ДIадаханчу пIераскандийнахь, 12-чу февралехь, «Грозный-информ» агентствехь Нохчийн Республикан ийманехь кхетош-кхиоран центран директоран гIоьнчас Петухов Олега а, Архангел Михаилан цIарахчу килсан мозгIара Григорийс а пресс-конференци елира Нохчийн Республикан хаамийн шуьйрачу гIирсашна.
Нохчийчуьра оьрсийн мотт буьйцу кегий нах Къилбаседа Кавказан Федеральни округан керста динан лелочу меттигашкахула чекхбовларан жамIаш дира кхузахь.Нохчийн Республикера керста дин лелочу кегийчу нехан тоба Ставропольски крае яханера.МозгIара Григорийс ма-дийццара, Ставропольски крайн а, Къилбаседа ХIирийн а, ГIебартойн-Балкхаройн а килсашка, еза меттигашка кхачар дара программи юкъадогIуш.
Зеленокумск гIалахь керстанан динехь кхетош-кхиоран «Ковчег» центре кхечира кегийрхой, цигахь къоначу керстанийн Iер-дахар девзира царна. Уьш шайн мукъачу хенахь спортехь дакъалоцуш бу, ткъа мехкарий керлачу доьзалшкахь шайн хиндолчу дахарна кечлуш бу.
Кисловодск гIалахь Ставрополан а, Владикавказан а архиепископца Феофанца цхьаьнакхетар хилира хьошалгIа баханчу кегийрхойн.
Билгалдаккха догIу, динан да Феофан хазахетарца цецваьллера, къона керста нах а гина.
Оццу дийнахь керистанийн гимназе а бахара хьеший. Цигахь царна хиира, муха тидам бо бераш керста динехь кхиорна.
– Пятигорск гIалахь йолчу зударийн монастырерчу монахинаша шайн Iер-дахар довзийтира тхуна. Дагахь дисира Лазарерчу килсера къоначу керстанашца – вузийн студенташца – цхьаьнакхетар, цаьрца тхан доттагIалла тасаделира, – дийцира мозгIара Григорийс.
Цо иштта билгалдаьккхира, шаьш цига даханчу хенахь оьшуш йолу литература ийцира, ткъа цу гIуллакхна ахча Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарахчу фондо деллера.
Шаьш цу регионашка дахийттар Нохчийн Республикан ийманехь кхетош-кхиоран центро вовшахтоьхна дара, – элира цо. Петухов Олега дийцарехь, кегий нах чIогIа реза бара шаьш езачу меттигашка кхачарна а, динан вежаршца вовшахкхетарна а. И дерриг а нисделира Нохчийн Республикан Президента Кадыров Рамзана гIо дар бахьана долуш.
Дагадоуьйту вай, вайн республикехь керста кхо килс хилар – Соьлжа-ГIалахь, Невран районерчу Ищерски станицехь, Шелковски станцехь. Республикехь вехаш верриг а итт эзар гергга керста ву.
ДЖАБРАИЛОВА Индира.
Р.Истамуловн сурт.

{mosloadposition user9}


При копировании материалов ссылка на сайт обязательна

test 2Новости СМИ2