©
Похожие материалы
Оцу седано дерриг дуьне къагор ду
17:35, 12 февраля 2010г.
Просмотров: 5115
ТIеэцаран комисси цецъяьллера 15 шо долчу нохчийн йоIан корматаллех, тIех реза хилла схьаийцира цара иза деша. Тахана Iайнаъ хьалхарчу курсехь доьшуш ю, цо дуьххьарлера экзаменационни сесси а дIаелла. Шен мукъа денош дуьйладелча, иза цIа еара шена цкъа а ца бицлучу Даймахка. Журналисташ гуттар а сатесна хуьлу Iайнаъ санна болчу нехан кхолламан таллам бан, хаьа, церан ирсе ирхе хуьлий. Iайнаан дахарх, сатийсамех, кхиамех лаьцна хаа Iалашо йолуш, хIокху деношкахь цхьаьнакхийтира Зорбанан ЦIийнахь журналисташ.
Шен исбаьхачу озах терра, массо а хIума тайна дара йо1ан. Оьзда духар, коьрта тиллина йовлакх, цунна бухахула охьахецна стомма кIажар – оцу дерригено а кхин а хаздора цуьнан сибат. ХIора дашца цуьнан багара йолуш йолчу Iаьно, чIагIдора Iайнаъ нохчийн оьзда йоI хилар. Цунах и дог-ойла кхоллаеллачул тIаьхьа, дIадуьйладелира хаттарш. ГIойтIахь ишколехь доьшуш йолчу хенахь гучуделира йоIан похIма. Культуран цIийне исбаьхьаллин самодеятельносте ненананас дIа а елира иза. Цо дакъалоцура ишколехь дIахьочу тайп-тайпанчу мероприятешкахь, конкурсашкахь. Iайнаа ша ма-дийццара, хьехархочо урокехь тема юьйцучу хенахь гуттар а классан уьн тIе а хьоьжуш, ша сцени тIехь йиш локхуш сурт хIиттадора цо. Оцу сатийсамо цкъа а ца юьтура цуьнан ойла мукъа. Иза сица а, ойланца а йишлакхархо яра. Яцара мух-муха а ерг – оперни эшарийн лай а, эла а яра-кх. Консерваторехь долу шен дешар дуьйцуш, йоккхайийна ца йолу Iайнаъ. Iуьйранна 8 сахьт даьлча юьйлало занятеш, сарахь 9 сахьт даьлча чекхйовлу. Хьехархоша хастайо Iайнаъ, амма Минцаевс ца могуьйту иза, ирхене бан беза некъ бехха буй хаьа, ткъа куралла даг чу йоссахь. Iайнаан корматалла йовр ю аьлла, хета. Ткъа дозаллаш дан меттиг-м ю Iайнаан. Оперни искусство евзачарна хаьа, йиш локхуш хенахь аз мел айъало – иза октавашца дусту.
Вай къоначу артисткас уггар лакхара октава схьаоьцу – иза ю 3,5.Сопрано озаца Iайнаа локху тайп-тайпана ариш а, халкъан эшарш а.Тахана цуьнан репертуарехь 10 произведени ю. Классика йоцург, кхийолу жанр йоIа къобал ца йо. Цуьнан кумираш Мансурат Кабалье а, Анна Нетрепко а, Мария Калас а ю. Церан санна шен корматалла лакхаяккха, дуккха а къахьега лерина ю къона йишлакхархо. Кхин а цхьа сатийсам бу Iайнаа. Консерваторехь дешар чекхдаьккхинчул тIаьхьа, Италехь кхин дIа а Iама дагахь ю иза.
Таханлерчу боларца иза дIайодахь, нохчийн халкъана юьхькIам а болуш седа хир бу. Ткъа оцу седано къагор ду дерриг дуьне, цунна тIараш деттар ду дуьненаюкъарчу уггар яккхийчу концертийн залаш чохь.
Б.ДУДАЕВА.
{mosloadposition user9}
При копировании материалов ссылка на сайт обязательна
Комментарии
Ваш комментарий отправлен на модерацию.
Комментариев еще нет.
См. также