Къилбаседа Кавказан федеральни округ кхоллар а, цунна куьйгалле Хлопонин Александр хІоттор а къобалдеш тІеэцна цу юккъе йогІучу регионашкахь. Иза дика хилам а лору. ХІунда аьлча, Красноярски крайн куьйгалхо лаьттина волчу А.Хлопонинан нуьцкъалчу структурех дозуш хІума дац. Иза макроэкономически барамашкахь бизнесмен, урхалча ву. Делахь-хІета, бІаьрла гуш ду мехкан куьйгалла Кавказах токхе, зазадоккхуш йолу регион ян лууш хилар. Хлопонинан коьрта декхар хир ду аьлла хетара Дербентера Черкесске кхаччалц болчу махкахь тІаьхьарчу шерашкахь даьржина вахабитийн подпольен ун дІадаккхар. Амма Россин Президентан Къилбаседа Кавказехь волчу векалан коьрта Іалашо хир ю терроризмана «кхача» латтош йолу къелла а, белхазалла а дІаяккхар. Цул эвсаре а болуш некъ хир бац терроризмана дуьхьал дІахьочу къийсамехь. Террористически кхерам болу Къилбаседа Федеральни округан субъекташ маьршачу, зазадоккхучу республикашка ерзор шен коьрта Іалашо лору федеральни центро.Керла кхоьллинчу Федеральни округера Нохчийчоь шен кхиаран боларшца кхечу регионашна юккъехь а билгал ю. Дуьненан экономически кризисан тІаьхье къаьсттина чІогІа 2009-чу шарахь хаалуш хиллехь а республикан куьйгалло юкъах ца даьккхира «Нохчийн Республика 2008–2011-чуй шерашкахь социально-экономически кхиоран» федеральни Іалашонан программа къочушъяр.  Оцу программо хьалха хІиттадора промышленностан, юьртан бахаман, хьашташ кхочушдаран тайп-тайпанчу дакъошкахь 100 эзар стагана болх бан меттиг кхолларан, промышленни производствон барам 25 процентана лакхабаккхаран доккха декхар. И декхарш кхиамца кхочушдина. Республикан экономика кхуьуш ю.
2009-чу шарахь гІишлошъяран-меттахІотторан белхаш дІабаьхьира 178 объектехь. Оцу шарахь йина административни 9 гІишло, 60 муниципальни цІа, ткъа иштта коммунальни бахаман 22 объект. Болх бан йолаелла гІишлошъяран индустрин ши объект – «Аьчга-бетонан коьчалийн Аргунера завод» пачхьалкхан предприяти, «Чеченкарьеруправлени» пачхьалкхан унитарни предприяти. ТІаьхьарниг Шелан районерчу БелгІатой-Эвлахь йина.
Республикан дахарехь боккха хилам бара Соьлжа-ГІалина «Къовсам хиллачул тІаьхьа меттахІоттор» аьлла йолчу ООН-н номинацехь диплом далар. Иза дуьненан тІегІанехь республико меттахІитторан белхаш дІабахьарехь гайтинчу хьуьнаран хьокъала боллу мах хадор дара.
Шеко яц и санна кхиамаш кхул  тІаьхьа а хирг хиларан.
Производственни боларш сихдеш йогІуш ю меттигера промышленность а. Иштта, дІадаханчу шарахь меттахІоттийна СемаІашкара а, Октябрьскера а консервийн заводаш, «Пищепродукт» ГУП, Аргунера жижиган комбинат, баьпган комбинат, Веданан а, Курчалойн а районашкара баьпган заводаш, Соьлжа-ГІалара №3 йолу баьпган завод. Цул сов, Аргунехь схьайиллина шекаран буракех гІуллакхдеш йолу завод. Дийнахь-бусий 2000 тонна буракех гІуллакхдан нуьцкъалла йолуш ю иза.
ГІишлошъяран коьчалшка долу республикан хьашташ кхочушдархьама Соьлжа-ГІалахь а, Аргунехь а ян йолийна кибарчигийн заводаш. Царах хІораннан а шарахь 30 миллион кибарчиг ян ницкъ кхочур бу. ДІадаханчу шарахь Нохчийчохь меттахІоттийра кхачанан а, юьртабахаман сурсатех гІуллакхдаран а предприятеш. Цу юккъехь ю вахош доцу маларш а, муттанаш а арахоьцуш йолу, жижиган а, шурин а сурсаташ кечдеш йолу предприятеш. Уьш кху шарахь болх бан юьйлалур ю.
Нохчийчоьнан экономикан коьртачех цхьа дакъа ду мехкадаьтта даккхар а, цуьнца йоьзна йолу производствош а. Таханлерчу денна республикехь мехкадаьтта а, газ а лахаран белхаш дІахьош бу 20 меттехь. Ткъа нохчийн латта хьал долуш ду мехкадаьттанца а, газаца а. Цуьнан тІаьхьалонаш хІинца а кхоччуш теллина яц.
