьлла, дIахIоьттина иза. Цуьнан хьехамех а, весетех а бусалбанаш кхийтира, Элчанна Iожалла гергакхаьчний, цо Пайхамаралла кхочушдинчул тIаьхьа, кхачаме дин дIахIоттийначул тIаьхьа, Дала цунна тIаьхьа Шен ниIмат кхочушдинчул тIаьхьа.
Веза-Сийлахь волчу Дала ма аьлла: «Тахана чекхдаьккхина ас шуна шун дин (хьанал а, хьарам а къастош долу шариIат) кхочушдина, шуна Сайн ниIмат (шу нийсачу новкъа дахарца), динан Ислам хаьржина ас шуна»
(Къуръан, 5 сурат, 3 аят)
Элчанан лазар чIагIделча, асхьабаш а, массо а бусалба нах а кхерабелира. Синтем байра церан, дегнаш гIайгIане дара. Шена цамгар тIехьаьвзича а, МустIафа (IалайхIис-салату вас-салам) бусалбанийн хьолан ойла еш вара, дерриге Исламан умматан а, Усаматан эскаран а ойла еш вара, ша веллачул тIаьхьа хиндолчу ансарийн гIуллакхна саготта вара.
Элчане хабар кхаьчнера, Византин эскар Мединатна тIелата кечлуш ду аьлла. Бусалбанаш мостагIашна дуьхьал тIамна кечбелира. Усамат, шен эскарца араваьлла, Мединатна гергахь лаьтташ вара. Эскар меттах ца долуш лаьтташ дара. ТIедогІучу мостагIийн эскарийл  боккха бара цаьргахь болу сингаттам – Элчанан цамгар яра иза. Цуьнан лазар тIаьхь-тIаьхьа чIагIлуш дара. Дала Шен Элчанна (СаллаллахIу IалайхIи ва саллама) хIун къастам бо хьоьжуш Iаш бара уьш.

ЭЛЧА ШЕН ДАХАРЕХЬ
Элча (Делера салам-маршалла хуьлда цунна)  шен дахарехь чIогIа халонаш лайна ву. Буобер долуш дуьнен чу ваьлла иза, буобер долуш кхиъна иза. Делахь а, Дела вара даим цуьнан терго еш. Лекха волчу Дала шега Пайхамаралла деллачул тIаьхьа ткъе кхаа шарахь адамашка цхьаъ волчу АллахIна Iибадат де бохуш, Ислам-дин даржош, къийсам латтош къахьоьгуш лийлира иза. Седарчашна, шаьш шайн куьйга динчу сурташна Iамал ма е бохуш. Цо санна чIогIа къахьегна цхьа а Пайхамар вац. Къурайшийн нахах а, ТIаиферчу нахах а Делах ца тешаш болчарах, массо а меттехь хиллачу жуьгтийн кхеташонех а, тайп-тайпана Iазапаш лайна цо. ХIетте а, собарца, чIогIачу шен ийманца, ойла керчар доцуш, кхечаьргахь хиллачул доккхачу шен доьналлица, гуш-хезаш Делан дине нах кхойкхуш лелла иза. Дала шена гушболу толам баллалц, нах тобанашкахь массо а меттера цунна тIеоьхуш, Шех тера цхьа а хIума а доцуш волчу, Ша Цхьаъ волчу Деле а, Цо хаьржина волчу тIехдикачу Цуьнан Элчане а, шаьш имадиллар хоуьйтуш, Исламе берззалц.

ВОВШАХКЪАСТАРАН
ДИЙНАХЬ
Вовшахкъастаран хутIба дешначул тIаьхьа, шолгIачу дийнахь, шен Iедал ма-хиллара, хьалхаваьлла, нахе ламаз дайта лууш вара Мухьаммад. Цамгаран чIогIалла ницкъ ца кхечира Цуьнан (IалайхIис-салату вас-салам). ТIаккха цо Абу-Бакре элира, нахе ламаз дайта аьлла.
Элчан лазар чIагIделча, Абу-Бакр вара хьалхаваьлла нахе ламаз дойтуш.

ВОРХІ ДИНАР
Цомгаш хилале хьалха ворхI динар ахча хилла Делан салам хиларехь. Догвонхиллачуьра меттавеача, Iайшате хаьттина цо: «Царах хIун дира аша?» Цо жоп делла: «Шегахь ду уьш», – аьлла. Уьш схьа  а  даийтина, аьлла цо: «ХIара ахча долахь долуш Далла дуьхьалвахча, Далла хIун хетар дара Мухьаммадах?» (Вуьшта аьлча, хIара ахча долахь долуш Далла дуьхьал воьдур-кха со). Ша валале къен-миска нахана дIадекъийтира цо и ахча.
Элчано ша Далла дуьхьалвахар хаьржинчу дийнахь, Дала иза Шена гергавига къастам бинчу дийнахь, Делан Элча (СаллаллахIу IалайхIи ва саллама) нах болчу аравелира. Уьш Iуьйра-ламаз деш бара. Иза корта бихкина вара. Абу-Бакр, нахана хьалхаваьлла, ламаз дойтуш вара. Шайна Элча (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) гича, цунна гIоли хилла моьттуш, чIогIа хазахетта, бусалбанийн кортош дIадахнера. Церан сингаттам дIабаьллера. Абу-Бакрана хиира, Делан Элча гича бен, цара иза дийр доций. ТIаккха, шен ламаз дечу меттера юхавелира иза. «Ламаз дайта ахь нахе», – аьлла, цунна улло охьахиира МустIафа. Абу-Бакрана аьтту агIор волуш, ламаз дира Делан салам хиларо. Ламаз дина ваьлча, нахе вистхилира иза. Цара хазачу суьртехь ламаз деш шена гича, хазахетта, велакъежира иза. Нахана иза цамгарх товелла  моьттира.
Абу-Бакра (Дела реза хуьлда цунна) элира цуьнга (IалайхIис-салату вас-салам): «ХIай Делан Пайхамар, Делан къинхетамца хьуна гIоли хилла го суна».
Валале хьалха цхьакIеззиг самавалар хуьлу: берриге а бусалбанаш йист йоцуш самукъадаьлла бара, МустIафана дикка гIоли хилла аьлла.
Иза дара вала гергавахча хуьлуш долу самавалар.

