Нохчийн Республикан искусствон исторехь хилам лара догІу хІокху деношкахь Соьлжа-ГІалин коьртачу библиотекехь схьабиллина къоначу художникийн суьртийн гайтам. Цигахь хьовсархойн тидаме дехкинера 11 художникан суьрташ. Гайтам схьабоьллучохь хилира Нохчийн Республикан Правительствон Председателан заместитель Магомадов Лоьма. Гайта хьалхахІиттийначу суьртийн лаккхара мах а хадош, цо хаийтира иштта гайтамаш вовшахтохарехь къоначу художникийн шаьш гІо лоцург хилар а, Соьлжа-ГІалахь гайтамийн леррина зал елларан гІуллакх дуьйцуш хилар а.Хьовсархойн къаьсттина тидам тІехь соцуш дара Бугаев Асланан «Зуькар». «Деган мукъам», Цуцаев Аюбан «Пейзаж», Татхаджиева Мареман «Сирень», Хасанова Заретин «Ненан сурт», Чамаева Асетан» Ламанан чІож», Чадаева Ларисин «Новкъа ваккхар», и.дІ. кхин а.
Цхьаццаболчу къоначу художникашна хІара дуьххьарлера гайтам белахь а, Яхиханов Рустаман кхул хьалха шен шиъ гайтам хилла. Делахь а, иза воккхавевора цІахь шен суьрташ довзийта. Йиш хиларх а, къоначийн иштта терго ярх а. Карарчу хенахь и похІме художник Санкт-Петербургера И.Е.Репинан цІарахчу живописан, скульптурин, архитектурин институтехь доьшуш ву.
Къоначу художникаша шайн белхашкахь коьрта тидам тІебохуьйту Даймехкан Іалам, къоман Іер-дахар, цуьнан ламасташ гайтарна. Гайтамо шеко ца юьтура вайн тІекхуьуш похІме къона суьрташдахкархой хиларх.
ХЬ.ХАМИДОВ.

{mosloadposition user9}


При копировании материалов ссылка на сайт обязательна

test 2Новости СМИ2