Делахь а, Іаламан маьІданаш дахар кхачаме дац. Иза, олуш ма-хиллара, селханлера де ду. Хиндерг оцу маьІданех аьргаллех, гІуллакхдарехь, царах тайп-тайпана сурсаташ дарехь ду. Цунах нийса кхеташ ду республикан куьйгалла. Карарчу шарахь Нохчийчохь дІадолор ду мехкадаьттанах гІуллакхдаран завод йиллар. Цуьнан нуьцкъалло таро лур ю шарахь цхьа миллион тонна мехкадаьттанах гІуллакхдан. И проект деа шарахь кхочушйина яла езаш ю. Амма цунах тоам бина Іаш бац Нохчийчоьнан куьйгалхой. Юьллуш йолчу заводан нуьцкъалла шозза, кхузза алсамъяккхаран некъаш лоьху цара.
Завод ечу муьрехь 2 эзар стагана ханна болх бан меттиг хир ю. Иза йиллина яьлча цхьа эзар стагана гуттаренна а белхан меттиг хир ю цигахь. Заводо хІора шарахь республикан бюджете 1,5 миллиард сом дохьур ду аьлла хеташ бу говзанчаш.
Республикан куьйгалло къаьсттина тидам тІебохуьйту аграрни декъана. Нохчийчохь 2009-гІа шо юьртан бахаман шо ду аьлла дІакхайкхийна дара. Иза ларамаза а дацара. Нохчийн Республикан Президента Кадыров Рамзана дийцарехь, республикерчу бахархойх 70 процент берш ярташкахь Іаш бу. Делахь-хІета, царна болх бан меттигаш ярташкахь, юьртан бахамехь хилийта еза. Иза нийса а ду. И Іалашо кхочушъярхьама буьззина пайдаоьцу йолуш йолчу таронех. ДуьххьалдІа цхьана шарахь агропромышленни комплексехь болх бан йолаелла 32 объект. Царах 9 – кхачанан а, юьртабахаман сурсатех гІуллакхдаран промышленностан  а, 6 даьхнилелоран а, 6 зІакардаьхнилелоран а, 2 механизацин а, 5 ветеринарин а, цхьаъ ораматашлелоран а, цхьаъ юьртан бахаман корматаллин дешаран а предприяти ю.
Герггарчу хенахь меттахІотто а, реконструкци ян а, модернизаци ян а леринчарна юккъехь ю 28 даьхнилелоран комплекс, 3 зІакардохнан фабрика, 2 инкубаторан-зІакардаьхнилелоран станци, ткъа иштта чІерийлелоран а, царах гІуллакхдаран а предприяти. Цул сов, билгалдеш ду дикачу хІух долу 5,4 эзар даьхни эцар.
2009-чу шеран уггар мехала хилам бара Россин Федерацин куьйгаллин а, Къоман антитеррористически комитетан а сацамца Нохчийчуьра контртеррористически рожан статус дІаяккхар. (Иза 1999-чу шеран сентябрехь юкъаялийна яра).
И раж дІаяккхаро кхитІе а таронаш елла социально-экономически кхиоран боларш сихдан, республика арахьара инвестицеш юкъаяхка бегІийла хьелаш долуш регион хилар дІагайта. Контртеррористически операцин раж дІаяккхаран хьокъехь сацам тІеийцира республикера хьал синтеме дарехь баьхна кхиамаш хьесапе а эцна. Иза шен хеннахь бина сацам а бара. Иштта сацам тІеэцийтарна юккъе шайн къинхьегаман хазна йиллира бакъонашларъяран органаша а, ша аьлча чоьхьарчу гІуллакхийн органаша.
Цхьанна а къайле яц кхерамзаллин тІегІано экономически хьолана а, Россин кхечу регионашкара лаккхара корматалла йолу говзанчаш схьабалорна а, махкара, дозанал арахьара инвестицеш юккъе озорна а дуьххьалдІа тІеІаткъам беш хилар.
Нохчийн Республикан МВД-н белхахоша Россин МВД-н ханна йолчу оперативни группировкин органийн а, подразделенийн а (ВОПО и П) милцошца цхьаьна 2009-чу шарахь дика кхиамаш бехира юкъаралла уголовно-диструктивни элементех цІанъярехь. Бакъонашларъяран органаша схьалецира бандтобанашкахь дакъалаьцна волу 294 стаг. Царах 121 стаг дуьххьалдІа оцу тобанашна юккъехь хилла вара, 173 стаг царна гІо-накъосталла деш хиллера. Шайн бехкана къера а хилла бакъонашларъяран органашна тІевеара 66 стаг. Оццу хенахь бакъонашларъяран органашна герзашца дуьхьало ечохь хІаллаквира  148 бандит, цу юккъехь 7 церан куьйгалхо вара.
Теша лаьа нохчийн латта кестта бандитех а, террористех а, вахабитех а цІанлург хиларх, кегарий заманаш гена евриг хиларх. Иза дикачу агІор хаалур ду халкъан дахарехь.
Цхьаболчу зуламечу ницкъашна радикалийн-экстремистийн тобанийн куьйгашна Къилбаседа Кавказера хьал мел чІогІа карзахдаккха лаахь а, ХХ-чу бІешеран чаккхенехь хІоттийна хьал кхузахь кхин хІотталур дац. Нохчийчуьра дахар маьршачу некъа тІера цхьаьнгга а дІахьовзалур дац. Нохчийчоь кхуьуш, хазлуш, зазадоккхуш ю. Екхна ю адамийн яхьаш, токх ду дегнаш.
ИСАЕВ Вахита.  
   

{mosloadposition user9}


При копировании материалов ссылка на сайт обязательна

test 2Новости СМИ2