МУСТIАФА  КХАЛХАР
Делан Элча, маьждигера юхавирзича, Iайшат йолчу веана, дIатевжира. Цуьнан корта шен марахь болуш Iаш йолчу Iайшатна хааделира МустIафан дегI дазлуш хилар. Юьхь тIе хьаьжча, Элча (СаллаллахIу Iа-лайхIи ва саллама) бIаьргаш биллина а волуш, вистхила гIерташ гира цунна.
Цуьнгара (Делера салам-маршалла хуьлда цунна)  хезна тIаьххьара дешнаш дара: «Ламаз, ламаз… Зударшна дика хилалаш»… ТIаккха шен тIаьххьара дош аьлла цо: «Балир-Рафикъал-АIла» (Ша АллахI хаьржина бохург ду иза).
Iайшата аьлла (Дела реза хуьлда цунна): «Дала хьайна харжам белча, Цунна гергахь дерг (ялсамане) хаьржи-кха ахь». Цигахь хедира сийлахь долу дахар. Делан Элча (Делера салам-маршалла хуьлда цунна)  Iайшатан хIусамехь кхелхира. ЧIогIа довха де дара иза. Цо (СаллаллахIу IалайхIи ва саллама) хIиджрат дина итт шо даьллачул тIаьхьа, Раби-Iал-аввал беттан шийтталгIа де а, оршот де а дара иза (Милад терахьашца лерича – 632 шеран 8 июнь).                                               

ПАЙХАМАР КХЕЛХИЧА
Элча велла аьлла хезча, бусалбанаша бакъ ца дира, шайна иза Iуьйрана могаш волуш гина
дела. Iумара а бакъ ца дира Делан Элча велла бохург. Бусалбанаш боьхна, синтем боцуш, Iумарна гонаха гулбеллера. Уьш тешна бара Мухьаммад велла цахиларх. Иза дукха хан йоццуш шайна юкъахь ламаз деш, хутIба доьшуш хилла дела: ансарашна дика хила бохуш, весет деш, бусалбанашна хьехам беш, царна доIанаш деш, шегара зен хилла цхьаъ велахь, шегара чIир эца бохуш.

АБУ-БАКРА АЬЛЛАРГ
Абу-Бакр Делан Элча (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) волчу, шен йоьIан Iайшатан хIусаме веара. Делан Элча тIе хIума тесна вара. Цунна оба а яьккхина, элира цо: «Сайн дел-ненал а веза ву-кха хьо суна. Ма дика а, цIена а, дукхавезаш а ву-кха хьо, дийна волуш а, велча а!»  Цул тIаьхьа, МустIафана тIетесна хIума, ша ма-хиллара дIа а нисйина, чуьра аравелира иза. Цигахь Iумар вара воьхна: «Мухьаммад  ца велла», – бохуш.  Абу-Бакра элира: «Собар де, хIай Iумар, – аьлла, тIаккха хьехам бира цо: – Ас тоьшалла до, Шеца накъост воцуш, Ша цхьаъ волу АллахI воцург, кхин Дела цахиларх. Иштта ас тоьшалла до, Мухьаммад Цуьнан лай а, Элча а хиларх… ХIай нах, Мухьаммадна Iибадат деш хилларш, боккъал а Мухьаммад велла шуна. АллахIна Iибадат деш хилларш, боккъал а АллахI леш вац шуна». Цул тIаьхьа хIара аят дийшира цо: «Мухьаммад ма вац Элча бен, шел хьалха а элчанаш дIабахана (волу). Иза велча я вийча – шаьш хиллачу (цатешаре) духадоьрзур дара шу? Вухаваьлларг милла велахь а, цхьана а хIуманца Далла зен ца до цо (шена Делан оьгIазло а, Iазап а хир ду цунна). Дала мела лур бу (гал ца бовлуш, Шен ниIматашна) шукра деш (баркалле) болчарна»
(Къуръан, 3 сурат,
144 аят)
Бусалба нахана хиира тIаккха, Элча  Лекхаволчу Деле дIавирзиний, даим латта дезаш долчу Iаламе, шен Пайхамаралла кхочушдина а ваьлла, нахана пайденна, уггар дика уммат кхоьллина цо. Цкъа а дIайовр яц цуьнан лар, цуьнан айаме Iалашонаш, цуьнан еза Iамалш, цуьнан сийлахь хьадисаш. Делера къинхетам а, маршо а хуьлда  цунна.

Муртазаев С.


{mosloadposition user9}


При копировании материалов ссылка на сайт обязательна

test 2Новости СМИ2