Похожие материалы
Росехь тоьллачу иттаннах цхьаъ
11:56, 17 февраля 2010г.
Просмотров: 2901
Цо дийцарехь, 2009-чу шарахь Нохчийчоьнан бюджетан системе хьажийнарг 67, 3 миллиард сом ду. Цунах 6, 3 миллиард сом налогийн а, налогийн боцу а пайданаш бу, 59, 3 миллиард сом федеральни бюджетера Нохчийн Республикан бюджете хьажийна ахча ду, юхадала а дезар доцуш. Ткъа 1, 9 миллиард сом федеральни бюджетера даийтина кредитан ахча дара.
2009-чу шеран пайданашкахула йолчу консолидорованни бюджетан планан барам 65, 5 миллиард сом барам. Иза кхочушйина 65, 3 эзар миллиард соьмана, я 99, 6 процентана. Цу юккъехь вайн пайданийн чоьтах иза кхочушйина 95, 7 процентана. Юхадала ца дезачу ахчанах 100 процентана пайдаэцна. Консолидированни бюджете налогийн а, налогийн боцчу а пайданийн чоьтах юккъерчу хьесапехь хIора баттахь кхочура 508, 9 миллион сом ахча.
Консолидированни бюджетан 2009-чу шарна чIагIйинчу планаца билгалйинарг 75, 8 миллиард сом а болуш, иза кассови кхочушъяр 74, 1 миллиард соьме кхечира, я 98 проценте. Нохчийн Республикан Правительствон сацамца чIагIйина 2009-чу шарахь контрольно-ревизионни болх дIабахьаран план кхочушъяран гурашкахь финансийн министерствос дIаяьхьна 350 документальни ревизи, Нохчийн Республикан учрежденешкахь а, организацешкахь а финансово-бахамаллин балхана талламаш бина. Талламаш дIабахьар бахьанехь гучудаьхна 639 миллион соьмана талхораш. Ревизеш яран хьокъехь йолу материалаш хьокъала йоллучу органашка дIаяхьийтина, дан догIу гIуллакхаш дайта. Цу юккъехь бакъонашларъяран органашка яхьийтина 157 миллион соьмана йолу 47 учрежденин а, организацин а материалаш.
– 2010-чу шарна бюджетан план хIотторан гIуллакхаш доьзна дара дуьненан финансийн кризисах хьалхадовларца. Россин Федерацин финансийн Министерствоца бинчу боккхачу белхан жамI ду республикан бюджетан барам 2009-чу шарахь хиллачу тIегIанехь бисар, – бохура Исаев Iелас.
Кхеташонехь цул тIаьхьа къамел дира Россин Федерацин налогийн Федеральни службин (хьукматан) Нохчийн Республикехь йолчу урхаллин куьйгалхочо Вазарханов Ислама.
Цо дийцарехь, Нохчийчохь финансово-экономически болх беш болчу налогашъялархоша Россин бюджетан системе 2009-чу шарахь 3144, 4 миллион сом налогаш а, кхидолу такхарш а хьовсийна. Иза деккъа мехкадаьтта даккхарх йолу налог ю.
– Цул хьалха дIадаханчу шарца дуьстича кхиаран боларан тIегIа 108, 5 процент дара. Мехкадаьтта даккхарх дерг а, кхидолу финансово-экономически гIуллакхдарх дерг а цхьаьний лерича 2009-чу шарахь Россин бюджете хьажийнарг 14490, 8 миллион сом ду. КхитIе а динчу такхарийн барам 886, 1 миллион сом бу, – бохура И.Вазархановс.
Иштта, кхеташонехь дийцира кху шеран хьалхарчу январна Россин бюджетера пайданаш мел хир бу а, Нохчийчоьнан консолидированни бюджете мел ахча хьажийна а. Нохчийчоьнан бюджете Россин Федерацин бюджетера даийта дезаш долу ахча шен хеннахь схьадаийтарна тIехь а, министерствошка а, ведомствошка а шен хеннахь отчеташ хIиттаяйтарна кхачоярна тIехь а терго латтор I.Исаевна тIедиллира Правительствон Председатела. Билгал декхарш хIиттийра И.Вазархановна хьалха а.
С.ХАСАНОВ.
{mosloadposition user9}
При копировании материалов ссылка на сайт обязательна
test 2Новости СМИ2
Комментарии
Ваш комментарий отправлен на модерацию.
Комментариев еще нет.
См. также