Йовзийтар  хилира   селхана, 17-чу  февралехь, Зорбанан  цIийнан актови  зала  чохь.
ХIокху деношкахь  зорбанера араяьлла вевзаш  волчу яздархочун, Россин Пачхьалкхан  совгIатан лауреатан  Ибрагимов Кантин  рогIера роман «Дом  проблем». Яздархочун  кхоллараллех а, цуьнан  керлачу  романах  а шайна хетарг  олуш,  дош  элира  яздархочо Берсанов  Хожа-Ахьмада, нохчийн  Республикан Президентан  гIоьнче , яздархочо  Яхъяев Лечас, нохчийн  Республикан  арахьарчу  зIенийн, къоман  политикин, зорбанан  хаамийн   министран  заместитела  Мусаев  Зеламхас,нохчийн  журналистикин  къаночо  Кагерманов  Доккас, иштта кхечара  а. Къамелаш динчара  массара а  лаккхара мах хадийра  К.Ибрагимовн  кхолларалин а, тIаьххьара   араяьллачу романан а.
Романах  хетарг  хIораннан а шен-шен хила тарло,  вайн заманах и  хилча-м  муххале  а, амма цхьаъ  ду  шеко   йоцуш, иза яздархочун  кхолараллехь кхиаме  керла гIулч а,. литературехь  хила-м  а  хилар, билгалдаьккхира  Л.Яхъяевс. Оцу кхиамца  гулбеллачара   массара а Ибрагимов  Канта  декъал а  вира.
Хь.АБАЕВ.

{mosloadposition user9}


При копировании материалов ссылка на сайт обязательна