©
Похожие материалы
Дала ийманехь нисдойла вай
17:20, 01 марта 2010г.
Просмотров: 12333
– Муьлххачу а динехь волчу стага бусалба дин тIелацар дика ду. Бакъ дине воьрзуш верг ламаз дан хууш а, шахIадат дало хууш а хила везий?
– Шена хуучу маттахь Дела цхьаъ хиларна тоьшалла дан деза. Цу дийнахь дуьйна фарзаш тIедужу цунна.
– Цхьацца йолчу меттехь гIезалой а, таджикаш а бусалба динера керста дине бовлуш меттигаш йогIу. Цу нахана Делера хIун оьгIазло хир ю?
– Керстанна тIехь лелош доллу хьукма лелор ду царна тIехь а.
– Нагахь санна леш волчу стагана уллехь ясин деша хууш стаг ца хилча хIун дан деза?
– Леш верг хезаш велахь а, вацахь а цуьнга ЛаилахIа-ИллаллахI алийта деза.Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) аьлла: «Леш волчу стагана ЛаилахIа-иллалахIа дага тасалаш, тIаьххьара дош ЛаилахIа-ИллалахI хилахь ялсамане гIур ма ву иза. Верасна магийна дац лешволчунна бIаьргаш къовла. Цунна дагатаса тарло, со валаре, сан рицкъане сатесна хилла-кха хIара аьлла.
– Стаг кхелхинчул тIаьхьа луш долу сагIа дIакхочий цуьнан сине?
– Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна)элира: «Шун веллачунна дуьххьарлерчул хала буьйса йогIур яц. Цунна сагIа даккхалаш».
– ПIераскана буса кхалха а кхелхина, пIераскана дийнахь лаьтте верзар декъал хилар ду олу. Цунах дерг тIечIагIдина меттигаш юй Къуръан чохь?
– Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) аьлла: «ПIерскана буьйсанна вала а велла, пIераскана дийнахь дIавоьллинарг декъала хир ву, нагахь иза Делан омра а, нахIи а лардеш хиллехь.
– Долахь цхьа а бахам боцуш, алапах вехачу стага цу алапах закат дала догIий?
– Закатан бараме цуьнан даьхни кхочуш дацахь, цо закат дала ца догIу.
– Кхаъ эцар къа дуй массарна а хууш ду. Цуьнан агIонаш муха хуьлу? Цунна хIун Iазап хир ду къематан дийнахь?
–ШариIатехь кхаъ эцар-балар дац. Цхьаммо шена хазахеташ хаам бича, сагIина ло аьлла, совгIат дала мегар ду. ШолгIа маьIна – взятка. Иза доккха къа ду. Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) аьлла: «Делан наьIалт хуьлда кхаъ лучунна а, оьцучунна а».
– Шена дарба динчу лоьрана совгIат ло. Къа дуй иза? Кхаъ лорий иза?
– Иза кхаъ ца лору. Динчу дарбанан мах а ца хадош, совгIат лахь, деллачун сагIа хир ду, лоьрана гIуллакх а хир ду.
– Дуьне къахьдалар къилахь дуй? Дешча паргIато хуьлуш аят дуй?
– Дуьнен чохь цатам хилча дуьне къахьдалар вайн карахь дац, къахьлахь хIара аят дешча гIоли хир ю.
Инна лиллахIи, ва инна илайхIи ражиIуна фал хьукму лиллахIи Iалиййул кабир.
Дала Къуръанчохь аьлла: «Собар динчаьргахьа ву Ша. Шу зенза Iанне а Iийр вац Ша.
МостагIчун кхерам тIетосуьйтур бу Ша шуна.Мацалла йоуьйтуш зуьйр ду Ша шу. Шун рицкъ хIаллакдеш, зуьйр ду Ша шу.
Шун стоьмаш бакъаболуьйтуш зуьйр ду Ша шу. ДегIах лазар тухур ду Ша шуна. Шун гергара стаг вейтина зуьйр ду Ша шу». Собар динчуьнга кхаъ баккха аьлла Дала. Элчанан (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) чиркх дIабайра боху. ТIаккха аят дийшира цо. Iайшата цецъяьлла элира боху: «Чиркх бен ма бац и дIабайнарг». Элчано жоп деллера: «Бусалба стагана сингаттам мел беш долу хIума бала бу хьуна».
– Да-нана дала а делла, уллехь ваша а воцуш, йоI ша йисча, цуьнан керт-ков шичошна (девешин кIенташна) магор хIун ду нохчийн Iадатехь?
– Церан бахаман мах а хадийна, цуьнан ах бахам йоIана ло. Нагахь шиъ, цул сов елахь, кхааннах ши дакъа йоьIан ду, важа верасийн ду.
– Дас-нанас бохург ца дечу доьзалхочунна хIун таIзар хир ду?
– Хьан Дала хьоьга чIогIа, хадам беш, омра дина, АллахI-Дела Ша воцчунна аш Iибадат ма де, шайн дена-нанна дика де, аьлла. Да а, нана а доккха хилахь, ахь ма алалахь цаьршинга вуон дош, «уфф» алий а. И шиъ човха ма делахь, сийлахь дош алалахь цаьршинга. КIеда-мерза агIо царна охьатаIош а, цаьршиннах къинхетам беш а хилалахь. Ахь алалахь: «ХIай, Веза Дела! Цаьршиннах къинхетам бехьа, со цаьршимма къинхетам беш, кхаьбна, кхиийна хиларе терра».
– Маьждигехь имамаша хьехамаш беш долу жайнаш нохчийн матте а даьхна, зорбатоха таро а, аьтто а хир буй вайн махкахь?
– Хир бу, Дала мукъ лахь. Цу тIехь беш болх бу, нохчийн матте даьхнарш а ду.
– Нохчийн мотт ненан мотт бу. Бусалба динехь ненан мотт мел мехала бу? Ненан мотт йозанан мотт бу, вайн махкахь йозанан меттан Iуналла до аьлла хетий хьуна?
– Муьлхха Iедал долуш ца динчул сий деш ду вай хIинца ненан меттан. Вайн паччахьа Кадыров Рамзана пачхьалкхан мотт бу аьлла, дIакхайкхийна бу нохчийн мотт вайн республикехь, оцу тIегIане и кхачорхьама деш гIуллакхаш а ду.
{mosloadposition user9}
При копировании материалов ссылка на сайт обязательна
test 2Новости СМИ2
Комментарии
Ваш комментарий отправлен на модерацию.
Мамед
Любовь к оружию сыграла с нами злую шутку.Надо делать выводы.
См. также